ДоIина жоп даларан некъаш

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим 

 

Дешхьалхе 

Хастам бу АллахIна, доIина жоп луш, гIалаташна гечдеш, бехкашна къинтIера волуш а, стигланийн, лаьттан а Дела волчу. Делера къинхетам, маршо а хуьлийла ламазехь шен дог паргIатдолуш хилла волчу Элчанна, цуьнан доьзална, асхьабашна, шайга валар кхаччалц цара беанчу нийсачу некъана тIаьхьабаьзначарна а. 

 

ДоIадаран дозалла 

 

1. Сийлахьчу Къуръан чохь 

   Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Сан леша Сох лаьцна хьоьга хаьттича, баккъалла а, Со гергахь Ву. Доьхуш волчун дехарна жоп луш ву Со, цо Соьга дехча. Цара Суна а жоп лойла (Суна муьтIахь хиларца), уьш Сох тешийла, тIаккха уьш нислур бу». «Аль-Бакъарату», 186. 

   Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Шун Дала аьлла: «Аш Соьга деха, Аса жоп лур ду шуна». «ГIофир», 60. 

   Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Шайн Деле кхайкха (доIа де) хьастадаларца‚ меллаша а (доIа деш маьхьарий ма бетта). Баккъалла а, Цунна ца беза (доIа дарехь) дозанал тIехбуьйлурш. Лаьтта тIехь бохамаш ма бе аш, и цIанделлачул тIаьхьа (пайхамарш бахкийтарца)‚ Цуьнга (Деле) кхайкха (Цуьнан Iазапах) кхоьруш а‚ (Цуьнан къинхетаме) догдохуш а. Баккъалла а, Делан къинхетам герга бу дика Iамалш ечарна». «Аль-АIраф», 55-56.

 

2. Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) суннатехь 

   Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Веза-Сийлахьчу Далла доIанал а сийлахь хеташ хIума дац». Тирмизи. 

   Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийа цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «АллахI оьгIазвоьду Шега доьхуш воцчунна». Тирмизи. 

   Абу СаIида (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Цхьа а бусалба стаг ма вац Деле доIа деш, – къа долу хIума а, гергарло хедор а ца доьхуш, – Дала цунна и бахьанехь кхаа хIуманах цхьаъ луш бен: цо дехнарг сихха (кху дуьненахь) цунна лур ду Цо; Цо иза цунна дIадуьллур ду даима лаьттачу дахаран хIусамехь (эхартахь); цо доьхучу хIуманан барамехь цунах вуон дIахьовзор ду Цо». Цара элира: «ТIаккха-м оха Цуьнга дуккха а доьхур ду». Цо элира: «АллахI аш доьхучул алсам лур долуш ву». Ахьмад. 

   Салмана (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Баккъалла а, АллахI Комаьрша ву; стага шен ши куьг (доIа деш) Цуьнга хьалаайбича, Цо и шиъ жоп ца луш даьсса ца дуьту». Абу Дауд. 

   Iумаран кIанта (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «ДоIано пайда бо тIедеанчунна, тIеданза долчунна а. ХIай Делан леш, доIа деш хилалаш». Хьаким, Ахьмад. 

   Салмана (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Кхиэл (азаллехь яздинарг) юхатухур яц доIано бен, оьмар яхйийр ма яц дика хиларо бен». Тирмизи. ДоIадаран бехкамаш 

1. Нигат цIена хилар. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «АллахIе деха аш, Цуьнан дин даггара леладеш, – керсталла диначарна мел ца дезахь а». «ГIофир», 14. 

2. Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) тIаьхьавазар. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Шу тIаьхьадаза цунна (Элчанна), тIаккха нислур ду шу». «Аль-АIраф», 158. 

3. Шен доIина Дала жоп лург хиларх догтешна хилар. Бусалба стаг Везчу Делах тешарехь соввоккхучух ду – дерриг а диканаш, беркаташ а Везчу Делера дуй хаар. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «АллахIе деха аш, Цо шайна жоп лург хиларх догтешна долуш». Тирмизи. 

4. Далла хьаставелла, Цуьнгара меле сатуьйсуш, Цуьнан Iазапах кхеравелла волуш а дехар. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Баккъалла а, уьш (пайхамарш) бара дика хIума дарехь сихо еш. Тхоьга доьхура цара, (Тхан къинхетаме) догдохуш, (Тхан Iазапах) кхоьруш а; уьш бара Тхуна муьтIахь». «Аль-Анбияъ», 90. 

5. Шен дог-ойла чIагIйина, хадам боллуш шена дезарг дехар. Анаса (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Шух доIа деш волчо шен дог- ойла чIагIйойла, цо ма олийла: «ХIай Везан Дела, Хьайна лаахь лохьа суна»; баккъалла а, АллахIна лууш доцург Цуьнга дайта цхьа а ма вац». Бухари, Муслим. 

 

ДоIина жоп далар духатуху бахьанаш 

1. Хьарам дерг даар, малар, тIедухар а. Цуьнан билггал долу делил Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) шен хьадисехь аьлларг ду: «Веза- Сийлахь волу Дела ЦIена ву, Цо цIена доцург къобал ца до. Баккъалла а, АллахIа бусалба нахе омра дина, элчанашка Ша омра дарх терра. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «ХIай элчанаш! ЦIена (хьанал) долчух даа аш‚ дика Iамал а е аш! Баккъалла а, Со аш дийриг хууш ву». «Аль- Муъминун», 51. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «ХIай ийман диллинарш! Оха шайна деллачу рицкъанах цIена (хьанал) дерг даа аш». «Аль-Бакъарату», 172. Цул тIаьхьа цхьа стаг хьахийра цо, шен некъ бахбелла, месаш хьирчина, ченах вуьзна, шен ши куьг (доIина) хьалаайбина (кхойкхуш) волу: «ХIай сан Дела, хIай сан Дела!» Цуьнан яахIума хьарам яра, цуьнан молу хIума хьарам яра, цуьнан духар хьарам дара, хьарам кхача баош кхиийна вара иза. Цунна жоп муха лур ду?!» Муслим. 

2. Сихха жоп хIунда ца ло аьлла хеташ, доIадар дитар.Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Шух хIорамма динчу доIина жоп лур ду, «Ас дийхира, амма суна жоп ца делира», ша олуш, иза сих ца велчхьана. Бухари, Муслим. 

3. Хьарам дерг, Iеса долу хIуманаш а лелор. 

Назманчо аьлла: 

4. Дала шеца омра динарг кхочуш ца деш дитар. Хьузайфата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Сайн са карахь долчух дуй буу ас, аш диканца омра дийр ду, вуониг ма де эр ду я АллахI герга ву-кх Шегара Iазап шуна тIедаийта. Цул тIаьхьа аш Цуьнга доьхур ду, шуна жоп лур дац». Тирмизи. 

5. Къа долу хIума, гергарло хедор а доьхуш доIа дар. Абу СаIида (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Цхьа а бусалба стаг ма вац Деле доIа деш, къа долу хIума а, гергарло хедор а ца доьхуш, Дала цунна и бахьанехь кхаа хIуманах цхьаъ луш бен: цо дехнарг сихха (кху дуьненахь) цунна лур ду Цо; Цо иза цунна дIадуьллур ду даима лаьттачу дахаран хIусамехь (эхартахь); цо доьхучу хIуманан барамехь цунах вуон дIахьовзор ду Цо». Цара элира: «ТIаккха-м оха Цуьнга дуккха а доьхур ду». Цо элира: «АллахI аш доьхучул алсам лур долуш ву». Ахьмад. 

 

ДоIадарехь дуьйлу цхьадолу гIалаташ 

1. Хила тарлуш доцург я хьекъало тIедуьтуш доцург, я Вай Деле доьхуш хуьлу массо а халонгахь, Цул тIаьхьа Иза вицво вай хало дIаяьлча, Вай дог муха дохур ду доIина жоп даларе, Вай цуьнан некъ къиношца дIакъевлина хилча?! шариIатехь мегаш доцург дехар. 

2. Шен дегIана, доьзална, даьхнина а вуонца доIадар. 

3. Цхьа стаг Iесаллехь совваккхар доьхуш доIадар. 

4. Гергарло хадор доьхуш доIадар. 

