Керлабевлла хаварижаш Экстремисташ

Керлабевлла хаварижаш
Экстремисташ

Гуьмсе 2012

 

Экстремисты. Новоявленные харижиты.
Составитель – доктор Умар Абдуллах Камил
С арабского – А. А. Илесов. 88 с.


БисмиллахIиррохьманиррохьим
Шайх Юсуф Аль-Къордавийн хьалхара дош
Хастам бу Iаламийн да волчу АллахIна. АллахIера салам-салават хуьлийла Делан Элчанна, цуьнан доьзалшна, асхьабашна, цуьнан нийсачу некъана тIаьхьа мел баьзначарна а.
Барамал тIехвийлар (фанатизм, экстремизм) – иза чолхе цамгар ю, цхьана стагана хилла ца Iаш, юкъараллина, дерриге халкъана кхераме йолуш. Башхалла яц, и барамал тIехвийлар динехь хиларх я дуьненахь – динна дуьхьал – хиларх. Вайн заманахь оцу барамал тIехвийларх дуьйцучохь (дукхах болчара) иза, къаьсттина, динца дузу. Цара и дуьйцу, динехь долчу барамал тIехвийларал кхераме, зуламе, динехь доцу барамал тIехвийлар доллушехь. Дукха хьелашкахь, динехь доцу барамал тIехвийлар хуьлу динехь долу барамал тIехвийлар кхолладаларан бахьана.
Ислам – барамал тIехвийлар къобал ца деш долу, уггар доккха-деза дин ду, цуьнан и цIе (динехь барамал тIехвийлар) ша ца яьккхинехь а. Делахь а, цIераш тидаме оьцуш яц, коьртаниг – оцу цIерийн маьIна, чулацам бу.
Ислам-динехь барамал тIехвийлар хIокху цIерашца хьахийна ду:
Хьалхара цIе: «ТIехвийлар». Цунах лаьцна Ибн Iаббасера (Дела реза хуьлийла цаьршинна) хьадис деана, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла:
4
«Динехь тIехвийларх ларлойла шу. Баккъалла, шул хьалхарнаш динехь тIехбийларна хIаллакьхилла». (Ахьмад, Абу Дауд).
ШолгIа цIе: «Юкъанеккъара долчул тIехбуьйлурш (дан ца дезачохь, хIума чIагIдеш берш)». Цунах лаьцна ду Ибн МасIудера (Дела реза хуьлийла цунна) деана Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хIара хьадис: «Юкъанеккъара долчул тIехбуьйлурш хIаллакьхилла». (Муслим). ХIуманна тIехбуьйлурш – уьш бу хIуманна юкъанеккъара дерг ца лардеш, тIехбуьйлуш, хIуманна кIорге гIерташ берш.
КхоалгIа цIе: «ХIума чIагIдар, даздар». Цуьнан хьокъехь ду х1ара Анасехула (Дела реза хуьлийла цунна) деана хьадис: «Шаьш шайн догIмашна хIума даз (чIагI) ма де, аша даздинарг шайна чIагIлур ду шуна. Баккъалла, шайн догIмашна хIума даздинчу къомана, шена и хIуманаш дазделла. Церан тIаьхье йисна кельяшна, дуьненна букътоьхначу килсашна а чохь. МозгIарш бу уьш, шайна омра динчул а сов хIуманаш юкъадаьхна болу». (Абу ЯIла).
Бухарис далийна Абу ХIурайратан (Дела реза хуьлийла цунна) хIара хьадис: «Цхьа а шена дин даздеш, чIагIдеш хир ма вац, и дин цунна тIехь (дIа ца лелалуш) тоьллий бен».
ЙоьалгIа цIе: «Хало яр». Анасера (Дела реза хуьлийла цунна) деана, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Дин лелор атта делаш, халчу ма даккхалаш. Хаза дийцалаш, къехка ма велаш». (Бухари, Муслим). Абу Мусас, МуIаза а дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цаьршинна), шаьшшиъ Йемене вохуьйтуш, шаьшшинна хIара весет дира, аьлла: «ХIума дайде, хала ма де, хаза
5
дийца, къехка ма ве, шаьш дуьйцург цхьаъ хилийта».
Хало яр бохучун маьIна – атта долу хIума хала дар, дайн долу хIума даздар ду. Везчу АллахIа аьлла: «АллахI шуна атто ян лууш ву, шуна хало ян лууш вац». «Аль-Бакъарат», 185. Ткъа хаварижаш, АллахIа шен халкъана йина атто халонца хуьйцуш бу.
ПхоьалгIа цIе: «ХIуманах къахкор». ХIокху хьокъехь ду лакхахь далийна ши хьадис. Хало яр, дукхахьолахь, фикъхIехь, фатва даларехь хуьлуш ду, ткъа къахкор – хьехам барехь, кхайкхам барехь хуьлуш ду. Исламана, бусалба стаг, дерриге уммат санна, юккъерчу барамехь хила лаьа, барамал соввийлар доцуш, ледарлонца иэшам бар доцуш. Везчу АллахIа ма-аллара: «АллахIа стигал аййина, (нийсонна) терза хIоттийна, оцу терзанахь шу барамал тIех ца довлийта. Терза нийса леладе, узучун барам лах ма бе». «Ар-Рохьман», 8-10. Иза ду вайгара дезаш дерг: терзанца харцо ца лелош, терза дайн ца узуш, юккъерчу барамехь хуьлуш, нийсо лелор.
Лекха-Сийлахьчу АллахIа, бусалба уммат хастош, аьлла: «Оха юккъера барам ларбеш долчу умматах дира шу, шуьга нахана тоьшалла дайта, Пайхамаре шуна тоьшалла дайтархьама». «Аль-Бакъарат», 143.
Юккъера барам, дикалла бохург хилла ца Iаш, кхин а нийсо яр, юкъанеккъара хилар бохург ду. Имам Iалис (Дела реза хуьлийла цунна) аьлла: «Шайн лелар (амалш) юкъаметтарчу барамехь хилийта, тIаьхьавогIург оцу бараме кхиор волуш, барамал совваьлларг шена тIе юхаверзор волуш». Аль-Хьасануль Басрис аьлла: «ХIара дин, барамал тIехвуьйлучунна, цуьнан барам эшош волчунна а юккъерчу барамехь ду».
Барамал соввалар, шен бухехь, ойланца хуьлуш ду. Амма оцу барамал тIехвийларо и цамгар шайца ерш шайна
6
дуьхьал болчаьрца кIоршаме хуьлуьйту, церан хьокъана тIе куьйгаш кхийдадойту. Цундела, барамал соввийлар шогаллийца доьзна ду. Делахь а и шиъ вовшашца дозуш хилар бехкам бац.
Дукха хенахь дуьйна вайн умматна балебевлла, хаварижех болу, и барамал совбуьйлу нах. Цара шайна хьанал дира кхечу бусалба нехан, шаьш бохучунна дуьхьал мел волчун цIий, даьхни. Цара копар ву элира Исламан цIенчу воIана Абу ТIалибан кIантана Iелина (Дела реза хуьлийла цунна). Цунна дуьхьал тIом бира цара, тешнабехкаца, ямартлонца вен а вийра цара иза. Шаьш цуьнан цIена цIий Iанош, Далла гергадуьгу Iамал еш хетара царна. Царех цхьамма и вийнарг хастош байташ ехира:
ХIай Делах кхоьручо тоьхна тохар,
Iаршан Да резаван бен тоьхна яцара ахьа,
Тахана аса хьахор ву иза,
Делан терзанехь уггар диканиг ву, аьлла.
Iибадат дукха деш, дукха марханаш кхобуш, Iибадатца буьйсанаш денъеш, Къуръан дукха доьшуш бара уьш. Царех лаьцна деана хIара нийса (достоверный) хьадис: «Шуна шайн марханаш – церан марханел, буьйсанаш денъяр – цара буьйса денъярал, Къуръан дешар – цара Къуръан дешарал иэшам болуш хетар ду. Къуръан доьшуш хир бу уьш, амма цара доьшу и Къуръан церан къамкъаргел хьала дер дац. Динах бовдур бу уьш, Iодара кхоьссина пха санна». Сийлахьчу хьадисо билгалдоккху, церан цамгар догIмашца йоцуш, церан кхетамца, хьекъалца хилар. Къуръан доьшу цара, амма къамкъаргел хьала ца долу иза, – церан хьекъалшка а кхаьчна, уьш Къуръанах кхеттарг; дегнашка а кхаьчна, царна нийса некъ гойттург. Кхечу хьадисехь иштта
7
хьахийна церан сурт: «ХIолламашна (жIарашна) Iибадат дийраш хье ца бо цара, Исламан охIла хIаллакбо».
Карарчу хенахь, оцу хаварижийн тIаьхьенах йолу, барамал совбийлар шайца долу тобанаш балеевлла вайн умматна. Царех цхьаберш доггах, Делан дуьхьа, лелаш хила мега, шайгахь гIийла, ледара Iилма, кхетам болуш. Царех кхечаьргахь, кхетам, Iилма доцуш, нигаташ Делан дуьхьа доцуш, цхьана Iалашоне кхача беш кхайкхамаш, дIахьедарш бен, кхин хIумма ца хила мега. КIорггера хьекъал доцуш, цIена дегнаш доцуш хила а тарло уьш. Баккъалла а, Iехабелла уьш: шайн синоша Iехийна, шайн сатийсамех Iехабелла, шайтIано АллахIан хьокъехь Iехийна уьш.
Вайн лерамечу накъоста доктора Iумар IабдуллахI Камила тIелаьцна, оцу шаьш тешачу хIуманаша бIарзбина, массо барамел тIехбевллачу наха лелориг талларан, харцдерг билгалдеш, церан харц кхайкхамашна дуьхьало яран, Iилманан маттахь болх дIабахьа йолу Iалашо. ШариIатан делилаш далош, хетаршна, синлаамашна, озабезамашна, цхьа а маьIна доцуш хьоькхучу маьхьаршна тIаьхьа ца хIуттуш бина цо и болх.
Доктор Iумара санна, аса бира и барамал тIехъевлла тобанаш йовзийтарна, талларна, царна дуьхьало ярна тIехь болх, хIунда аьлча и тобанаш Ислам-динна, дуьненна, хIора бусалба стагана, дерриге умматна кхераме хиларх сой тешна дела. Оцу балхана лерина масийтта жайна яздира аса. Царах ду: «Инкарло ярна а, барамал соввийларна а юккъехь болу Исламан кхетам», «Бусалба нах ларарехь соввийлар», «Бусалба кегийрхойн кхетам…»
Вайна Алжирехь хилларг ма-гарра, барамал соввийларан
8
жамI, тIаьхье – иза нехан Iанийна цIий, дайина сий, талийна даьхни, йохийна гIаланаш ю. Ткъа и дерриге, халахеташ делахь а, Ислам-динна тIетотту. Цундела сецира сан къолам, дош, ойла а нийсонна, юкъаметтара барамехь хиларна тIе нахе кхайкхам барна, и барам иэшош, дуьхьало ярна а тIехь. Кхузахь башхалла яц, и фикъхIехь, фатва даларехь хиларх, я хьехам барехь, даIват дарехь хиларх.
Имам Аш-ШатIибис аьлла-кх: «Уггар лакхарчу дарже кхаьчна муфтий – иза дукхах болчу Iеламнаха аьллачуьнца догIуш долу юкъанеккъарчу хIуманна тIе нах буьгуш, уьш халоне ца буьгуш, ца боькъуш, царна юккъехь къестамаш ца хуьлуьйтуш верг ву». ХIара дешнаш фатва даларан хьокъехь аьлла ду. Ткъа хьехам баран хьокъехь аьлла имама Iалис (Дела реза хуьлийла цунна): «Кхоччуш волу Iеламстаг вийций аса шуна? Иза дера ву, АллахIан лешка, Цуьнан къинхетамах дог ца дуьллуьйтуш, АллахIа таIзар дийр дац аьлла, стаг майра ца волуьйтуш верг. Кхечу дешнашца аьлча, нах юкъаметтарчу барамехь нисбо цо. Делан къинхетамах догдиллал кхера ца бо, хIуъу лелийча а АллахIа Iазап дийр дац, олий, паргIат ца боху. Дикачунна тIе нисваран, вуочух юхатохаран, Делах кхерийтаран, Цуьнан къинхетамах догдахийтаран болх цхьаьна бо цо нахаца. ТIаккха адаман сица цхьатерра барамехь нисло Делан Iазапах кхерар, Цуьнан къинхетаме сатийсар а. АллахIа Шен цхьаболу леш ма-бийццара: «АллахIан къинхетаме сатуьйсу цара, Цуьнан Iазапах кхера а кхоьру». «Аль-Исраъ», 57.
«Эхартах кхоьруш, АллахIан къинхетаме догдохуш». «Аз-Зумар», 9.
Доктор Iумара дика динчех ду, барамал соввийларан
9
маьIна цо кхоччуш билгалдаккхар, хIунда аьлча цхьаболчу наха маьждигехь ламаз дийриг, маж яхйолуьйтург, хьижаб лелориг барамал совваьлларг лору. Барамал соввийлар – иза адамца (амалца) хуьлуш йолу башхалла, арахьара агIо ю. Баккъалла, Делан нийсачу некъо кIелхьара ца ваьккхинарг, барамал соввийларе я барам иэшоре воьрзу. «Баккъалла, иза (адам) зуламе, хIума ца хуу (жехIил) ву». «Аль-Ахьзаб», 72.
Кхузахь вайна билгалдолу, барамал соввийлар массо динашкахь, мехкашкахь хуьлуш хилар, Исламан мостагIаша ма-баххара, деккъа цхьа бусалба нахана юккъехь хилла ца Iаш.
Дош дерзош, АллахIе доьху ас, доктор Iумар хьекъалехь совваккхар, тавфикъ далар, нийсонна, диканна тIехь чIагIвар, тхо, иза а оцу барамал совбийларна дуьхьал нийсонца, юкъаметтарчу барамехь хилийтар. Царна дуьхьало ярехь тхаьш совдовларх лардар доьху оха Деле. Иштта АллахIе доьху оха, Iумарх, тхох а, Цуьнан динна гIодарехь, лаьтта тIехь Делан дош айбарехь гIоьнчий бар, АллахIа Шен ваIда кхочушйина, хIокху умматна паргIато елла, Ислам-дин толлалц. Дала боху: «Царна лаьа, шайн харц къамелашца Делан нур дIадайа. Амма АллахIа цаьрга иза ца дойтуш, Шен нур даржор кхочушдо, копаршна мел ца лаахь а». «Ат-Товбат», 32-33.
10
БисмиллахIиррохьманиррохьим
Дешхьалхе
Вай ийманехь нисдина, дегнашна и хаздина, куфралла (керсталла), Iесалла вайна къахьйинчу АллахIна хастам бу. Делера салам-салават хуьлийла Iаламех къинхетам беш ваийтинчу Делан Элчанна, цуьнан доьзална, цуьнан нийсачу некъа тIехь нисвелла, къематде даллац цуьнан Суннатна тIаьхьаваьзначунна а.
Вай деха, нах тайп-тайпана некъашка, масийтта кхетамашка бирзина, тобанашка бекъабеллачу заманахь. Амма оцу кхетамашкахь, хетаршкахь барамал совбуьйлу нах. Оцу хIора тобанна ша бакъ ю аьлла хета. Ша нийсачу Исламехь ю, кхин цхьа а тоба бакъ яц, боху цара. И тобанаш дукха ю, масала, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) асхьабаш сийсазбеш, Суннат деанчун дозалла эшорца, Суннатан дозалла иэшош болу шииташ. Шайн имамаш базбо цара, шаьш бохучунна тIехь боцурш беза а ца беза.
Бусалба юкъараллина уггар кхерамечех тоба ю Iалманиййуна цIе йолу тоба. Дин дуьненан Iилманца догIуш хила деза, барамал тIехвийла ца веза, бохуш, дIахьедарш до цара. Оцу дешнашна тIехьа лечкъина, бусалба нахана юкъа а кхетта, дин шен орамехь дохо Iалашо ю церан. Цара шайн боьха куьг Делан Къуръанна тIе кховдийра. Царех цхьамма хазийнера, Къуръана чохь низам дац, гIурт бу, аьлла.
ХIокху жайни тIехь аса юьйцуерг – Исламехь уггар хьалха барамал совъяларца гучуяьлла тоба ю. Уггар тилаелла, нийсонна тIера галъяьлла тоба ю
11
иза. Уьш хаварижаш бу. Тахана царех – террористаш, барамал совъяларца дIакъаьстина тоба, дин лелор холчу даьккхинарш олу. И цIераш схьайовларан бух – ингалсан маттера оцу цIерашна дина гал (нийса доцу) гочдарш ду. Амма царна кхин цхьа а цIе ца йогIу, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) царна тиллина хаварижаш аьлла цIе йоцург. Уьш динах бевддарш бу, Исламах бовдур бу уьш, Iодара кхоьссина пха санна, аьлла цо.
Церан тоба уггар кхераме, боьха, къиза, цIийн тоба ю. Бусалба нахаца йина чIагIо, барт ца Iалашбо цара. Цара тергал ца до маьршачу адамийн, берийн, зударийн, заьIап нехан хьакъ. Иштта, шек ца бовлуш, хьаналдо цара шайн олаллина кIелахь бехачу кхечу динехь болчу нехан даьхни, лаьтта тIехь зулам даржор а. Шайн ирчачу балха тIехь, кхерамечу зуламца цара юьхьарлаьцна, Дела цхьаъвеш болу бусалба нах мушрикаш, копарш ларар. И болх цара дIахьо, копарийн, мушрикийн хьокъехь диссийна аяташ массо муъмин нахана тIекхохкарца, тIедерзорца.
Муъмин нехан эмира Абу ТIалибан кIанта Iелас (Дела реза хуьлийла цунна) хьехна вайна, цаьрца муха къамел дан деза, царна муха дуьхьало ян еза, шен девешин кIант IабдуллахI бин Iаббас (Дела реза хуьлийла цаьршинна) царех уггар хьалха «Хьукма Дала динарг (Делан) бен дац», аьлла дош айбина гIевтинарш кхето, къамел дан вахийтича. Цо аьллера, и дешнаш («Хьукма Дала динарг бен дац») бакъ дешнаш делахь, уьш кхайкхош болчарна лууш ерг харцо ю. Тахана царех цхьаболчара юх-юха харц (дастамбевлла) кхайкхамаш бо, хаза, кIеда-мерза къамелаш до, бусалба нах копарш бархьама, церан паргIатонан, нийсонан, аьттонан бух бохийна, оцу хьолехь уьш ца латтийтархьама.
12
Тахана вайна гуш ду, хаварижийн тIаьхье, массо хьаькам, Iеламсаг, бусалба нах копарш бу ала майрабовлар. Ткъа церан хьалхара стаг Зул-Хувайсарат Ат-Тамими – царел тIех чIогIа жехIил, эхьдоцу стаг хилла, хIунда аьлча Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) зулам дина, аьлла цо. Цара мел лелийнарг, церан сибаташ яздина карор ду хьуна хIокху жайни тIехь, лераме дешархо. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), ларло, баьхна-кх вайга оцу жехIил, акха Iарбийн тIаьхьенах ер йолчу тобанах. Массо заманахь тайп-тайпанчу цIерашца, сибаташца карлайолуш, гучу ца йолуш Iийр яц и тоба. Амма оцу тобанан кхайкхам, кхетам – хьалхалерчу хаварижийн кхетам, кхайкхам хир бу. ТIаьхьарчу заманахь дажалан эскарна тIаьхьа а хIуьттур бу уьш.
