Хьатиман воI Iадий (Дела реза хуьлийла цунна)

БисмиллахIиррохьманиррохьим

 

ХIижратан уьссалгIачу шарахь Ислам-динна муьтIахь хилира Iарбийн паччахьех цхьа паччахь, ша дуккха а цунна дуьхьалваьлла леллачул тIаьхьа; ша тIе ца лоцуш, новкъарлонаш йинчул тIаьхьа, ийманна кIадвеллера иза. Ша дуьхьалваьлла леллачул тIаьхьа Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) муьтIахь хилла дIахIоьттира иза. Иза вара шуна, цуьнан ден комаьршалла юьйцуш наха масал далош хилла волу ат-тIаийн тайпанан волу Хьатиман воI Iадий.

* * *

Iадийга урхалла шен дегара кхечира (иза веллачул тIаьхьа). Ткъа ат-тIаийн тайпано иза шайн паччахь хIоттийра.

4

Шаьш тIам тIехь яьккхинчу хIонсах доьалгIа дакъа цунна дIадала реза хилира уьш, иштта эскархойн коьрта эмир а вира цара цунах.

ТIаккха Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) нийсонан некъ а, бакъо а дIакхайкхийча, цкъа цхьа кIошт, юха важа кIошт хуьлуш, Iарбий цунна муьтIахь хила боьлча, Iадийна Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) кхайкхамехь гира шен куьйгалла дохош долу куьйгалла а, шегара баьччалла дохор долу баьччалла а. Цо Делан Элчанца (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), шена иза вевзаш воццушехь, чIогIа мостагIалла лецира; шена иза гале а цуьнга цабезам кхоллабелира цуьнан. Ткъа шарахь гергга лаьттира цуьнан и мостагIалла – АллахIа шен накха нийсонан некъана а, бакъонна а дIабеллалц йолчу заманахь.

5

* * *

Хьатиман воIа Iадийс Ислам тIеэцарх ду цкъа а дицлур доцу цхьа дийцар, цундела цу стаге шегга дуьйцуьйтур вай иза, цунна и мелла а дика хуур ду, цо ша дуьйцург мелла нийса а хир ду.

Iадийс дийцира:

«Iарбашна юккъехь цхьа а стаг вацара (цунах лаьцна суна хезначу хенахь дуьйна) суна чул Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) ца везаш. Нахана вевзаш къонах вара со. Иштта со вара керста а (христианин). Сайн къомана юкъахь лелара со мирбаIца урхалла деш (Iарбийн кхиболчу паччахьаша санна церан хIонсах доьалгIа дакъа схьаоьцура аса).

Делан Элчанах (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) лаьцна сайна

6

ма-хеззинехь, цуьнца хьагI лецира аса. Ткъа цуьнан бух стамбелча, цуьнан ницкъ чIагIбелча, цуьнан эскарша, тобанаша а малхбалехьа, малхбузехьа долу Iарбийн латтанаш схьадаха а долийча, сан эмкалш яжош волчу сайн лене элира аса:

– ХIай да воцург (хIай буо), суна сан эмкалех ерстина а йолуш, караIаьмнарш кечъяй, суна улло дIатасал уьш. Нагахь санна Мухьаммадан эскаро я тобано кху мехкан латта хьаьшна аьлла хьайна хазахь, сихха соьга хаийталахь.

Цхьана Iуьйранна со волчу а веана, сан лено соьга элира:

– ХIай сан эла! Мухьаммадан дошлоша хьан латта хьаьшча айхьа дан кечдинарг хIинца де ахьа.

Аса мохь туьйхира: «ХIун хилла? Жоп ло сихха, хьо велла юьсийла хьан нана!»

7

Цо элира:

– Баккъалла а, цIеношна юккъехь йортъетташ суна цхьа байракхаш гира; аса царах лаьцна хаьттича, соьга, уьш Мухьаммадан эскарш ду, элира.

Аса цуьнга элира:

– Аса хьайга кечъе аьлла эмкалш мелла а сиха кеч а яй, суна улло схьаялае.

