Джамухьан во1 1амр (Дела реза хуьлийла цунна)

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим 

 

«Шен астагIчу когаца ша ялсамани чохь болар дийр 

ду аьлла, чIагIо йина волу воккха стаг». 

 

     Джамухьан воI Iамр ша Ислам тIеэцале Ясрибан (Мадинатан) баьччанех цхьаъ а, иштта урхаллехь волу саламат тайпанан эла а, Мадинатан тоьллачу нахах цхьаъ а вара. Бусалба дин тIедале Iарбийн тхьамданийн Iадат дара, Iуьйранна а, суьйранна а шаьш дIасагIучу заманахь, шех беркат эцархьама а, Iийданашкахь царна гIурбанаш дайа а, иштта сингаттамехь шайна тIетовжа а царах хIораммо шен кертахь шена цIу (идол) хIоттор. 

     Ткъа Джамухьан воIан Iамран цIунах Манат олура. Цо иза яйтинера уггаре а дезачу диттан дечигах. Цуьнан доладеш, иза Iалашъеш, цунна тIе уггаре а деза IатIарш хьоькхуш а, барам а боцуш чIогIа пусар дайарца даьхни хIаллакдора цо. 

*** 

     Ийманан зIаьнарш Ясрибе кхочучу хенахь (и болх кхочушхилира уггар хьалхарчу Ислам-дин даржорхочуьнгахула Iумайран воIан МусIабан карахула) Джамухьан воI Iамр кхузткъа шаре ваьлла вара. Цуьнгахула ийман диллинера цуьнан кхаа кIанта МуIавваза а, МуIаза а, Халлада а, иштта церан нийсархо волчу Жабалан воIа МуIаза   а. 

  Иштта цуьнан кхаа кIантаца цхьаьна ийман диллинера церан нанас ХIинда а. Джамухьан воIана Iамрана хууш а дацара цара ийман дилларх лаьцна цхьа а хIума. 

  ХIиндана гора, Ясрибан берриге а бахархоша Ислам-дин тIеэцар а, шен хIусамда Джамухьан воI Iамр а, цунна гонах йолу цхьа жима тоба а бен, Делаца накъост веш Ясрибан баьччанех цхьа а висина цахилар. 

   ХIиндана чIогIа дукхавезара шен хIусамда, сий-ларам бора цо цуьнан. Керсталли чохь а волуш вала а велла, иза жоьжахате вахарна кхоьрура ХIинд. Ткъа цу хенахь иза а вара шен доьзало шайн дайн а, дедайн а динна букъ тохарна кхоьруш, цхьа кIеззиг йолчу хена чохь шайн дин тIера дуккха а нах бохо ларийна волчу Ислам-динан хьехамчина Iумайран  воIана МусIабана уьш тIаьхьа а хIиттина, цу МусIаба уьш Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дине бигарна кхоьруш а. 

     Цо шен хIусамнене элира: «ХIай ХIинд, варийлахь, хьайн кIентий цу стагана (аьлча а, Iумайран воIана МусIабана) тIенисбаларх ларлолахь, вайшинна цунах дерг ма-дарра хаъалц».   

     ТIаккха ХIинда элира: «Мегаш ду, ахь ма-бохху хир ду, делахь а хьайн кIанта МуIаза цу стага шега дийцинарг хьайга дийцича, ладугIур дарий ахьа?» 

   Джамухьан воIа Iамра элира: «Дакъаза ма яла хьо! Ткъа суна хууш хIумма а доцуш, МуIаз шен динах воьхна?!» 

   Воккхачу стагах къа а хетта, дикачу зудчо элира: «ХIан-хIа! Бакъду, иза цу хьехамчин цхьаболчу гуламашкахь хилла, цо дийцинчух цхьадерг дагахь дисина цунна». ТIаккха Джамухьан воIа Iамра элира: «Схьакхайкха иза со волчу». Амма иза шена хьалха дIа ма-хIоьтти, цо цуьнга элира: «Цу стага дийцинчух цхьадерг хазийтал суна». 