5. Iеса хIума даржийтар доьхуш доIадар. 

6. ДоIадаран гIиллакхаш дитар. 

7. ДоIа дечу хенахь хьахо йогIуш йолу Делан цIерш ца хьахош йитар. 

8. ДоIина жоп даларехь догдиллар я кхачам боллуш тешаш цахилар. 

9. Аз айбарехь тIехвийлар. 

10.  Дог ца догIуш велха гIертар.  

 

ДоIадаран гIиллакхаш 

1. Шен доIа, Далла хастам а бина, цул тIаьхьа Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават диллина, дIадолор, иштта чекхдаккхар а. Делан Элчанна  (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) гира цхьана стага ламаз деш, Далла хастам а бина Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават диллира цо. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «ХIай ламаз деш верг, доIа де ахь – Дала хьан доIина жоп лур ду, деха ахь – хьуна лур ду». Насаи. 

2. ПаргIатонехь волуш, халонгахь волуш а доIадар. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Ша халонгахь, баланехь а волчу хенахь Дала шен доIина жоп  далар дезаш волчо, ша паргIатонехь волуш доIа дукха дойла». Тирмизи. 

3. Ша доIа дечу хенахь шена хезар долчу барамехь аз гIелдар. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Шайн Деле кхайкха (доIа де) хьастадаларца‚ меллаша а (доIа деш маьхьарий ма бетта). Баккъалла а, Цунна ца беза дозанал тIехбовлурш. «Аль-АIраф», 55. 

4. Ша доIа дечу хенахьДалла хьаставалар. Веза- Сийлахьчу Дала аьлла: «Тхан Iазап шайга кхаьчча хьаста хIунда ца белира уьш (Далла)? Бакъду, церан дегнаш дакъаделира, шайтIано царна хаздира шаьш лелош хилларг». «Аль-АнIам», 43. 

5. КIорда ца дойтуш, юх-юха а Деле дехар. Анаса (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Аш дукха баха «Я́ заль-Джала́ли валь-Икро́м. (ХIай сийлаллийн, комаршонан а Да)». Тирмизи. 

6. ШарIо магийначу кепара Везчу Далла гергавуьгу некъ лахар. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш‚ Цунна (муьтIахь хиларца, Iибадат дарца) гергавуьгу некъаш лахалаш». «Аль-Маидату», 35. 

7. Шегара дийлинчу къиношна, Дала шена динчу диканашна а ша доIа дечу хенахь къера хилар. Авсан кIанта Шаддада (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Гечдар дехаран эла ду – ахь алар: «Алло́хIумма Анта робби́, ла́ ила́хIа илла́ Анта холакътани́, ва ана Iабдука, ва ана Iала́ IахIдика, ва ваIдика, мастатIоIту. АIу́зу бика мин шарри ма́ сонаIту, абу́у лака биниIматика Iалаййа, ва абу́у бизанби́, фагIфир ли́, фа иннахIу́ ла́ йагIфируз-зуну́ба илла́ Анта. (Я АллахI, Хьо сан Дела ву, Хьо воцург дела вац, Ахьа со кхоьллина, со Хьан лай ву, со Хьан чIагIонна тIехь, Хьан ваIданна тIехь а ву, –  сайн ницкъ ма-кхоччу. Аса Хьоьга  доьху, айса динчу вуонах сой Iалашвар. Ахьа сайна динчу диканна къера ву со, айса динчу къинна а къера ву со, суна гечдехьа, къиношна геч ца до, Хьо воцчо)». Дийнахь цIенчу дагца иза аьлларг, суьйренга валале оцу дийнахь иза велча, ялсаманин охIланах хир ву иза. Буьйсанна цIенчу дагца иза аьлларг, Iуьйренга валале, оцу буьйсанна, иза велча, ялсаманин охIланах хир ву иза». Бухари, Тирмизи, Насаи, Ахьмад. 

8. Говза дешнаш далон гIерташ, доIадарехь дозанал тIех ца вийлар. Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлийла цаьршинна) аьлла: «ДоIа дечу хенахь говза дешнаш далон гIертарх ларлойла хьо, цунна гена а волийла хьо. Баккъалла а, Делан Элчанца а (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна), цуьнан асхьабашца а цхьаьна хилла ву со, и санна долчух генабовлар бен хIума ца дора цара». Бухари. 

9. Кхуз-кхузза дехар. Баккъалла а, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) кхузза элира: «ХIай АллахI, къурайшаш иэшабе ахь». Бухари, Муслим. 

10.  Къилбехьа верзар. Зайдан кIанта IабдуллахIа (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина: «Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) догIа деха вахара ламаз дечу метте, цо доIа дира догIа доьхуш, цул тIаьхьа, къилбехьа а вирзина, шен оба (плащ) харцхьаяьккхира цо». Бухари. 

11.  ДоIа дечу хенахь шен ши куьг хьалаайбар.Салмана (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Баккъалла а, АллахI-Дела Комаьрша ву; стага шен ши куьг (доIа деш) Цуьнга хьалаайбича, Цо и шиъ жоп ца луш даьсса ца дуьту». Абу Дауд. 

12.  Шен аьтто белахь, доIа дале ламаз эцар. 

13.  ДоIа дечу хенахь Делах кхеравелла велхар. Iумаран кIанта IабдуллахIа (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) ИбрахIима (Делера салам хуьлийла цунна) доIадарх лаьцна долу Къуръанан аят дийшира, аьлла: «ХIай сан Дела, цара (жIараша) тилийна дуккха а нах. Суна тIаьхьахIоьттинарг – иза сох ву». «ИбрахIим», 36. Iийсас (Делера салам хуьлийла цунна) аьлла: «Ахь царна Iазап дахь а – уьш хьан леш бу-кх, Ахь царна гечдахь – баккъалла а, Хьо Везаниг, хьукма нийса деш верг а Ву». «Аль- Маидату», 118. ТIаккха Делан Элча (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) шен ши куьг хьала а айбина: «ХIай АллахI, сан уммат, сан уммат» – аьлла, вилхира. ТIаккха Веза-Сийлахьчу Дала элира: «ХIай Джабраил, Мухьаммад волчу гIо, хьан Дела дика хууш ву (и велхаран бахьана), ахь цуьнга хатта, хьо велхаран бахьана хIун ду?» Джабраил (Делера салам хуьлийла цунна) деара и волчу, цо цуьнга хаьттира, тIаккха Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) цунна дийцира, ша олуш: «АллахI дика хууш ву-кх». ТIаккха АллахIа элира: «ХIай Джабраил, Мухьаммад волчу гIо, ахь ала: «Оха хьо резавийр ву хьан умматан хьокъехь, Оха хьо юьхьIаьржа а хIоттор вац». Муслим. 

14.  АллахIа шена жоп даларе ша хьашт хилар гучудаккхар, Цуьнга шен къа-бала балхор а. 

15.  Ша кхечунна доIа дечу хенахь дуьххьара шена тIера дIаволавалар. 

16.  ДоIадарехь тIехцавийлар. Абу НаIамата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, МугIаффалан кIантана IабдуллахIана шен кIанта олуш хезира, аьлла: «ХIай Везан Дела, ялсамани чу со вахча, аьтту агIор йолу кIайн гIала йоьху ас Хьоьга». IабдуллахIа элира: «ХIай сан жима кIант, Деле хьайна ялсамани еха, жоьжахатих хьой ларвар а деха. Баккъалла а, суна хезна, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) олуш: «ХIокху умматах цхьа нах хир бу, цIано ярехь, доIадарехь а дозанал тIехбуьйлуш». Абу Дауд, Ахьмад. 

17.  Ша доIа дале хьалха, шегара дийлинчу къиношна дохковаьлла тоба дар, ша зулам динарш къинтIера бахар а.Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «АллахIе тоба де аш массара, хIай ийман диллина нах, декъала хир ду шу». «Ан-Нур», 31. 

18.  Шена гечдар дехарца цхьаьна, дена-нанна, бусалба нахана а гечдар дехар. Веза-Сийлахьчу Дала, Нухь- пайхамара (Делера салам хуьлийла цунна) динчу доIанах лаьцна, аьлла: «Сан Дела, Ахь гечдехьа суна, сан дена-нанна, бусалба а волуш сан хIусаме веанчунна, ийман диллинчу божаршна, ийман диллинчу зударшна а; зуламхой сов ма баха Ахь, хIаллакьхиларехь бен». «Нухь», 28. 

