ИМАМ НАВАВИЙН ШОВЗТКЪА ХЬАДИС

БисмиллахIиррохьманиррохьим 

Хьалхара хьадис 

     Муъмин нехан паччахь волчу Абу Хьафса, ХаттIабан воIа Iумара (Дела реза хуьлийла цунна), дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Баккъалла а, (стеган) Iамалш (цуьнан) нигате хьаьжжина (лоруш) ю. Баккъалла а, хIора стагана (хир) ду цуьнан нигат хилларг. Ткъа АллахIан а, Цуьнан Элчанан а дуьхьа мухIажар хиллачун хIижрат АллахIан а, Цуьнан Элчанан а дуьхьа лорур ду. Амма шен хIижрат дар ша лоьхучу дуьненан я ша яло хьийзочу зудчун дуьхьа долчун – цо хIижрат деш лехна долччу хIуманан дуьхьа лорур ду иза». (ХIара хьадис далийна имам Бухарис). 

 

ШолгIа хьадис 

 Iумара (Дела реза хуьлийла цунна) дийцинаа хIара хьадис а: »Цхьаьна дийнахь тхо Делан Элча волчохь (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хевшина Iаш долчу хенахь, тхуна тIевеара шена тIеюьйхина шарула- кIайн бедарш а йолуш, кIарула-Iаьржа месаш йолуш, шена тIехь цхьа а некъ баран гуш лар а йоцуш, я тхуна цхьанне а ша вевзаш а воцу цхьа стаг. Вахана Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) улло охьахиира иза, шен ши гола цуьнан шина голанах хоьттира цо, шен ши куьг а диллира цо цуьнан шина настарна тIеЦо дийхира: «ХIай Мухьаммад, суна Исламах лаций дийцахьа», – аьлла.ТIаккха Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Ислам – иза ахьа АллахI воцург кхин дела вац аьлла, Мухьаммад Цуьнан Элча ву аьлла тоьшалла дар ду, ахьа ламаз дар, закат далар, Рамазан бутт кхабар, хьайн цига некъ бан ницкъ кхачахь – ХьаьжцIа вахар ду». Стага элира: «Нийса боху ахьа». 

     Тхо цунах чIогIа цецдевлира, цуьнга хоьттуш а ву, и бакъвеш а ма ву хIара аьлла. «ХIинца Ийманах лаций дийцахьа суна», – аьлла, дийхиратIаккха оцу стага. Делан Элчано(Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Хьо АллахIах, Цуьнан маликех, Цуьнан жайнех, Цуьнан элчанех, къематдийнах а тешар ду, иштта хила яздинчух, цуьнан диканаххий, вонаххий а хьо тешар ду». Стагаэлира: «Нийса боху ахьа».   

     ТIаккха цу стага элира: «ХIинца Ихьсанах лаций дийцахьа суна». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Хьайна и АллахI гуш волуш санна, ахьа АллахIна Iибадат дар ду; хьуна Иза гуш ца хиларх, Цунна хьо гуш ву». ТIаккха стага элира: «Къематдийнах лаций дийцахьа суна». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Хаттарна жоп дала дезарг ма вац хаттар дечул а дика хууш (къематдийнах лаьцна жоп даларехь)». Стага элира: «ТIаккха цуьнан билгалонех лаций дийцахьа суна». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Нанас шена эла яр ду; когашIуьйра, берзана, миска жаIуй хьуна гар ду, лекха гIишлош ярехь къийсалуш». Цул тIаьхьа и стаг дIавахара. Со вехха лаьттира. Цул тIаьхьа Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хаьттира: «ХIай Iумар, и хеттарш динарг мила ву хиирий хьуна?» Аса жоп делира: «АллахIна, Цуьнан Элчанна а дика хаьа иза». ДеланЭлчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: »Баккъалла а, иза Джабраил дара, шуна шун дин хьеха тIедеана». (ХIара хьадис далийна имам Муслима).

 

КхоалгIа хьадис 

ХаттIабан Iумаран кIанта Абу Iабдуррахьмана IабдуллахIа (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Ислам пхеа хIуманна тIедоьгIна ду: АллахI воцург кхин дела вац, Мухьаммад Цуьнан Элча ву аьлла тоьшалла дарна, ламаз дарна, закат даккхарна, ХьаьжцIа вахарна, Рамазан бутт кхабарна». (ХIара хьадис имам Бухарис, иштта имам Муслима а далийна).  