Цул тIаьхьа сайн кечам а бина, аса сайн хIусамнене а, берашка а дIахаийтира, тхаьш цхьаьна тхайна дезаш хилла долу латта тIера кхелхина доьлхуш хилар. Со сихха дIавахара, Шеман мехкашкара христианех болчу сайн динан охIланах дIа а кхетна, цаьрца ваха сацархьама.

Дукха сихвелла, сайн берриге а гергарнаш вовшахтоха ца ларийнера со, ткъа кхерамечу меттигашна тхаьш тIех ма-девллинехь, сайн гергарнаш берриге а буй хьажа со воьлча, тIаийн тайпанах Наждан

8

латтанашкахь бисинчаьрца цхьаьна сайн йиша йицйина йитина хиллера аса.

Цига юха ваха цхьа а некъ бацара сан. Иштта сайца цхьаьна болчаьрца со Шема кхаччалц дIавахана, цигахь сайн динан вежаршца сецира.

Ткъа сан йишех, суна хир ду аьлла хеташ а, со кхийринарг а хилира.

* * *

Со Шемахь волуш суна хезира, Мухьаммадан дошлоша тхан хIусамашна тIе а летна, кхиболу шаьш схьалецначу зударшна юкъахь йийсар а йина, сан йиша Ясрибе (Мадинате) дIайигна, цигахь маьждиган неIарна хьалха цхьана кечйина керта чу йоьллина ю и гIарбашашца цхьаьна, аьлла.

Пайхамар (Делера салам-маршалла

9

хуьлийла цунна) цунна уллохула ваьлла дIавоьдучу хенахь, цунна тIе а йолаелла, цо аьлла хилла:

– ХIай Делан Элча! Сан да велла, со Iалашйийриг вайна, сох къинхетам бахьара ахьа, АллахIа къинхетам бийр бар-кха хьох.

ТIаккха Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хаьттина:

– Мила вара хьо Iалашйийриг?

– Хьатиман воI Iадий вара, – элира цо.

Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «АллахIах а, Цуьнан Элчанах а веднарггий?!» Цул тIаьхьа иза Iадйитина дIавахана Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна).

ШолгIачу дийнахь а цунна уллохула ваьлла дIавахана Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), ша

10

селхана аьлларг элира зудчо цуьнга, иштта ша селхана цунна делла долу жоп делира цунна Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна).

КхоалгIа де тIедеъча а, цунна уллохула ваьлла дIавахара Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), амма догдиллина Iачу цу зудчо хIумма а ца элира. Амма Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) тIаьхьахIоьттина вогIучу цуьнан гуонерчу цхьана стага, хьада йоло, йистхила цуьнга аьлла, ишар йира.

ТIаккха цунна тIеяхана, цо элира:

– ХIай Делан Элча! Сан да велла, сан доладийриг вайна, сох къинхетам бахьара ахьа, АллахIа къинхетам бийр бар-кха хьох.

ТIаккха Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира:

11

– Ахьа бохург ди аса.

Цо элира:

– Шемахь болчу сайн гергарчарна тIе дIаяха лаьа суна.

ТIаккха Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира:

– Делахь а, новкъаяла сих ма лолахь, Шеман мехкашка хьой дIакхачо хьайн къомах цхьа тешаме верг хьайна караваллалц. Хьайна тешаме стаг карийча, соьга хаийталахь.

Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дIавахча, зудчо хаьттира, шега цуьнга йистхила аьлла къонах мила вара, аьлла. Цунна жоп деллера, иза Абу ТIалибан воI Iела (АллахI реза хуьлийла цунна) вара, аьлла.

Иза Мадинатехь Iийра, шена тешаме волу шайн тайпанах цхьа стаг шеца волу къепал цига яллалц, амма иза еъча,

12

Делан Элча (АллахIера къинхетаммий, маршаллий хуьлийла цунна) волчу яхана, цо элира:

– ХIай Делан Элча! Сан къомах болу цхьа нах баьхкина, шайна юкъахь тешаме а, со дIакхачон ерг а волуш.

Делан Элчано (АллахIера къинхетаммий, маршаллий хуьлийла цунна) тIедуха а делира, тIехиъна дIаяха совгIатна эмкал а елира, тоьар долччул даьхни а делира. ТIаккха иза къепалца дIаяхара.