Сан цецвалар чIагIдийриг – оцу хаварижийн кхетам кхераме хиларан цхьаболчара ойла ца яр а, оцу тобано шайн жайнаш арахецарх лаьцна хIумма ца олуш Iар а ду. Киншканаш яржийна цара, механа вуно йорах йолуш, шайгахь Iилма доцу нах шайн мазхIабе берзош. Цундела кегийчу нехан хьекъал артделла, хаварижашна дуьхьало еш, царех ларло бохуш Iеламнах кIезиг бу. И бахьнехь марсабаьлла цара бен (бусалба нахана, копарш аьлла, цIераш тахкаран) болх. Шайна реза боцчарна, ширк деш бу, бидIат лелош бу, бохуш, цIераш тахкарехь вовшийл хьалхабовла къийсалуш бу уьш, и чIагIдан цхьа а бух я делил шайн доццушехь. Цул сов, Сийлахь-Лекха АллахI цхьаъвеш, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), цуьнга деанарг бакъдеш, дашца, Iамалца Ислам-динца бозуш болу бусалба нах бехкебан майралла кхечира царех цхьаболчеран. Бусалба нахана, «жехIилш», «хIолламашна (жIарашна) Iибадат дийраш», «кешнийн
13
охIла» бохуш цIераш тохкура цара. И цIераш тохкурш ца кхета, и цIераш кегийчу нахана юкъахь яржар кхераме хилар, хIунда аьлча оцу кегийрхоша и цIераш йоху, церан маьIнех кхеташ а боцуш.
Оцу нахах, шайл хьалхарнаш санна, шаьш кхеташ доцчу дешнийн (куфр, ийман, доккха къа) леш хилира. Оцу дешнашца бусалба нехан цIий хьанал а деш, царна тIелетарш дора цара. Нах хьийзабора цара; церан къизаллех, цара хIаллакдарх шайн догIмаш хьалхадахархьама, шаьш ширкалла дина моттуьйтура цхьаболчу бусалба наха.
Шаьш бохучунна бен тIаьхьа ца бозура уьш, цхьадолу, шаьш билгадаьхна, жайнаш бен ца доьшура. Шайн синошка, кхетамашка бирзина беха уьш. Бусалба баккхийчу Iеламнехан жайнаш дешар, бусалба Iеламнаха Iилманехь йитинчу хазнех пайдаэцар (и Iамор, дешар) хьарамдо цара. Амма шаьш хьукманаш доху, фатваш ло, шаьш бохучунна дуьхьал берш копарш лоруш, мушрикаш, бидIат лелораш бу бохуш, бехкебо цара. Кхиболу бусалба нах жехIил лору цара.
Бусалба нах копарш, тилабелларш ларарна тIехь уьш сихбаларо хIара уммат декъна. Цул сов, шайн хетаршка, моьттучуьнга йирзина тобанаш а кхоьллина цара. Цул тIаьхьа и тобанаш кхидIа а, шайл хьалхарнаш санна, кхечу, шаьш бакъ хетачу, тобанашка екъаелла. Оцу хIора тобанна коьрте шаьш вазвина стаг хIоттавой, и бакъвеш, вазво, шаьш юьхьарлаьцначу некъара ца бовлуш, дIахIуьтту уьш.
Аса ларло боху, стаг копар варан кхерамах. Иштта чIагIдина ма-хиллара, фикъхIан хеттаршкахь цхьанна хетачунна дуьхьал верг копар ву ала мегарг ца хиларх, хIунда аьлча Iилманехь цхьа жоп нийса хуьлу, важа
14
гал хуьлу. Ткъа копар – иза куфр (керсталла) шен дин хаьржинчух я исламаца ца хилча ца долу хIума къобал ца дечух, я дино хьарам я хьанал динчу хIуманна инкарло йинчух олуш ду.
Баккъалла, нах копарш ларарехь соввийларо бусалбанашна, динан мостагIашна юккъера тIом хуьйцу, и тIом бусалба нахана вовшашна юкъахь дIабахьийтархьама, Везчу Делан: «Копаршца шога бу, муъмин нахаца къинхетаме бу» бохучу дешан маьIна хуьйцуш, муъмин нах вовшашца чорда, кIоршаме бо, копаршца къинхетаме хилийтархьама.
Шеко йоцуш, эзар копар стаг копар ларарехь гIалатвалар дай ду, цхьа бусалба стаг копар варна тIехь галваьлла, цуьнан цIий хьаналдарал а. Стаг копар лара 99 бахьана долуш, и вац ала цхьа бахьана долуш хьал хIоьттича, и стаг копар ма лара боху дукхах болчу Iеламнаха. Стаг копар вар – иза шариIатан хьукма ду, шен тIаьхье жоьпалле, мехала йолуш. Цундела массо Iеламнаха ларло баьхна стаг копар ву аларх. Цара дукха лерина теллина, бехкамаш хIиттийна стаг копар ву аьлла сацам барна тIехь. Оцу Iеламнехан коьртехь ву Исламан шайх Ибн Таймият. Хаварижаш, зуламца цIе кхолларца, иза шаьш бохучунна тIехь ву бохуш, цунах хьакхабала гIерта, цуьнан доккха Iилма, цо яздина дерриге жайнаш ца довзарна.
Бусалба нахана юкъахь Iеначу цIийно дегнаш Iовжийна вайн. Исламан цIарах Алжирехь хиларг дуьйцуш ду дерриг дуьненахь. Амма Исламах хьакхалуш дац цигахь хилларг. ДжихIад ду бохуш, ОвхIан-пачхьалкхехь Iедале кхача гIертачара цхьана а хIуманна бехке боцчу нехан цIий Iанийра. Иштта тIаьхьарчу хенахь Мисарахь туристаш байаро керста нахана хьалха Ислам-динан хаза цIе ца
15
йоккхуьйту. Делан дуьхьа долу джихIад дуй иза? ХIокху кепара кхойкху-те нах Ислам-дине, АллахIе? Везчу АллахIа Шен Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) Iаламех къинхетам беш ваийтина. Ткъа кхарах Iаламашна бала, Iазап хуьлу. Седа хилла дуьхьалбевлла уьш, нах Делан дине ца берзийта. Сийлахьчу АллахIа боху: «ХIай тхан Дела, копарийн баланех хьалхадаха Ахьа тхо!» «Аль-Мумтахьинат», 5.
Бусалба нахана бале, зуламе бевлира уьш къизачу белхашца, акхачу амалшца. Исламах ирча сурт кхолладолуьйтуш, нах Делан некъара боху цара. Царна ца хаьа-те, Индонезехь, Малайзехь Исламан сийлахьчу гIиллакхашца, хазчу масалшца Делан дин даьржиний.
Бакъволу бусалба стаг декхар ву, хьекъалца, хазчу хьехамца нах дине кхайкха. Шен динехь боцчаьрга а бакълуьйш, цаьрца гIиллакхе хила везаш ву иза. Исламан гIиллакхаш оьзда хилар, бусалбанаш нахаца база хаар бахьнехь а, дуккха къаьмнаш бусалба дине даьхкина, цхьа а тIом боцуш, Iанийна цIий доцуш.
ХIара жайна – «Керла хаварижаш» – барамал соввийларх лаьцна ду, цуьнан цамгарх, кхолладаларан бахьанех дуьйцу кху тIехь. Иштта оцу цамгарх муха ларвала веза, дарба муха дан деза дуьйцу аса хIокху жайнахь. Цхьайолчу бусалба пачхьалкхашкахь яьржинчу оцу цамгарна дарба дарехь аса лаьцна гIийла дакъа ду хIара жайна. Иштта, умматан хаза хьехам баран, насихьат даран важиб кхочушдеш, Исламе кхойкхучарех цхьаболчу нехан гал кхетамаш нисбар а яра сан Iалашо.
ХIоккху хьокъехь дуккха бевзаш болчу Iеламнаха пайден жайнаш яздина, шайца нахана мехала хьехамаш болуш. Делахь а, и цамгар яьржачура соцуш яц. Цхьайолчу пачхьалкхашкахь и ун дижина делахь а, юха самадаьлла,
16
оцу пачхьалкхашкахь бехачу бусалба нахана зулам дан тарлуш ду цо.
Цхьаболчу майрачу кегийрхоша, бусалба нах копарш, мушрикаш бу бохуш, уьш сийсазбен цхьадолу жайнаш доьшу, хьехамашка ла а дугIу. ТIаккха хаварижийн кхетамашка боьрзий, церан тешамийн, кхетамийн дIовш молий, оцу кегийрхоша шайн куьйгаш бусалба нах байарна тIе хьо. Цул сов, царех цхьаболчара, Iилма доцчу кегийрхошна цхьацца иэшаме кхетам ло жайнаш доьший, царна тIера гал кхетамаш схьаоьций, шайн махка йохк-эцар лело, садаIа я политикин гIуллакхашца баьхкина кхечу динехь болчу нахана тIе куьг кховдадо, церан цIий, даьхни хьанал а до, и боккъал динца догIуш ду моьттуш. Амма иза къизалла, акхалла бен яц. Иблисо тилийна уьш, хаварижех болу шайл хьалхарнаш санна.
Цундела, хIора, ойлаян хьекъал, пайдаэца Iилма, яздан похIма долчунна тIехь декхар ду аьлла хета суна, бусалба умматан лазамашна дарба дарна тIехь къахьегар. Вайн умматан уггар боккха лазам динца боьзна бу, цхьаберш барамал совбийлар бахьнехь. И барамал соввийларан цамгар бусалба нахана юкъа йоьлла, царна доккха питана, халонаш лар хилла цунах. Динан мостагIаша бусалба нах тилорехь уггар доккха зулам ду оцу цамгаро динарг. И бахьнехь копарша олалло до бусалбанашна тIехь.
ХIара жайна, хаварижашна дуьхьал болуш, даггара бина хьехам, кийрара даьлла мохь-орца а ду. Жайна яздаран бахьана, Ислам-динан кхане ларъяр, бусалба нах оцу хаварижашка гал ца бахийтар бен дацара. Цара лелориг ган ца лууш, церан кхерамах лаьцна хаза а ца лууш вай дIадолхахь, и бала массарех хьакхалур бу, цуьнан питана массо меттехь даьржар а ду. Ма хаза аьлла, шина сийлаллин маьждиган хидмат деш (служитель)
17
волчу ФахIд бин Iабдул-Iазиза Джидда шахьарахь 1412 шарахь дIаяьхьначу Iеламнехан фикъхIан кхеташонехь: «Тхо кхоьру, бусалба нехан вовшашца гамо, шогалла чIагIъяларна. Цхьа кIеззиг долчу (ишколера берашна хаа дезачу) хаттарехь я фатвахь шайн хилпло хилча (ойла цхьаьна ца еача), вовшашца мостагIалла лелорна а кхоьру тхо. ТIаккха хазарна кхерам бу, цара вовшашна копарш, тилабелларш, бидIат лелораш боху цIераш тохкуш, хьоькху маьхьарий».
Оцу хьекъалечу дешнел кхин нийса къамел дац, шайна тIаьхьаваьзна, жохIлаллин боданах, тилаваларан некъах хьалхавала гIо дийр долуш. Везчу АллахIе доьху аса, вайн уммато хIокху халчу хенахь ловш болчу балина хIокху сан жайно гIодар, уммат нийсачу некъахь нисдар. Нахана хьехам бар, маслаIат дар бен, кхин хIума лиъна дац суна хIокху жайнахь. Везчу АллахIа, ШуIайба (Делера салам хуьлийла цунна) шен къоме аьлларг дуьйцуш, боху: «Баккъалла, сайн ницкъ ма-кхоччу маслаIат дан лууш ву со. Дела бен, сан аьтто бан цхьа а вац. Болх АллахIан кара белла аса, дехар Цуьнга до». «ХIуд», 88.
ТIаьххьара олу аса: «Хастам бу Iаламийн Да волчу АллахIна».
Къуръанна, Суннатна юкъара схьаэцнарг
Везчу АллахIа аьлла:
«Цхьамма, шена хаа а хууш, бехке воцу муъмин стаг вехь‚ цуьнан бекхам – жоьжахати ю‚ цу чохь и гуттар лаьттар волуш‚ Дела оьгIаз а гIур ву цунна‚ неIалт (Делан къинхетамах генаваккхар) эр ду, доккха Iазап кечдина цунна». «Ан-Нисаъ», 93.
18
«Цундела яздира Оха Исраилан кIенташна: адам дийнарг‚ адамна дуьхьал я лаьттахь лелочу бохамашна дуьхьал доцуш‚ массо нах байинарг санна ву. И дендинарг – массо нах денбинарг санна ву». «Аль-Маидат», 32.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла:
«Муъмин стаг шен динехь паргIат хиларх хедар вац, цо (АллахIа) хьарам дина цIий Iаннолц». (Бухари).
«Дерриге дуьне дохар дай ма ду АллахIна, бехке воцчу бусалба стеган цIий Iанорал». (Насаи).
«Бусалба нахаца барт бина, церан махкахь веха кхечу динехь волу стаг вийначунна, шовзткъа шарахь некъ бича а йогIуш йолу ялсаманин хьожа кхетар яц». (Насаи).
«Вайна дуьхьал герз айдинарг, вайх вац». (Бухари, Муслим).
«Муъмин стагана неIалт алар и вер санна ду, муъмин стагана копар ву алар а ду и вер санна». (Бухари).
Iумаран кIантана (Дела реза хуьлийла цаьршинна) уггар вуон халкъ хетара и хаварижаш. Цо аьллера: «Копарийн хьокъехь диссийна аяташ муьмин нахана тIекхохкара цара».
Iамран кIанта IабдуллахIа (Дела реза хуьлийла цаьршинна) иштта аьлла хаварижех лаьцна: «Делан, маликийн, массо нехан неIалт ду царна тIехь».
19
Хьехамаш, тIенисварш
Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла:
«Нахана юкъадаьккхина уггар дика уммат ду шу, – нах дикане кхойкхуш, вуочух юхатухуш, АллахIах тешаш долуш». «Алу Iимран», 110.
«Баккъалла, хьо цхьана а хIуманна бехке вац, цара шайн дин декъна, уьш тобанашка берзарна». «Аль-АнIам», 159.
«ХIай ийман диллинарш, АллахIна муьтIахь хилалаш, Цуьнан Элчанна муьтIахь хилалаш, шайх шайна тIехIиттийначу (шарIо бохург дечу) куьйгалхошна а». «Ан-Нисаъ», 59.
«Бакъалла, хIара сан нийса некъ бу, цунна тIаьхьадаза, кхечу некъашна тIаьхьа ма даза. Оцу некъаша шун нийсачу некъах къастор ду. Иштта весет (омра) ду шуьга динарг, Делах кхоьруш а хила». «Аль-АнIам», 153.
«Делан билгалонаш шайга кхаьчначул тIаьхьа, бекъабелла, къийсамашка бевллачарех тера ма хуьлийла шу. Царна кечдина ду доккха Iазап». «Алу Iимран», 105.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Аса весет до шуьга, ладогIа, муьтIахь хила, аьлла. Сол тIаьхьа вехар волчунна дуккха къестамаш гур бу. Сан суннатна, суна а тIаьхьа богIучу нийсачу
20
некъахь болчу нах нисбечу халифийн суннатна (некъана) шайн ма-хуьлла тIаьхьадазалаш. Ларлолаш динца ца догIучу керлачу хIуманех, баккъалла, хIора динца ца догIу керла хIума – (бидIат) тилавалар ду». (Тирмизи).
«ЖамIатца хилалаш, АллахI жамIатехь болчаьрца ву (уьш Цуьнан Iуналлийна кIеллахь бу)». (Тирмизи).
«Баккъалла, шун цIий, даьхни, сий хьарам ду шуна, хIара (гIурбана урс хьокху) де хьарам хиларх терра». (Бухари, Муслим).
«Сол тIаьхьа куфралле ма дерзалаш, вовшийн вортош а кегъеш (вовшашца тIемаш беш)». (Бухари, Муслим).
«Бусалба стагана лер Iесалла ю, цунна дуьхьал тIом бар – куфралла дар ду». (Бухари).
Дешхьалхе
Дукхах болчу бусалба нехан – юккъерчу барамехь болчу умматан бусалба нехан – дог Iийжа, Исламан цIарах бусалба а, бусалба боцчу мехкашкахь, къаьсттина, ОвхIан-махкахь, Алжирехь, цхьаболчу наха ден зуламаш бахьнехь. Амма Ислам-дин бехке дац цунна. Вай дерриге гIалатдовлу, нагахь санна и питана деш берш бакъболу бусалба нах бу алахь. И лелош берш, динах бевдда (галбевлла) болу хаварижаш бен бац. Церан и сибат вайга дийцинарг, царех вайга ларло баьхнарг, вайн Пайхамар Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) ву.
21
Цуьнгара дуккха хьадисаш кхаьчна вайга, хаварижийн сибаташ, амалш, схьабовларан баххаш дуьйцуш. Цул сов, уьш массо заманахь гучубуьйлург хиларх, тIаьххьарнаш – дажалан эскарца хирг хиларх шена хезнарг ойлаян хьекъал долуш велахь, Iехалур воцуш, галвер воцуш долу хьадисаш ду уьш.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) омра дина Абу ТIалибан кIанте Iелега (Дела реза хуьлийла цунна), цаьрца тIом бе, уьш байа, аьлла. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) царна дуьхьал тIом бан сутара бохуш хилла бусалба нах. Цо ялсамани кхайкхийна уьш байинчунна, цара вийначунна а – цара деанарг дукха ирча-доккха питана хиларна.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), цуьнан халифаша яьккхинарг бен кхин хIун цIе йоккхур яра вай церан? Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), и галъяьлла, бусалба нахана дуьхьалъяьлла тоба йовзуьйтур йолу хIара ши сибат дийцина вайна:
Хьалхарниг: Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Вайна дуьхьал герз айдинарг, вайх вац». (Бухари, Муслим).
ШолгIаниг: Цо аьлла: «Муъмин стагана неIалт алар, и вер санна къа ду. Муъмин стагана копар ву алар а ду и вер санна къа». (Бухари).
Муьлххачу хенахь и ши хIума шеца гучудаьлларг – бусалбанна дуьхьал герз айдар, иза копар ву алар – хаварижех ву ала мегар ду. Ала деза, царех дукхах болчара, церан кхайкхамхоша бусалба нахана дуьхьал герз ца айдо, шайн и дан аьтто бацахь. Цара тоам бо, наха
22
шайн харц тешамаш, кхетамаш тIелацарх (бусалба нахана тIелата шайн аьтто баллалц). Шаьш тIелата ца ларийча, бусалба нехан мостагIашна гIо до цара, шайна и дан некъ карийча. Цунна масална тоьур ду хьуна, Зуль-Хувайсарат Тамимис, гIиллакх доцуш, халкъийн эла волу Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), нийсо ца йина, зулам дина, аьлла, бехкевар, Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дуьхьал цо герз ца айдинехь а.
Мухьаммад ГIазалис шен тIаьххьарчу цхьана жайнахь дуьйцу Мисарахь дозанал тIехъюьйлу тобанаш вовшахтоьхначу стагах лаьцна; оцу стага Делах дуй биира, Абу Хьанифа копар ву аьлла. Мухьаммад ГIазалис цунна дуьхьало йира, харц дуйнаш бууш берш хIинца а болуш бу-кх, аьлла. Цул тIаьхьа цхьа хан яьлча, церан жамIат гуллучу меттигна тIехволуш, урамехь, «Абу Хьамид Аль-ГIазали копар ву» аьлла, доккха яздина йоза гира цунна. Оцу шина имамана цара и баьхна хилча, кхечарна х1ун эра дацара цара; цецвала хIума дуй-те, церан жамIаташа тешарехь, (Iакъидат) фикъхIехь, гIиллакхашкахь а шайн кхетамаш луш кхиийначу кегийрхоша шаьш бохучунна тIе ца бирзинчарна, уьш Исламан мостагIий бу аьлла, царна дуьхьал герз айдар?!