 Му1аза дийшира: «БисмиллахIиррохьманиррохьим. Альхьамду лиллахIи роббиль-Iаламин. Аррохьманиррохьим. Малики йавмиддин. Иййака наIбуду ва иййака настаIин. ИхIдинассыротIоль-мустакъим. СыротIоллазина анIамта IалайхIим, гIойриль-магIдуби IалайхIим валаддоллин. (Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца. Хастам бу Далла – Iаламийн Дена. Ша сов къинхетаме‚ къинхетаме Волчу. Шен долахь бекхаман де долчу. Хьуна Iибадат до оха‚ Хьоьга гIо а доьху. Нисде Ахь тхо нийсачу новкъа. Ахь шайна  ниIмат деллачеран новкъа. Хьо шайна оьгIаз ца ваханчеран а‚ тила ца беллачеран а новкъа)». 

     ТIаккха Джамухьан воIа Iамра элира: «Ма дика а, хаза а къамел ду-кх х1ара! Цуьнан дерриге а къамел хIара санна ду?!» МуIаза жоп делира: «Кхул а хаза ду-кх, хIай сан дада! Цунна байIат (тешаме хир ву аьлла чIагIо) дой ахьа? Хьан дерриге а къам ма ду цунна байIат дина». 

     Цхьажимма сецна а Iийна, воккхачу стага элира: «Манат олучу сайн делах дага а ваьлла, цо хIун боху хьажжалц, дийр дац аса и (байIат)». Жимачу стага цуьнга элира: «Цу Маната хIун эр ду аьлла хеташ ву-те хьо, хIай сан дада, иза, я хьекъал а доцуш, я йистхилалуш а йоцуш, къора дечиг ма ю?!» 

     Воккхачу стага оьгIазлонца бохура: «Цунах дагаваьлча а бен, белхан хадам бийр бац аса». 

*** 

     ХьалагIаьттина Манатана тIе вахара Джамухьан воI Iамр. Цу Манате шайна дистхила лиъча, цара цунна тIехьа хIоттош хилла къена йоккха стаг, тIаккха цу йоккхачу стага (цара дуьйцучу тиллачу къамелана вай тIедоьгIча) цу Манато шена дагатеснарг кхарна схьадуьйцуш хилла. Цул тIаьхьа нисвелла шен дегIаца цу Манатана хьалха дIа а хIоьттина, шен могуш болчу когана тIе а таьIна (ткъа шолгIа ког чIогIа астагIа хилла цуьнан), цу Манатана тIех хаза хьаста а велла, Джамухьан воIа Iамра элира: «ХIай Манат, цхьа а шеко яц хьуна хууш хилар, Маккара веана волу и дин кхайкхориг (Мухьаммад, Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хьуна бен кхин цхьанне а вуон дан лууш цахилар… Баккъалла а, иза тхоьга хьуна Iибадат ма де аьлла веана хилар а, хьох дагавалаза цунна байIат дан ца лии суна, цо мел хаза къамел динехь а, суна хьехам бехьа». Маната цунна цхьана а кепара жоп ца делира. ТIаккха Джамухьан воIа Iамра элира: «ОьгIазъяхана хила тарло-кх хьо. Аса кхул тIаьхьа хьуна цхьана а кепара новкъахьовзам бийр бац-кх. Делахь а, хIумма а дац, хьан оьгIазло дIаяллалц, масех денна Iадъюьту аса хьо». 

     Джамухьан воIан Iамран кIенташна евзара шайн ден оцу шен цIунаца Манатаца йолу уьйр, заманан йохаллехь и цIу шайн ден цхьа агIо хилла хилар а хаьара царна. Амма царна хааделира, цуьнан даг чохь цу Манатан меттиг яшайолаялар. Уьш кхийтира шаьш жим-жима цуьнан даг чуьра и дIаяккха езарх. И бара иза иймане валоран некъ. 