Iадийс кхидIа а дийцира:

– Цул тIаьхьа тхо дара цунах лаьцна тхаьшна хIумма а ца хеза-те, и схьа ца йогIу-те бохуш лерг дуьйлина Iаш. Иштта со шена дуьхьал хиларе ца хьоьжуш, Мухьаммада шега ма-далло цунна дина долчу диканах лаьцна тхаьшна дуьйцу хезча, бакъ ца хеташ Iаш а дара тхо.

13

ВаллахIи, со сайн гергарчаьрца хиъна Iаш волчу заманахь, шен эмкалан нуьйра тIехь хиъна тхаьш долчу агIор схьайогIуш йолчу цхьана зудчух бIаьрг кхийтира сан. ТIаккха аса элира:

– Вай, Хьатиман йоI яц иза?! И ма ю и-м!

Тхуна уллохь ша ма-сеццинехь, цо элира:

– Зуламеволу гергарлонаш хедориг! Хьайн зуда а, бераш а эцна, бисина болу хьайн ден доьзал, айхьа доладан дезарш а битина вада ма ведда хьо.

Аса элира:

– Ва сан жима йиша! Диканиг бен ма алахьара ахьа.

И меттаяллалц резаян гIерташ дIатейора аса. Ша меттаеъча, цо шех хилларг дийцира тхуна. Ткъа цо дуьйцург суна хьалха схьа ма-хаззара дара. Аса

14

цуьнга хаьттира – иза хадам болуш хьекъале зуда яра – цу стеган (аьлча а, Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) болх хьуна муха хета, аьлла.

Цо жоп делира:

– Суна хета – валлахIи, хьо сихха цунна тIеваха веза, аьлла, нагахь санна иза билггал пайхамар велахь, хьалха цунна тIеваханчунна сийлалла хир ю. Амма нагахь иза паччахь велахь, хьан хьал мухха делахь а, хьо цунна уллохь сийсаз хир вац.

* * *

Iадийс кхидIа дуьйцура:

– Новкъавала кечвелира со. Цхьа а кхерамазалла я кхерамазаллин кехат а доцуш, Мадинате дIавахара со Делан Элчанна (Делера салам-маршалла

15

хуьлийла цунна) тIекхаччалц; суна цо аьлла, бохуш, хезнера:

– Со чIогIа сатесна ма ву АллахIа Iадийн куьг сайга схьалацийтаре.

Иза маьждиг чохь а волуш, цунна тIевахана, цуьнга салам делира аса.

ТIаккха цо хаьттира:

– Мила ву хIара стаг?

Аса жоп делира:

– Хьатиман воI Iадий ву.

Суна хьала а гIаьттина, сан куьг схьалаьцна, со шен хIусаме дIавигира цо.

ВаллахIи, тхойша и волчу воьдуш, тхойшинна дуьхьалкхийтира цхьа йоккха заьIап зуда, шеца цхьаьна жима бер а долуш. И саца а вина, цуьнга шен хьашташ далхо юьйлира иза, со лаьтташ а волуш; цаьршинца Iийра иза цаьршиннан хьашташ кхочушхиллалц.

Аса сайга элира:

16

– ХIан-хIа, хIара паччахь вац.

Цул тIаьхьа сан куьг цо схьа а лаьцна, тхойшиъ и волчу дIавахара цуьнан хIусаме дIакхаччалц. ЦIоканах бина болу миндар схьа а эцна, и соьга схьакхуссуш, элира цо:

– Кху тIе охьахаа.

Цунах эхь а хетна, аса элира:

– ХIан-хIа, хьо хаахь цу тIе.

ТIаккха Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) соьга элира:

– ХIан-хIа, хьо хаа.

Цо бохург дина, со цу тIе охьахиира. Ткъа Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) лаьтта охьахиира, хIунда аьлча цу чохь и бен кхин цхьа а миндар бацара.

Аса сайга элира:

– ВаллахIи, хIара паччахьан болх бац.

Цул тIаьхьа, со волчухьа схьавирзина, цо элира:

17

– ЛадогIал хьайна, Хьатиман воI Iадий, христианийн а, собиийн а дин айхьа лелочу заманчохь ракуситех-м ца хилла хьо?