 

ДоьалгIа хьадис 

МасIудан кIанта Абу Iабдуррохьмана IабдуллахIа (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина: »Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) тхуна дийцира, – иза ма вуй бакълуьйриг, ша бакъвийриг: «Баккъалла а, шух хIора а кхоллало, шовзткъа дийнахь шен ненан кийрахь хин тIадам а болуш; цул тIаьхьа кхин оццул хан йоккху цо (цигахь), шех цIийн улх (сгусток) хилла; цул тIаьхьа кхин оццул хан йоккху цо, шех дилханан цуьрг хилла; цул тIаьхьа Дала малик дохуьйту цунна тIе, оцо цунна чу са хоьцу. Оцу малике омра кхочу, цунна диъ хIума дIаязде, олий: цуьнан рицкъа; цуьнан оьмар; цуьнан Iамал; ирсе хир ву иза я декъаза хир ву. Ша цхьаъ воцург кхин дела воцчух (АллахIах) дуй буу аса, баккъалла а, шух цхьаммо ялсаманин охIланан Iамалех йолу Iамалш  ма йо, шена, цу ялсаманина а юкъахь цхьа дол меттиг йиссалц, амма цунна хилаязделларг хьалха а долий, цо жоьжахатин охIланан Iамал йо, тIаккха цу чу воьду иза. Баккъалла а, шух цхьаммо жоьжахатин охIланан Iамалех йолу Iамалш ма йо, шена, цу жоьжахатина а юкъахь цхьа дол меттиг йиссалц, амма цунна хилаязделларг хьалха а долий, цо ялсаманин охIланан Iамал йо, тIаккха цу чу воьду и». (ХIара хьадис далийна имам Бухарис, имам Муслима а). 

  

ПхоьалгIа хьадис 

Бусалба нехан нана йолчу Iаишата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, ДеланЭлчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «ХIокху вайн балха тIехь (бусалба динехь) кхунах (хилла) доцург юкъадаьккхинарг – духатоьхна ду». (ХIара хьадис далийна имам Бухарис, имам Муслима а). Иштта имам Муслима далийначу кхин цхьана дийцарехь ду: «Ислам-динца йогIуш йоцу Iамал йинарг милла велахь а, и Iамал юхатоьхна ю», – аьлла. 

 

ЙолхалгIа хьадис 

Баширан кIанта Ан-НуIмана (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Баккъалла а, хьаналдерг билгала ду; баккъалла а, хьарамдерг а билгала ду, амма цаьршинна юккъехь бу, дукхахболчу нахана хааза болуш, шеконаш йолу белхаш. Ткъа шеконаш йолчех ларвеллачо шен дин, шен сий а Iалашди, амма шеконехь дерг динарг хьарам долчунна чу вуьйжи. Ишттаниг ву хьаьрмана гонахьа бажа (я жа) дажочух терра, хIинца-хIинца цу чу вала герга а волчу. Баккъалла а, хIора паччахьан а ю хьаьрма, ткъа АллахIан хьаьрма – Цо хьарам динарш ду. Баккъалла а, дегIа чохь дилхан цхьа дакъа ду, – ша тоделча дерриге а дегI толуш, ша телхича дерриге а дегI телхаш; баккъалла а, иза дог ду». (ХIара хьадис далийна Бухарис, Муслима).

 

ВорхIалгIа хьадис 

    Рукъаййатан дас Тамим ибн Авс Дарийс (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Ислам-динан бIогIам – хьехам бу». Оха элира: «Хьенан хьокъехь?» Цо элира: «АллахIан (Цуьнга ийман дилларца, Цо де бохург дарца, ма де бохург дитарца), Цуьнан Жайнан (цунах теша а тешаш, цуьнца Iамал ярца), Цуьнан Элчанан (цуьнга ийман диллина, цо мел деанарг бакъдарца), иштта бусалба нехан куьйгалхойн (царна Дела реза волчу хIуманна тIехь муьтIахь хиларца, уьш галбевллачунна тIехь нисбарца), иштта массо а бусалбанийн хьокъехь (дуьненна, эхартана а дика долчуьнга уьш нисбарца)»(ХIара хьадис далийна имам Муслима). 

 

БорхIалгIа хьадис 

Iумаран кIанта (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Соьга нахана дуьхьал тIом бе аьлла омра дина, цара, АллахI воцург кхин дела вац, Мухьаммад Цуьнан Элча ву, аьлла, тоьшалла даллац, ламаз даллац, закат даккхалц. Амма цара иза дахь, сох кIелхьардаьккхи цара шайн цIий, шайн даьхни а, Исламан бакъонца дерг доцург, ткъа царна хьесапдар – Сийлахь-Везчу АллахIна тIехь ду». (ХIара хьадис имам Бухарис, имам Муслима а далийна).