1997 шеран ноябрь баттахь Мисаран Аль-Акъсар цIе йолчу шахьарахь туристаш байинчул тIаьхьа, церан жамIатерчу стагаца хилла къамел зорбане делира. Оцу нахана герз тоьхначех вацара иза, амма и доккха зулам динарш бакъбан массо некъ лехира цо. Цул сов, и тайпа зуламаш кечдеш, кхочушдойтуш, бусалбанийн, кхечу динехь болчеран, цхьана хIуманна бехке боцучеран, цIий хьаналдеш болчу оцу хаварижийн тобанан куьйгалхой цIена нах лорура цо. Церан шайна хетарг ала йиш ца
23
хиларна, уьш бехказа бу цара и нах байарна, аьлла, тешна вара иза. Арахьарчу ницкъана уьш кIелсовцур бац, аьлла, тIетуьйхира цо. Цо бохург иштта делахь – герз айдина вац иза – оцу стагана а, герз тоьхначу нахана а юкъахь башхалла юй-те? Вайн Делора яц.
I. Хаварижех болу юкъара кхетам
1. Хаварижех кхетам балар
Хавариж дешан орам хаража бу. Хаража бохург – араваьлла, схьакъаьстина, дозанал дехьаваьлла, дуьхьалваьлла бохург ду. Хавариж дош дукхаллин терахьехь ду, ткъа цхьаллин терахьехь иза харижи ду. Харижи бохург – шех тамаш беш, ша лакхара хетарца хьалхе лоьхуш, юкъара схьакъаьстинарг ву. Хаварижаш, дукхах болчу нахана шаьш дуьхьалбовлар бахьнехь, шайна лаамашка бирзина, херабевлла (къастабелла) нах аьлла, цIе яхана тоба ю.
ШахIрустанис иштта аьлла хаварижех лаьцна: «Халкъо къобал вина, хьакъ волчу имамана дуьхьалваьлларг харижи (хаварижех) ву. Башхалла яц и стаг (нах) асхьабийн заманахь, я царел тIаьхьа баьхкинчу табиIийн заманахь, я муьлххачу кхечу заманахь имамана, (куьйгалхочунна) дуьхьалваьлла хилар. Кхузахь вай юьйцуш ерг, муъмин нехан воьалгIачу эмирана Iали ибн Абу ТIалибна дуьххьара дуьхьалъяьлла билггал йолу тоба (жамIат) ю. Сийлахьчу Къуръано билгалдина вайна церан сибаташ, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) цIенчу Суннато Iораяьккхина и тоба, цара уммат тиладарехь лело некъаш а.
Хаварижаш бохучу дашна лакхахь беллачу кхетамо билгалдо вайна, хIора (стаг я жамIат) герзаца шен
24
умматна дуьхьалваьлларг – муьлхха заманахь хуьлийла и я муьлххачу кхайкхамца хуьлийла – иза оцу нийсачу некъара бевллачу хаварижех хилар. Уьш иштта нах хилар билгалдаьллачул тIаьхьа, вайн декхар ду церан зулам гайтар (хьахо) (цара шаьш лелочуьнца кхеташ боцу мисканаш Iехор бахьнехь).
Церан (хаварижийн) хьалха дIабаханчу наха кхайкхамаш, дIахьедарш дора, муъмин нехан воьалгIа эмир Iали ибн Абу ТIалиб копар ву бохуш. Иштта чIагIонаш йора цара, зударийн эла Iайшат, МуIавият, Iамру ибн Iас, Зубайр ибн Аль-Iаввам, IабдуллахI ибн Зубайр, ТIалхьат ибн IубайдуллохI (Дела реза хуьлийла царна) копарш бу, уьш шаьш дечу хьукманехь галбевлла, бохуш. Цул сов, и асхьабаш копарш бац аьлла шайна дуьхьалбевлла асхьабаш а копарш лорура цара. Оцунах бехказло йина, оцу асхьабашна дуьхьал герз айдарца тIемаш бира цара.
Оцу кеппара, шайл хьалха дIабаханчу зуламхойн кхетам карлабоккхуш, меттахбоккхуш карабо уьш массо заманахь. Шаьш карладаккха хьийзо и питана, вуон хилла, телхина, дахкаделла карийра царна. Цуьнан боьха хьожа дIаса ца яржийта, цунна тIе, и хаздеш, цIандеш, марздеш, цунах и хьожа ца яийтархьама, и цуьнан бакъйолу Iалашо ца йовзийтархьама, «Карладаккхаран, цIандаран кхайкхам» цIе йолу IатIар тухура цара. (Шайн тобанан ц1ераш хийцайора цара).
Тахана хаварижаша вайн уммат керста до. Бусалба Iеламнах, паччахьаш, къеданаш копарш бу бохуш, дерриге умматна герзаца дуьхьалбевлла уьш.
25
2. Церан схьабовларан бух, дIасабаржар а
Хаварижийн схьабовлар Зуль-Хувайсарат Ат-Тамимиль-АIробиль-ДжахIульна (жехIил волу акха Iарби) тIера доладелла. Кхетам, кIорггера хьекъал доцуш, ойлаяр генара доцуш, ша аьлларг бен бакъ ца хеташ, хьукма дарехь сихлуш, ша аьллачунна реза воцург (иза адамийн Эла, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) велахь а!) тилавелла, галваьлла хеташ стаг хилла Ат-Тамимиль-АIробиль-ДжахIуль. И дерриг цуьнан кхачамбацарш Iорадевлира Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) волчу мажлисе и нисвелча.
Церан хьалхарчу стагах – Зуль-Хувайсаратах, цуьнан накъостех, царел тIаьхьа, цунах тера а болуш, бусалба наха шайца тIом биначарех лаьцна дуккха хьадисаш кхаьчна вайга. Царах ду:
Церан схьабовларх, уьш кхиарх (баржарх)
лаьцна хьадисаш
1. Абу СаIид аль-Худрис (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина:
«Тхуна юкъахь хIонс йоькъуш Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) волуш, иза волчу Бану тамим тайпанан Зуль-Хувайсарат цIе йолу цхьа стаг веара. Цо элира: «ХIай Делан Элча, нийсо еш хила». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Дакъазло ю хьуна, аса нийсо ца йича, хьан йийр ю нийсо?! Нийсо ца йинехь, Iехавелла, иэшаме хир ма ву со». Iумар ибн ХаттIаба (Дела реза хуьлийла цунна) элира: «ХIай Делан Элча, пурба лохьа суна оцу стеган ворта йон!» Делан Элчано (Делера салам-маршалла
26
хуьлийла цунна) элира: «Iадвита иза. Баккъалла, цуьнан накъостий бу, цара дечу ламазашка хьаьжча – шуна шайн ламаз кIезиг хетар долуш, цара кхобучу марханашка хьаьжча – шуна шайн марханаш кхоччуш хетар доцуш. Къуръан доьшуш хир бу уьш, амма цара доьшу и Къуръан церан легашел (динбухкел) хьала дер дац. Динах бовдур бу уьш, Iодара кхоьссина пха санна». (Бухари).
2. Абу СаIид аль-Худрис (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина:
«Iелас (Дела реза хуьлийла цунна) ша Йеменехь волуш Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) деши дахьийтинера. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) иза веанна дийкъира: АкъроI бин Хьабис аль-Хьанзоли, Iуйайна бин Бадриль Фазари, Бану килабех волу Iалкъамат бин Iуласатиль-Iамири, Бану набхIанах волу Зайд аль-Хайри Ат-тIои. Оцу балхана оьгIазбаханчу къурайшийн тайпанан наха ансараша элира: «Надждера къонахошна деши декъна, вай ца луш ма дити цо?» – аьлла. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира цаьрга: «Аса иза дира, царна Ислам дезийтархьама, церан тайпанаш иймане дахкийтархьама а».
Цул тIаьхьа Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дуьхьал а хIоьттина, юькъа маж, ерстина беснеш йолуш, чуэгна бIаьргаш болуш, схьадеана хьаж долуш, баьшна корта болуш волчу стага элира: «АллахIах кхера, хIай Мухьаммад!» Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «(Соьл ч1ог1а) АллахIна муьтIахь верг мила хира вара, со Цунна Iеса хилча?! Дала лаьттан охIланна тIехь суна тешам
27
белла хилча, шу ца теша сох?!» И дешнаш аьлла, и стаг дIаволавелча, гонахарчарна юкъарчу цхьана стага – хетарехь, Халид бин Аль-Валид вара иза – и стаг вейта шега, аьлла, пурба дийхира Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна). Амма цо цунна пурба ца делира. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Баккъалла, х1окхуьнан тIаьхьенах хир бу цхьа нах, Къуръан доьшуш хир бу уьш, амма цара доьшу и Къуръан церан легашел (динбухкел) хьала дера дац. Динах бовдур бу уьш, Iодара кхоьссина пха санна. Бусалба нах бойур бу цара, мушрикаш хьебийр бац. Баккъалла а, со царна тIекхачахь, уьш бойур ма бу ас, Iадан къомах хилла болу Делан мостагIий санна».
3. Абу Барзат Аль-Асламис (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, шега, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хаварижаш хьахош хезний хьуна аьлла, динчу хаттарна жоп луш: «Суна сайн лергашца хезна, бIаьргашца ган а гина: Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) тIе даьхни деара, цо иза аьтту агIор, аьрру агIор болчарна дIадийкъира, ткъа шена тIехьа лаьтташ болчарна хIумма ца елира. ТIаккха цунна тIехьа лаьттачу, Iаьржа аматахь волуш, юькъа (еха) месаш йолуш, кIайн духарш доьхна а волчу стага элира цуьнга: «ХIай Мухьаммад, и даьхни декъарехь нийсо ца йира ахьа». ЧIогIа оьгIазваханчу Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «ВаллохIи, соьл нийсо еш верг карор ма вац шуна». Цул тIаьхьа тIетуьйхира цо: «ТIаьхьарчу заманахь цхьа нах бевр бу (хIара стаг царех ма ву), Къуръан доьшуш хир бу уьш, амма цара доьшу и Къуръан церан легашел (динбухкел) хьала
28
дер дац, Ислам-динах бовдур бу уьш, Iодара кхоьссина пха санна. Церан билгалонех цхьаъ – уьш кортош баьшна хилар ю. Массо заманахь ца гIовттуш Iийр бац уьш. Царех тIаьххьарнаш Масихьуль дажалан эскарехь хир бу. Шайна дуьхьал нислахь, байалаш уьш, (шуна хаалаш) уьш Дала кхоьллинчу халкъех уггар вуон халкъ ду».
4. Абу Бакрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина: «Мухьаммад-пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), сужданехь волчу стагана юххехула ваьлла, ламазе хIоьттира. Ша ламаз дина ваьлча, оцу стагана тIе юхавеара иза, ткъа и стаг сужданера хьаланисвелла вацара. Делан Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хаьттира: «Хьан вуьйр вара хIара стаг?» – аьлла. Цхьана стага, баттара тур даьккхина, и леста а деш, элира: «ХIай Делан Пайхамар, сан да, нана махийна хуьлийла хьуна, аса муха вуьйр ву сужданехь волу, АллахI воцург Дела вац, Мухьаммад АллахIан лай, Элча ву аьлла, шахIадат далош волу стаг?» Юха а хаьттира Мухьаммад-пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна): «Хьан вуьйр вара иза?» – аьлла. Ша вуьйр ву иза аьлла, ши пхьош хьалдина, тур лестош тIеволавеллачу шолгIачу стеган куьг дегийра. Цо а элира: «ХIай Делан Пайхамар, аса муха вуьйр ву сужданехь волу, АллахI воцург Дела вац, Мухьаммад АллахIан лай, Элча ву аьлла, шахIадат далош волу стаг?!» ТIаккха элира Мухьаммад-пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна): «Мухьаммадан са карахь долчу АллахIах дуй буу аса, аша и вийнехьара, дуьххьарлера, тIаьххьара питана хир ма дара иза». (Ахьмад, ТIабарани).
29
5. Абу СаIид аль-Худрис (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина: «Абу Бакр Сыддыкъа (Дела реза хуьлийла цунна) Мухьаммад-пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) волчу вахана, элира, аьлла: «ХIай Делан Элча, цхьана арахь, хазчу сибатахь волуш, лерина Далла тIе ойла яхийтина ламаз деш стаг гира суна». Делан Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), оцу стагана тIе кхачий, и ве, элира цуьнга. Иза вен вахана Абу Бакр Сыддыкъ (Дела реза хуьлийла цунна), ламазехь и стаг шена карийча, и вен ца велла, вухавеара. Делан Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) Iумар а (Дела реза хуьлийла цунна) вахийтира и стаг вен. Iумар (Дела реза хуьлийла цунна) и ца вуьйш юхавирзира, Абу Бакр Сыддыкъана (Дела реза хуьлийла цунна) санна и стаг шена ламазехь карийча. Цо элира: «ХIай Делан Элча, хушуIехь (Далла тIе ойла яхийтина) ламаз деш карийра суна иза, цундела и вен ца велира соьга». Цул тIаьхьа, Iеле (Дела реза хуьлийла цунна) элира Мухьаммад-пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна): «ХIай Iела, воло, ве и стаг», – аьлла. Омра кхочушдан ваханчу Iелина (Дела реза хуьлийла цунна) и стаг ца карийра оцу меттехь. «ХIай Делан Элча, суна ца карий и стаг», – элира цо ша юхавеача. Мухьаммад-пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Баккъалла, и стаг, цуьнан накъостий а Къуръан доьшуш хир бу, амма цара доьшу и Къуръан церан динбухкел хьала дера дац. Динах бовдур бу уьш, Iодара кхоьссина пха санна. Дине юха боьрзур бац уьш, и пха оцу Iодан зIенарна (тетива) тIе юхабаллац. Байалаш уьш, уггар вуон халкъ ду шуна и». (Ахьмад).
30
6. Анас бин Малика (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина: «Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) мостагIашца шога а, ша ижтихIад (таллам) беш волу стаг хьахийнера. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, шена и тайпа стаг ца вевза, аьлла. Цул тIаьхьа кхин а цуьнан сибаташ дийцира цунна. Юха а изза жоп делира Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна). Иштта тхо Iаш долуш, цхьа стаг тIевеара, тIаккха цхьамма Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Иза ву-кх и стаг, хIай Делан Элча». Цо элира: «Суна вевзаш вац иза; хIара сан умматехь уггар хьалха суна гина шайтIанан маIа ю. Стага, тIевеана, салам делча, салам схьаэцна, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хаьттира цуьнга: «Делан дуьхьа алахьа, хьо тхуна тIевеача, хьайл дика стаг тхуна юккъехь вац аьлла, дагадеарий хьуна?» Стага жоп делира: «ВаллохIи, деара-кх». Цул тIаьхьа маьждига чу а вахана ламаз дира оцу стага. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира Абу Бакр Сыддыкъе (Дела реза хуьлийла цунна), и стаг ве, аьлла. Маьждига чу ваханчу цунна и стаг ламаза тIехь карийра. Ойла йира цо, ламаз – иза хьурмат долуш, бакъонаш йолуш деза Iибадат ду, Делан Элчанах (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дагавала веза ша, аьлла. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), и стаг вийрий ахьа аьлла, шега хаттар дича, цо жоп делира: «Ца вийра, суна ламаза тIехь гира иза, ткъа ламаз – иза шен хьурмат долуш, бакъо йолуш деза Iибадат ма ду. Амма, хьуна лаахь, ас вуьйр ву иза». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) Абу Бакр Сыддыкъе (Дела реза хуьлийла цунна) оцу стеган гIуллакх хьан карахь дац, аьлла, Iумар (Дела реза хуьлийла цунна)
31
вахийтира, и стаг ве аьлла. Маьждига чу ваханчу цунна и стаг сужданехь волуш карийра. Вехха лаьттира и цуьнга хьоьжуш. Юха ойла йира, баккъалла, сужданан а ма ду шен хьакъ, Делан Элчанах (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дагавала веза ша, шел диканиг (Абу Бакр Сыддыкъ) ма ваьлла цунах дага, аьлла. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), иза ша волчу веача, и стаг вийрий ахьа аьлла, шега хаттар дича, цо а жоп делира: «Ца вийра, суна сужданехь гира иза, ткъа сужданан а ма ду шен хьакъ, аьлла хийтира суна. Амма, хьуна лаахь, ас вуьйр ву иза». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) Iумаре (Дела реза хуьлийла цунна), оцу стеган гIуллакх хьан карахь дац, элира. Цул тIаьхьа Iела (Дела реза хуьлийла цунна) вахийтира цо и стаг вен, цуьнан гIуллакх хьан карахь ду, нагахь санна хьуна иза каравахь, аьлла. Маьждига чу ваханчу цунна и стаг оцу чуьра араваьлла карийра. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), иза юхавеача, и стаг вийрий ахьа аьлла, шега хаьттича, цо жоп делира, ца вийра, аьлла. ТIаккха элира Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна): «Иза вийнехьара, сан умматах шина стагана юкъахь къовсам (дов) хир ма бацара, дажал гучуваллалц». Цул тIаьхьа цо, дIадаханчу умматех лаьцна царна дуьйцуш, элира: «Муса-пайхамаран уммат кхузткъе цхьайтта тобане декъаделира. Царех кхузткъе итт тоба жоьжахатехь ю, ткъа цхьаъ – ялсаманехь. Iийса-пайхамаран уммат кхузткъе шийтта тобане декъаделира. Царех кхузткъе цхьайтта тоба жоьжахатехь ю, ткъа цхьаъ – ялсаманехь». Цул тIаьхьа элира цо: «Сан умматехь оцу шина умматан тобанал цхьа тоба совъер ю. Царех кхузткъе шийтта тоба жоьжахатехь ю, ткъа цхьаъ – ялсаманехь». Цуьнга хаьттира, муьлш бу
32
уьш, хIай Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), аьлла. Цо жоп делира, Суннат лелош йолу тоба ю, аьлла. ЯIкъуба ибн Зайда дийцина, и Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дийцина аьлла ша и хьадис хьахочохь, Iали бин Абу ТIалиба Къуръанан хIара аят дийшира, аьлла: «Мусан къомах цхьа тоба ю‚ бакъдолчунна тIе (нах) нисбеш‚ ша цуьнца нийсо а еш». «Аль-АIроф», 159.
Цул тIаьхьа Iийса-пайхамаран (Делера салам хуьлийла цунна) уммат хьахош, хIара аяташ дийшира: «Жайнин охIлано ийман диллина хиллехьара‚ Делах кхоьруш хиллехьара‚ Оха церан вуонаш (къинош) дIадохур дара…» («Аль-Маидат», 65); «Ма ирча хIума ду цара лелориг». («Аль-Маидат», 66) бохучу меттиге кхаччалц.
Цул тIаьхьа вайн уммат хьахийра цо, Къуръанан хIара аят дешарца: «Оха кхоьллинчарех ду цхьа уммат‚ бакъдолчунна тIе (нах) нисбеш долу‚ ша цуьнца нийсо еш долу». «Аль-АIроф», 181. Аль-Хьафиз Аль-Бусирис аьлла, хIара хьадис Абу Бакр бин Аби Шайбатас, Аль-Баззара, Абу ЯIла Аль-Мавсулис далийна, шен руваташ (хьадис схьакхачийнарш) тешаме болуш долу хьадис ду иза, аьлла.
Лакхахь далийначу хьадисаша вайна билгалдаьккхина:
– хаварижийн тхьамда, церан имам Зуль-Хувайсарат Ат-Тамимиль-АIробиль-ДжахIуль (жехIил волу акха Iарби) хилар;
– цуьнан тIаьхьенах (цунах тера долуш) къам кхуьург хилар, оцу къомаца царех тера берш иэлург хилар а;
– хаварижийн тешар (Iакъидат, церан кхайкхам) тIаьххьара зама еана, дажал гучуваллалц лаьттар долуш хилар.
33
3. Хаварижашна хетачух, уьш тешачух хIоттийна (Iакъидатех) гулар
– Хаварижийн барт хилира Абу Бакар, Iумар, Iусман, Iела (Дела реза хуьлийла царна), «Эмкалан тIамехь» шайна дуьхьал тIом бинарш а копарш ларарна тIехь. Иштта копарш лерира цара Iела (Дела реза хуьлийла цунна) халиф волчу заманахь бусалба нахана юкъадоьжна питана Къуръанца хьукма деш дIадаккха резахилларш, Абу Бакар, Iумар (Дела реза хуьлийла цаьршинна) я цаьршиннах цхьаъ къобалвинарш.