Аса элира:

– Бакъду, хилла.

Цул тIаьхьа хаьттира цо:

– Хьайн къомана юкъахь мирбаI эцна волавелла лелаш урхалла ца дина ахьа, хьайн дино хьайна магийна доцуш долу?!

Аса элира:

– Бакъду, аса дина иза.

Суна хиира иза пайхамар вуйла, Элча вина ваийтина вуй а.

Цул тIаьхьа цо соьга элира:

– ХIай Iадий, тхан бусалба нехан хьал гIийла ду, цаьргахь къелла ю аьлла, кху дине ца вогIуш хила тарло хьо, валлахIи, цхьа а стаг схьаэца а вешар воцчу барамехь царна юкъахь даьхни

18

даржа герга ма ду. ХIай Iадий, бусалба нах кIезиг бу, церан мостагIий дуккха бу аьлла кху дине ца вогIуш хила тарло хьо, валлахIи, Къадисиййатера дуьйна, шен эмкала тIехь ша араяьлла, АллахI воцчух цхьана а хIуманах ца кхоьруш кху цIен тIе хьажа-хIотта еана зуда ю аьлла хаза гена ма дац хьуна. Кху дуьнен тIехь бусалбанаш боцурш бу хьоладай, паччахьаш, аьлла, кху дине ца вогIуш хила тарло хьо, валлахIи, Вавилонехь йолу кIайн гIаланаш цара тIемашца схьаяьхна, иштта ХIурмузан кIентан Кисран хазнаш цаьрга йирзина, аьлла, хаза гена ма дац хьуна.

Аса цуьнга юха хаьттира:

– ХIурмузан воIан Кисран хазнашший?!

Цо элира:

– ХIаъ, ХIурзуман воIан Кисран хазнаш.

19

Iадийс элира:

– Цу хенахь бакъонан шахIадат а далийна, Ислам-дине веара со.

Хьатиман воI Iадий (Дела реза хуьлийла цунна) дуккха а вехира. Цо олура:

– Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дийцинчарех шиъ тIехIоьттина, ткъа кхоалгIаниг дисина хIинца а. ВаллахIи, иза а ца хила йиш ма яц.

Суна Къадисиййатера, АллахI воцчух цхьанне а хIуманах ца кхоьруш, шен эмкала тIехь кху цIен тIе йогIуш цхьа зуда ма гира.

Со вара Кисран хазнина тIелетта, и схьаэцначу дошлойх уггар хьалхарчеран могIарехь.

Аса АллахIах дуй ма буу, цо дийцина долу кхоалгIаниг а хир ду аьлла.

20

АллахIна лиира, Шен Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дош бакъ хила. Цо дийцина долу и кхоалгIаниг хилира, дуьне дIатасарехь а, АллахIна лолла дарехь а гIараваьллачу Iумар ибн Iабдуль-Iазийз паччахь волчу заманчохь.

Цу хенахь бусалба нахана сел дукха даьхни тIехьаьдира, бусалба нахах мискачаьрга закатна делла долу даьхни хьан дIаоьцу, аьлла, тухучо мохь тоьхча, царна и дIаэца цхьа а ца карош.

Даима бакълийна Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна)

шен дашехь. Ткъа Хьатиман воIа Iадийс ша цунна муьтIахь хиларна биъна дуй кхочушби.

21

Билгалдахаршна

22

Билгалдахаршна

23

Билгалдахаршна

24

Рецензент – Магомед (Магомед-Эмин) Эдихаджиев

С арабского – Руслан Хизриевич Хатаев

Министерство Чеченской Республики

по национальной политике, печати и информации

ГАУ «Телерадиокомпания «Путь»

им. А. Кадырова.

Чеченская Республика,

г. Гудермес, пр. А. Кадырова, д. 3

Подписано в печать 25. 05. 2012 г.

Тираж 1000 экз.

Редактор – А. А. Гайтукаев

Верстка – С-М. М. Тасуев

Дизайн – З. А. Байтуев

Техн. редактор – А. А. Гайтукаев

Организационное и методическое руководство выпуском исламской литературы в ГАУ «Телерадиокомпания «Путь» им. А. Кадырова осуществляет его директор А. С. Шахидов.