 

УьссалгIа хьадис 

Абу ХIурайрата, – Iабдуррахьман ибн Сохрас (Дела реза хуьлийла цунна) – дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Аса шайга ма де аьлларг дита, ткъа аса шайга де аьлларг, шайн ма-хуьллу, дан хьовса. Баккъалла а, шул хьалхарниш хIаллакбина цара (хьаштдоцуш) хеттарш дукха даро, уьш шайн пайхамаршна дуьхьалбовларо». (ХIара хьадис далийна имам Бухарис, имам Муслима а). 

 

УьтталгIа хьадис 

Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Баккъалла а, АллахI ЦIена ву, цIена доцург къобалдеш а вац. Баккъалла а, АллахIа муъмин нахе шен элчанашка дина долу омранаш дина. Сийлахь-Везчу АллахIа аьлла: «ХIай элчанаш, цIена долчух даа, дика Iамал е...» «Аль-Муъминуна», 51. Сийлахь-Везчу АллахIа иштта аьлла: «ХIай ийман диллинарш, Оха шайна делла долчу цIеначух даа». «Аль-Бакъарату», 172. Цул тIаьхьа, некъа ваьлла вогIу, хьирчина месаш а йолуш, ченех вуьзна а волуш, шен куьйгаш стигала а кховдийна, ва сан Дела, ва сан Дела, бохуш,  вогIуш волу цхьа стаг вийцира Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), шен даар хьарам долуш, шен малар хьарам долуш, шен духар хьарам долуш, хьарамдерг даош вузийна волу. (Иштта волчу) цунна жоп муха лур ду?» (ХIара хьадис имам Муслима далийна). 

 

ЦхьайтталгIа хьадис 

Абу ТIалибан Iелин кIанта – Абу Мухьаммад аль-  Хьасана (Дела реза хуьлийла цаьршинна), Делан Элчанан(Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) йоIан кIант,  иштта цунна дукхавезарг а волчу, – дийцина: »Суна  Делан Элчанера (Делера салам-маршалла хуьлийла  цунна) дагахь Iемира: «Хьой шек верг а дитий, хьой  шек воцург делахь». (ХIара хьадис далийна Тирмизис,  Насаис). 

 

ШийтталгIа хьадис 

Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Стеган Исламан хазаллах ду цо шен бала боцург дитар». (ХIара хьадис далийна Тирмизис, ибн МажахIа). 

 

КхойтталгIа хьадис 

Маликан воIа, – Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) гIуллакххочо – Абу Хьамза Анаса (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Шух цхьа а (кхоччуш) ийман диллина ма вац, шена деззарг шен (бусалба) вешина деззалц».  (ХIара хьадис Бухарис, Муслима далийна). 

 

ДейтталгIа хьадис 

Ибн МасIуда (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «АллахI воцург дела вац, со Делан Элча ву аьлла тоьшалла деш волчу бусалба стеган цIий хьанал дац кху кхааннах цхьаъ цуьнгара даьлча а бен: зуда ялийна а волуш, зина дар, чIиран дегIана дуьхьал дегI дер, шен дин дIатесна, бусалбанийн тобанах дIакъастар». (ХIара хьадис далийна Бухарис, Муслима). 

 

ПхуьйтталгIа хьадис 

Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «АллахIах, къематдийнах а тешачо диканиг олийла я вист ца хуьлуш Iойла иза; АллахIах, къематдийнах а тешачо шен лулахочун сий дойла; АллахIах, къематдийнах а тешачо шен хьешан лерам бойла». (ХIара хьадис далийна Бухарис, Муслима). 

 

ЙолхуьтталгIа хьадис 

     Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, цхьана стага Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Весет дехьа соьга (суна пайда бийр болчу Iамална тIе нисвехьа со)». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «ОьгIазло гучу ма яккха». Цу стага юх-юха а бехира цуьнга, амма Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) цуьнга (хIоразза а) элира: «ОьгIазло гучу ма яккха». (ХIара хьадис далийна имам Бухарис).

 

ВуьрхIитталгIа хьадис 

    Авсан кIанта Абу ЯIла Шаддада (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: »Баккъалла а, АллахIа массо а хIуманехь диканиг дар тIедиллина ду. Цундела шаьш юьйчу хенахь ер дика делаш, шаьш урс хьокхучу хенахь урс хьакхар а дика делаш, шух хIораммо а шен урс ирдойла, ша урс хьокхучу дийнатан са атта а доккхийла». (ХIара хьадис далийна Муслима). 

 

БерхIитталгIа хьадис 

     Джунадатан кIанта Абу Зарр Джундуба а, Джабалан кIанта Абу Iабдиррохьман МуIазас а (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Хьой стенггахь велахь а, АллахIах кхералахь, вуонна тIаьххье диканиг делахь, цо и (вониг) дIадоккхур ду; нахаца хазчу гIиллакхехь а хилалахь». (ХIара хьадис далийна Тирмизис). 