– Барт хилира церан, нийсо ца ечу паччахьна дуьхьал тIамца гIовттарна тIехь;
– иштта барт хилира церан, даккхий къинош летийнарг копар ву аларна тIехь, иза даима цIергахь вогург хиларна тIехь а (нагахь иза, тоба ца деш, веллехь).
Хаварижаш уггар кхерамечех тоба ю. Цара дечу дIахьедарша, лелочу хIуманаша нах тилабо, Iехабо. ХIунда аьлча, церан гуш йолу агIо – цара Ислам лерина лелорца ю, – дин лелорехь чIагIбелла, Iамал цара дукха яр бахьнехь. Цундела Iеламнехан, хьехамчийн коьрта декхар ду, церан тоба зуламе, кхераме хиларна тIе тидам бахийтар. Цара Iибадат мел дукха дарх, оцу Iибадатан лар (стом) церан дегнашка кхочуш яц, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) вайна ма-дийццара.
Шайн тешарехь (хетарехь), хаварижаша шаьш дIабуьйлалучу хенахь юьхьарлаьцна некъ, масала, бусалба нехан халиф Iусман, имам Iела, Абу Бакр, Iумар копарш бу алар, коьртехь волчу паччахьна дуьхьал гIовттар, даккхий къинош летийна бусалба нах копарш бу алар, уьш сийсазбеш, церан цIий, даьхни, сий (дайарца) хьаналдар дIахьош белахь а, тарихан (историн) дукха ехачу заманера
34
дуьйна схьабогIуш бу уьш, шайн некъ тайп-тайпанарчу «духаршца» хьулбан гIерташ. Цундела, Iеламнахана тIехь ду церан тешаран, кхайкхаман массо агIо таллар, Iораяккхар, бусалба нах царна дуьхьалбовларехь сутара бахархьама (кечбархьама). Къаьсттина, таханлерчу, хьалхалерчу хаварижашна юккъехь башхалла ца карайо вайна.
Яханчу заманара хаварижаша хьалаайбира хIара кхайкхам: «Хьукма АллахIан бен дац». Iелас (Дела реза хуьлийла цунна) ма-аллара, бакъ дешнаш ду уьш, амма уьш аьллачарна луург харцо бен яц. Ткъа тахана хаварижаша хьалхатоьттурш, хьулбина, оцу кхайкхамах тера (я изза) болу кхайкхамаш бу. ДIабахана хаварижаш нахана дин хала деш, чIагIдеш бара. Цара копарш лорура бусалба нах, церан коьртехь берш а. Уьш тилабелла бу, бохуш, церан цIий, даьхни а хьаналдора цара. Иштта бу хIокху заманара хаварижаш а.
Хьалхалера хаварижаш шаьш баларх шек ца бовлура, тIемаш бан сихлора уьш, делча шаьш ялсаманехь хир ду бохуш. Иштта таханлера хаварижаш бу, баларх ца кхерарца, шек боцуш (эвхьаза) бусалба нехан цIий хьаналдарца, шаьш баларх шек ца бовлуш билгалбевлла. Шаьш гучубовлучу хьалхарчу заманахь хаварижаш чIагIбелла бара Iибадатна, дин лерина лелорна а тIехь. Некъахь карийна хурма ца юура, хьакха ер – лаьтта тIехь бохам бар лорура, ткъа веза сахьаби IабдуллахI бин Хабаб, цуьнан хIусамнана, кхиболу асхьабаш а байар – Везчу АллахIна герга вуьгу Iибадат лорура цара.
Бусалба нехан мехкаш хаварижаша массо заманахь тIеман аренаш лору (даруль хьарби), Делан Элчанан (Делера салам-салават хуьлийла цунна) сийлалла лахъян гIиртина уьш хьалха, хIинца а. Цуьнан цIийнан охIланан,
35
асхьабийн, Iеламнехан сий-ларам ца бора цара. Цул сов, оцу Iеламнахана, Делан Элчанан (Делера салам-салават хуьлийла цунна) цIийнан охIланна а ирча цIераш тохкура цара. Иштта тешна бара уьш, бусалба нехан маьждигаш чохь ламазаш дан мегаш дац аьлла а.
4. Хаварижийн цIераш
Церан масийтта цIе ю:
1 - Аль-Хавариж
Цуьнан маьIна – бусалба нахана дуьхьал гIевттинарш бохург ду. Царна и цIе тиллинарг Делан Элча (Делера салам-салават хуьлийла цунна) ву. Цо аьлла: «Хаварижаш цIеран жIаьлеш ду». (Ибн МажахI). Уггар хьалха уьш дуьхьалбевлира муъмин нехан эмир волчу Iали бин Абу ТIалибна (Дела реза хуьлийла цунна). Кхузара дIадоладелира церан питана, оцу цIарца гIарабевлира уьш Iелин (Дела реза хуьлийла цунна) заманахь.
2 - Аль-ХьарурияхI
ХIара цIе тилларан бахьана – церан гIарабовлар Куфа гIалина (Иракъ) юххерчу аль-ХьарурахI бохучу юьртара доладалар ду.
3 - Аль-МарикъахI (динах хеддарш, бевддарш)
ХIара цIе тилларан бахьана Делан Элчано (Делера салам-салават хуьлийла цунна) шен хьадисехь алар ду: «… динах бовдур бу уьш, Iодара кхоьссина пха санна». (Бухари, Муслим).
4 - Аль-МухьаккамахI (хьукманчаш)
ХIара цIе тилларан бахьана – цара Абу Бакар Сыддыкъ, Iумар (Дела реза хуьлийла цаьршинна) къобал ца вар,
36
«АллахIан бен дац хьукма» алар ду.
5 - Аш-ШурохI (хIума юхкуш-оьцуш берш)
Цара олуш хилла, шаьш Далла тIех муьтIахь хиларца Цунна шайн синош доьхкина, Цуьнгара ялсамани эцна.
ХIокху цIерашна реза бу хаварижаш, аль-МарикъахI цIе йоцчунна. Царна ца лаьа шайх, динах хаьддарш ду, ала. Ала догIу, хIора заманахь, цуьнан хьоле хьаьжжина, керла цIераш хуьлу церан, амма кхайкхамаш, сибаташ хийцалур дац церан, къематде даллац.
5. Хаварижийн тобанаш
Церан тобанаш дукха ю. Уьш хиларан бахьана – церан вовшашлахь барт ца хилар ду. Цхьана хаттарехь шина стеган жоп хийцаделчхьана, кхачаме хуьлура царна ши тоба кхолла. Оцу шиннах хIоранна тIаьхьа жамIат хIуттура. Церан коьрта яккхийчу тобанех ю: Аль-Мухьаккамах1, Аль-АзарикъахI, Ан-Нажидату, Аль-БайхIасийахI, Аль-IажаридахI, Ас-СаIалибах1, Аль-ИбадыйахI, Ас-Суфриях1…
Оцу хIора тобанах лаьцна жайнаша дуьйцург доцца хьахор ду вай.
Хьалхара тоба: Аль-МухьаккамахI
ХIара цIе тилларан бахьана, цара, «АллахIан бен дац хьукма» бахар, даима карладахар ду. Уьш дуьхьалбевлира муъмин нехан эмир волчу Iали бин Абу ТIалибна (Дела реза хуьлийла цунна).
Оцу тобанан коьрта сибаташ:
– Абу Бакар, Iумар, Iусман, Iела (Дела реза хуьлийла царна), «Эмкалан тIамехь» шайна дуьхьал тIом бинарш,
37
копарш а ларар. Иштта копарш лору цара Iела (Дела реза хуьлийла цунна) халиф волчу заманахь бусалба нахана юкъадоьжна питана Къуръанца хьукма деш дIадаккха резахилларш, Абу Бакар, Iумар (Дела реза хуьлийла цаьршинна) я цаьршиннах цхьаъ къобалвинарш. Iусман, Iела (Дела реза хуьлийла цаьршинна) копар ца лоручуьнца дина захало нийса лоруш ца хилла цара;
– имам шен хьукманехь галваьллехь (я шайна иза галваьлла аьлла хетнехь), цунна дуьхьал гIевттина иза вохор я вер важиб лорура цара. Цул сов, бусалба нах имам воцуш Iар магадора цара;
– бераш, зударий байа магадора цара;
– даккхий къинош летийнарг копар ву, олу цара. Иштта, шайна тIаьхьабозуш боцу берриге бусалба нах копарш лорура цара.
ШолгIа тоба: Аль-АзарикъахI
Уьш бу НафиI бин Аль-Азрокъна тIаьхьахIиттинарш.
Оцу тобанан дIахьедарш:
– шаьш бохучунна тIе ца тайнарш мушрикаш (Делаца накъост лаьцнарш) бу аьлла, хьукма дора цара;
– шайна юкъа ван реза ца хилар ширк лору цара, и царна юкъа ца вогIург церан некъахь велахь а;
– шайна юкъавогIург толлуш, зуьйш болх бора цара. Шайна юкъа вуьтучохь, шеца (лаьцна) шайна дуьхьал волу йийсар и вен Iалашонца валор бехкам бара церан. Цо и вехь, шайна юкъа вуьтура цара иза; ца вехь, и мунепакъ ву олий, вуьйра;
– мушрикаш бу бохуш, шайна дуьхьал болчеран зударийн, берийн цIий Iанор магадора;
– цара хадам беш олура шайна дуьхьал болчеран бераш даиманна цIергахь догур ду, аьлла.
38
– шайна дуьхьал болчеран мохк (пачхьалкх) кафир (керстанан) мохк лорура цара;
– пайхамарш (Делера салам-маршалла хуьлийла царна) шайга вахьйу доссале копарш хилла алар нийса хетара царна. Иштта, пайхамарша (Делера салам-маршалла хуьлийла царна) шайга вахьйу доьссинчул тIаьхьа куфралла дина меттигаш ю, олу цара;
– даккхий къинош летийна бусалба стаг миллатах (бусалба динах) ваьлла копар ву аьлла, чIагIдора цара.
Цунна тIедоьгIна цара бохура: «Даккхий къинош летийнарг бусалба динах ваьлла зиммат охIланна юкъавогIуш ву (зиммат охIла – Исламан хьукманаш тIе а лаьцна, бусалба махкахь бехаш болу кхечу динехь болу нах бу). Оха церан (зимматан охIла) цIий Iано ца магоран бахьана, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) цаьрца лелийна некъ ларбар ду».
– Къуръанан хIара аяташ: «Нахана юккъехь цхьаверг ву, цуьнан дуьненан дахарехь шен къамело хьоьга тамаш бойтуш верг. АллахI теш лоцу цо шен даг чохь долчунна. Иза уггар къар ца луш волу къовсархо ву. Ша хьуна букъ тоьхча, лаьтта тIехь бохамаш беш, (бусалба нехан) ялта, варраш хIаллакьеш лела иза. АллахI бохамаш бар дезаш вац». («Аль-Бакъарат», 204-205) Iелин (Дела реза хуьлийла цунна) хьокъехь диссийна бохуш, чIагIонаш йира цара.
– ткъа хIара аят: «Нахана юккъехь цхьаверг ву, АллахI резавархьама, шен са дIалуш». («Аль-Бакъарат», 207) – имам Iела (Дела реза хуьлийла цунна) вийначу хаварижех волу Iабдуррохьман бин Аль-Мульджиман хьокъехь доьссина ду а бохура цара.
39
КхоалгIа тоба: Ан-Нажидат
Уьш бу Наждат бин Iамирна тIаьхьахIиттинарш.
Оцу тобанан дIахьедарш:
– шайна юкъа хIижрат дан реза ца хилларш копарш лорурш, копарш бу, олура цара;
– НафиI бин Аль-Азракъ имам ву аьлла къобал винарг, копар лору цара;
– шайна тIетайна болу даккхий кхинош летийнарш шайн накъостий, доттагIий лоцура цара;
– шайна тIаьхьахIоьттинчех цхьа а жоьжахате гIур вац, олура цара; къиношна Iазап дахь а, цIарца дийр дац и Iазап, олура;
– Наждата бин Iамира шен тобанехь болчарна къаьркъа маларна догIу таIзар дIадаьккхинера, ткъа и маларна таIзар дан деза аьлла шена дуьхьало йинчуьнца девне волура;
– кегий къинош дукха летор ширк ду, олура цара;
– нахана имам (паччахь) оьшуш ванне а вац, олура;
– шайн тобанех боцчу бусалба нахаца бехаш болу кхечу динера (зиммат охIла) нехан цIий Iано магадора, ткъа иштта хьанал дора цара шайн тобанех боцчу бусалба наха кхобуш болчу (доьзалал арахьара) нехан цIий а.
ЙоьалгIа тоба: Аль-БайхIасийахI
Уьш бу Абу БайхIас Аль-ХIайсам бин Джабирна тIаьхьахIиттинарш. Цара боху, бусалба стагана мегар дац цхьана кхечу бусалба стага динчу хьукманна тIетовжа, цо бохучунна реза хила а. Бакъдерг довза а девзина, цуьнца хьукма динарг вовза везаш ву, харцо а евзина волуш, цуьнца хьукма динарг а ву вовза везаш, боху цара.
Башхалла яц, тешаран (Iакъидатан) я фикъхIан ахькамийн хаттарш уьш хиларх.
40
ПхоьалгIа тоба: Аль-IажаридахI
Фарисера Iабдулкарим бин Iажрадна тIаьхьахIиттинчийн тоба ю хIара. ХIара тоба ю бархI декъе екъаелла. Уьш тIаьхьабозуш болчух коьртаниг хIара ду:
– 15-ра даьллачул тIаьхьа бер бусалба я керста ду аьлла билгалдаккхар важиб ду, алар. И хан кхаьчна яцахь, цунна керста я бусалба ду, аьлла, хьукма ца дар. Царех цхьаболчара керста нехан 15-ра довланза долу бераш ялсаманехь хир ду, олу, ткъа кхечара, уьш цIергахь догур ду олу.
– тIаме ца боьлхуш цIахь Iийнарш тхан мазхIабехь бу, нагахь санна уьш Делах кхерарца бевзинехь;
– шаьш долчу кхелхина вар важиб дац (чIагIдина тIедиллина дац), и дар суннат ду, олура цара;
– шайна дуьхьал болчу нехан даьхни хьанал ца дора цара, и шайна дуьхьал верг шаьш вийча бен;
– царех йолчу «Аль-МаймунахI» тобано «Юсуф» сурат къобал ца дора, иштта кIентан берийн йоIарий, йоьIан берийн йоIарий, вежарийн берийн йоIарий, йижарийн берийн йоIарий бало хьанал бора цара.
ЙолхалгIа тоба: Ас-СаIалибахI
Уьш бу СаIлабахI бин Муштаканна тIаьхьахIиттинарш. Iабдулкарим бин Iажрадан тобанах схьакъаьстина тоба ю хIара. СаIлабат веллачул тIаьхьа ялх декъе бекъабелира хIорш а.
ХIокху тобанан башхаллаш:
– лешкара закат доккхура цара, церан бахам гулбелча; уьш къебелча, царна закат лора цара;
– шайна дуьхьал болчу бусалба нехан хьокъехь шеконехь бара уьш, билгалбаьлла сацам ца хуьлура церан. Шайна билгалдаллалц, уьш копарш бу я бусалба бу а ца олура цара;
41
– шайна дуьхьал верг веле, иза кхетош, цунна даIват дар важиб лорура цара;
– ламаз дитинарг (цо и дитарна) копар ца лорура цара, и копар лараран бахьана цунна Дела ца вовзар лорура цара;
– Сийлахь АллахI, Цо кхоьллинчу халкъех тарвора цара.
ВорхIалгIа тоба: Аль-АбадийахI
Уьш бу IабдуллахI бин Абад Ат-Тамимина тIаьхьахIиттинарш. Иза веллачул тIаьхьа хIорш а ворхI тобане бекъабелира.
ХIокху тобанан башхаллаш:
– шайн тобанех боцчу бусалба нехан мохк, Дела цхьаъвечеран мохк лору цара, еккъа паччахь веха, цуьнан долахь йолу меттиг йоцург. Шайна гергахь, и меттиг низамна дуьхьалбаьлла мохк лорура цара.
Мунепакъийн хьокъехь кхаа декъе бекъабелира уьш:
1. Нифакъ ширкана, Ийманна юкъа йогIуш яц;
2. Дала Къуръанехь цIе яьккхинчарна бен йогIуш яц мунепакъан цIе;
3. Мунепакъаш Дела цхьаъвеш бу, амма даккхий къинош летийначарех бу уьш. Делаца накъост ца лоцу цара, шайх копарш бу алахь а.
– зина дина, хIума лачкъийна я латийначу къинна таIзар дина, цул тIаьхьа цуьнга тоба дойту; тоба дахь, къинойх цIанло и, ца дахь, вен кхочу и стаг, олу цара;
– шайна дуьхьал болчу бусалба нехан цIий хьаналдора цара, церан зударий, бераш йийсар бора, уьш динах юхакхетта (муртаддаш) бу бохуш. Абу Бакра (Дела реза хуьлийла цунна) а муртаддашца изза некъ лелийна бохуш, бехказлонаш лоьхура цара.
42
БорхIалгIа тоба: Ас-СуфрийахI
СуфрийахI (можа бос) цIе тилларан бахьана, цара Iибадат деш шайна ницкъ барна церан яххьаш можа, макхъелла хилар ду. Церан хьалхара стаг Абу Билал Марвас хилла. ДIахьедарш хIорш ду церан:
– шайгахьа берш тIаме ца бахча а, уьш копарш лоруш ца хилла цара;
– Аль-Азарикъаш санна, зударий, бераш копарш бу бохуш, бойуш ца хилла цара. Ткъа даккхий къинош летийначийн хьокъехь хIокху кхаа декъе бекъабелла уьш:
1. Копарш – мушрикаш бу;
2. Къа латийначунна паччахьо таIзар (бекхам) динехь, и къа латийнарг копар ву;
3. Даккхий къинош латийнарг копар я мушрик ву ала мегар дац, цо летийначу къинойх терра яккха еза цуьнан цIе. Масала, хIума лачкъийначух къу ву, ала деза, копар ву ала мегар дац. Амма латийна къа дуьненахь таIзар ца деш долу къа делахь (ламаз дитар, марха ца кхабар), и латийнарг копар ву олу цара.
Тахана оцу тобанийн дукха хиларехь вайна гуш ду, уьш тIех чIогIа собар доцуш, массо дозанах тIехбевлла нах хилар. Цуьнан бахьана – уьш вовшахтухур болу цхьа некъ церан ца хилар, тIетовжа Iилманан бух ца хилар а ду.
Шайн тешарехь, мел лелочу, дуьтучу а хIуманехь уьш тIетевжа шайна хетачунна, моьттучунна, шаьш-шайх бIобулу церан, баккхийбе уьш шаьш лелочух. Уьш го, Iеламнахах ца бешаш, царна цIераш тохкуш, церан фикъхIан жайнаш сийсаздеш, шайна фикъхIан баххийн Iилманех (усулуль фикъхIи) хууш хIумма доццушехь. Иштта, таханлерчу цхьайолчу тобанийн кхетамаш, коьрта ойланаш, дIахьедарш хьалхалерчу хаварижийн тешарех, кхетамех тера хилла карадо. Дала ма-баххара: «Церан
43
дегнаш вовшех тарделира». «Аль-Бакъарат», 118.
