Ненан мотт!

Бисмиллах1иррохьманиррохьим

Дала делла совг1ат а, аманат а ду вайн ненан мотт!

Хьо хастош дош ала х1оьттича,

Карий со хьуна хервелла.

Дахар сайн къаналле лестича,

Хийти-кха, байттамал, аьлла.

 

Хьо хестор-м коьрта ца хилла,

Ма дац хьо панара зезаг.

Д1атесна ца буьтуш г1ийла,

Хилла хьох ирс иэца дезаш.

 

Нана, хьо къинт1ера яла,

Хьан к1ентий хербелла хьоьха,

Ши-кхо дош хьан маттахь алахь,

Доьалг1аниг ца карош, буху…

 

Илесов 1арби

 

Хастам бу, халкъашкахь вайн эла Мухьаммад (Делера салам-салават хуьлийла цунна) вазвина, цуьнан уммат кхечу уммател сийлаллехь лакхадаьккхинчу Аллах1на. Аллах1ера салам-салават хуьлийла 1аламех къинхетам беш Дала ваийтина волчу вайн Элчанна Мухьаммадна, цуьнан доьзалшна, асхьабашна, массо хьелашкахь царна т1аьхьабаьзначарна а.

Дала Шегарчу хьикматца, лаамца халкъаш къаьмнашка декъна. Делан кхел дуьненахь лелаш хиларан билгало ю х1ора къоман шен мотт хилар.

Везчу Аллах1а боху Шен Сийлахьчу Къуръана чохь: «Цуьнан (Аллах1ан) делилех ду стигланаш, латта кхоллар‚ шун меттанаш а‚ беснаш а хийцадалар. Баккъалла а, цуьнца делилаш ма ду Iаламашна».

Коьмаршачо делла деза совг1ат, аманат ду вайн ненан мотт. Далла гергахь, вайн дайшна, наношна гергахь – и 1алашбеш, т1аьхьенга д1акхачо безаш ду вай. Элчано (Делера салам-салават хуьлийла цунна) аьлла-кх: «Шайга кховдийна тешам (аманат) д1акхачабе; шайна ямартло йинчунна, ямартлонца бекхам ма бе».

Везчу Аллах1а ша дийцича, я Элчано (Делера салам-салават хуьлийла цунна) Аллах1ера схьакхачийча бен хуур дац вайн меттанаш кхолладаларан хьикмат, бахьана а. Дала Сийлахьчу Къуръана чохь хьахийна вайна оцу бахьанех цхьа бахьана. Аллах1а боху вайга: «ХIай нах! Баккъалла а, Оха шу кхоьллина стагах а‚ зудчух а; шу халкъашка а‚ тайпанашка декъна, вовшашна довзийтархьама. Баккъалла а, Далла гергахь шух уггар сийлахь верг - шух Делах уггар кхоьруш верг ву-кх. Баккъалла а, Дела къайлахдерг девзаш ву‚ сов дика хууш ву».

Эзарнаш шерийн истори йолуш къам ду нохчий. 1илманчаша ч1аг1дарехь, Йеменера дуьйна Шумерехула, Митанни, Урарту пачхьалкхашкахула схьаеана ширачех долчу вайн къоман лар Кавказе. Шайл хьалха кху махкахь цхьа а къам даьхна доцуш, Къилбаседа Кавказехь орамера, бухера къам ду нохчий. Коьртачу декъана, вешан матте, махке болу безам, уьш ларбан болу лаам сов хиларца даима къаьсташ хилла вайн къам.

Шен тарихехь (исторехь) дуккха халонаш лайна вай къомо. Хийла чолхе мур беана, къам дерриг х1аллакьхилла дан герга а хуьлуш. Амма мел хало хиларх, шайн мотт ларбина вайн дайша.