 

ТкъесналгIа хьадис 

Абуль-Iаббаса IабдуллахI ибн Iаббаса (Дела реза хуьлийла цаьршинна)  дийцина хIара: – Цхьана дийнахь, Пайхамар (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) хьалха а волуш, тхойшиъ воьдуш, цо элира: «ХIай кIант, хьуна цхьа дешнаш Iамо воллу со:  «АллахIа бохург ларде ахь, Цо хьо а ларвийр ву; АллахIан хьакъ ларде ахь, Цуьнан къинхетам хьайна хьалха карор бу хьуна; айхьа доьхуш, АллахIе деха, айхьа гIо доьхуш, АллахIе гIо деха. Хьуна хоийла: нах хьуна цхьа пайда бан цхьаьнакхетча, цара хьуна пайда бийриг ца хилар, АллахIа хьуна яздинчуьнца а бен; хьуна цхьа зен дан уьш цхьаьнакхетча а, цара хьуна зен дийриг ца хилар, АллахIа хьуна яздинчуьнца а бен. Къолам дIаайина, тептар дакъа а делла». Тирмизис дIаяздина доцчу, кхечу  хьадисехь ду: «АллахIан хьакъ ларде ахь, Цуьнан къинхетам хьайна хьалха карор бу хьуна; паргIатонехь АллахI виц ма ве, халонехь Цо хьо а вицвийр вац. Хьуна хоийла, хьоьга кхаьчна доцург хьуна хила яздина ца хилар, хьоьга кхаьчнарг а – хьуна хиланза ца долуш хилар. Хьуна хоийла, собарна тIаьххье толам, гIайгIанна тIаьххье паргIато а хилар, халонна тIаьххье атто хилар а».

 

ТкъолгIа хьадис 

      Ансарех а волуш, Бадрунехь Iаш хилла волчу Абу МасIуд Iукъба ибн Iамра (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Баккъалла а, вайл хьалхарчу пайхамарийн къамелах нахана схьакхаьчнарг ду: нагахь хьайна эхь ца хетахь, хьайна луъург дойла ахьа». (Цуьнан маьIна ду – хьайгара эхь хьой дIаэцна велахь, Делах хьой эхьхеташ вацахь, хьайн дегIана там берг леладе ахь, баккъалла а, АллахI хьуна бекхам бийр болуш ву). (ХIара хьадис далийна имам Бухарис). 

 

Ткъе цхьоалгIа хьадис 

     Абу Iамра (иштта иза Абу Iамрат ву а аьлла) дийцина, сакъафийн тайпанах волчу IабдуллахIан кIанта Суфъяна (Дела реза хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Аса дийхира: «ХIай Делан Элча! Хьо воцчуьнга аса кхин цхьаьнгге а хатта оьшур доцу Исламах лаций дош алахьа соьга». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «АллахIе ийман дилли аса, ала, цул тIаьхьа нийса некъ бе ахьа». (ХIара хьадис далийна Муслима).

 

Ткъе шолгIа хьадис 

     Ансарех волчу Абу IабдиллахI Джабир ибн IабдуллахIа (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, цхьана стага Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хаттар дира, аьлла: «Дийцахьа суна, нагахь санна аса фарз ламазаш а дахь, Рамазан беттан марханаш а кхабахь, хьаналдерг леладахь, хьарам долчух Iалаш а лахь, – цул совнах аса хIумма ца дича а со ялсамане гIур вуй?» Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Ву». (ХIара хьадис далийна Муслима). 

  

Ткъе кхоалгIа хьадис 

     АшIарийн тайпанах волчу Iасыман кIанта Абу Малик аль-Хьариса (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «ЦIано ийманан ахдакъа ду, «аль-хьамду лиллахI» (АллахIна хастам бу) аларо  Мийзан терза хьаладузу, ткъа «субхьаналлохIи, валь-хьамду лиллахIи» (АллахI шеца там мел боцчух цIена ву, АллахIна хастам бу) бохучо хьаладузу стигланашна, лаьттана а юкъахь дерг, ламаз – нур ду, сагIа – ийманан билгало ю, собар – гIайгIа, бала дIабоккхуш серло ю, Къуръан –  (цо бохучунна тIевирзинехь) хьоьгахьа я (цо бохучух дIавирзинехь) хьуна дуьхьал тоьшалла ду, хIора стаг а Iуьйрре араволу, ткъа царех ву шен са духкург, и хьалхадоккхург (Далла муьтIахь хуьлий) я и хIаллакдийриг (Далла Iеса а хуьлий)». (ХIара хьадис далийна Муслима). 