ХIокху заманарчу тобанийн (экстремистийн) коьрта ойланаш, тешамаш, церан кхетамаш хIорш бу:
– шайн хьукма дарехь галваьлла аьлла хета имам я хьаькам вохор а, вер важиб а лору цара;
– шайна дуьхьал болу, шайна реза боцу массо бусалба нах копарш бу олу цара;
– шариIатан ахькамаш дайн ца хеташ, уьш къобалбеш волуш, цхьадолу къинош летийнарг, копар лору цара;
– шайн дуьхьал берш, уьш зударий, бераш белахь а, байа магадо цара;
– шайна тIаьхьахIиттина харц тешамашна тIаьхьабозурш, даккхий къинош летораш а накъостий, доттагIий лоцу цара.
6. Хаварижаш гучубийлар карладийлар
Хаварижаш хIора заманахь юх-юха гучубийлар Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) пайхамараллин билгалонех цхьа билгало ю. ХIунда аьлча, цо церан сибаташ, тешамаш билгалбина, царна хьалхабевллачу нехан цIераш, сибаташ, куьцаш дийцина. Цул сов, и тобанаш бусалба нахана кхерамаш туьйсуш, зуламаш деш, умматах дIакъаьстина, бусалба нехан могIанаш хедош, церан мостагIийн гIоьнчий хилла, ийманехь берш бойуш, мушрикаш хье ца беш, дажал валлац йолчу заманахь лаьттар ю аьлла, дийцина цо. Делан неIалт хуьлийла дажална, оцу тобанашна а.
Iумаран кIанта (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Цхьа халкъ гучудер ду, Къуръан доьшуш хир бу уьш, амма иза церан логел хьаладер дац. Церан (шайтIанан) маIа гучу моссазза
44
ели, кагйийр ю». Iумаран кIанта (Дела реза хуьлийла цаьршинна) элира, шена Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) иштта (тIетухуш) олуш хезира, аьлла: «Церан маIа юх-юха гучуюьйлучуьра ца соцуш, ткъозза сов кагйийр ю. ТIаккха а совцур бац уьш, шайна юкъара дажал схьаваллалц». (Ибн Мажах1). Иштта цуьнгара деана, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Сан умматах вуон Iамалш еш долу къам дер ду, Къуръан доьшуш хир бу уьш, амма и цара доьшу Къуръан церан къамкъаргел хьала дер дац». Язида элира, шена Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) иштта олуш бен ца хезна, аьлла: «Шуна шаьш еш йолу Iамал, цара ечу Iамале хьаьжча, кIезиг хетар ю. Бусалба нах бойуш хир бу уьш. Уьш гучубовлахь, байалаш, варийлаш, уьш гучубовлахь, хIаллакьбелаш уьш, уьш гучубовлахь, байалаш уьш. Декъалалла (ялсамани) ю уьш байинчунна, ялсамани ю цара вийначунна. Церан маIа гучу мосазза йолу, АллахIа и кагйийр ю». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) и дешнаш ткъозза олуш хезира шена» аьлла, тIетуьйхира Язида. (Ахьмад).
IабдуллахI бин Iамру бин Iаса (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, шена Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) олуш хезира, аьлла: «Малхбалехьара, сан умматах цхьа нах бевр бу, Къуръан доьшуш хир бу уьш, амма цара доьшу и Къуръан церан динбухкел (ключица) хьаладер дац. Царна юкъара и маIа мосазза гIотту, Дала кагйийр ю и, бисанчарна юккъехь дажал гIатталц».
Абу ДжаIфара (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина: «Со вара Iелийца НахIр олучу тIамехь. МостагIий
45
байинчул тIаьхьа Iелас (Дела реза хуьлийла цунна) омра дира, и чолакх стаг караве, аьлла. Цара лехира, амма ца карийра царна иза. ХIора веллачунна тIе эрзан шелхиг йилла аьлла, омра дира цо. Цул тIаьхьа и стаг цхьана текхначу, таьIначу меттехь боьха хьожа йогIучу уьшалахь карийра царна. Цуьнан куьйган меттана тIехь чоьш долу некхах тера хIума яра. Оцу стаге хьаьжна, Iелас (Дела реза хуьлийла цунна) элира: «Бакъ ву АллахI, цуьнан Элча а». Цул тIаьхьа шен шина кIантах – Хьасанах я Хьусайнах – цхьамма – олуш хезира цунна: «Хастам бу, Мухьаммад оцу тобанах хьалхаваьккхинчу (паргIатваьккхинчу) АллахIна». ТIаккха Iелас (Дела реза хуьлийла цунна) элира: «Мухьаммадан умматах кхо стаг бен висина ца хилча, царех цхьаъ церан некъахь хир вара. Уьш хIинца божарийн, зударийн тIамаршкахь болуш бу».
II. Хаварижийн уггар бIаьрла долу сибаташ, билгалонаш а
Къуръанехь, хьадисашкахь царех лаьцна деанарг
Къуръанехь царех лаьцна деанарг
1. Везчу АллахIа боху: «Ахьа ала: «Аса бийций шуна Iамалшца уггар иэшамехь берш? Дуьненахь шайн къахьегар (эрна) дайина хилларш бу, шаьш дика болх беш бу а моьттуш» Уьш бу, шаьш шайн Делан аяташна а‚ Цунна дуьхьал шаьш хIитта дезарна а керсталла динарш; эрна хилла церан Iамалш, Оха къематдийнахь церан (дика) Iамалш терзана тIехь язйийр яц». «Аль-КахIф», 103-105.
46
Аль-Алусин тафсирехь деана, IабдуллахI бин Аль-Кавваъа шега хаттар дича, Iелас (Дела реза хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Царех бу и Хьарураан охIла (хаварижаш). Цхьамма, шекваьлла, оцу аяташкахь хьахийнарш къематденна инкарло еш болу копарш ма бу, ткъа хаварижаша къематденна инкарло ца йо алахь, цунна жоп иштта лур ду: «Уьш царех бу алар бехкам бац, оцу керста нехан дерриге сибаташ цаьрца хиларна. Уьш тилабелла хиларо кхачам бо, уьш царех тарбан».
Аль-Фахрур-Разис шен «Мафатихьул-гIойби» жайнахь хьахийначу аятехь бийцинарш мозгIарш я жайнан охIла, я аль-Хьарурияташ хила мега, аьлла. Цул тIаьхьа тIетуьйхира цо: «Оцу аятехь вуьйцуш верг, ша еш ерг Далла муьтIахь хиларан 1амалш ю моьттуш, 1еса 1амалш йинарг ву. Цара ен Iамал Далла муьтIахь хилар елахь а, уьш копарш хилар бахьнехь церан Iамал къобалйийр яц. Цара и Iамалш шайна мела хиларе сатуьйсуш йо, шайн догIмаш кIаддо цара, шайна ял лоьхуш, къематдийнахь декъалхиларе сатуьйсуш.
Цара сатуьйсург, луург царна хир дац, уьш тилабелла хиларна». («Тафсир», Аль-Фахрур-Рази).
Бухарис шен «Сахьихь» жайнахь, Къуръанан «Ахьа ала: «Аса бийций шуна Iамалшца уггар эшнарш» аятан тафсир дечу декъехь боху: «МусIаба дийцина: «Аса сайн дега хаьттира, хIокху аятехь буьйцуш берш Аль-Хьарурияташ буй?» Цо элира: «Бац, уьш жуьгтий, керста а бу. Жуьгташа Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) харц вира, ткъа керстачара, ялсамани ю аьлла, къобал ца дира, ялсаманехь даар, малар дац, элира. Ткъа Аль-Хьарурияташ Деле чIагIо йина, цул тIаьхьа и чIагIо йохийнарш бу. СаIдас уьш галбевлла, харц (песакъ)
47
нах бу, аьллера».
Иштта Ибн Джариран тафсирехь деана, IабдуллахI бин Аль-Кавваъа Iелега (Дела реза хуьлийла цунна) оцу аятан тафсирах хаьттича, цо элира, аьлла: «Шу ду уьш, хIай Хьаруроан охIла; Аль-Хьаруроъ – Куфа шахьарна уллехь йолчу юьртан цIе ю, цуьнан цIарца евзаш ю хаварижийн тоба». Уггар хьалха, уьш оцу юьртахь гулбала буьйлира, динан кIорге бахара, цул тIаьхьа цунах (динах) бевдира». ХIокхуьнца догIуш ду, Iаишата (Дела реза хуьлийла цунна), «Хьаруриятех-м вац хьо?» – аьлла, дина хаттар. Цуьнан маьIна, динах ваьллачех-м вац хьо, бохург ду. И маьIна хьахийна Аз-Замахшарис, Фахрур-Разис.
2. Везчу АллахIа аьлла: «Оцу дийнахь цхьайолу яххьаш кIайлур ю, кхиерш Iаржлур ю. Ткъа яххьаш Iаржъеллачаьрга эр ду, ийман диллинчул тIаьхьа копарш хили шух? ХIинца Iовша шайна Iазап, шаьш динчу куфранна долу». «Алу Iимран», 106.
Аль-Къуртубин тафсирехь деана, Малик бин Анаса (Дела реза хуьлийла цунна) хIара аят шайна хетарг (моьттург) дуьйцучеран хьокъехь доьссина, элира, аьлла.
Тирмизис далийна, Абу-ГIалиба дийцина, аьлла: «Абу Умамата, шена Дамаск-шахьаран гIопа тIехь дIабоьгIна кортош гича, элира: «ЦIеран жIаьлеш ду уьш, стигал бухахь байинчарех царел вуон нах хилла бац, байинчарех цара вийначул дика стаг хилла вац». Цул тIаьхьа хIара аят дийшира: «Оцу дийнахь цхьайолу яххьаш кIайлур ю, кхиерш Iаржлур ю…» «Алу Iимран», 106.
Аса хаьттира Абу Умамате, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) и олуш хезна вуй хьо, аьлла. Цо элира: «Сайна Делан Элчанера (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) иза цкъа, я шозза…
48
ворхIазза хезна дацахьара, аса шуьга дуьйцур дацара иза». (Тирмизис хьасан хьадис ду аьлла хIара).
Цул тIаьхьа Аль-КъуртIубис, хьаьвда (хи) а, шаьш лелийна, керла юкъадаьхна хIуманаш бахьнехь цунах генабохур (лохкур) берш хьахийра. ТIаккха элира цо: «Делан дина юкъа Дела реза воцу керла хIума деанарг я цхьа хIума хийцийнарг, – Дала и магийна а доцуш, – иза Дала хьовданан хих дIаэккхор ву, генавоккхуш, юьхь Iаржйинчех хир ву и. Царех уггар ч1ог1а лаьллинарг, хина гена ваьккхинарг, бусалба нехан жамIатах къесташ, церан некъара вуьйлуш верг ву. Царех бу, шайн тобанашка бекъабелла болу хаварижаш, шайн тилар билгалдолу «равафидаш», шайн лаамашкахь (хетаршкахь) йолу муIтазилийн тоба. Уьш берриге дин хуьйцуш, керла хIуманаш юкъадохуш бу.
Иштта дукха харцонаш лелорехь, зулам дарехь тIахъаьлла хьийзаш бу уьш. Бакъдерг хьулдеш, оцу бакъона тIехь берш сийсазбо, хIаллакбо цара. И дIакъаьстинчеран охIла (хераяьлла), шайн хетаршка бирзинарш а, керла хIуманаш динна юкъадаьхнарш, гуччохь даккхий къинош летош берш, Iесалла дайн хеташ берш – уьш берриге оцу аятана юкъабогIуш хилар кхерам болуш бу.
Алусис шен тафсирехь далийна, уьш хIокху умматех дина юкъа керла (динца ца догIу) хIуманаш дохуш, шайн лаамашка, хетаршка а бирзина нах бу олура цхьаболчара, аьлла. Иштта и хабарш кхаьчна Iелегара, Абу Умаматера, Ибн Iаббасера, Абу СаIид Аль-Худрера (Дела реза хуьлийла царна).
3. Сийлахьчу АллахIа боху: «Ахьа ала, АллахI ницкъ болуш ву, шуна тIехула, когашна бухара Iазап доссо, шу тобанашка а декъна, вовшашна зуламаш дайта».
49
«Аль-Ан1ам», 65.
Цхьаболчу Iеламнаха (Фахрур-Разис, имам Аль-КъуртIубис) боху, хIокху аятан маьIна – шун вовшахкхетар вовшашца барт боцуш хир ду. Тобанашка доькъур ду шу, барт болу цхьа тоба хир яц шух; шайна юкъахь барт ца хиларна, вовшийн дойур ду аша, бохург ду.
ХIунда аьлча, ша гал болчу некъахь вовшахкхетта хир бу уьш, дуьне лахарехь бекъабелла (барт боьхна) церан тхьамданаш а хир бу.
4. Сийлахьчу АллахIа аьлла: «Хьо жоьпаллехь вац, дин доькъуш, цунна юкъа къестамаш балош, тобанашка бекъабелачарех». «Аль-АнIам», 159.
Аль-КъуртIубин тафсирехь деана, «дин доькъуш, цунна юкъа къестамаш балош» бохучун маьIна деш
Iелас (Дела реза хуьлийла цунна) элира, аьлла: «ВаллохIи, дин доькъуш ма бацара уьш, оцу динах бевлла ма бара уьш...»
ХIара аят массо копарийн, ткъа иштта Дала дина омра доцуш динна юкъа керла хIума далийначеран хьокъехь доьссина, аьлла а ду. Абу ХIурайратера (Дела реза хуьлийла цунна) деана, Делан Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) оцу аятехь буьйцурш «Динна юкъа цуьнца ца догIу керла хIуманаш дохуш, шеконаш кхуллуш болу хIокху умматан тилабелла нах бу», – элира, аьлла.
МужахIида аьлла, хIокху «дин доькъуш, цунна юкъа къестамаш балош» аятах лаьцна, – уьш хIокху умматехь болу, динна юкъа цуьнца ца догIу керла хIуманаш дохуш, шеконаш кхуллуш болу нах бу. Хаа дезарг, хIокху аято тIенисвийриг – бусалба нах цхьана дашна тIехь нисбарна, дин ца декъарна, цунна юкъа шариIатца ца догIу керла
50
хIуманаш ца дахарна тIехь сутара бахар ду.
5. Везчу АллахIа боху: «ХIай ийман диллинарш, шайх боцурш шайна доттагIий ма лацалаш. Шуна зен дан гIертачуьра совцур бац уьш, шуна вуон болх хилча, хазахета царна. Церан маттехула гучуяьлла цаьргахь йолу хьагI-бода. Амма церан дегнаш чохь дерг кхин ирча-доккха хIума ду. Иштта оха йийцина шуна билгалонаш, шу хьекъал долуш делахь». «Алу Iимран», 118. Абу Умамата дийцина, хIокху аятехь хьахийна «доттагIий» Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хаварижаш бу, элира, аьлла.
Алусис хIокху аятан тафсир деш, аьлла, хIара аят доссоран билггал цхьа бахьана делахь а, цуьнан хьукма юкъара ду (муьлхха шен дуьхьал верг доттагIа лаьцначунна догIуш ду). Шена дуьхьал верг доттагI лацаро питана до, бохамаш баржабо. Цундела хьахийна тафсирашкахь и тайпа доттагIий, хаварижаш, бу аьлла.
Хаварижех лаьцна даьхкина хьадисаш
Хьалхарчу декъехь вай дуккха хьадисаш далийра царех лаьцна. Делахь пайде хир ду аьлла хета хьадисаш кхин а далийча.
Анаса (Дела реза хуьлийла цунна) аьлла: «Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дийцина аьлла, цхьаммо хIара хьадис дийцира соьга: «Шуна юкъахь цхьа къам ду, дукха Iибадат деш къахьоьгуш хиларна, шайх нах цецбуьйлуш. Цара шаьш тамаша бийр бу шайх, динах бовдур бу уьш, Iодара кхоьссина пха санна». (Ахьмад).
51
Дерзош, хаварижех лаьцна долу хьадисаш хьахийначул тIаьхьа, массо меттехь, заманахь вай лардала дезачу тилаеллачу тобанех лаьцна юкъара хьадисаш хьахор ду вай:
1 - Хьузайфат бин аль-Йаманера (Дела реза хуьлийла цунна) деана, цо элира, аьлла: «ХIай Делан Элча, тхо вуочу хьолехь дара, Дала дика дира тхуна. ХIинца тхо дикчу хьолехь ду. ХIокху диканна тIаьхьа вуон догIур дуй-те?» Цо элира, догIур ду, аьлла. Оцу вуонна тIаьххье дика догIур дуй-те, аьлла, шега хаьттича, догIур ду, аьлла, жоп делира цо. Ткъа оцу диканна тIаьххье вуон догIур дуй-те, аьлла, хаьттича, догIур ду, элира Мухьаммад-пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна). Аса хаьттира, муха хир ду иза? Цо элира: «Сол тIаьхьа имамаш бевр бу, аса беанчу некъа тIехь хир бац уьш я сан Сунната тIехь хир бац. Царна юкъара цхьа нах гIуьттур бу, шайтIанан дегнаш долуш, шаьш адамийн догIмашкахь белахь а». Аса хаьттира, церан хене со валахь, хIун дан деза аса, хIай Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), аьлла. Цо жоп делира: «Хьайн паччахье ладогIа, цунна муьтIахь хила. Цо хьайн букъ буохь, даьхни схьадаккхахь а, ладогIа, муьтIахь хила хьайн паччахьна». (Муслим).
2 – Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина,
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Сан умматах тIаьхьарчу заманахь шуна я шун дайшна ца хезнарг дуьйцуш цхьа къам дер ду. Цунах ларлолаш». (Муслим).
52
3 – Цуьнгара кхечу некъахула кхаьчна Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хIара дешнаш: «ТIаьхьарчу заманахь шуна я шун дайшна ца хезнарг дуьйцуш, нах Iехош, харцлуьйш, аьшпаш буттуш цхьа къам дер ду. Царех ларлолаш, шаьш тиладарх, цара шайна юкъа питана дожадарх ларлолаш». (Муслим).
Iаишата (Дела реза хуьлийла цунна) элира: «Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хIара аят дийшира: «Иза ву (АллахI) хьоьга Къуръан доссийнарг. Цуьнца ду, хьукма деш, маьIна цIена билгалдаьлла аяташ, уьш Къуръанан нана (бух) лоруш ду. Иштта кхин аяташ ду Къуръана чохь, шайн маьIна ийна долуш (Iеламнаха билгалдаккха дезаш). Шайн дегнаш харцонна тIехь чIагIделларш, – оцу шолгIачу, хьукма билгалдаккха баккхийчу Iеламнахана а бен хуур доцчу, аяташна тIаьхьабозуш, нахана юкъа питана даржо а, оцу аятийн маьIнах кхета а гIерта. АллахI воцчунна хуур дац оцу аятийн кIорггера маьIна. Динан кIорггера Iилма долчара олу: «Тхо теша (ийман дуьллу) оцу аятех, уьш дерриге АллахIера ду». Амма хьекъалан дайша бен, шайна бина хьехам дIалоцур бац». «Алу Iимран», 7. Iаишата (Дела реза хуьлийла цунна) элира, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Хьукма билгалдаккха баккхийчу Iеламнахана а бен хуур доцчу аяташна тIаьхьабозурш шайна гахь, ларлолаш царех, уьш бу АллахIа шайна и цIе тиллинарш». (Бухари, Муслим).
53
11 – Хаварижийн сибаташ
Баккъалла, хаварижийн шайн билгалонаш ю, цаьрца къасталуш бу уьш. Иштта сибаташ ду церан, цаьрца билгалбовлу уьш. Церан сибаташ вайна дийцинчарех, уьш вайна бовзийтинчарех уггар диканиг Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) ву. Цо уьш дийцина шен Сийлахьчу хьадисашкахь. Церан сибатийн гулар йийцале, и сибаташ девзаш хиларан мехалла хьахор ю вай:
1- Церан сибаташ довзаро гучудоккху вайна, уьш массо дозанел тIехбевлла хилар. Иштта уьш бовзаро гIо до вайна, уьш гучубовла бахьана ца далийта а. Оцунах, шеко йоцуш, къайлагIур боцуш пайда бу вайна.
2- Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) шен хьадисашкахь ма-дийццара, тIаьххьара зама яллац хир болуш бу уьш. Цундела мехала ду церан сибаташ довзар, цаьрца доьзнарг хууш хилар.
3- Церан сибаташ довзаро стаг царна юкъа кхетарх ларво. Вуон хIума девзаш воцург, дукхахьолахь, вужуш ву оцу вуонна юкъа. Цул сов, уьш бовзаро (церан сибаташ довзаро) царех ларвала, и цамгар кхеттачарна (оцу балехь болчарна) дарба дан а аьтто бо.
ХIинца, церан сибаташ билгалдохур ду вай, Делан Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хьадисашкахь ма-баххара:
54
1. Сийсазалла, тилавар, Iехавар
ХIара сибаташ церан (хаварижийн) уггар бIаьрла сибаташ ду. Нийсонна тIехь болу имамаш сийсазбеш, уьш тилабелла бу, боху цара. Бусалба нехан имамаш бакъонна, нийсонна тIера бевлла бу бохуш, шайггара хьукма дора цара. И сибат гучуделира Зуль-Хувайсаротан Делан Элчанца (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хиллачу къамелехь. «ХIай Делан Элча, нийсо е!» – элира цо цуьнга.
Ша Делан Элчанал (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) Делах кхоьруш лерира цо, ткъа Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хIума екъарехь галваьлла, нийсонна тIера ваьлла хиларх тешна вара иза. ХIокху сибатах ца бевлла уьш цхьана а заманахь. Боккха, зуламе (вуон) Iаткъам бина цара хьукма дарехь, Iамалш-белхаш барехь а. Ибн Таймияс хаварижех лаьцна иштта аьлла: «Церан тилабаларан бух – иза нийсонна тIехь болу имамаш, берриге бусалба нах нийсонна тIера бевлла, тилабелла бу, аьлла, уьш тешна хилар бу. Цул тIаьхьа, шайна зуламе ду аьлла хетарг, шайна гергахь, куфр (керсталла) лорура цара. ТIаккха оцу куфрана шаьш юкъадаьхна хьукманаш дора цара».
2. Вуон ойла хилар
ХIара сибат гучуделира церан тхьамданехь Зуль-Хувайсиратехь, цо Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) нигат, цIена Делан дуьхьа дац, аларца. Оцу Делан неIалт хиларо аьллера: «ВаллохIи, хIара хIонс нийсонца, Делан дуьхьа (Дела резаван)
55
екъна ма яц». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хIонс къечу нахана ца луш, хьоладайн тхьамданашна екъар дикчу балха тIе ца тигира цо. Кхин хIумма а ца хилча, хIонс йоькъуш верг Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хилар тоьуш дара Зуль-Хувайсиротана, цуьнан Мухьаммад-пайхамарх (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дика ойла хилийта. Амма шен синан цамгар бахьнехь, цо и дика ойла хилар юхатуьйхира. И бахьана (синан цамгар), Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) нийсо еш вац аларца лачкъо гIоьртира иза. Оцу кепара, иблисо галваьккхина, шена караверзийна, лецира иза.
Цундела адам шен синан лаамийн тергоеш хила деза. Шен синна лууш дерг (дика я вуон) къастош хила веза стаг, шена моьттучунна, хетачунна тIаьхьавазарх ларвала веза иза. Иблисан мекарлонна тIехь самоеш хила а веза иза. ХIунда аьлча, цо, сирла лепачу кехата юкъа а хьарчайой, хийла вуон Iамал хазйо. Мел ирча Iамал, болх, бакъонан буха тIехь бу, олий, бехказа а боккху иблисо. Адаман са оцу вуочу хIуманах, шайтIанан мекарлонах, цо лацарх лардеш дерг Iилма ду. Зуль-Хувайсарат, шегахь Iилманан лар йолуш мукъане хиллехьара, я цхьажимма кхетам болуш хиллехьара, галваьлла, оцу иблисан кара гIур вацара.
Ткъа хIинца Исламан Iеламнахана меттиг лур ю вай,
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) нехан йоьхначу юкъаметтигашна дарба деш бинчу белхан сийлалла, лелийначу хьекъалан кIоргалла а довзийта. Исламан шайхо Ибн Таймияс аьлла: «Делан
Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) Хьунайн яьккхинчу шарахь цигахь яьккхина хIонс Исламехь чIагIбаланза болчу Наждан охIланна, къурайшийн
56
тайпанан болу шайн зударий битинчу, масала, Iуяйна бин Хьисн нахана а юккъехь йийкъира. Ткъа мухIажаршна, ансарашна хIумма ца елира цо. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хIонс Наждан охIланна елира, церан дегнаш Исламехь чIагIдалийтархьама. ХIунда аьлча, уьш ийманехь чIагIбалар, берриге бусалба нахана маслаIате долу дела. Ткъа цо хIонс ца луш битинарш, цунна гергахь, лакхара бара. Элий бу уьш, Делан гергара нах (эвлаяаш) бу. Делах кхоьруш болу, Делан уггар дика леш бу уьш, пайхамарш, элчанаш (Делера салам-маршалла хуьлийла царна) дIабевлча. Амма Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хIонс екъначарна юкъахь шаьш балале Исламах юхакхеттарш бара, дукхах берш, къен боцуш, бехаш нах бара уьш. Къечарна хIонс екъар, хьоладайшна (бехаш болчарна) и екъарал маслаIате хиллехьара, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) иза, оцу шайн тайпанашкахь вовшех летачу хьоладайшна йоькъур яцара. Цо и хIонс дIалур яра, царел дика, шена оьшуш болчу мухIажаршна, ансарашна а.
Оцунах тера ду, хаварижаша Делан Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) сийсазван гIортар. Царех хьалхарчо элира цуьнга: «ХIай Мухьаммад, нийсо е, нийсо ца йина ахьа». Юха элира: «Баккъалла, хIара екъна хIонс, Дела реза волчу кепара екъна яц…»
Марханаш дукха кхобу цара, ламазаш до, Къуръан доьшу дукха, амма Суннатна, бусалба нехан жамIатна юкъара къаьстина уьш. Лерина, шаьш ца кхоош Iибадат до цара, амма Iилма дац цаьргахь. И (Iилма ца хилар) бахьнехь луш йолу хIума (вайн масалехь, хIонс) хьашто йолчунна бен ца йогIу, аьлла, хийтира царна. Цундела, шайн тайпанашкахь вовшех летачу хьоладайшна хIонс
57
ялар Дела воцчунна, кхечунна бен маслаIате дац, боху цара. Цара и алар, уьш жехIил хилар ду. Баккъалла, луш йолу хIума, Ислам-динан маслаIате хьаьжжина ю.
Далла чIогIа муьтIахь мел верг, Цуьнан динна (Исламна) сов пайден мел верг хьалхара ву, шена хIума (хIонс) яла. Ислам-дин дIахIотто, цуьнан мостагIий иэшо, иза айдан, дIакхайкхо а оцу хIонсана хьашто йолчунна и ялар гIоле ду, шолгIачеран оцу хIонсе хьашто чIогIо елахь а. Цундела, стеган декхар ду, сема хилар, хьехам баран Iилма девзаш хилар, шариIатан баххаш (цуьнан Iалашонаш) евзаш хилар. ТIаккха иза шеконе, моттаргIанашка вужур вац. Шена хетаршка вирзина, хьере хир вац, нахах вуон ойла хир яц цуьнан, уьш сийсазбийр бац цо, уьш хасто, дика дош ала бахьана а долуш.
3. Iибадатехь тIех соввийлар
ХIокху церан сибатна вай тIенисдина Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хьадисо: «Сан умматах цхьа къам дер ду. Къуръан доьшуш хир бу уьш. Цара доьшучу Къуръане хьаьжча, аша доьшург кхоччуш хетар дац шуна; цара дечу ламазашка, кхобучу марханашка хьаьжча, шайн ламазаш, марханаш кхоччуш хетар дац шуна». Марха кхабаран, буьйса денъяран, Дела хьехоран, Къуръан дешаран Iибадатехь совбийларца билгалбевлла (гIарабевлла) бу хаварижаш. «Къуръан доьшурш» бохучу цIарца бевзинера уьш, Къуръан дешарна тIехь цара чIогIа къахьегарна, Iибадатехь совбийлар бахьнехь. Делахь а, оцу Къуръано бохург шайна ма-хетта туьдура (маьIна доккхура), шайн хетарг хьалхадоккхура, Делах кхерарна, суьпа хиларна а тIехь чIагIбелла белахь а.
58
Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлийла цаьршинна) бийцира уьш, цаьрца ша къамел дан вахча: «Цхьана къомана юкъа нисвелира со. Цул лерина Iибадат деш къам гина вацара со. Церан хьаьжнаш тIехь даьIнаш дара, дукха сужданаш дарна; церан куьйгаш эмкалан голаш санна дара, царна тIехь кучамаш яра йиттина, пхьуьйшаш хьалакарчийна йолуш. Яххьаш макхъелла бара уьш, буьйсана, Iибадат деш, наб ца яр бахьнехь». ХIокху къамело гойту вайна, Дела хьехорца цара сов тIех къахьоьгуш хилар.
Ибнуль Джавзис дуьйцу: «Iела (Дела реза хуьлийла цунна) веллачул тIаьхьа, и вийна волу Ибн Мульджим
асхьабаша вен араваьккхира. IабдуллахI ибн ДжаIфара когаш, куьйгаш дехира цуьнан, амма важа шек ца велира я вист ца хилира. БIаьрганегIаршна тIехула цIийбинахьостам шена хьаькхча а, шек ца волуш, бIаьргех охьаоьхуш соьла а долуш, «Аль-Iалакъ» сурат дийшира цо чекхдаллалц. Шен мотт баккха хIиттича, кхеравелла, вуьйхира иза. Цуьнга хаьттира, хIинца хIунда вуьйхи хьо, аьлла. Цо жоп делира, дуьнен чохь волуш Дела ца хьехош йолу елла хIума хила ца лаьа шена, аьлла. Мокхачу басахь юьхь йолуш, хьаьжана тIехь дукха сужданаш дарна билгало йолуш стаг вара и, Делан неIалт хиларг». (Ибнуль Джавзи, «Талбису иблиси», 94 агIо).
Цунах лаьцна, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла, хIокху умматехь уггар дакъазваьлла стаг ву иза, самуда-къоман эмкал йийначун ваша хила бегIийла волуш.
Церан гуш йолчу дикчу агIонах Iехадала мегар дац вай. И стаг жехIил хиларан коьрта билгало, шен мотт баьккхича Дела хьехалур вац аьлла, иза кхеравалар ю. Цуьнгахь Iилма делахьара, хуур дара цунна, дагца Дела
59
хьехор, маттаца Иза хьехочул а дуккха гIолехь, мелехь дуй. Амма цара динчу Iибадатах мела ца хилира царна я цунах пайда ца ийцира цара. Чохь са доцчу дегIан чалхах, стом ца латийначу хенах тера дара и церан Iибадат. Iибадато церан гIиллакхаш ца тодира, синош ца цIандира, дегнаш ца кIаддира. Ткъа Iибадат вайна тIедилларан Iалашо – гIиллакхаш тодар, синош цIандар, дегнаш кIаддар ю.
Везчу АллахIа боху:
«…Ламаз а хIоттаде. Баккъалла а, ламазо духатуху боьханиг а‚ ирчаниг а». «Аль-Iанкабут», 45.
«ХIай‚ ийман диллинарш! Шуна тIедиллина марха кхабар‚ шул хьалхабаханчарна тIедилларх терра‚ шу Делах кхоьруш хилийтархьама». «Аль-Бакъарату», 183.
Оцу хьекъалх бевллачу нахана цхьа а дакъа ца кхечира шаьш буьйсана юккъехь гIуьттуш йинчу Iамалех, наб яйар, кхобучу марханашца мацалла хьегар, доьшучу Къуръанах йиш халар доцург. Хаварижийн хьал довзаро вай тIенисдечу пайданех лаьцна иштта дуьйцу Ибн Хьажара: «Стеган тIехула долу хьал нисдарх тоьуш дац, иза нийсо ярца Iибадатехь, суьпа хиларехь, гIараваьлла велахь а. Оцу стеган хьолан къайлах йолу агIо ю талла, зен езаш». («Фатхьуль Бари», 302/2).
4. Бусалба нахаца буьрса хилар
Хаварижаш бусалба нахаца шога, къиза, луьра хиларца бевзаш бу. Бусалба нах ца безаран тIегIа кхерамечу дозане кхаьчна церан. Бусалбанийн цIий, даьхни, сий хьаналдеш,
уьш чехабора, байа а бойура цара. Амма хIолламашна
60
Iибадат деш берш а, кхиболу Исламан мостагIий а ца хьебеш буьтура, цаьрца машар бора, зен-зулам ца дора царна.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) церан и сибаташ иштта дийцина вайна: «Исламан динехь берш бойура цара, хIолламашна (жIаршна) Iибадат деш берш ца хьебора».
Тарихехь хийла Iаьржа агIо йисна хаварижаша лелийначунна теш хилла. Царех цхьаъ дIайоьллу хIокху хIоьттина хиллачу ирчачу суьрто: «Некъахь шайна дуьхьалкхеттачу IабдуллахI бин Хаббабе хаьттинера хаварижаша: «Хьайн дегара, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) вайна дийцина хьадис хезний хьуна?» Цо элира: «ХIаъ. Суна хезна, сан дас олуш, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) цхьа питана хьахийра, аьлла. Оцу питанехь (цхьана а юкъа ца гIерташ) хиъна Iаш верг, ирахь волчул гIоле хир ву; ирахь верг волавеллачул гIоле хир ву, ткъа волавелларг – ведда воьдучул гIоле хир ву. Оцу хене валахь, нах бойучул хьой вейтар гIоле ду хьуна». Цара хаьттира: «Хьуна хьайн дегара хезира Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) и дийцина, аьлла». Цо жоп делира, хезира шена, аьлла. ТIаккха хийисте вигна, вийра цара иза; алссам дара цунна тIера охьахьаьдда цIий. Цуьнан хIусамненан гай ятIийра цара, и берах йоллушехь. Цул тIаьхьа хурманан дитта кIел охьахевшира уьш. Оцу тIера охьаэгначу хурманех цхьаъ схьаэцна, бага кхоьссира царех цхьамма. Кхечо, бехк боккхуш, элира цуьнга, бакъо йоцуш, дIабелла мах боцуш, схьаийци ахь и, аьлла. Шегара бехк баьккхича, багара охьакхоьссира цо и хурма. Царех цхьаъ, баттара тур даьккхина, и лесто вуьйлира, тIехбовлучу (бусалба
61
махкахь бехачу) керста нехан хьакхина туьйхира цо и тур, муха лета хьожуш. Кхечара, бохамаш беш ву хьо хIокху лаьтта тIехь, элира цуьнга. Оцу хьакхин дена дийнатан мах дIабелла, и резавира цара.
Иштта бу хаварижаша бусалба нахаца лелош болу некъ
– шога, луьра, девне а, буьрса. Цара мел дукха Дела хьехаварх, Къуръан дешарх, пайда хир бац царна, нагахь санна уьш Делан нийса некъахь бацахь, бакъ-нийса агIо схьалаьцна бацахь а. АллахIа Шен шариIатна атта (чIагIдина доцуш), коьмарша, адамана лан хала доцуш долу сибаташ делла. Шога, кIоршаме копаршца хилар дика ду. Ткъа бусалба нахаца кIеда-мерза хила веза. Амма хаварижаша нийсса бIостанехьа леладо и дерриге.
Везчу АллахIа боху:
«Мухьаммад – Делан Элча ву. Цуьнца берш, копаршца шога а болуш, вовшашца къинхетаме бу». «Аль-Фатхь», 29.
«ХIай, ийман диллинарш, шух милла а динах вухакхетахь, АллахIа кхин къам далор ду, Шена уьш безаш болуш, царна Ша везаш волуш. Муъмин нахаца кIеда-мерза хир бу уьш, копаршца шога, луьра хир бу, Делан некъахь къахьоьгуш хир бу, бехк буьллучеран бехках кхоьруш хир бац». «Аль-Маидат», 54.
Ткъа хаварижаша, оцу аяташа бохучунна нийсса дуьхьал хIуманаш лелош, бусалба нах хьийзабо, царна кхерамаш туьйсу. И кхерамаш, ницкъбар а бахьана долуш, наха, шайн са кIелхьардаккхархьама, шаьш ширк (Делаца накъост лацар) до моттуьйтуш хIуманаш леладора.
Аль-Мубаррида элира: «Василь бин IатIаъ шайн
62
накъостийн тобанна хьалхаваьлла вогIуш, царна хаварижаш хаабеллера. Цо элира шен накъосташка, хIара шун гIуллакх дац, ша цхьаъ вита цаьрца къамел дан, аьлла. Баларна кхерам болуш, хала киртиг яра царна тIехIоьттинарг. Цара элира цуьнга, хьайн лаамехь ву хьо, дуьхьалхIотта царна (къамел де цаьрца), аьлла. Хаварижаша хаьттира цуьнга, мила ву хьо а, хьоьца берш а, аьлла. Цо элира: «Мушрикаш, Делан даше ладогIа, цунах кхета (цуьнан дозанаш довза) шуьгара гIо-накъосталла оьшурш бу».
– Оха тхайн куьйга кIел леци шу.
– Iилма хьехийша тхуна.
Цунна шайн тешамца догIуш долу ахькамаш хьеха буьйлабелира уьш. ТIаккха элира Василь бин IатIаъа, оха къобалди аша хьехнарг, аьлла. Цара элира, тхуна тIаьхьахIитта, шу тхан вежарий ду, аьлла. Цо элира, тхо шайца дIадига йиш яц шун, Везчу Дала ма-аьлла: «Мушрикех цхьамма хьоьга ша тIеэцар дехахь, тIелаца иза, цунна Делан дош хаззалц. Цул тIаьхьа дIакхачаве иза кхерам боцчу метте». «Ат-Товбат», 6, цундела тхо кхерам боцчу метте дIакхачо деза аша, аьлла.
Вовшашка хьаьжна, цара элира, и шун бакъо ю, аьлла. Массара, вовшахкхетта, уьш кхерам боцчу метте кхачийна, маьрша битира уьш.
Хьажахь, церан Iилма кIезиг хиларе, цара бечу гIийлачу талламашка а.
5. Iилма кIезиг хилар
Хаварижийн йоккха цамгар ю, Къуръанах, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) Суннатах долу церан Iилма гIийла хилар. Цуьнан маьIна,
63
кхетам кIеззиг хилар, ойла кIорггера ца хилар, хьекъал кIеззиг хилар ду. Цул сов, Къуръанан аяташ, хьадисаш, нийсса, шаьш далон дезачу меттехь, ца далор догIу оцу юкъа.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) йовзийтина вайна церан и кхераме цамгар. Цо аьлла царех лаьцна шен хьадисехь: «Къуръан доьшуш хир бу уьш, амма церан къамкъаргел хьаладер дац цара доьшург». Нийса кхетаран цхьа а дакъа дац цаьргахь. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) тоьшалла дина царна, Къуръан дукха, хаза доьшуш хир бу уьш, аьлла. Амма, цуьнца цхьаьна сийсаз хир бу уьш. Цуьнан бахьана хIун ду те? Дера ду, церан пайден боцу кхетам цамгаро лацар, шайн галъевллачу моттаргIанаша уьш лацар бахьнехь цара оцу Къуръанах ирс ца эцар.
Делан сирла вахьйу юьхьарлаца сихо ца йора цара. Цундела дукха гена даьржира цаьргара зулам. Шайна, кхечу бусалба нахана а таIзар, халонаш йира цара.