Цуо гойту, вайн къоман кхиарехь, иэс лардарехь матто д1алоцу меттиг мехала а, йоккха хилар. Вайн къоман кхетам кхио аьтто беш, цуьнан тешаме г1оьнча хилла таханлерчу дийне схьабеана нохчийн мотт. Оцу хьокъехь халкъан поэта Арсанукаев Шайхис, шелла говза кхин ала йиш йоцуш, башха хаза аьлла:

 

Б1ешераш хийла д1аихна и бекаш

Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу,

Кхоьллинчу халкъана сов хьанал бецаш

Даима ша хилла нохчийн мотт бу

 

 

Б1ешерашкахь маршоне сатуьйсуш леттачу нохчаша зийнарг чу а лоцуш, муьлххачу къоман маттана дог1уш долу башха мог1анаш яздина халкъан поэта Мамакаева Мохьмада:

 

Шен ненан мотт халкъо,

Сий ойбуш, 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато

Цхьаммо а хьошур яц.

 

Генарчу Г1ум-Азехь (1944-1957 шш.) я шаьш кхолламо Иордане, Турце, кхечу мехкашка а кхиссарх а, шайн мотт ца бицбар бахьанехь, Делан лаамца – нохчийн къам ца дайна. Оцу маттаца, вовшашкара кар-кара оьцуш, шайн т1аьхьенашка д1акхачийна цара къоман г1иллакхаш, 1адаташ, тарих…

 

 

Ша кхиийнчу ненан мотт хаар Даймохк безарх ду, вина мохк безар – Ийманах лерина. Хьовсийша ма говза аьлла-кх нохчийн поэта Саидов Билала:

 

Хьо ца безаш волчо шен нана лорур яц,

Ненан сий ца дечо мехкан сий лардийр дац,

Ненан мотт цахаар – шен кхерч цаларар ду,

Кхерчан да цахилар – маьттаза вахар ду…

 

Ткъа Даймохк безаро, дайн г1иллакхаш лараро гойту стеган Ийман а, оьздангалла. Делан къинхетамца, вайн бусалба ду; вешан мотт 1алашбан, иза безаран бухехь Даймохк беза а декхар ду вай. Делан Элчано (Делера салам-салават хуьлийла цунна) аьлла ду: «Баккъалла, къонахчунна шеен къам дезар ду».

Халкъан барта кхолларалла, г1иллакхаш, 1адаташ довза а, царах кхета аьтто а бо матто. Цул сов, оцу меттан йозано д1абаханчу вайн дайшна а, т1екхуьучу чкъурана а юккъе шен хьесап далур доцу мехала з1е тосу. Оцу йозано гойту вайна вайн дайн динах,1аламах… хилла кхетам.

К1орггера ненан мотт хууш, и безаш волчуьнгахь г1иллакх, яхь, оздангалла ца хила йиш яц. Дагабахкийта вай вайн хилла нохчий меттан хьехархой. Ма оьзда нах бара уьш! Ма хаза, ц1ена, аьхна бара цара буьйцу нохчийн мотт. Ткъа нохчий поэташ, прозаикаш Мамакаев Мохьмад, Айдамиров Абузар, Арсанукаев Шайхи, Гадаев Мохьмад-Салахь… нохчийн яхь, оьздангалла ларъеш баьхна.

 

Лераме вежарий!

 

Бусалба дин, дайн г1иллакхаш – и ши г1ортор ю-кх вай вешан къам кхиорехь т1етовжа дезарш. Ненан мотт бицбахь, дайн г1иллакхех, 1адатех херлур ду вай. Цул сов, Делан аманат – мотт – т1аьхьенашка д1а ца кхачийнарш хир ду вай. Ткъа иза доккха къа ду.

 

Везчу Дала хьекъал, собар лойла вайна, вай дайша дитина кост-весет – ненан мотт 1алашбар, нохчаллах ца дохар – кхочушдан. Аллах1а Шен къинхетамах ма дохийла вай!

 

 

 

Илесов 1елин 1арби,

А-Хь.Кадыровн ц1арахчу «Некъ» ц1е йолчу

ТРК-н зорбанан декъан лакхара говзанча.

 

 

Илесов Арби Алиевич, ведущий специалист отдела издательства ТРК «Путь» им. А. Кадырова

8929 894 34 91