 

Ткъе доьалгIа хьадис 

  Аль-гIифарийн тайпанан волчу Абу Заррас (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, шега Беркате- Сийлахь-Везчу шен Дала элира, аьлла: «ХIай Сан леш! баккъалла а, Сой зулам деш вац Со, иштта иза шуна юкъахь а хьарам дина Аса, аша вовшийн зуламаш ма де! ХIай Сан леш, шух хIора а тилла воьдуш ву, Аса нисвинарг воцург, Соьгара лаха шаьш нисдар, Аса шу нисдийр ду. ХIай Сан леш! Шух хIора а меца ву, Аса вузийнарг воцург, Соьгара лаха шаьш дузор, Аса дузор ду шу. ХIай Сан леш! Шух хIора а верзина ву, Аса тIедуьйхинарг воцург, Соьгара лаха шайна тIедухург, Аса тIедухур ду шуна. ХIай Сан леш! Баккъалла а, дийнаххьий, бусий гIалатдуьйлу шу, ткъа Со Ву дерриге а къиношна гечдеш, Соьга деха къиношна гечдар, Аса гечдийр ду шуна. ХIай Сан леш! Суна дан цхьана а тайпанара зен дац шун я Суна бан цхьана а тайпанара пайда а бац шун. ХIай Сан леш! Шун хьалхарнаш, шун тIаьхьарнаш а, шун адамаш, шун жинаш а шуна юкъара уггаре а  АллахIах кхоьруш дог долчу стагах терра хилча а, цо Сан паччахьаллина  хIумма а тIетухур ма дацара. ХIай Сан леш! Шун хьалхарнаш, шун тIаьхьарнаш а, шун адамаш а, шун жинаш а шуна юкъара уггаре а  Iеса  дог долчу стагах терра хилча а, цо Сан паччахьаллина  цхьа а иэшам бийр ма бац. ХIай Сан леш! Шун хьалхарнаш, шун тIаьхьарнаш а, шун адамаш а, шун жинаш а цхьана майдана дIагулделла, цара Соьга дехча, тIаккха Аса церан хIора дехар кхочушдича, цо Соьгахь долчунна тIера иэшор ма дац хIорда чу Iоьттинчу махано иэшоччул а. ХIай Сан леш! Баккъалла а, уьш Аса шуна ягаръеш шун Iамалш ю, Аса шуна царна дуьхьал бекхам бийр бу. ТIаккха шена диканиг карийначо АллахIна хастам бойла, ткъа и доцург кхин карийначо ша-шен бен бехке ма войла!» (ХIара хьадис далийна Муслима). 

 

Ткъе пхоьалгIа хьадис 

     Иштта Абу Зарра  (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) асхьабех болчу цхьана наха Пайхамаре (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «ХIай Делан Элча! Баккхийчу бахамийн дайша берриге а мелаш дIабаьхьи-кх, оха санна ламазаш до-кх цара, оха санна марханаш а кхобу-кх цара, цул совнах – шайн совдаьлла даьхни сагIина а ло цара». Делан Элчано  (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: »Вай! Ткъа шуна а ца делла АллахIа сагIина дала хIума?!» Баккъалла а, аша хIора тасбихь (»субхьаналлахI« – Шеца там мел боцчух цIена ву АллахI) алар – сагIа далар санна ял ю шуна, хIора АллахIу акбар(АллахI воккха ву) алар – сагIа далар санна ял ю шуна, хIора аль-хьамду лиллахIи (хастам бу АллахIна) алар – сагIа далар санна ял ю шуна, хIора ла илахIа иллаллахIу (АллахI воцург кхин дела вац) алар а – сагIа далар санна ял ю шуна, диканиг де алар а – сагIа далар санна ял ю шуна, иштта, вониг ма де алар а – сагIа далар санна ял ю шуна; шух цхьаммо шен зудчуьнца меттахь долу гIуллакх дар а сагIа далар санна ял ю шуна». Цара хаьттира: «ХIай Делан Элча! Тхох цхьаммо шен дегIан лаам кхочушбича, цунах цунна мела хир бу ткъа?!» Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Аша суна дийцийша, цо иза хьарам новкъа диллича, цунна къа хир дарий? Иштта цо иза хьанал новкъа диллича, цунна мела хуьлу шуна». (ХIара хьадис далийна Муслима). 

  

Ткъе йолхалгIа хьадис 

    Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Шена тIе малх кхетачу массо а дийнахь нехан хIора хуттургана тIера даккха дезаш сагIа ду; шинна юкъахь нийсо йой ахь – сагIа ду хьуна и, стагана шен хьайбанна тIехууш, и цу тIе хьалаваккхарца гIо дой ахь, я цунна цу тIе цуьнан мохь хьалакховдабой ахь – сагIа ду хьуна, ткъа хаза дош – сагIа ду хьуна, ахьа ламазе воьдуш боккху хIора ког – сагIа ду хьуна, иштта ахьа новкъара нех дIаяккхар – сагIа ду хьуна». (ХIара хьадис далийна имам Бухарис, Муслима а). 