19.  Ша цхьаъ волчу АллахIе бен ца дехар. Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Айхьа доьхуш – АллахIе деха ахь, айхьа гIо доьхуш – АллахIе гIо деха ахь». Тирмизи.  

  

20. Шен дог-ойла Далла тIеерзор. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Деле деха аш, шайна жоп лург хиларх тешна а долуш. Шуна хоийла, дог гIопал хилла волчун доIина АллахIа жоп луш цахилар». Тирмизи. 

21.  Къуръан чохь я суннатехь деана долчу доIанашца Деле дехар. Масала: «Роббана́ а́тина́ фиддунйа́ хьасанатав- ва филь-а́хироти хьасанатав-ва къина́ Iаза́банна́р. (ХIай тхан Дела, Ахьа тхуна дуьненахь а диканиг лохьа, эхартахь а диканиг лохьа, тхо жоьжахатин Iазапах лар а дехьа)». «Аль-Бакъарату», 201. «Я́ мукъаллибаль-къулу́би, саббит къолби́ Iала́ ди́ника. (ХIай дегнийн ойланаш хуьйцург, сан дог Хьайн дин тIехь сацадехьа (чIагIдехьа)». Ахьмад. 

22.  Доьхуш волчо шен дехаре хьаьжжина доIа дерзор. Иштта дина доIа говза, цуьнан лаам чулоцуш а ду. Веза-Сийлахьчу Дала Шен лешка иштта деха, аьлла: «Роббана́ ла́ тузигI къулу́бана́ баIда из хIадайтана́, ва хIаб лана́ мил-ладунка рохьматан, иннака Анталь-ВаххIа́б. (Тхан Дела, Айхьа тхуна нийса некъ гайтинчул тIаьхьа, тхан дегнаш юха ма дахахьа, тхуна Хьайгара къинхетам лохьа. Баккъалла а, Хьо ву даима луш Верг)». «Алу Iимран», 8. ДоIа деш волчунна суннат ду, шен дехаре хьаьжжина шен доIа дерзор. Нагахь иза шена доьзалхо воьхуш велахь, цо доIа дерзор ду, масала, Аль-ВаххIаб (даима луш Верг), Ар- Роззакъ (рицкъа луш Верг) – бохучу Делан цIершца.

23.  ДоIа дале хьалха дика Iамалш яр, масала: ламаз дар я закат далар, я сагIа даккхар, я, уьш йоцурш, кхийолу Далла гергавуьгу Iамалш яр. Стага ламаз а дина, цул тIаьхьа доIа дича, я, сагIа а даьккхина, цул тIаьхьа доIа дича, иза къобал хиларна там болуш, догдохийла йолуш а хуьлу. 

 

ДоIина жоп даларна там болуш йолу хенаш, хьелаш, меттигаш а 

1. Лайлатуль-Къодри буьйса.Iаишата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина: «Ас хаьттира: «ХIай Делан Элча, ахь суна дийцахьа, Лайлатуль-Къодри буьйса муьлха ю суна хиъча, ас хIун ала деза?» Делан Элчано(Делера салам-маршалла хуьлийла цунна)жоп делира: «Ахь ала: «Алло́хIумма иннака Iафуввун, кари́мун, тухьиббуль-Iафва, фаIфу Iанни́. (ХIай АллахI-Дела, баккъалла а, гечдеш а, комаьрша а, гечдар дезаш а ву-кх Хьо, гечдехьа суна)». Тирмизи. 

2. Дена-нанна дика хилар – доIина жоп даларан бахьанех ду. ХаттIабан кIанта Iумара (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Шуна вогIур ву Iамиран кIант Увайс, Йаман охIланан къепалца, Мурадан тайпанах а, Къарн олучу махкара а волуш. Барс олу цамгар яра цуьнца, дирхIам диллал меттиг бен ца юсуш цунах цIанвелира иза. Нана ю  цуьнан, иза цунна дика а волуш. Цо Деле дехахь – Дала цунна жоп лур ду- кх. Хьайн ницкъ кхачахь, цуьнга хьайна гечдар дехийта; и дойла ахь». Муслим. 

3. Парз ламазал тIаьхьа.Абу Умамата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хаьттира, аьлла: «ХIай Делан Элча, муьлха доIа ду жоп дала герга?» Цо жоп делира: «Буьйса чекхъяла гергаяхча динарг, парз ламазал тIаьхьа динарг а ду». Тирмизи. 

4. Парз Iамалш кхочушйинчул тIаьхьа суннат Iамалш совъяхар. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Лекхаволчу Дала аьлла: «Сайн гергарчу стагаца мостагIалла лаьцначуьнга Аса тIом кхайкхабо. Сан лай Суна герга ма ца хуьлу, Аса шена тIедехкина парзаш кхочушдарал Суна дукхадезаш долчу цхьана а хIуманца. Суннатан Iамалш ярца Суна гергахиларх дIа ма ца туьлу сан лай, Суна и дукхавеззалц; Суна и дукхавезча, цуьнан хазар (шеца цунна хезаш долу) Iалашдеш хуьлу Со. Цуьнан сагар (цунна шеца гуш долу) Iалашдеш хуьлу Со. Цуьнан куьг (цуо ша кховдош долу) Iалашдеш хуьлу Со. Цуьнан ког (шеца лелаш болу) Iалашбеш хуьлу Со. Цо Соьга дехча, Ас цунна лур ду; цо Соьга ларвар дехахь, и ларваза Iийр вац Со».Бухари. 

5. Ламазехь тIаьххьара Этхьаг дешча, салам далале хьалха. Ибн МасIуда (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) шайна ламазан Этхьаг а Iамийна, цунна тIаьххье элира, аьлла: «Цул тIаьхьа, шена там болуш хеташ долу доIа а хаьржина, доIа дийр ду цо». Бухари. 

6. Ламазна молла кхайкхарна, къамат дарна а юкъахь. Анаса (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Молла кхайкхарна, къамат дарна а юкъахь дина доIа духатухуш дац». Тирмизи.

7. Буьйса кхоалгIачу декъе йирзина хан (Iуьйкъе). Iабасатан кIанта Iамра (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Дела Шен лена уггар герга хуьлу хан – буьйса чекхъяла гергаяхча ерг ю. Оцу сохьтехь Дела хьехочарех хила хьайн ницкъ кхачахь – хьо хилалахь». Тирмизи. 

8. НIаьна кхойкхуш хезча. Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «НIаьна кхойкхуш шайна хазахь, АллахIе къинхетам бар деха, баккъалла а, нIаьнина малик гина; нагахь вир Iаьхаш шайна хазахь, АллахIе шаьш шайтIанах Iалашдар деха, баккъалла а, вирана шайтIа гина». Бухари, Муслим. 

9. Ламазна кхойкхуш хезча. СаIдан кIанта СахIла (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Ши доIа ду, Дала духа ца тухуш я ша духатохар чIогIа кIезиг хуьлуш: ламазна кхойкхучу хенахь дина доIа; тIом луьрчу хьоле баьллачу хенахь дина доIа». Абу Дауд. 

10. Ламазна икъамат дечу хенахь.СаIдан кIанта СахIла (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Ши сахьт ду, доIа жоп ца луш ца дуьтуш: ламазна икъамат дечу хенахь дина доIа; Делан новкъахь къахьоьгучеран могIарехь дина доIа». Ибн МажахI. 

11.  ХIора буьйсанах цхьа сахьт. Джабира (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Баккъалла а, буьйсана чохь сахьт ду; оцу тIе бусалба стаг нислур вац, дуьненахь, эхартахь а долу дика Деле доьхуш, шена Цо и луш а бен. И сахьт хIора буьйсанна ду». Муслим. 

12. ПIераскан дийнан цхьа сахьт. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), пIераскан де а хьахийна, элира, аьлла:«Оцу чохь цхьа сахьт ду; оцу тIе бусалба стаг нислур вац, ламазна хIоьттина а волуш, Деле цхьа хIума доьхуш, шена Цо и луш а бен». (Цо шен куьйгаца ишар йира, иза кIезиг хан хилар гойтуш). Бухари, Муслим. 

     Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «ПIераскан дийнахь цхьа сахьт ду; оцу тIе бусалба стаг нислур вац, Деле дика хIума дехча, шена Цо и луш а бен. И сахьт малхбуза ламазал тIаьхьа ду». Ахьмад. 

13.  Зам-зам хи молучу хенахь. Джабира (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Зам-зам хи (хи молучун нигате хьаьжжина) – ша меллачу бахьанина ду». Ибн МажахI, Ахьмад. 

14.  Сужданехь волуш. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Лай шен Далла уггар герга воьду меттиг – иза и лай сужданехь волуш ерг ю. Цундела аш (сужданехь) доIанаш дуккха де». Муслим. 

15.  Буьйсанна набарх самаваьлча, суннатехь деана доIа дар. Сомитан кIанта Iубадата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла:«Буьйсанна набарх  самаваьлча: «Ла́ ила́хIа иллалло́хIу вахьдахIу́ ла́ шари́ка лахIу́, лахIуль-мульку ва лахIуль-хьамду ва хIува Iала́ кулли шай-ин къоди́р.Аль-хьамду лилла́хIи, ва субхьа́налло́хIи, ва ла́ ила́хIа иллалло́хIу валло́хIу акбару, ва ла́ хьавла ва ла́ къуввата илла́ биллла́хIиль-Iалиййиль-Iазы́м.(Цхьаъ бен воцу, Шеца накъост воцу АллахI воцург, дела вац, Цуьнан ду паччахьалла, Цунна бу хастам, Иза массо а хIума дан ницкъ кхочуш ву. Хастам АллахIна бу; АллахI Шеца там боцчух цIена ву; АллахI воцург, дела вац; АллахI сийлахь ву. Я ницкъ а, я гIора а дац, Везчу, Сийлахьчу АллахIехь бен)» – ша аьллачунна, цул тIаьхьа: «Везан Дела, суна гечдехьа» аьллачунна я доIа диначунна – жоп лур ду. Цо, ламаз а эцна, ламаз дахь – цуьнан ламаз къобалдийр ду». Бухари, Тирмизи. 

16.  Шен доIина юккъе Юнус-пайхамара (Делера салам хуьлийла цунна) дина доIа даладар. СаIда (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «ЧIеран кийрахь а волуш, Юнус-пайхамара (Делера салам хуьлийла цунна) дина доIа: «Ла́ ила́хIа илла́ Анта субхьа́нака инни́ кунту миназ-зо́лими́н. (Хьо воцург, дела вац, цIена ву Хьо, баккъалла а, зуламхойх хили со). Бусалба стага цхьа хIума доьхуш и доIа дийр ма дац цкъа а, Дала цунна жоп луш а бен». Тирмизи, Ахьмад, Хьаким. 

17.  Цхьаъ веллачул тIаьхьа наха доIа дечу хенахь. Умму Саламата (Дела реза хуьлийла цунна) аьлла: «Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) Абу Саламатан х1усаме веара, иза вара шен са д1адолуш бIаьргаш гIаьттина а болуш. Цуьнан бIаьргаш дIа а хьаббина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Баккъалла а, са дIаэцча, бIаьрг цунна тIаьхьа хьожу». ТIаккха цуьнан цIийнах болчу наха маьхьарий хьаькхира, тIаккха цо элира: «Аш шайна ма дехалаш диканиг а бен, баккъалла а, маликаша а́ми́н олу аш олучунна». Цул тIаьхьа цо элира: «ХIай АллахI, Абу Саламатна гечдехьа, цуьнан дарж хьалаайбахьа нисбинчарлахь, цуьнан бисинчаьрга хьожуш хилахьа Хьо цул тIаьхьа, тхуна а, цунна а гечдехьа, хIай Iаламан да, цунна паргIато ехьа цуьнан кошахь, цунна цигахь нур а дехьа». Муслим. 

18.  Парз ламаз дихкича доьшуш долу доIа. Асхьабех волчу цхьана стага шен ламаз дIадолийра, хIара дешнаш олуш: «Алло́хIу акбару каби́ров-валь-хьамду лилла́хIи каси́ров-ва субхьа́налло́хIи букратав-ва асы́ла́. (АллахI уггар Воккха ву, ша боллу хастам а АллахIна бу, ЦIена ву АллахI Iуьйранна а, суьйранна а). ТIаккха Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Ас тамаша бира оцу доIанах, стигланан неIарш дIайиллинера цунна». Муслим. 

19. Ахь парз ламаз дихкича, хIара дешнаш олуш: «Аль- хьамду лилла́хIи каси́рон, тIоййибан, муба́рокан фийхIи. (Хастам АллахIна бу, дуккха а, цIена а, беркате а болу)». Цхьана стага шен ламаз дIадолийра, хIара дешнаш олуш: «Аль-хьамду лилла́хIи каси́рон, тIоййибан, муба́рокан фийхIи». ТIаккха Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) ша ламаз дина ваьлча хаьттира: «Шух мила ву и дешнаш аьлларг?» Нах тап-аьлла севцира. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Шух мила ву и дешнаш аьлларг, баккъалла а, цо вуониг ца аьлла». ТIаккха цхьана стага элира: «Суна дагадеара уьш ала, тIаккха ас элира уьш». Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Баккъалла а, шийтта малик гира суна, ша- ша уьш хьаладахьа къуьйсуш». Насаи, Тирмизи, Хьаким. 

20. Патихьат доьшучу хенахь. Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хьадисехь деана: «Цо (стага) аьлча: «Иййа́ка наIбуду ва иййа́ка настаIи́н. (Хьуна Iибадат до оха, Хьоьга гIо а доьху оха)», Дала олу: «ХIара Суна а, Сан лена а юккъехь ду. Сан лена ша дехнарг ду». Цо аьлча: «ИхIдинас-сыро́тIоль- мустакъи́м, сыро́тIоллази́на анIамта IалайхIим гIойриль-магIду́би IалайхIим валаддо́лли́н.(Нийсачу некъа нисдехьа тхо. Айхьа ниIмат деллачеран некъа дигахь тхо, ма дигахь тхо Айхьа оьгIазло йинчеран, тилабеллачеран некъа)», Дала олу: «ХIара Сан лена ду, Сан лена цо дехнарг ду». Муслим. 

21.  Ламазехь олуш долу амин маликаша олуш долчуьнца цхьаьнадеача. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Имамо а́ми́н олучу хенахь а́ми́н алалаш; ша олуш долу а́ми́н маликаша олучуьнца цхьаьнадеанчунна гечдийр ду, цо хьалха динчу къиношна». Бухари, Муслим. 

22. РукуIера хьаланисвелча, хIара дешнаш аьлча: «Роббана́ ва лакаль-хьамду хьамдан каси́рон, тIоййибан, муба́рокан фийхIи. (Тхан Дела, Хьуна бу хастам, дуккха, цIена, беркате а болу болу хастам)». РифаIата (Дела реза хуьлийла цунна) элира: «Тхо дара Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) тIаьхьа ламаз деш. Шен корта рукуIера хьалаайбича, цо элира: «СамиIалло́хIу лиман хьамидахI. (АллахIна хеза Шена хастам беш верг)».ЦуннатIаьхьахIоьттинчу цхьана стага элира: «Роббана́ ва лакаль-хьамду хьамдан каси́рон, тIоййибан, муба́рокан фийхIи». Ша ламазах паргIатваьлча, цо хаьттира: «Мила вара вистхилларг?» Оцу стага элира: «Со вара». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Суна гира ткъе иттаннал сов малик, ша-ша и хьалха дIаяздан къуьйсуш». Бухари, Тирмизи. 

23.  Ламазехь тIаьххьара Этхьаг доьшуш, Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават а диллина доIадар. Фадалата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) цхьана стага ламаз деш гира; Далла хастам а бина, Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават диллира цо. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) цуьнга элира: «ХIай ламаз деш верг, доIа де ахь – Дала хьан доIина жоп лур ду, деха ахь – хьуна лур ду». Насаи. 