*** 

    Цхьана буса шайн доттагIчуьнца Джабалан воIаца МуIазаца Джамухьан воIан Iамран кIентий Манат волчу цIа чу бевлира; шен меттера и схьа а эцна, бану саламатан тайпано шайн нехаш чукхуьссучу ор тIе а яьхьна, циггахь дIакхоьссира цара и. Цхьанне а шаьш динарг хаале, уьш сихха шайн цIа дIабахара. Ша Iуьйренга ваьлча, Iамр ваха вуьйлира шен цIу йолчу (цуьнга маршалла хатта), амма цунна иза ца карийра. Цо элира: «Шун дакъазалла, мила ву-те буса вайн далла тIекхевдинарг?!» Амма цунна цхьаммо цхьана а кепара жоп ца делира. 

     Вахана шен цIенна чухула а, арахула а цIу леха вуьйлира и, оьгIазлонна кхехкаш а волуш, иштта кхерамаш а туьйсуш, чIир а кхайкхош. Шена иза цу ор чу юьхьара кхоьссина караяллалц бира цо и болх. И йила а йилина, лийча а йина, цунна IатIар а хьаькхна, шен метте дIа а хIоттийна, цо элира: «ВаллахIи, хьуна хIара хIума динарг сайна мила ву хаахь, иза сийсазваза Iийр ма вац со». 

     Ткъа шолгIа буьйса тIееъча, кегийрхой Манат йолчу бахара, селхана диннарг дира цара цунна. Iуьйренга ваьллачу воккхачу стага иза юха а лерина лехира. Цунна иза карийра цу ор чохь, шен коча тийсина диларш а йолуш. Ор чуьра хьала а яьккхина, лийча а йина, IатIар а тоьхна, шен метте дIахIоттийра цо иза. 

     Кегийчу наха цу цIуна изза болх бора  х1ора денна. Амма шена уьш кIордийча, ша дIавижале цу цIуна тIе а вахана, шен шаьлта схьа а эцна, и цу Манатана коча а оьллина, воккхачу стага цуьнга элира: «ХIай Манат, баккъалла а, валлахIи, хIара хьуна гуш долу хIума хьуна дийриг мила ву ма ца хаьа суна, нагахь хьоьгахь хайр делахь, хьой вуонах кIелхьаръяккха хIара шаьлта а ю хьуна». Цул тIаьхьа вахана шен метта ваьлла дIавижира и. 

     Билггала воккхачу стагана наб кхеттий шайна хиъча, цIуна тIехьаьвдира кегийрхой, цуьнан кочара шаьлта схьа а эцна, кертара ара а яьккхина, чуханца деллачу жIаьлех а тесна, бану саламатан тайпанан гIу чу кхоьссира цара и, шена чу нехашший, диларшший кхуьссуш лаьтташ долчу. 

     Самаваьлча шена цIу ца карийча, и лаха вахара воккха стаг. Цунна иза карийра, шен кочара шаьлта дIа а эцна, цу ор чу юьхьара кхоьссина Iуьллуш. ХIинца хьала ца яьккхира цо иза ор чуьра. Цара цу чу ма- кхоссара Iад а йитина, цо элира: «ВаллахIи, хьо дела велахьара, жIаьлех а тесна кху ор чохь хир ма яцара хьо». Цул тIаьхьа дукха хан ялале АллахIан дине веара и (цо ийман диллира). 

     Джамухьан воIана Iамрана ийманан марзонан чам бевзира. Ша Делаца накъост веш яьккхина эрна дIаяханчу ханна хIоразза а дохковуьйлуш, ша-шен куьйгех цееттара цо. Шен дегIаца а, сица а керлачу динна тIевирзира и. Шен дегI а, даьхни а, доьзал а дIабелира цо АллахIна а, Цуьнан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) а муьтIахь хиларан новкъахь. 