  

Ткъе ворхIалгIа хьадис 

     СамIанан кIанта Навваса (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Дикадерг – хаза гIиллакх хилар ду, ткъа къилахьдерг – нахана хаарна кхоьруш, хьо ийзалуш, хьан кийрахь шеко юьтург ду». (ХIара хьадис далийна Муслима). 

  МаIбадан кIанта ВабисахIас (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, ша Делан Элча волчу (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) вахара, аьлла. ТIаккха  Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) (соьга) хаьттира: «Дикадерг хоьттуш веана хьо?» Аса элира: «ХIаъ, веана». ТIаккха Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: »Хьайн даге хатта ахь; дикадерг – хьан синна, дагна а синтембийриг ду хьуна, ткъа къилахьдерг – хьан са хьийзориг, хьан даг чу шеконаш кхуьссуриг а ду хьуна, наха цунна дуьхьал долчуьнца жоп деллехь а». (ХIара хьадис далийна имам Ахьмада, Даримис). 

 

Ткъе борхIалгIа хьадис 

Сариятан кIанта Абу Нажижаль-Iирбада (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна), тхан дегнаш кхераделла тохадалуьйтуш, тхан бIаьргех хиш хьодуьйтуш болу цхьа хьехам бира тхуна, аьлла. ТIаккха оха элира: «ХIай Делан Элча! Цхьа Iодикаечун хьехамах тера хетта- кх тхуна и хьехам, весет дехьа тхоьга!» Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Аса шуьга весет до, АллахIах кхера, шайна тIехь урхалла дан лай хIоттахь а, цуьнга ладугIуш, цунна муьтIахь а хила аьлла. Шух тIаьхьа вуьсур волчунна дуккха а къийсамаш гур бу. Ткъа шун декхар ду, сан суннатна а, нийсонна тIехь а болуш, нисбелла дIабоьлхуш болчу сан халифийн а суннатна тIехь хилар, аша иза дIалацалаш. Шайна юххерчу кхелашца и чIоггIа дIалацалаш! Варлаш, керла юкъадохучу хIуманех ларлолаш, баккъалла а, хIора бидIат (шарIо къобал ца деш, шарIехь бух боцург)  – тилар ду шуна». (ХIара хьадис далийна Абу Дауда, Тирмизис). 

   

Ткъе уьссалгIа хьадис 

Жабалан кIанта МуIаза (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, ша   дийхира, аьлла: «ХIай Делан Элча, АллахIа, ша бахьана долуш, со ялсамане вуьгур волу, жоьжахатина генавоккхур волу а Iамал йийцахьа суна». Цо элира: «Ахьа хаьттинарг доккха хIума ма ду, амма иза АллахIа атта динчунна чIогIа атта а ма ду. Ахьа АллахIна Iибадат де, Цунна цхьана а хIуманах  декъахо ца лоцуш, ламаз де, закат ло, Рамазан бутт кхаба, ХьаьжцIа а гIо». Цул тIаьхьа цо элира: »Аса диканан неIарш тIе нисвай хьо: мархано – вочух Iалашво; сагIано, хино цIе дIаяйарх терра, къа дIадоккху;  буьйса юккъе яхча стага деш долу тахIадджуд (Iуьйкъа) ламаз а де». Цул  тIаьхьа цо дийшира: »Церан агIонаш ийбало буьйшучу меттигашкара», – бохуш  долу хIара аят. (Аьлча а, уьш тахIадджуд ламазаш деш бу). ТIаккха цо элира: «Аса белхан коьртах, цуьнан гIорторах, бухьах (вершина) а лаций дийций хьуна?» Аса элира: »Дийцахьа, хIай Делан Элча». Цо дийцира: «Белхан корта – Ислам ду, цуьнан гIортор – ламаз ду, цуьнан бухь – гIазот ду». ТIаккха цо хаьттира: «Аса хьуна дийций, оцу дерригенан доладийриг хIун ду?» »Дийцахьа, хIай Делан Элча», – элира аса. ТIаккха цо шен мотт схьа а лаьцна, элира: «ХIара хьайн мотт ларбе». Аса элира: «ХIай Делан Элча, вай ден къамел бахьана долуш, жоьжахати чу ийзор долуш  ду вай?» Цо жоп делира: «Хьан вуон ма гойла хьан нанна, нах жоьжахати чу буьгучу хенахь, юьхьара текхабойтунберг – церан меттанаша дийцинарг бен, кхин хIумма а дуй?!» (хIумма а дац, бохучу маьIнехь). (ХIара хьадис далийна Тирмизис).       