24. Ламазехь салам далале хьалха хIара дешнаш аьлча: «Алло́хIумма инни́ ас-алука Я́ Алло́хIу бианнакаль- Ва́хьидуль-Ахьадус-Сомадуллази́ лам йалид ва лам ю́лад, ва лам йакул-лахIу́ куфуван ахьад, ан тагIфира ли́ зуну́би́, иннака Анталь-ГIофу́рур-Рохьи́м. (Я АллахI, баккъалла а, Хьоьга доьху аса, сан къиношна Ахьа гечдар,– Хьо цхьаъ волу дела, я АллахI, Хьо даима лаьтташ волу дела, я Хьан доьзал хилла боцу дела, я Хьо цхьаммо вина воцу дела, Хьох тера цхьа а воцу дела. Баккъалла а, Хьо ву гечдийриг, къинхетамениг)». Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), ламаза тIехь цхьана стага хIара доIа деш шена хезча, элира: «Баккъалла а, гечди цунна, баккъалла а, гечди цунна, баккъалла а, гечди цунна». Ахьмад. 

25. Ахь хIара дешнаш аьлча: «Алло́хIумма инни́ ас- алука бианна лакаль-хьамда ла́ ила́хIа илла́ Анталь-Манна́ну, йа́ бади́Iас-сама́ва́ти валь-арды, йа́ заль- Джала́ли валь-Икро́м, йа́ Хьаййу йа́ Къоййу́м. (Я АллахI, баккъалла а, Хьоьга доьху аса,– Хьуна хастам болу дела; Хьо воцург, дела вац,– даима диканиг дийриг, стигланашший, латтий Кхоьллинарг, хIай сийлаллийн а, лераман а Да, хIай даима дийнаверг, хIай даима лаьтташ верг)». Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), ламаза тIехь цхьана стага хIара доIа деш шена хезча, элира: «Баккъалла а, Деле дийхи цо Цуьнан езчу цIарца, шеца доIа дича Дала жоп лур долуш, дехча Дала лур долуш а йолчу». Абу Дауд, Хьаким. 

26. ХIара доIа дича: «Алло́хIумма инни́ ас-алука бианни́ ашхIаду аннака Анталло́хIу ла́ ила́хIа илла́ Анталь-Ахьадус-Сомадуллази́ лам йалид ва лам ю́лад ва лам йакул-лахIу́ куфуван ахьад. (Я АллахI, баккъалла а, Хьоьга доьху аса, Хьо АллахI ву аьлла айса тоьшалла до дела; Хьо воцург, дела вац, Хьо даима лаьтташ волу дела, цкъа а лийр воцуш, Шен доьзалхо хилла воцуш я Ша нанас вина воцуш, Шех тераниг цхьа а воцуш)». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), цхьана стага хIара доIа деш шена хезча, элира: «Баккъалла а, Деле дийхи ахь Цуьнан езчу цIарца, шеца дехча Дала лур долуш, доIа дича Дала жоп лур долуш а йолчу». Абу Дауд, Хьаким. 

27.  Ша ламаз эцна ваьлча, бусалба стага суннатехь долу доIа дар. Iумара (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Шух цхьа а ма вац, ша эца ма-деззара ламаз а эцна, цул тIаьхьа ша олуш: «АшхIаду ал- ла́ ила́хIа иллалло́хIу вахьдахIу́ ла́ шари́ка лахIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIу ва росу́лухIу. Алло́хIуммажIални́ минат-тавва́би́на, важIални́ миналь-мутатIоххIири́н. (Ас тоьшалла до, АллахI воцург, кхин дела вац аьлла; Ша цхьаъ ву Иза, шеца накъост воцуш; ас тIаккха а тоьшалла до, Мухьаммад – Цуьнан лай а, Элча а ву аьлла. Везан Дела, со тобадинчарах а, цIанойинчарах а вехьа)»,ялсаманин бархIе неI Дала цунна дIайоьллуш а бен, – шен луъучу неIарехула и чу вахийта». Муслим. 

28. Iарафат дийнахь хьаьж деш волчо доIадар. ШуIайбан кIанта Iамра (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, шен дас шен дегара дийцира, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Аллахlе доьхуш дечу доlанех уггар деза доlа – lарафат дийнахь Цуьнга доьхуш динарг ду. Ткъа аса а, сол хьалха хиллачу пайхамарша а аьллачу дешнех уггар деза дешнаш хlорш ду: «Ла́ ила́хIа иллалло́хIу вахьдахIу́ ла́ шари́ка лахIу. ЛахIуль- мульку ва лахIуль-хьамду, ва хIува Iала́ кулли шай-ин къоди́р. (Цхьаъ волу, шена декъахо воцу АллахI воцург, дела вац; Цуьнгахь ду паччахьалла, Цунна бу хастам, Иза массо а хIума дан ницкъ кхочуш ву)». Тирмизи. 

29.  Делкъа ламаз дале хьалха, малх дIатевжинчул тIаьхьа. Саибан кIанта IабдуллахIа (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) малх дIатевжинчул тIаьхьа, делкъа ламаз дале хьалха, диъ ракаIат ламаз дора, аьлла. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Баккъалла а, иза стигланийн неIарш дIайоьллу хан ю, суна лаьа оцу хена чохь сайн дика Iамал хьалаяхьа». Тирмизи, Ахьмад. 

30.  Рамазан баттахь. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Рамазан бутт тIебеъча, ялсаманин неIарш дIайоьллу, жоьжахатин неIарш дIакъовлу, шайтIанашна буржалш туху». Бухари, Муслим. 

31.  Бусалба нах Дела хьехочу меттехь гулбелча. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Баккъалла а, АллахIан маликаш ду некъашкахь лелаш, Дела хьехош болу нах лоьхуш. Царна Лекха-Сийлахь Волу АллахI хьехош цхьа нах карийча, уьш кхойкху: «Схьадуьйла шаьш лоьхучу хIумане». ТIаккха шайн тIемашца маликаша гуо бо царна, дуьненан стигала хьалакхаччалц. ТIаккха церан Дала цаьрга хотту, Ша тIех дика хууш волушшехь: «Сан леша хIун боху?» Цара олу (жоп луш): «Хьуна тасбихь до цара, Алло́хIу Акбару боху цара, Хьуна хастам бо цара, Хьо ваз а во цара». ТIаккха Дала хотту: «Со гиний царна?» Цара жоп ло: «ВаллохIи, царна Хьо гина ма вац». Дала юха а хотту: «Со шайн гича, муха хир бара уьш?» Цара жоп ло: «Хьо царна гича, уьш хьуна Iибадат дарехь, Хьо вазварехь а, Хьуна тасбихь дарехь а кхин чIогIа хир бара». ТIаккха Дала олу: «Цара доьхург хIун ду?» Маликаша жоп ло: «Хьоьга ялсамани йоьхуш бу уьш». ТIаккха Дала олу: «Царна гиний иза?» Маликаша жоп ло: «ВаллохIи, хIай тхан Дела, царна гина ма яц иза». ТIаккха Дала олу: «И шайна гича муха хир бара уьш?» Маликаша жоп ло: «Царна и гина елахьара, уьш цу тIехь кхин тIех сутара хир ма бара, и тIех чIогIа лоьхуш хир ма бара, цуьнгахь чIогIа безам болуш хир ма бара». ТIаккха Дала олу: «Стенах ларбар доьху цара?» Маликаша жоп ло: «Уьш жоьжахатих шаьш ларбар доьхуш бу». ТIаккха Дала олу: «Царна гиний и жоьжахати?» 

Маликаша жоп ло: «ВаллохIи, хIай тхан Дела, царна гина ма яц иза». ТIаккха Дала олу: «И шайна гича, муха хир бара уьш?» Маликаша жоп ло: «Царна и гина елахьара, цунах кхин чIогIа бовдур, кхин чIогIа кхоьрур а бара уьш». ТIаккха Дала олу: «Ас шу теш лоцу, баккъалла а, Айса царна гечдина хиларна». Маликех цхьана малико олу: «Царах воцуш цхьа хьанех ву цаьрца, шен гIуллакхана веана». ТIаккха Дала олу: «Уьш цхьаьнакхеттарш бу, шайца охьахиънарг дакъазавер воцуш». Бухари, Муслим. 

32.  Зуль-хьиджа беттан хьалхарчу итт дийнахь деш долу доIа. Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Денойх цхьа а де ма дац, шена чохь еш йолу дика Iамал АллахIна дукхаезаш, хIокху деношкахь йинчул а» – (Зуль- хьиджа беттан хьалхара итт де ду цунах лууш дерг). Цара элира: «ХIай АллахIан Элча, АллахIан новкъахь гIазот дар а дац?» Цо элира: «АллахIан новкъахь долу гIазот а дац, – шен даьхница, шен сица а араваьлла, цунах цхьа а хIума духа ца дохьуш волу стаг воцург». Бухари, Абу Дауд. 