Ибн Хьажара дийцина, Ан-Нававис (Дела реза хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Къуръан доьшуш хир бу уьш, амма церан къамкъаргел хьаладер дац цара доьшург» бохург, Къуръан дешарх цхьа а пайда хир бац царна, шайн маттехула цара и дIадешар доцург, ду. Ур-атталла, легашка кхочур дац царна и, дегнашка кхачар хьеха ма де хьайна. ХIунда аьлча, оцу Къуръанна тIе ойла яхийта еза, талла деза, дагчу кхачийта деза и доьшуш волчо». «Фатхьул Бари», 293/12.
Кхетам гIийла хиларан цамгар, кхоччуш Iилма ца хилар, боккха кхерам болуш хIума ду. И цамгар хIокху Исламан умматехь яьржира, цунна кIорга чов а еш. Оцу цамгаро ша хьакхаеллачаьрга (цхьа бакъо йоццушехь) бусалба дика нах копарш, тилабелларш бу олуьйтура, сийсаз а
64
бойтура. Цул тIаьхьа баьржира бусалба нахана юкъахь къийсамаш, къестамаш, зулам, мостагIалла.
Хаварижийн вуочу кхетамах лаьцна асхьабаша дийцинарг довзуьйтур ду вай лахахь:
Имам Бухарис дийцина, Ибн Iумарна (Дела реза хуьлийла цаьршинна) уггар вуон халкъ хетара уьш, аьлла; копарийн хьокъехь диссийна аяташ доьшуш, уьш муъмин нахана тIедерзадора цара, олура цо.
Ибн Iумара (Дела реза хуьлийла цаьршинна) аьлларг хезча, хазахийтира СаIид бин Джубайрана. Цо элира: «Аль-Хьарурияташ (Аль-Хаварижаш) шайна билггал ца девзачунна (муташабихI) тIаьхьабазаран масал ду, цара хIокху аятна: «Дала доссийначуьнца хьукма деш боцурш, зуламан дай бу» («Аль-Маидат», 44) тIаьхьа хIара аят доьшуш хилар: «ТIаккха куфр диначара Цуьнца накъост лоцу». «Аль-АнIам», 1. Имам хьукма деш галваьлча, цо куфр дина, олура цара. Ткъа куфр динарг Делах дIахьаьвзинарг ву, Делаца накъост лаьцна цо, олура цара. ХIара уммат мушрикийн уммат ду аларна тIехь чIагIбелла уьш.
Бусалба нахана дуьхьалбовлий, цаьрца тIом бо цара, шаьш и аяташ шайна ма-хеттара туьду дела. Ма тера ду таханлера хьал дIаяханчу хенахь хиллачух. Шайн кхетам заьIап хиларна, оцу барамал совбевллачара иза бен лелордарий-те?!
НафиIа дийцина, Ибн Iумара (Дела реза хуьлийла цаьршинна), шега Аль-Хьаруриятех (Аль-Хаварижех) лаьцна хаьттича, элира, аьлла: «Цара, бусалба нах копарш бу, олу, церан цIий, даьхни хьаналдо, зударий дукха балабо. Шайна юкъа зуда нисъелча, – и марехь йоллушехь – царех цхьамма шена ялайо иза. Царех верг санна, шена дуьхьал тIом бан хьакъ волуш цхьа а стаг ца хаьа суна» («Аль-ИIтисам», 183/2).
65
Иштта бу уьш, гIийла кхетам болуш, хьукма дарехь галбевлла, оьзда йоцу амалш, болар-лелар долуш а.
Церан Iилма кIезиг, кхетам гIийла а хиларна, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) вахьйуна тIе уьш ца тевжира. Оцу балхо сийсаз а, хIаллак а бира уьш.
Ат-ТIабарис нийсачу зIенаца далийна Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлийла цаьршинна), ша волчохь хаварижаш, цара Къуръанан аяташ доьшуш олург хьахийча, элира, аьлла: «МаьIна билггал долчу аятех теша уьш, амма маьIна тайп-тайпана хила тарлучу (муташабихI) аятийн маьIна дан гIоьртий, хIаллакьхуьлу уьш».
Оцу заьIап кхетамо дуккха хеттаршкахь хьалхарчу Iеламнехан хиллачу бартана (иджмаI) шалхо яйтира цаьрга. Шайгахь Iилма ца хиларна, шаьш бохург бен бакъ ца хетара царна, цунах тамаш бора. Цул сов, шаьш шеконехь долчуьнца доьзна, Iеламнахаца дагабовлуш бацара уьш.
Баккъалла, кхетам гIийла хиларо, кIорггера Iилма ца хиларо тиларчу буьгура уьш хьукма билгалдаккхарехь, цара мел дукха Къуръан дешарх а. Къуръанера, Суннатера делилаш даладахь а, амма далон дезачу меттехь далийна ца хуьлура уьш.
Бакъ ву сийлахь Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), царех лаьцна иштта аьлла волу: «Къуръан доьшу цара, цуьнан аяташ шайгахьа ду моьттуш, амма уьш царна дуьхьал ду».
«Церан къамелаш, уггар дикчу нехан къамелаш санна ду. Къуръан доьшу цара, церан къамкъаргел хьала ца долу иза».
«Къамелаш хаза дора цара, ткъа деш дерг вуон, зуламе хуьлура. Делан Къуръане кхойкхура цара нах,
66
амма оцу Къуръанах хIумма а дацара цаьрца».
Ткъа ахьа ойлаян еза церан: «АллахI воцчун хьукма дац» бохучу кхайкхаман (вай дийцинчух кхетархьама).
6. Ханна кегий болуш, ойланаш (хетарш) Iовдал хилар
Бакъдолчунна, нийсачу некъана тIера бевллачаьргахь (хаварижашкахь) зеделла, ханна уьш кегий хилар, церан ойланаш-хетарш акха хилар. И чIагIдо Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьллачу дешнаша: «ТIаьхьарчу заманахь цхьа къам гучудер ду, ханна кегий болуш, ойланаш (хетарш) Iовдал йолуш».
Ибн Хьажара боху, ханна кегий бохучун маьIна, гIеметта хIоттаза, кегий нах, бохург ду. Ткъа, ойланаш (хетарш) Iовдал бохург, – иза церан хьекъал аьрта хилар гойтуш ду.
Ан-Нававис (Дела реза хуьлийла цунна) аьлла: «Стаг кхоччуш кхетам болуш, хьекъалехь чIагIлуш ву, гIеметта хIоьттина, дуккха талламаш беш, хьекъал кхиъча». («Фатхьуль Бари», 287/12). Бакъду, ханна жима верг (къона верг), дукхахьолахь, Iилма кIезиг долуш хуьлуш ву, хIуманна (хIоьттинчу хьолана) кIорггера ойла ца йо цо. Цо йина ойла, цунна гуш (хеташ) дерг нийса хила гена хуьлу. Цул сов, сихаллехь йина, заьIап хуьлу и ойла. ХIунда аьлча, церан талламаш кIезиг болу дела, говзалла эшна йолу дела а. Кегий нах майраллийца билгалбовлуш бу. Делан динна дуьхьа елахь и майралла, кхин а совйолу церан. Кегийрхойн майралла (тIах-аьлла хилар), Iилма кIезиг хилар, говзалла иэшам болуш хилар, Iеламнахаца гергарло ца хилар вовшахкхетаро барамал тIехвийларе кхачаво.
Къоналлийца гIийла хьекъал цхьаьнакхетча, тамашийна
67
белхаш кхоллало, цецваллал хIуманаш леладойту цо.
Хаварижийн хьекъал ца хилар гучуделира цара лелийначу цхьадолчу хIуманашкахь. Цецваллал кегаделла, тамашийна иэшам болуш ду хIара цара лелийнарш:
– шаьш бохург Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), цуьнан сийдолчу асхьабаша бохучул а нийса лорура цара;
– шаьш нийса хиларх, ткъа нийсонан имамаш гIалатбевлла хиларх тешна бара уьш;
– цхьакIезиг долчу хIуманна тIехь шайн хилпло хилча а, вовшашна копарш бу олу цара.
Ткъа хIинца Ибн Хьазмана меттиг юьтур ю вай, цуьнга церан жахIлалла гучуялар, цуьнан бахьана а вайга дийцита. Ибн Хьазма боху: «Ткъа хьалхалера (дуьххьарлера) хаварижаш – акха гIайренашкара бедуинаш бара. Цара Къуръан доьшура, шаьш Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) бакъдолчу Суннатах кхетале хьалха. Царна юкъахь цхьа а Iеламстаг вацара. Ибн МасIудна я Iумарна, Iелина, Iаишатна, Абу Мусана, я МуIаз бин Джабальна, Абу Дардаана, Салманна, Зайдна, Ибн Iаббасана, Ибн Iумарна (Дела реза хуьлийла царна) тIаьхьабаьзначех цхьа а Iеламстаг вацара царна юкъахь. Цундела, цхьа кIезиг долу фатва дезачу хьолехь шайна хилпло хилча, вовшашна, копарш бу, олий, цIераш тохкура цара. Церан заьIапалла, жехIил хиларан кIорге а гучуелира. Оха нийса ду аьлла шайна далийна делил (бурхIан) дIатоттура (къобал ца дора) цара». Цара къобалдеш доьшу хIара Делан дешнаш: «Цхьатера вац, шух Макка яккхале, шен даьхница харж еш Делан дуьхьа тIом бинарг а (ца бинарг). Уьш (хьалхарнаш) йолехь лакхара бу, Макка яьккхинчул тIаьхьа Делан некъахь шайн даьхни ца
68
кхоош тIомбиначарел. (Делахь), шина агIонна Дала диканца (ялсаманица) чIагIо йина. АллахI хууш ву аша дийриг». «Аль-Хьадид», 10.
«Мухьаммад – Делан Элча ву. Цуьнца берш копаршца шога болуш, ткъа вовшашца къинхетаме бу. Уьш гуш бу хьуна АллахI резаваре, Цуьнан дикане сатесна рукуIехь, сужданехь». «Аль-Фатхь», 29.
«АллахI реза хилира муъмин нахана, Хенан кIелахь (Хьудайбехь) цара хьуна чIагIонна дуй буучу хенахь. АллахI хууш вара церан дегнашкахь дерг. Царна тIе паргIато, синтем боссийра Цо, герга болчу толамца совгIат а дира». «Аль-Фатхь», 18.
ХIара Делан дешнаш дешначул тIаьхьа шайтIано бIаьрса дIаийцира церан, Сийлахьчу АллахIа Iилманах тилийра уьш. Iелина (Дела реза хуьлийла цунна) йина чIагIо йохийра цара. Иштта, Макка яккхале, шайн догIмашца, даьхница тIом бина болу СаIийд бин Зайд, Ибн Iумар, кхиберш а (Дела реза хуьлийла царна) къобал ца бира. Иштта къобал ца бира цара, Макка яьккхинчул тIаьхьа гIазот дина, Дала диканца чIагIо йина болу асхьабаш а (Дела реза хуьлийла царна).
Къобал ца беш буьтура цара Делаца чIагIо йинарш, АллахIна шайн дегнашкахь хIун ду хууш, Цо шайна тIе синтем боссийна, Дела шайна реза хилларш а. Копаршца шога, вовшашца къинхетаме болу, Делан дикане, къинхетаме сатуьйсуш рукуIехь, сужданехь болу, сужданаш дарна шайн яххьаш тIехь билгалонаш йолуш, Товратехь, Инжилехь шаьш хастийна болу, копарийн дегнаш дохош, шайн гуш йолу агIо, къайлах ерг санна, беркате йолу, Сийлахьчу АллахIа шайна и тоьшалла дина болу асхьабаш (Дела реза хуьлийла царна) къобал ца бира цара.
69
Цу асхьабех цхьанне чIагIо ца йира цара. Амма цара чIагIо йира Шийс бин РубIийна – Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) кхелхича, ша пайхамар ю аьлла, кхайкхам бина йолчу Сажжахьан заманахь молла кхойкхуш хилла волчу. Дала ша нисвича, царех ведира иза, церан тилабалар гучуделира цунна.
Церан харжам, акха Iарбех а волуш, хьотIах шен когаш ларбеш воцчу осалчу Iабдуллах1 бин ВахIбана тIехь бен ца сецира. Ийман дилларехь цхьа а хьалхе яцара цуьнан, асхьабех вацара иза, Iилма долуш вацара иза я, АллахIа дика дийр ду аьлла, цкъа а тоьшалла дина вацара. Амма церан харжам сецира Iабдуллах1 бин ВахIбана тIехь, шен имамех цхьаъ Зуль-Хувайсарат хиллачу, хьекъална иэшаме, ийман гIийла хиларо Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дина хьукма харц ду аларна а, иза нисван гIоьртина волчу. Ша Делан Элчанал (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) Делах кхерар сов долуш хийтира цунна. И Iесалла лелийра цо, Мухьаммад – Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хиларна мукIарло деш воллушехь, цуьнца ша нийса некъа ваьллашехь, иза бахьнехь шена дин девзина доллушехь. Иштта къобал дора цо, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) вацахьара, ша вир санна я кхин а чIогIа тилавелла хирг хилар.
Ибн Джавзис, церан Iовдалалла, кIорггера хьекъал ца хилар дуьйцуш, иштта аьлла: «Берийн цIий хьаналдора (уьш дайа магадора), ткъа новкъахь йоьжна хурма, цуьнан мах ца луш, яа ца магадора; Iибадат деш буьйсанаш денъеш къахьоьгура цара. Ибн Мульджим шен мотт боккхуш бен холчу ца хIоьттира, шена Дела хьехалур вац тIаккха аьлла, амма Iела (Дела реза хуьлийла цунна)
70
вер хьанал дира цо. Цул тIаьхьа бусалба нахана дуьхьал тарраш айдира цара. Ма цецваллал хIума ду, шайгахь Iилма ду аьлла уьш догтешна хилар, Iелехь (Дела реза хуьлийла цунна) долчул дукха шайгахь Iилма ду аьлла, уьш тешар. Зуль-Хувайсарата аьллера-кх Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна): «Нийсо е, нийсо ца йина ахьа». Иблисана а дагадогIур дацара и тайпа ирча хIума алийта». («Талбис иблис»).
Хаварижаш ханна кегий нах хиларо тIенисдо вай, и жималлин кхачамбацарш дIадаха дезарна. И болх, кегийрхошка ойлаяйтарца, шайн синош чIагIдарца, уьш Iеламнахана тIетовжарца дIабахьар коьрта Iалашо хила еза. Иштта бара асхьабех болу кегий нах (Дела реза хуьлийла царна). Шаьш шекдевлла хIума Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хоттура цара, и дIаваьллачул тIаьхьа баккхийчу асхьабашка хоттура. Царех, церан говзаллех пайдаоьцура цара. Шаьш массарел цIена, нийса хеташ бацара уьш, кхечарна цIераш тохкуш, уьш бехкебеш бацара. Цундела дуьнентIехь уггар дика кегийрхой бара уьш.
Уьш ю уггаре бIаьрла йолу хаварижийн билгалонаш. Церан барамал совбийларан (галбовларан) билгалонаш вовшахтоьхча, хIорш хьахон мегар ду:
1 – шайна дуьхьал берш сийсазбар, тилабелла, копарш бу, алар; Цунна делил ду, уьш Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) сийсазван гIортар, цо хIонс йоькъуш нийса ца екъна, аьлла; иштта муъмин нехан эмир Iусман, Абу ТIалибан кIант Iела, Абу Бакар, Iумар (Дела реза хуьлийла царна) копарш бу алар.
2 – нахах вуон ойла хилар;
Цунна делил, цара Делан Элчанан (Делера салам-
71
маршалла хуьлийла цунна) нигат, цо хIонс йоькъуш цIена дацара, аьлла, иза бехкевар ду. Цара, цIе кхуллуш, иза бехкевира, шайн хьекъал ца хиларна, и хIонс хьоладайшна екъаран кIорггерчу Iалашонах шаьш ца кхетарна.
3 – шайгахь Iилма доцуш, Iибадатехь совбийлар;
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) ма-аллара: «Цара до ламазашка хьаьжча, шайн ламазаш гIийла хетар ду шуна…»
4 – бусалба нахаца шога хилар;
«Бусалба нах бойуш, хIолламашна Iибадат дийраш хье ца беш…»
5 – (асхьабашкара схьа ца эцар бахьнехь) Iилма кIезиг хилар;
«Къуръан доьшуш хир бу уьш, амма церан къамкъаргел хьаладер дац иза…»
6 – Талламаш барна, говзаллийна а тIехь иэшам болуш, ханна кегий, хьекъална аьрта (заьIап) хилар.
«Ханна кегий болуш, ойланаш (хетарш) Iовдал хилар…»
Хаварижаш галбовларан (дозанел тIехбовларан) бахьанаш
Церан барамал совбийларан (галбовларан) бахьанаш дуккха ду, хIара жайна доьшуш волчунна билгалдалур долуш ду уьш. Делахь а, доцца и коьрта бахьанаш хьахо лиъна тхуна лахахь:
1– шен нийсачу хьостанера (источник), баххаш тIера
72
Iилма схьа ца эцар бахьнехь, заьIап кхетам, иэшаме Iилма хилар;
«Къуръан доьшуш хир бу уьш, амма церан къамкъаргел хьаладер дац иза».
2 – талламаш барна тIехь, зеделлачунна тIехь иэшам болуш, ханна кегий хилар, хьекъална аьрта (заьIап) хилар; «Ханна кегий болуш, ойланаш (хетарш) Iовдал хилар».
3 – шайх чIогIа бIобулуш, лакхара ойла йолуш хилар, шайх боцу бусалба нах ца безар; шайн къовсамечу лаамашна, хетаршна тIаьхьабазар;
4 – шайн ойланашца, кхетамашца бехаш хиларна, шайн хетаршца догIу жайнаш бен ца дешар, шайн некъахь волчуьнга бен ла ца догIар (кхечу некъахь болчаьрга шайна тIеIаткъам ца байтархьама);
5 – Делах кхерарна тIе ойла яхийтар, АллахIан къинхетамах догдахаран ойла дIа а тесна;
ХIокху бахьано, лакхахь билгалдинчу бахьанашца цхьаьна, шайна гонах хIиттинчу хьелашна шайна хетачу (заьIап, гал) кепара мах хадабойту (хьукма дойту) цаьрга. Цхьа кIезиг долчу бахьанина, шайца боцурш копарш лору цара, царех вуон ойла хуьлу. Шаьш бохучунна дуьхьал волчуьнца, иза милла, – Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) велахь а, – гамо, цабезам хуьлу церан.
ХIокху хьокъехь имам Аль-ГIазалис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Деккъа Делах кхерар бахьнехь Цунна Iибадат динарг хьарурий (хаварижех) ву». Иза,
73
Делан къинхетаме, гечдаре кхача сатийсар доцуш, деккъа Делах кхерар, Цунна Iибадат дар, бохург ду. Ткъа Делан къинхетам боккха ма бу, массо хIума шена юкъалоцу цо. Иштта Далла Iибадат до цара, и АллахI везар доцуш. Везчу АллахIан дерриге сибаташ кхоччуш ду – сийлаллин сибаташ хуьлийла уьш я хазаллин хуьлийла. Цундела, Веза-Сийлахьчу АллахIан белхийн, Цо шен халкъана луш долчу ниIматийн ойлаеш волчун декхар ду, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) ма-хьеххара АллахI везар. Цо аьлла: «Шена шу дезарна шуна ниIматаш луш волу АллахI везалаш. АллахI везарна, со а везалаш. Со везарна, сан цIийнан охIла безалаш». (Тирмизи).
Цундела и дегнаш Дела везарх дуьзна хуьлу. И Дела везар АллахIан халкъашка долу, цара мел дечу хIуманца къинхетаме хилар гучудолу, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) ма-хьеххара. Урс хьакха уьстагI такхийна воьдучу бусалба стаге цо элира: «Айхьа бен буьгу и уьстагI, хьийза ца беш, эсала, бига».