 

Ткъе уьтталгIа хьадис 

Хушанийн тайпанан волчу Наширан кIанта Абу СаIлаба  Журсумас (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Баккъалла а, Сийлахь-Везчу АллахIа фарзаш тIедехкина, уьш зен ма дайалаш; дозанаш а хIиттийна, уьш хеда ма делаш; цхьацца хIуманаш хьарам а дина, уьш ма леладелаш; вицвелла а воцуш, шух къинхетам бархьама, –  цхьадерш хьарам ца деш а я важиб ца деш а дитина Цо». (ХIара хьадис далийна ДарукъутIнис, кхиболчара а). 

 

Ткъе цхьайтталгIа хьадис 

 СаIидийн тIаьхьенах волчу СаIдан кIанта Абуль-Iаббас СахIла (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, цхьана стага, Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) волчу а веана, цуьнга дийхира, аьлла: «ХIай Делан Элча! Аса йича, со АллахIна, нахана а дукхавезар волу Iамал хьехахь суна». ТIаккха Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира: «Дуьне дIатаса ахьа – АллахIна дукхавезар ву хьо, нехан бахамашка ма хьежа хьо –  нахана дукхавезар ву хьо». (ХIара хьадис далийна ибн МажахIа, иштта кхиболчара а). 

  

Ткъе шуьйтталгIа хьадис 

     Аль-худрийн тIаьхьенах волчу Синанан Маликан кIанта Абу СаIид СаIда (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Хьайна зен дар дац я нахана зен дар а дац (хьайна я нахана зен ма де, бохучу маьIнехь)».  (ХIара хьадис далийна ибн МажахIа, ДарукъутIнис). 

 

Ткъе кхойтталгIа хьадис 

    Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Нахана цара аьрзнаш мел дийриг дIалуш делахьара, цхьаболчу наха шайна дIадоьхур ма дара нехан даьхни, церан цIийш хьаналдан а гIуртур бара уьш. Амма, бакъду, тоьшалла далор дов кхийдочуьнгахь ду, ткъа дуй – дов тIе ца лоцучунна кхочу». (ХIара хьадис БайхIакъис далийна,  иштта и воцчо а).

 

Ткъе дейтталгIа хьадис 

   Абу СаIид аль-Худрис (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, шена Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) олуш хезна, аьлла: »Шух цхьанна цхьаммо вониг деш хиъча, цо иза шен куьйга хуьйцийла; ткъа шен ницкъ ца кхачахь, шен маттаца; ткъа иштта а ницкъ ца кхачахь, тIаккха шен дагца – иза уггар гIийла долу ийманду». (ХIара хьадис далийна Муслима). 

 

Ткъе пхуьйтталгIа хьадис 

     Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Аша вовшашца хьагI ма лиэца, нах Iехо мехаш тIе а ма детта, шу вовшашна оьгIаз ма эха, аша вовшашна баккъаш а ма детта, вовшийн мах бохош тIе мехаш а ма бе; шу хила, хIай АллахIан леш, – вежарий; бусалба бусалбанна ваша ву, цо цунна зулам дийр дац, цо иза сийсаз вийр вац, цо иза харц а вийр вац, цунна иза атта а хетар вац; Делах кхерар хIокху меттехь ду шуна – Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) шен некха тIе кхузза ишар дира – стага къа лато тоьаш ду-кх деккъа цунна бусалба стаг атта хетар; хIора бусалба стагана бусалба стаг хьарам вина ву: цуьнан цIий,  цуьнан даьхни, цуьнан сий». (ХIара хьадис Муслима далийна). 

   

Ткъе ялхитталгIа хьадис 

    Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Делах тешачу муъмин стагана тIера цуьнан дуьненан гIайгIанех йолу цхьа гIайгIа дIаайъинчу стеган къематдийнахь хинйолчу гIайгIанех цхьа гIайгIа АллахIа дIаойъур ю. Таро  йоцчунна (шена тIехь декхарш долчунна) аьтто бинчунна – АллахIа дуьненахь, эхартахь а аьтто бийр бу. Бусалба стаг хьулвинарг (цуьнан сакхташ, Iаврат а) – Дала иза а хьулвийр ву дуьненахь, эхартахь а (иза эрча ца воккхуш, цунна Iазап ца деш). Ткъа АллахI лешна гIо деш ма ву, лай шен вешина гIо деш мел ву. Амма шена чохь Iилма лахар долу некъ юьхьарлаьцна воьдучунна АллахIа и бахьана долуш ялсамане вуьгу некъ атта бо. Иштта цхьа нах АллахIан цIеношха долчу цхьана цIа чохь АллахIан Жайна (Къуръан) доьшуш, иштта иза шайна юкъахь хьеха а хьоьхуш цхьаьна ма ца кхета, царна тIе синтем боьссина, царах къинхетам хьаьрчина, царна маликаша го бина, Шена гергахь долчаьрга (маликашка) АллахIа уьш бийцина а бен. Шен Iамалш эшна хилларг – цуьнан тайпаналлийн сийлаллийца иза хьалхавер вац». (ХIара хьадис далийна Муслима). 