*** 

     Ухьудехь гIазот хилале цхьажимма хьалха Джамухьан воIана Iамрана шен кIентий гира АллахIан мостагIашна дуьхьал лата кечамбеш. Цаьрга хьоьжура и, хьуьнан лоьмаш санна, АллахIан некъахь дIакхалха а, иштта АллахI резаварца декъалхила а шовкъах буьззина болчу. Цу балхо цуьнан майралла хьалаайира, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) байракхна кIеллахь г1азоте ваха ойла кхоллаелира цуьнан. Амма кIенташа барт бира и шен ойланна тIера ваккха. Воккха стаг ву и, къаналли чу вирзина, цул совнаха, кхин дехье а йоцуш астагIа а ву и. АллахIа бехказабаьхначаьрца бехказаваьккхина а ву и. 

     Цара цуьнга элира: «ХIай тхан да, АллахIа хьо бехказа витина, тIаккха айхьа хьайна тIе хIунда дожадо ахьа АллахIа хьой маьрша витинарг?!» 

     Цара аьллачунна чIогIа оьгIазвахана, цунах цатам хилира воккхачу стагана. Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) тIевахара иза царна арз дан. Цо элира: «ХIай Делера волу пайхамар! Баккъалла а, хIара сан кIентий со кху диканах ваккха лууш бу, со астагIа ву бохучунна тIе а доьгIна. ВаллахIи, хIокху сайн астагIаллица ялсамани чохь волавала лууш ма ву со». 

  Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) цуьнан кIенташка элира: «Iадвиталаш и, Сийлахь-Везчу АллахIа гIазотехь кхалхаван тарло и…» 

  Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) ладугIуш, цара иза паргIат витира. 

*** 

     Ухьуде гIазоте арабовла хан тIекхаьчча, Джамухьан воIа Iамра шен хIусамненаца Iодика йира, ша кхин цкъа а цIавогIур воцуш санна…Цул тIаьхьа къилбехьа а вирзина, шен ши куьг хьала а айдина, элира цо: «Я АллахI! Хьайн некъа тIехь дIакхалхар лохьа суна; эшна а волуш, сайн доьзална тIе юха а ма валавехьа Ахьа со». ТIаккха шен кхо кIант а, иштта бану саламатан тайпанах йолу цхьа йоккха тоба а шена гонах а яьккхина, новкъавелира и. ТIеман цIе гуттар а марсаяьлча, Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) гонахара адам а херадаьлча, Джамухьан воI Iамр вара тIеман хьалхарчу могIарехь, шен таза болчу кога тIехь кхиссалуш, мохь бетташ: «Ялсамане ваха сатесна ма ву со, ялсамане ваха сатесна ма ву со». Цунна тIехьа вара цуьнан кIант Халлад. 

     Воккха стаг а, цуьнан кIант а Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) Iалашвеш летира, цу тIеман майданахь шаьшшиъ гIазот хилла вожжалц; кIентан а, ден а са даларна юкъа йоьлла яцара бIаьрганегIар тоххал йолу зама а бен. 

*** 

     ТIом чекхбаьлча, Ухьудехь кхелхинарш дIабохка царна тIехIоьттинчу Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) шен асхьабашка элира: «Шайн цIийшца а, чевнашца а бита уьш, со ву царна теш». 

     Цул тIаьхьа ша аьллачунна тIетуьйхира цо: «АллахIан некъа тIехь цхьана а бусалба стагана чов ма ца йо, къематдийнахь шена тIера цIийш охьа а оьхуш и стаг вогIур волуш а бен, цу цIийн бос заIпарах (шафран) тера болуш, цуьнан хьожа мискан хьожа а йолуш». 

     Юха а элира цо: «Джамухьан воI Iамр шен воIаца IабдуллахIаца цхьана коша дIаволла, баккъалла а, и шиъ дуьнен чохь цIенна Делан дуьхьа вовшийн дукхавезаш вара». 

*** 

АЛЛАХI РЕЗА ХУЬЛИЙЛА ДЖАМУХЬАН ВОIАНА IАМРАНА А, УХЬУДЕХЬ ДIАКХЕЛХИНЧУ ЦУЬНАН НАКЪОСТАШНА А. 

АЛЛАХIА ЦЕРАН КЕШНАШ НУЬРЕ ДОЙЛА!