33.  Генахь волчу шен бусалба вешина деш долу доIа. Абу Дардаа (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Генахь волчу шен вешина доIа деш волу цхьа а бусалба лай ма вац: «Хьуна а хуьлийла и саннарг, малико олуш а бен». Муслим. 

34.  Цхьаммо шена зулам дина волчо деш долу доIа. Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), ша МуIаз Йемен-махка вохуьйтуш, элира, аьлла: «Цхьаммо шена зулам динчо дечу доIанах кхералахь, баккъалла а, цуьнан доIина а, Далла а юккъехь пардо дац». Бухари. 

35.  Дас-нанас доьзалхочунна дика я вуон доьхуш дина доIа. 

36.  Некъахочо дина доIа. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна)  элира, аьлла: «Кхо доIа ду, шегахь шеко а йоцуш, жоп луш: шена цхьаммо зулам динчо дина доIа; некъахочо дина доIа; шен доьзалхочунна дас-нанас дина доIа». Тирмизи. 37. Марха кхаьбначо – и достуш а, нийсо еш волчу имамо а дина доIа. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Кхоъ ву, шаьш дина доIа духатухур доцуш: марха долуш верг, – цо марха дастталц; нийсо еш волу имам; цхьаммо шена зулам динарг…» Тирмизи. 38.  Дикачу доьзалхочо дина доIа. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Адам делча, цуьнан Iамал дIахедаш ю, кхо хIума доцург: лелаш долу сагIа; шех пайдаоьцу Iилма; цунна доIа деш волу дика доьзалхо а». Муслим. 39.  Гаттавелчо дина доIа. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Мила ву ткъа (АллахI воцург) гаттавеллачунна жоп луш верг, цо шега дехча?» «Ан-Намль», 62. 

   Ламаз карахь долуш, Дела хьехош буьйса яьккхинарг. Джабалан кIанта МуIаза (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Цхьа а бусалба стаг ма вац, ламаз карахь а долуш ша дIавуьжуш, буьйсанна набарх ша самаваьлча дуьненахь, эхартахь а долу дика Деле доьхуш, шена Цо и луш а бен». Абу Дауд. 41.  Дикчу доьзалхочо дена-нанна дина доIа. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Баккъалла а, АллахIа шен лай ялсамани чохь даржехь лакхавоккху, тIаккха оцу лено ша олуш: «ХIай сан Дела, хIокху дарже хIун бахьанехь кхаьчна со?» ТIаккха Дала олу: «Хьан доьзалхочо хьуна гечдар дехар бахьана долуш». Ахьмад. 42.  Хьаьж-Iумрат дечо, Делан новкъахь къахьоьгуш волчо а дина доIа. Ибн Iумара (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Делан новкъахь къахьоьгуш верг, хьаьж-Iумрат деш верг а – уьш Делан тоба ю. Дала шайга кхайкхам бича, цара Цунна жоп делира, тIаккха цара Цуьнга дехча, Цо царна жоп делира». Ибн МажахI. 43. Дела дукха хьехош волчо дина доIа. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Кхоъ ву, шаьш дина доIа духатухур доцуш: Дела дукха хьехош верг; цхьаммо шена зулам динарг; нийсо еш волу имам». БайхIакъи. 

   Адам-пайхамара (Делера салам хуьлийла цунна) дина доIа 

Иблисо (шайтIано) ша Iехор бахьана долуш, Адам пайхамара (Делера салам хуьлийла цунна) Сийлахь-Везчу Дала шега ма баа аьлла болу стом биира. Дала Адамна (Делера салам хуьлийла цунна) дагатесира тобадаран дешнаш (иза дохковаларна), тIаккха Адама (Делера салам хуьлийла цунна) элира: «Роббана́ золамна́ анфусана́ ва ил-лам тагIфир лана́ ва тархьамна́ ланаку́нанна миналь-хо́сири́н. (Тхан Дела, оха зулам дина тхайн догIмашна; Ахь тхуна геч ца дахь, Ахь тхох къинхетам а ца бахь, баккъалла а, тхо хир ду дакъазадевллачарах)». «Аль-АIраф», 23. 

Нухь-пайхамара (Делера салам хуьлийла цунна) дина доIа 

Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Нухьа элира: «Сан Дела, Ахь ма виталахь лаьтта тIехь керсталла динчарах цхьа а цIа чохь вехаш верг. Баккъалла а, Ахь уьш битахь, цара Хьан леш тилор бу, цара дуьнен чу бохур бац къинош дийриш, керсталла дийриш бен. Сан Дела, Ахь гечдехьа суна, сан дена-нанна, бусалба а волуш сан хIусаме веанчунна, ийман диллинчу божаршна, ийман диллинчу зударшна, зуламхой сов ма баха Ахь, хIаллакьхиларехь бен». «Нухь», 26-28. 

ИбрахIим-пайхамара (Делера салам хуьлийла цунна) дина доIа 

Веза-Сийлахьчу Дала боху: «ИбрахIима аьлла хан дагаяийта: «РоббижIал хIа́заль-балада а́минан, важнубни́ ва баниййа ан наIбудаль-асна́м. (ХIай сан Дела, Ахь хилийтахь хIара шахьар тешаме (кхерам боцуш), со а, сан кIентий а генабахахь цIуйшна Iибадат дарх)». «ИбрахIим», 35. Ибн Каси́ра (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Баккъалла а, Дала жоп делира 

ИбрахIиман доIина». Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Царна ца го-те, Оха Хьарм (Макка) тешаме (кхерам боцуш) йина хилар». «Аль-Iанкабут», 67. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «ХIай тхан Дела! Ас сайн цхьаболу доьзал баха хаий-кх ялта доцчу боьрахь, Хьан сийлахьчу цIенна уллохь, цара цигахь, хIай тхан Дела, ламаз хIотторхьама. Нехан дегнаш цаьрца уьйр йолуш хилийтахь, царна рицкъа а лохьа (массо) стоьмех, уьш (Хьуна) шукра деш хилийтархьама». «ИбрахIим», 37. Ибн Каси́ра (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Баккъалла а, Дала жоп делира ИбрахIиман доIина, Веза Сийлахьчу Дала ма боху: «Оха ца йина царна тешаме Хьарм, цига массо хIуманан стоьмаш кхоьхьуш, тхуна гергара рицкъа хилла». «Аль-Къасасу», 57. Иза Делан комаршонах, къинхетамах, Цуьнан беркатах а ду. Сийлахьчу Маккахь шена тIе стом латош цхьа а дитт ца хилла, амма ИбрахIима динчу доIина жоп луш, гонахьарчу мехкашкара стоьмаш кхехьа болийна цига.  Веза-Сийлахьчу Дала Шена везначу ИбрахIимна (Делера салам хуьлийла цунна) кхин дуккха а меттигашкахь жоп делла. Иштта берриг а пайхамарш (Делера салам маршалла хуьлийла царна) шайн доIина жоп луш бу, доIина жоп даларан бехкамаш цара кхочушбар бахьанехь. Цундела Веза-Сийлахьчу Дала, ИбрахIима динчу доIин хьокъехь, аьлла-кх: «Далла бу хастам, суна воккхаллехь ИсмаIил, Исхьакъ а веллачу, баккъалла а, Иза доIа хезаш Верг Ву». «ИбрахIим», 39. 

ЯIкъуб-пайхамара (Делера салам хуьлийла цунна) дина доIа 

Шен кIентан Юсуфан коч йохьуш, иза барзо виъна аьлла, суьйранна белха а боьлхуш цуьнан вежарий цIа баьхкича, ЯIкъубан (Делера салам хуьлийла цунна) аьлла: «Шун синоша цхьа гIуллакх хаздина шуна. Собар дар дика ду-кх. Дела ву-кх, аша хIотточу суьрта тIехь Шега гIо деха хьакъ верг». «Юсуф», 18. 