 

Ткъе вуьрхIитталгIа хьадис 

    Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дийцира, Сийлахь-Везчу шен Дала шега элира, аьлла: «Баккъалла а, Сийлахь-Везчу АллахIа диканаш, вонаш а дIаяздина, цул тIаьхьа иза билгалдина Цо. Ткъа диканиг дан ойла а хилла, и данза висинчунна АллахIа Шена гергахь иза дуьззина дика а лорий  дIаяздо; амма цуьнан иза дан ойла хили, цо иза дан а ди, тIаккха Сийлахь-Везчу АллахIа иза Шена гергахь итт дика а лорий дIаяздо, иштта ворхI бIе декъе, цул а дукха  долчу дакъошка а совдохуш. Амма нагахь цуьнгахь вониг дан ойла хиллехь, амма цо и ца ди, тIаккха цунна АллахIа цунна дуьхьал цунна цхьа дика лорий яздо; ткъа цунна и вониг дан ойла хили, цо и вониг дан а ди, тIаккха АллахIа Шена гергахь цунна иза цхьаъ вониг а лорий яздо».  (ХIара хьадис далийна Бухарис, Муслима).   

    

Ткъе берхIитталгIа хьадис 

    Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: »Баккъалла а, Сийлахь-Везчу АллахIа аьлла: «Сан велина новкъарло йинчунна дуьхьал тIом дIахьебо Аса; Сан лай Аса шена фарз дина долчу хIуманца Суна гергаварал Суна дукхадезаш цхьа хIума а ма дац. Иштта Сан лай суннат Iамалшца Суна гергавогIуш ма лаьтта, ша Суна дукхавеззалц. Ткъа Суна иза дукхавезча, цуьнан лергийн хазар лардеш хуьлу Со, цуьнан бIаьрса а лардеш хуьлу Со, цо кховдош долу куьг а лардеш хуьлу Со, цо боккху ког а ларбеш хуьлу Со; цо Сайга дехча, цунна лур долуш ма ву Со; цо Соьга ша Iалашвар дехахь, иза Iалашвийр волуш а ма ву Со». (ХIара хьадис Бухарис далийна). 

   

Ткъе ткъесналгIа хьадис 

Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Баккъалла а, Дала сан уммат къен ца лоцу гIалатдаларний, дицдаларний, нуьцкъах дайтинчунний». (Дика хьадис ду, ибн МажахIа, иштта БайхIакъис, кхиболчара а далийна долу). 

 

ШовзткъалгIа хьадис 

     Ибн Iумара (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), шен белшаш тIера ша схьа а лоцуш, элира, аьлла: «Кху дуьнен тIехь нехан махкахо санна, аьлча а, тIехволург санна хилалахь». 

       Ибн Iумара (Дела реза хуьлийла цаьршинна) олуш хилла: «Хьой буьйсанга ваьлча, Iуьйрене ма хьежалахь; хьой Iуьйренга ваьлча, буьйсане ла ма дегIалахь; хьайн могашалла Iибадатна хьовзаелахь; цамгаро хьой дIалацале, хьайна чохь са мел ду валарна кечам а белахь». (ХIара хьадис имам Бухарис далийна). 

 

Шовзткъе цхьоалгIа хьадис 

      Аль-Iасан Iамран кIанта Абу Мухьаммад IабдуллахIа (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Шух цхьа  а (кхоччуш) ийман диллина ма вац, цуьнан шен лаам аса деана долчунна (Исламана) тIаьхьа богIуш хилча а бен». 

 

Шовзткъе шолгIа хьадис 

Анаса (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) олуш хезира шена, аьлла: »Сийлахь-Везчу АллахIа аьлла: «ХIай Адаман воI! Баккъалла а, хьо Соьга доьхуш, Соьгарчу къинхетаме сатуьйсуш а мел ву, хьуна гечдийр долуш ву Со, хьан къинош дукха хилар тергал ца деш. ХIай Адаман воI! Хьан къинош  стигларчу мархашка кхаччалц хьаладуьзча а, цул тIаьхьа ахьа Соьга хьайна гечдар дехча, Хьуна гечдийр долуш  ву- кх Со. ХIай Адаман воI! Латта дуьззина долу къинош долуш хьо дIакхелхича, амма Iибадат дарехь Суна цхьа а декъахо а ца веш хьо Суна хьалха хIоттахь, и латта дузар барамехь хьуна гечдийр ду Аса». (ХIара хьадис далийна Тирмизис).