6 – шайн хетаршкахь Iехабалар;
Царех цхьаберш гушдолчу Iибадаташна тIаьхьабозу, амма шайн дегнаш чуьра хьагI, куралла, моттаргIанаш, олалла дезар, бусалба нахана воун болх хила лаар (цунна тIехь сутара хилар), махкахь гIарабовлар бохучу цамгарех ца бовлу уьш. Цул сов, шаьш Iехабаларна, и цамгарш Дала сийсазйиний ца хаьа царна.
Шайн гуш йолу агIонан хазйина, чоьхьара агIонан терго ца ечу оцу нахана дицделла (я дагадаийта ца лаьа) Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлларг: «Баккъалла, АллахI хьоьжуш вац шун сибаташка, бахамашка, амма хьожуш ву шун
74
дегнашка». (Муслим). Гушйолчу Iамалшна тIаьхьабозу уьш, амма коьрта долу дог дицдо цара. Ткъа декъалхир вац, Далла дуьхьал цIенчу дагца вахнарг бен.
Оцу хаварижех бу, моттаргIанаш, куралла, хьагI, – шариIатехь магийна доцу, сийсаздина, харц гIиллакхаш дуй хууш болуш, делахь а, шайх бIоболарна (шаьш-шайх тамаш барна) и къинош шайх хьакхалур дац моьттурш. Царна шаьш АллахIна гергахь лакхара хета, оцу къиноша шаьш ца леццал. И къинош летораш, Iилманан барамца шайга кхаьчна боцу нах бу, ткъа шаьш, Далла гергахь, сийлахь ду аьлла хета царна. Шайгахь куралла, дарж, сийлалла дезар гучудаьлча, иза куралла яц, олу цара. Иза – динан Iилма лахар, Iилманан сий айдар, Делан динна гIодар, шайн дуьхьал болчу, бидIаташ юкъадохучеран догдохор (уьш сийсазбар) ду аьлла хета царна.
Цара дицдина, шайтIа шаьш лелочух даккхийдеш хилар, иза шайх делар а. Цара дицдина Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дийцинарг, цуьнан асхьабех, уьш эсала а, юккъерчу барамехь хиларх лаьцна деанарг. Хаварижаш Исламан сийлалла даржашца, олаллийца (куьйгалле кхачарца) айдан гIерта. Оцу дарже кхача гIерташ, вовшашца къийсало, девнаш до цара, шаьш динан, Iилманан накъостий (гIоьнчий) ду бохуш. Иза иштта делахьара, шаьш доцуш, кхечара нахана дика болх бича а баккхийбийр бара уьш. Амма уьш харцонца нахаца къийсамаш, девнаш деш бу.
Царех цхьаболчара, нахана хьехамбарх, уьш нисбарх болх а бина, и шайна пайденна берзийна. Iехабелла (тилабелла) нах бу уьш. Нахана шаьш хьоьхучу цIенчу гIиллакхашна массарел гена бу уьш.
Уггаре чIогIа Iехабелла нах бу уьш, хIунда аьлча шайх чIогIа тамаш беш, цецбовлуш нах уьш болу дела. Шаьш
75
кхечу, массеран хила хьакъ доцчу, езчу, сийлахьчу метте, дарже хIиттабо цара. Церан дегнаш кураллех, хьогIах, цабезамах дуьзна ду.
Цара оцу билгалдевллачу сибатех шаьш цIандеш, шайн хьехамашкахь Къуръанан аяташ, хьадисаш, Iеламнехан дешнаш даладо маьждигийн минбаршна тIера, базаршкахь... Къуръан, хьадисаш, Iеламнехан хьехамаш
Iамийча, шаьш оцу хьехамашца нисделла ду моьтту царна; шайн Iалашоне, Делан гечдаре кхаьчна, Цуьнан 1азапах девлла аьлла хета царна, шаьш шайн къайле, тIехуле къинойх ларйина йоццушехь. Царна кхачаме ду моьтту, динан Iеламнехан дешнаш шаьш Iамийчхьана, дукхахболу Iеламнах копарш бу, динехь керла белхаш юкъабохуш бу, бохуш, царна цIераш тохкуш шаьш Iийча. Церан Iехабалар кхечерачул чIогIа ду.
Царех ву, ша Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хьадисаш Iамош (толлуш) ву бохург. Иза Iехавелла стаг ву. Ша уггар дика стаг хета цунна. Иза, шена тIебиллина жайнийн мохь болчу, вирах тера ву. ХIунда аьлча, цо оцу Суннатах (хьадисех) кхета, маьIна довза гIерташ къа а ца хьоьгу (хан ца йойу), и хьадисаш дагахь Iамийна, тIаккха дIадийцичхьана тоуьйту цо, маьIнех ша кхеташ вацахь а. Цхьадолчу хьадисех кхеташ хуьлу иза – цунна дезаш долу хьадис хила тарло и – ша кхеттехь а, оцу хьадисах ирс ца оьцу цо, шена хетачуьнца дог1уш хилча а бен. Оцу кепара, шен дагца йолчу Iехаваларан цамгарна дарба дан вицло иза. И дарба дар важиб ду цунна. Ткъа цара лелориг – уггар ирча тилавалар, Iехавалар ду.
Царех цхьаберш шаьш бечу дикчу балхах, ечу суннат Iамалех Iехабелла бу. Дукхахьолахь, кIорге гIерта уьш, вовшашца мостагIалла лаццалц, барамна тIехбовллалц.
76
Царех кхиберш, шаьш доьшучу Къуръанах, кхобучу марханех, шаьш нахана бечу хьехамех (диканиг де, вуониг дита олуш) Iехабелла бу. Шайца дерг дицдеш, наха шайх Iеламстаг эр дац-те бохуш, леладо цара иза. Оцу белхан кIорге гIиртина, цара дицдина шайна тIедехкина долу декхарш: бусалба нахах дика ойла хилар, моттаргIанаш ца лелор, куралла, хьагI дIаяккхар.
Хаварижех болу кхерам.
Цара бусалба нах копарш бу алар
Хаварижийн тарихехь, церан кхиарехь вайна гинарг ду цара:
1. Пайхамарш (Делера салам-маршалла хуьлийла царна) дIабевллачул тIаьхьа уггар дика нах болчу Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) асхьабашна (Дела реза хуьлийла царна), эхь ца хеташ, уьш копарш бу, олура цара.
2. Шайна тIе а тевжина, асхьабаш (Дела реза хуьлийла царна) копарш бу ала реза боцу массо бусалба нах копарш лорура цара.
3. Царех цхьаболчара кхиберш копарш лорура. Церан хIора тобанах масийтта тоба кхоллалора. Царех хIорамма кхийолу тоба копарийн тоба ю олура.
ХIара бу хаварижийн (хIаллакьхиларе буьгу) некъ. Оцу некъах тера некъ карор бац вайна, Къуръана чохь йийцинчу, эхартахь цIеран охIланех йолчу, тобанан некъ бен. Царех цхьа тоба жоьжахати чу мосазза кхуссу, шайн накъосташна неIалт олура цара.
77
Ткъа царех къаьсташ бу муъмин нах. Царех тIаьхьабогIучара хьалха дIабаханчарна доIа до: «Везан Дела‚ гечделахь тхуна а‚ тхол хьалха ийман диллинчу тхан вежаршна а! Ма хилийтахьа тхан дегнашкахь ийман диллинчаьрга цабезам, хьагI. ХIай тхан Дела‚ баккъалла а, Хьо ву-кх чIогIа къинхетам беш верг, Къинхетамениг а». «Аль-Хьашр», 10.
Царна мел хилларг, цара, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) «ла илахIа иллаллохIу, Мухьаммадур расулуллохIи» аьлла тоьшалла динарг копар ву аларх ларлолаш, баьхна дешнаш тесна дитар ду.
1- Абу Зарра (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Стага кхечунна, Iеса ву я копар ву, эр ма дац, цо бохург иштта вацахь, ша аьлларг цунна шена тIе юхадирзиний бен». (Бухари).
2- Абу ХIурайратера (Дела реза хуьлийла цунна) деана, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Бусалба стага шен веше, хIай копар! алахь, цаьршиннах цхьаъ копар хуьлуш ву». (Бухари).
3- Iумаран кIантера IабдуллахIера (Дела реза хуьлийла цаьршинна) деана, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Муьллхачу бусалба стага шен веше, хIай копар, алахь, цаьршиннах цхьаъ копар хуьлуш ву». (Бухари).
4- «…Муъмин стагана неIалт алар, и вер санна ду, иштта муъмин стагана копар ву аьлла цIе кхоллар а ду и вер санна». (Бухари).
78
Дукхах болу бусалба паччахьаш, куьйгалхой, копарш бу аьлла, кхайкхамаш беш бу уьш. Иштта копарш бу олу цара оцу хьаькамашна реза берш а. Дала доссийначуьнца хьукма деш бац уьш, олий, делил даладора цара. Шайн къилба дина цара хIокху Сийлахьчу аятах: «Дала доссийначуьнца хьукма деш боцурш копарш бу».
Вайн дикчу Iеламнаха оцу аятан дина маьIна девзаш боцу, шайл хьалха дIабаханчу накъосташна тIетайна бара уьш и къилба лоцуш.
Аль-Фахрур Разис масех кепара тафсир хьахийна оцу аятан. Царех цхьаъ ду цо далийна, Iикримата аьлларг: «Дала доссийначуьнца хьукма деш боцурш копарш бу» бохучу аятна юкъа вогIу, и хьукма дар дагца къобал ца деш, цунна маттаца дуьхьало еш верг. Амма, ша деш долу хьукма Дала доссийначуьнца догIуш доций хуъушехь, цо иза динехь, хIокху аятна юкъа ца вогIу иза, делахь а къа латош хуьлу иза.
И хьукма динарг хIокху аято бохучунна юкъавало декхар дац. ХIара ду цунна нийса жоп. АллахI уггар дика хууш верг ву». («Ат-Тафсируль Кабиру», 6/12).
Ат-ТIабарис аьлла: «Дала доссийна доцчуьнца хьукма дар – Iесалла ю, гечдийр долуш долу къа иза лоруш делахь а». (Тафсирут-ТIабари).
Цара бусалба нах керста лараран жамIаш
(тIаьхье)
Оцу жамIех уггар хьалхарниг, цара бусалба нах копарш лоруш, цаьрца тIом бар шайн декхар ларар, церан цIий, даьхни, сий шайна хьаналдар ду.
ШолгIа жамI – иза бусалба нахаца тIом бар хьалха ду, кхин муьлххачу къомаца тIом барал, аьлла, уьш тешна
79
хилар ду. Цара чIагIдарехь, бусалба нах ийман диллинчул тIаьхьа динах юхакхетта бу. Ткъа ийманехь хилла боцчу копаршна цкъа хьалха хазчу дешнашца хьехамаш бора, Делан дош – Къуръан – хозуьйтура, мелла а паргIат буьтура цара уьш. Цундела царна догIуш ду Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла хIара дешнаш: «Ийманан охIла хIаллакбо цара, ткъа хIолламашна Iибадат деш берш ца хьебо». Цул доккха тилавалар гой хьуна цхьанхьа а?
ХIара къийсамаш, девнаш, тIемаш бусалба нахана юкъахь баьржина. Оцу тобанашна юкъахь хуьлучу къийсамаша, тIемаша, шеко йоцуш, бусалба нехан ницкъ лахбо (иэшабо), вовшашна юккъе оьгIазло, луьра мостагIалла кхуллу, церан чIогIалла йохош (хаварижийн галбевлла, Iеса кхетамаш бахьнехь тахана хIоьттина хьал санна).
Хаварижаша бусалба нах байа магадар, цунах
цаьрга ларло алар
Хьалхара: Адам дер хьарам деш диссийна Къуръанан аяташ:
Везчу АллахIа аьлла:
«Цхьамма, шена хаа а хууш, (бехке воцу) муъмин стаг вехь‚ цунна бекхам – жоьжахати ю‚ цу чохь и гуттар лаьттар волуш‚ Дела оьгIазгIур ву цунна‚ неIалт эр ду‚ доккха Iазап кечдийр ду цунна». «Ан-Нисаъ», 93.
«Цундела яздира Оха Исраилан кIенташна: адам дийнарг‚ – чIир йоькхуш я лаьттахь лелочу бохамашна дуьхьал доцуш‚ – массо нах байинарг санна ву. И дендинарг – массо нах денбинарг санна ву. Баккъалла, цаьрга баьхкира Тхан элчанаш билгалонашца (Делан
80
аяташца)‚ тIаккха, баккъалла а, царех дукхах берш цул тIаьхьа а лаьттахь къинош леторехь совбуьйлуш бу». «Аль-Маидат», 32.
«Аша вовшийн ма дайалаш, АллахI, баккъалла а, шуьца къинхетаме ма ву. МостагIаллийца, зуламца и динарг (стаг вийнарг) цIерга кхуссур ву Оха. И дан АллахIна хала дац». «Ан-Нисаъ», 29-30.
Везчу Деле доьху вай, оцу хаварижашна, массо Iесабевллачарна тоба дар далар, дохкобевлла, Деле гечдар дехар даг чу тасар; баккъалла, АллахI хезаш ву, дехарна жоп луш ву.
ШолгIа: Адам дерах стаг вухатухуш долу цхьадолу хьадисаш
1 – IабдуллахIа дийцина (Дела реза хуьлийла цунна), Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Бусалба стагана лер – къа ду (ирча хIума ду), ткъа цуьнца тIом бар – куфралла дар ду». (Бухари).
Хууш ма-хиллара, бусалба стагаца тIом бар – иза веран бахьана хуьлу. Валар а нисло оцу тIамехь я ца нислуш меттиг йогIу.
2 – Абу ХIурайратера (Дела реза хуьлийла цунна) деана, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «ХIаллаквеш долчу ворхI доккхачу къинах ларлолаш». Цуьнга хаьттинера, муьлхарш ду уьш, хIай Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), аьлла. Цо жоп делира: «Делаца накъост лацар; бозбуунчалла лелор; бакъо йоцуш, Дала ден хьарам дина адам дер; буоберан даьхни даар, риба (процент) яар; гIазотехь (т1ом боьдуш болуш)
81
тIамах вадар; бехке боцчу, шайн догIмаш лардеш болчу бусалба зударшна тIехь харц цIераш тахкар». (Бухари).
3 – Iумаран кIантера IабдуллахIера (Дела реза хуьлийла цаьршинна) деана, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Муъмин стаг шен динехь паргIат волчуьра хедар вац, (АллахIа) Iано хьарам дина цIий цо Iаннолц». (Бухари).
4 – Iумаран кIантера IабдуллахIера (Дела реза хуьлийла цаьршинна) кхин а деана Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлларг: «Баккъалла, уггар хала хьал, ша-шен оцу хьоле вожийначунна вала меттиг буьтуш доцу – иза, бехк боцуш, Дала хьарам дина цIий Iанор ду». (Бухари).
5 – Iамран кIанта IабдуллахIа (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Пайхамара (Делера салам маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Дуьне дохар дайн ма ду АллахIна гергахь, бусалба цхьа стаг верал а». (Насаи).
Барраъ бин Iазибера (Дела реза хуьлийла цунна) хIокху дешнашца деана х1ара хьадис: «Стигланийн, лаьттан охIланаша цхьаьна а кхетна муъмин стаг вийча, АллахIа жоьжахати чу бохуьйтур бара уьш берриге». (БайхIакъи).
6 – Iумаран кIантера (Дела реза хуьлийла цаьршинна) деана, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Бусалба стаг верехь ахдош аьлла а гIо динчунна, къематдийнахь шина бIаьрга
82
юккъехь, «Делан къинхетамах догдиллинарг» аьлла, яздина хир ду». (Ибн МажахI). Цунах терра хьадис Абу ХIурайратера (Дела реза хуьлийла цунна) деана.
7 – Абу Дардаа (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, шена Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) олуш хезира, аьлла: «Адаман хIора къинна гечдан герга ду АллахIа, Делаца накъост лаьцна волуш веллачу стеган а, хаа хууш (бехк боцуш) муъмин стаг вийначу стеган а къа доцчунна».
(Абу Дауд).
Исламо бусалба нехан цIий бен хьарам ца дина аьлла ца моттийта, кхин а хьадисаш далон лаьа тхуна:
8 – Аль-Барраъа (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Дуьне дохар дайн ма ду АллахIна гергахь, цхьана адаман, бехк боцуш, цIий Iанорал а». (Ибн Абу Iасима хьахийна хьадис). ХIокху хьадисехь къастийна вац бусалба я керста стаг.
9 – Iамран кIанта IабдуллахIа (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Делан Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Бусалба нахаца барт бина, церан махкахь веха кхечу динехь волу стаг вийначунна, шовзткъа шарахь некъбича а йогIуш йолу ялсаманин хьожа кхетар яц». (Насаи).
10 – Абу Бакрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, шена Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) олуш хезира, аьлла: «Бусалба нахаца барт бина, церан махкахь веха кхечу динехь волу стаг бехке ву
83
я вац ца хьожуш, иза вийначунна, АллахIа ялсамани хьарам йина». (Насаи).
Кхечу некъахула деанчу хьадисехь ду: «Бусалба нехан чIагIонна кIелахь болчу кхечу динан охIланах стаг (Зимматан охIла) вийначунна кхузткъе итт шарахь некъ бича йогIуш йолу ялсаманин хьожа кхетар яц». (Насаи).
Лакхахь далийначу аяташка, хьадисашка хьаьжча, Делах кхоьручу бусалба стеган цуьрриг а шеко хир яц, оцу хаварижаша массо заманашкахь нах бойуш дечу зуламех боккха кхерам бу бохучух. Баккъалла, царех лаьцна ала догIу, уьш массо заманахь, массанхьа уггар къиза зуламан дай бу аьлла.
Сийлахьчу Къуръанехь масаллийна деана Адам-пайхамаран (Делера салам хуьлийла цунна) шина кIантах долу дийцар. Царех цхьанна шен ваша вен дагадеача, Делах кхерарца совваьллачу шолгIачу вашас элира зулам дан дагадеанчуьнга: «Со вен суна тIе ахьа куьг кховдадахь а, ас кховдор дац, хьо верхьама, хьуна тIе сайн куьг. Баккъалла, Iаламийн Да Волчу – АллахIах – кхоьруш ву со. (Со ца вийча хьо Iаш вацахь), баккъалла, сан къа, хьан къа а хьуна тIехь хила лаьа суна, тIаккха хьо жоьжахатин охIланах а хуьлуш. Иштта бу зуламхошна бен бекхам. Шен сино ваша вейтира цуьнга, дакъазабевллачех хилира иза». «Аль-Маидат», 28-30.
Везчу Аллах1е доьху аса, сайн 1амал къобалъяр, Цуьнан дуьхьа хилийтар а.
Аллах1 ву вай нийсачу некъа дуьгург.
84
Чулацам
Шайх Юсуф Аль-Къордавийн хьалхара дош..............3
Жайна хIоттийначун дешхьалхе....................................10
Хаварижех болу юкъара кхетам.....................................26
Хаварижийн бIаьрла долу сибаташ, билгалонаш а...46
Хаварижаш галбовларан (дозанел тIехбовларан)
бахьанаш............................................................................72
Хаварижех болу кхерам...................................................77
85
Билгалдахаршна
86
Билгалдахаршна
87
Билгалдахаршна
88
Подписано в печать 14.06.2012
Тираж 1000 экз.
Составитель – доктор Умар Абдуллах Камил
С арабского – Илесов Арби Алиевич
Рецензент – Магомед (Магомед-Эми) Эдихаджиев
Организационное и методическое руководство выпуском исламской литературы в ГАУ «Телерадиокомпания «Путь» им. А. Кадырова осуществляет его директор А. С. Шахидов.
Редактор – А. А. Гайтукаев
Верстка – С-М. М. Тасуев
Дизайн – З. А. Байтуев
Техн. редактор – А. А. Гайтукаев
Министерство Чеченской Республики
по национальной политике, печати и информации
ГАУ «Телерадиокомпания «Путь»
им. А. Кадырова.
Чеченская Республика,
г. Гудермес, пр. А. Кадырова, д. 3