Цул тIаьхьа шен жимахволу кIант Биньямин Мисарахь витина, цуьнан вежарий цIа баьхкича, ЯIкъуба (Делера салам хуьлийла цунна) цаьрга аьлла: «ХIаъ! Шун синоша цхьа болх хазбина шуна. Собар дар дика дукх. Дала уьш берриге схьабало мега суна. Баккъалла а, Иза – хууш верг а‚ массо хIума нийса деш верг а Ву». «Юсуф», 83. 

ТIаккха царна къайла а ваьлла, чIогIа вилхина иза, шен гIайгIа-бала Деле балхош. Цул тIаьхьа цо аьлла: «ХIай сан кIентий! ДIагIо‚ Юсуфах а, цуьнан вешех а лаьцна таллам бе. Делан къинхетамах дог ма дилла. Баккъалла а, Делан къинхетамах дог дуьллур ма дац, Делах ца тешачу къомо а бен». «Юсуф», 87. 

   Веза-Сийлахьчу Дала ЯIкъуба (Делера салам хуьлийла цунна) динчу доIина жоп делла, Юсуф, Биньямин а цунна вухаваларца. Юсуфан (Делера салам хуьлийла цунна) коч юьхь тIе хьаькхча, цуьнан бIаьрса а духаделла Дала. Вежарий шаьш Юсуфана (Делера салам хуьлийла цунна) зулам дарна дохкобевлча, Деле царна гечдар дийхира ЯIкъуба (Делера салам хуьлийла цунна). Цул тIаьхьа уьш берриге а Юсуф (Делера салам хуьлийла цунна) волчу Мисара бахара. Иштта ю-кх собаре хиларан хастаме тIаьхье. 

Юсуф-пайхамара (Делера салам хуьлийла цунна) дина доIа 

Веза-Сийлахьчу Дала Юсуфан (Делера салам хуьлийла цунна) хьокъехь аьлла: «Цо (Юсуфа) элира:«ХIай сан Дела, набахте дукхаезаш ма ву со, цара соьга де бохучул а; церан (зударийн) мекарлонах Ахьа со хьалха ца ваккхахь‚ со царна тIевоьрзур ву – тIаккха со жехIил нахах хир ма ву». Цуьнан Дала жоп делира цунна‚ Цо иза хьалхаваьккхира церан (зударийн) мекарлонах. Баккъалла а, Иза хезаш верг‚ хууш верг а Ву». «Юсуф», 33. Иштта доIа дира Юсуфа (Делера салам хуьлийла цунна),Зулайхас шен дагара хаийтича, цуьнан мекарлонах ша ларвар доьхуш.Шахьарахь болчу зударшна юккъехь эладита даьржира, Зулайхас шен хIусамехь волчу кIантана дагара хаийтина, бохуш. Цара ша бехке еш хабарш дуьйцуш хилар шена хиъча, Зулайхас цхьана дийнахь ша йолчу хьошалгIа кхайкхира уьш. Царна хьалха стоьмаш бехкина, хIора зудчун кара урс а делла, Юсуф (Делера салам хуьлийла цунна) схьакхайкхира Зулайхас. Цуьнан хазаллех цецбевлла, шаьш хIун леладо а ца хууш, цара шайн куьйгаш а хедийна, элира: «ХIара адам дац! ХIара сийлахь малик ду!» «Юсуф», 31. ТIаккха Зулайхас элира: «И ву-кх шуна, аша суна шен хьокъехь бехкаш бехкинарг! Ас цунна дагара хаийтира – иза чIогIа ларвелира. Ас шега омра дийриг цо ца дахь‚ набахте чу вуллур ву иза». «Юсуф», 32.  Юсуфа (Делера салам хуьлийла цунна) динчу доIина Дала жоп делира, зударийн мекарлонах иза хьалха а ваьккхира, баккъалла а, Иза доIа хезаш верг‚ адамехь долу хьал хууш верг а Ву.   

Айюб-пайхамара (Делера салам хуьлийла цунна) дина доIа 

   Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Айюб а хьахаве ахь, шен Деле кхайкхина волу: «Баккъалла а, со балано лаьцна‚ ткъа Хьо къинхетам бечарах уггар Къинхетаме верг ма ву». Оха цуьнан доIина жоп делира, цуьнгара бала а дIабаьккхира. Оха цунна цуьнан доьзал юхабелира‚ цаьрца цхьаьна кхин оццул а‚ – Тхайна гергара къинхетам бархьама а‚ Iибадат дечарна хьехам хилийтархьама а». «Аль-Анбияъ», 83-84. 

   Ибн Каси́ра (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Айюб-пайхамарна (Делера салам хуьлийла цунна) Дала массо а тайпанара дукха даьхни делла хилла. Цул совнаха, шортта латта, ялхой, йохк-эцар лелоран даьхни а хилла цуьнан. Дала цунна доьзал белла: ворхI кIанттий, ворхI йоIIий а. Доккхачу дегIахь, дика могашалла йолуш, онда стаг хилла Айюб-пайхамар (Делера салам хуьлийла цунна). Цул тIаьхьа Веза-Сийлахьчу Далла лиъна балица иза зен, шега кхаьчначу халонна тIехь собаре хиларехь тIаьхьабогIучу нахана масал хилийтархьама. Уггар хьалха, даьхни хIаллакьхилла, къевелла иза. ТIаккха тIаьхье-хьалхе дерриг бераш (ворхI кIант, ворхI йоI а) делла висина иза. Цул тIаьхьа Дала цамгаран балица зийна Айюб (Делера салам хуьлийла цунна). Цуьнан дегIа тIехь могуш меже ца йисна, дог а, мотт а боцург. Оцу берриг а баланашна собаре хилла, Делера ял хиларе сатуьйсуш волуш, дийнахь, буса а Дела хьехочуьра соцуш ца хилла иза. Цунах цамгар яларна кхоьруш, доттагIий, гергара нах а цунна тIебогIучуьра севцца. ТIаьххьар а, цуьнан хIусамнана Рахьмат йоцург гIо дан адам ца дисна цунна. БерхIитта шарахь, собарх ца вухуш, цамгар лайна цо, цхьаьнненга а балхам ца беш. Иштта хиллачу хьолехь, Веза-Сийлахьчу Деле кхайкхина иза: «Баккъалла а, со балано лаьцна‚ ткъа Хьо къинхетам бечарах уггар Къинхетаме верг ма ву». «Аль-Анбияъ», 83. ТIаккха Веза- Сийлахь Дела кхайкхина цуьнга: «Оха цуьнан до1ина жоп делира, цуьнгахь болу бала а дIабаьккхира. Оха цунна цуьнан доьзал юхабелира‚ цаьрца цхьаьна кхин оццул а‚ –Тхайна гергара къинхетам бархьама а‚ Iибадат дечарна хьехам хилийтархьама а». «Аль- Анбияъ», 83.

Муса-пайхамара (Делера салам хуьлийла цунна) дина доIа 

   Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Мусас элира: «ХIай тхан Дела‚ баккъалла а, ФирIовнна‚ цуьнан элашна а дуьненан дахарехь хазалла‚ бахам а белла Ахьа, – хIай тхан Дела, уьш тилабалийтархьама Хьан новкъах (уьш зуьйш). ХIай тхан Дела‚ церан бахам хIаллакбе Ахь‚ церан дегнаш чIагIде Ахь (ийманах дIахьовзаде)‚ уьш тешар болуш бац шайна лазош долу Iазап гайтталц. Цо (Дала) элира: «Баккъалла а, шуьшиннан доIина жоп делла». «Юнус», 88-89. Ибн Каси́ра (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Дала жоп делира Мусана (Делера салам хуьлийла цунна), цуьнца цхьаьна болчарна а. ФирIовн, цуьнан эскар а хIорда чохь хIаллакдира Дала». 

Сулайман-пайхамара (Делера салам хуьлийла цунна) дина доIа 

   Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Цо (Сулаймана) элира: «Сан Дела, сан даг чу диллахьа, Ахьа суний, сан дений- нанний динчу диканна хастамбар а, ас Хьо резаволу дика Iамал яр а. Хьайн къинхетамца, Хьайн дикчу лейх вехьа со». «Ан-Намль», 19. 

Юнус-пайхамара (Делера салам хуьлийла цунна) дина доIа 

   Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Зун-Нун (Юнус-пайхамар) шен къомана оьгIазвахана дIавахана хан хьахае‚ цунна моьттура Оха шена таIзар дийр дац‚ тIаккха цо кхайкхира боданехь: «Ла́ ила́хIа илла́ Анта субхьа́нака инни́ кунту миназ-зо́лими́н. (Хьо воцург, дела вац, цIена ву Хьо, баккъалла а, зуламхойх хили со)». Оха цунна жоп делира‚ баланах и  хьалха а ваьккхира‚ иштта кIелхьарбоху Оха ийман диллинарш». «Аль-Анбияъ», 87-88. 

   Ибн Каси́ра (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Везчу Дала Юнус (Делера салам хуьлийла цунна) элча вина вахийтинера Iиракъехь йолчу Найнава олучу юьртан охIланна. Юнуса (Делера салам хуьлийла цунна) масийтта шарахь Далла Iибадат даре кхайкхира уьш. Бакъду, уьш керсталла дарх буха ца бевлира, цара Юнус пайхамар (Делера салам хуьлийла цунна) харцвира. Шайгахь йолчу Iесаллица уьш дозанал тIехбевлча, Юнус (Делера салам хуьлийла цунна) оьгIаз а вахана, царна юкъара дIавахара. Цо царна чIагIо йира, кхо де даьлча цаьрга Делера Iазап кхочур ду, аьлла. Юьртан охIланна хиира, Юнуса (Делера салам хуьлийла цунна) чIагIо йина долу Iазап шайна тIе досса герга дуйла. Дала царна дагатесира, тоба а дина Шега берзар. Деле ийман диллина, Цунна хьастабелла, кхаа дийнахь, боьлхуш, шайна гечдар дийхира цара. ТIаккха Везчу Дала Шен къинхетамца царна тIедан кечделла долу Iазап дIаайбира. Ткъа Юнус (Делера салам хуьлийла цунна) Дала дина омра а доцуш, адамех доьттинчу хIордкеманна тIехиира. Кема дехьо даьлча, хIорд ловзабаьлла, уьш хIаллакьхила гергабахара. Кеман тIехь болчара шайна юкъахь кхаж таса барт бира, кхаж баьлларг хIорда чу кхуссур волуш. Дуьххьарлера кхаж Юнус-пайхамарна (Делера салам хуьлийла цунна) белира, амма царна и хIорда чу кхосса ца лиира. ШозлагIа, кхоазлагIа кхаж тесча, Юнусан (Делера салам хуьлийла цунна) кхаж белира. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Цо кхаж тесира – иза эшначарах хилира». «Ас-Соффат», 141. Цара иза хIорда чу кхоьссича, хIорд карзахбаьллачуьра сецира. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «И кхаьллира боккхачу чIеро, и бехке а волуш». «Ас-Соффат», 142. Веза-Сийлахьчу Дала оцу чIере омра дина, цуьнан жижиг ма даа, цуьнан даьIахкаш ма кегъе, иза хьан рицкъа дац, аьлла. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Боданашкахь волуш (Деле) кхайкхира иза: «Ла́ ила́хIа илла́ Анта субхьа́нака инни́ кунту миназ- зо́лими́н. (Хьо воцург, дела вац, цIена ву Хьо, баккъалла а, зуламхойх хили со)». Оха цунна жоп делира‚ баланах и хьалха а ваьккхира‚ иштта кIелхьарабоху Оха ийман диллинарш». «Аль-Анбияъ», 87-88.     

Закарийя-пайхамара (Делера салам хуьлийла цунна) дина доIа 

   Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Оцу хенахь (Дала Марьямана делла караматаш шена гича) кхайкхира Закарийя шен Деле, цо элира: «Сан Дела‚ Хьайна гергара дика доьзал лохьа суна‚ баккъалла а‚ Хьо ма ву доIа хезаш». «Алу Iимран», 38. 

   Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Закарийя шен Деле кхайкхина хан хьахае ахь: «Сан Дела‚ ма витахь со цхьалха (доьзалхо воцуш)‚ Хьо ма ву ирс лучарах уггар диканиг!» Оха цуьнан доIина жоп делира‚ цунна Яхьъя (цIе йолуш доьзалхо) велира‚ Оха цуьнан хIусамнана (доьзалхо хир волуш) тойира». «Аль-Анбияъ», 89-90. 

Iийса-пайхамара (Делера салам хуьлийла цунна) дина доIа 

   Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Маръяман кIанта Iийсас элира: «ХIай АллахI – тхан Дела, стиглара шун доссадехьа тхуна, дезде хир дара тхуна цунах тхан хьалхарчарна а, тхан тIаьхьарчарна а хьоьгара билгало а хир яра. Тхуна рицкъа а лохьа, рицкъа лучарах уггар диканиг ма ву Хьо». Дала элира: «Ас доссор ду шуна и (даарх дуьззина шун). Цул тIаьхьа шух керсталла динчунна – Ас чIогIа Iазап лур ду цунна, Iаламехь Айса цхьанненна ца деллачу кепара». «Аль- Маидату», 114-115. ХIара доIа динера Iийса-пайхамара (Делера салам хуьлийла цунна), хьаварийюнаша(Iийсана тIаьхьахIиттина апостолш)шега аьллачу хенахь: «ХIай Маръяман кIант Iийса, хьан Делан ницкъ кхочур барий тхуна стиглара шун доссо?» Цо элира: «Делах кхера шу, шаьш ийман диллина делахь». Цара элира: «Тхуна лаьа цу чуьра хIума яа, тхайн дегнаш паргIатдаха а, хьо тхоьга бакълийна хилар тхуна хаа а, оцу тIехь тхо тоьшалла дечарах хила а». «Аль-Маидату», 112. Веза Сийлахьчу Дала цуьнан доIина жоп делира. 

Мухьаммад-пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дина доIанаш 

   Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) олуш вара, аьлла: «Алло́хIумма аслихь ли́ ди́нийаллази́ хIува Iисмату амри́, ва аслихь ли́ дунья́йаллати́ фи́хIа́ маIа́ши́, ва аслихь ли́ а́хиротийаллати́ фи́хIа́ маIа́ди́, важIалиль-хьая́та зия́датан ли́ фи́ кулли хойрин, важIалиль-мавта ро́хьатан ли́ мин кулли шаррин. (Я АллахI, суна тодехьа сан белхаш Iалашбеш долу сан дин, суна тодехьа шена чохь сан дахар долу сан дуьне, суна тодехьа со шена чу воьрзур волу сан эхарт, со мел долчу диканехь сов а ваккхийтахьа дахаре а, валаре а, со паргIатваккхийтахьа мел долчу вуонах)». Муслим. 

   Iамран кIанта IабдуллахIа (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) олуш вара, аьлла: «Я́ мукъоллибаль-къулу́би, саббит къолби́ Iала́ ди́ника. (ХIай дегнийн ойланаш хуьйцург, сан дог Хьайн дин тIехь сацадехьа (чIагIдехьа)». Муслим. 

   Анаса (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) уггар дукха хIара доIа дора, аьлла: «Алло́хIумма а́тина́ фиддунйа́ хьасанатав-ва филь-а́хироти хьасанатав-ва къина́ Iаза́банна́р. (ХIай тхан Дела, Ахьа тхуна дуьненахь а диканиг лохьа, эхартахь а диканиг лохьа, тхо жоьжахатин Iазапах лар а дехьа)». Бухари. 

   Маликан кIанта Анаса (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) олуш вара, аьлла: «Алло́хIумма инни́ аIу́зу бика миналь-хIамми валь-хьазани, ва аIу́зу бика миналь-Iажзи валь-касали, ва аIу́зу бика миналь- джубни валь-бухли, ва аIу́зу бика мин гIолабатид- дайни ва къохIрир-рижа́л. (Я АллахI, Хьоьга доьху аса, сингаттамаххий, гIайгIанаххий со Iалашвар; Хьоьга доьху аса, кIелвисарххий, малонаххий со Iалашвар; Хьоьга доьху аса, кIилловаларххий, бIаьрмецигаллаххий со Iалашвар, Хьоьга доьху аса, декхаро кIелвитарххий, дукхах долчу хьолехь адамаш сийсаздечу хIуманаххий со Iалашвар)». Бухари. 

ТIаьххьарлера вайн кхайкхам – Iаламаш кхобуш, кхиош а Волчу АллахIна хастамбар ду.