Рицкъанан догIанаш

БисмиллахIиррохьманиррохьим 

Дешхьалхе 

   

   Хастам бу АллахIна, вайна даккхий ниIматаш а, шортта диканаш а делла Волчу. Цуьнан ниIматаш дагардина вер вац, Цуьнан диканашна бекхам бан ницкъ тоьар бац. Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «Массо аш дехначух шуна делла Цо. АллахIан ниIматаш аш дагардахь – дагарлур дац уьш шуьга. Баккъалла а, адам зуламе а‚ керсталла деш а ма ду». «ИбрахIим», 34. 

    АллахIера къинхетам а, маршалла а хуьлийла, нахана диканиг хьоьхуш веанчу Пайхамарна, цуьнан доьзалшна, асхьабашна, массарна а. 

     Хьо хууш хилалахь, хIай сан лераме ваша, бIаьрганегIар тоххал хан йолуш ма яц, Веза-Сийлахьчу АллахIна бен шен барам хуур боцчу ниIматашлахь лай вехаш а бен. Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «Цхьа а дийнат дац лаьттахь, Далла тIехь шен рицкъа долуш бен‚ Цунна хаьа церан соцу меттиг а‚ церан доьрзу меттиг а, – массо а билггалчу жайни (Лавхьул-Махьфуза) чохь ду». «ХIуд», 6.   (Лавхьул-Махьфуздуьнен чохь мел хилларг, къематде кхаччалц мел хиндерг а шена чохь дIаяздина, Далла гергахь йолу меттиг). 

    ЦIена а, Лекха а ву халкъ Кхоьллинарг, иза дагардина, царах цхьа а виц ца веш, царна юкъахь рицкъа а, даар-малар а декъна Верг. 

     ЯахIума карахь йолу куьг хьайн бете хьала ма ца хьо ахь, стигланаш, латта а кхоллале хьалха АллахIа хьуна и яахIума язйина а бен. 

   ЦIена Ву-кх, хIаваэхь долчу олхазаршна а, хин боданашкахь долчу чIерашна а рицкъа латтош Верг.

   ЦIена Ву-кх, аренгахь текхаргана а, чIагIбеллачу тIулга юккъехь болчу нIаьнина а рицкъа луш Верг. 

   ЦIена Ву-кх, цхьа а хIума Шена къайлах доцуш Верг, Ша кхоьллинчу массо хIуманна рицкъа латто Шена тIелаьцнарг ву Иза. 

   Дуьнен чохь йоккхуш йолу хенаш а, рицкъанаш а яздина, цаьрца хьукма динарг ву Иза, Цо динчу хьукманна тIаьхьавала да ма вац. 

   ЦIена Ву-кх, Сийлаллийн а, Возаллийн а Да Волу, массо белхаш а, хьелаш а Шен куьйга кIелахь долуш Верг. 

   Шен лена дика болх бан АллахIна лиъча, Цо цунна беркат до Ша цунна деллачу рицкъанехь. Ша деллачу ниIматашлахь цунна диканиг а, даьхнигахь а, доьзалехь а, белхашкахь а, хьелашкахь а цунна беркат а яздо Цо. ХIорш дерриш а Комаьрша а, Веза а, Лекха а Волчу АллахIера ниIматаш ду. 

    АллахIера Шеггара ду беркат, Цуьнгара ду диканаш а, къинхетам бар а. Цо царах дIайиллина неIарш дIакъовла цхьа а вац, Иза воцург. Цо дIакъевлина неIарш дIаяста ницкъ кхочур бац цхьаннан а, Иза воцчун. Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «АллахIа нахана тIебоуьйту къинхетам сацон да ма вац, Цо сацийнарг тIебаийта а да ма вац, Цул тIаьхьа (Цо  сацийначул тIаьхьа). Иза Сийлахь верг а‚ хьукма нийса деш верг а Ву». «ФатIир», 2. 

    Цундела, Шен лена дика дан АллахIна лиъча, Цо цунна беркат до цуьнан рицкъанехь а, кхачанехь а. Иштта беркат ду и,ша бахьанехь кIезиг дерг дебаш, адамийн хьал шортоне, ниIмате а, совдаларе а, дикане а доьрзуш. 

    Ша берриг а тидам беркатна тIебахийтина бу. Ма дукха ду кIезиг хIуманаш, АллахIа шаьш алсамдаьхна; ма дукха ду кегий хIуманаш, АллахIа шаьш даккхий хилийтина. 

    Шен лен даьхнигахь беркат дан АллахIна лиъча, Цо цунна рицкъанан неIарш дIайоьллуш долу бахьанаш хIиттадо. 

    Тахана наха балхамаш бо, бан болх бац я карахь даьхни дац, олий. Цундела вайна оьшуш долчух коьрта дерг – беркатан догIанаш а, рицкъанан догIанаш а довзар ду. 

ХIай АллахI-Дела, Ахь тхо дехьа хьехаме ладугIучарах, тIаккха нийса долчунна тIаьхьа а дозуш. 

ТIаьххьарлера вайн кхайкхам – Iаламаш кхобуш, кхиош а Волчу АллахIна хастам бар ду. 

Яздинарг – Дала шена гечдаре

сатуьйсуш волу Зияд Накъшбанди ву.

 

Бусалба стеган рицкъанан хьокъехь болу кхетам 

 

    Массо хIуманал хьалха, рицкъа тIедаран бахьанаш довза вай хьовсале, рицкъанан хьокъехь бусалба стеган болчу кхетаман агIонаш ца евзича йиш яц вайн. 

  1. Баккъалла а, Сийлахь-Веза АллахI цхьаъ ву рицкъа луш Верг, чIогIачу ницкъан Да Верг а. Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «АллахI ву шу кхоьллинарг‚ тIаккха шуна рицкъа делларг, цул тIаьхьа шу долуьйтуш верг‚ цул тIаьхьа шу дендолуьйтуш верг. Шун накъостех вуй ша цунах хIума деш верг? Вонах цIена ву Иза‚ лекха а ву Иза цара накъост лацарх». «Ар-Рум», 40. 

     Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «Ахь ала: «Мила ву стигланашкара а‚ лаьттара а шуна рицкъа луш верг?» Ахь ала: «АллахI ву». Баккъалла а, тхо я шу нийсачу новкъахь ду я билггалчу тилар чохь ду». «Сабаъ», 24. 

     Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «АллахIа шуна шун догIмех зударий схьабовлийтина‚ Цо шуна шун зударшкара кIентий а‚ кIентийн кIентий а хилийтина‚ Цо шуна дикачух рицкъа а делла. Ткъа харцдолчух теша а тешаш‚ Делан ниIматашна керсталла до цара?» «Ан-Нахьл», 72. 

   Иштта болх хилча, хIокху дуьнен чохь адамийн карахь мел дерг – иза АллахIа цунна деллачу рицкъанах ду; даьхни а, доьзал а, цIенош а, гIаланаш а, ялта а, стоьмаш а, могашалла а, маршо а, уьш доцурш кхин массо хIума а – АллахIа Шен лена кхачамболлуш дуьнен чохь деллачу рицкъанах ду. 

  2. Дуьнен чохь адамашна рицкъа далар – Делан сибатех цхьа сибат ду, Цуьнан олалла кхоччуш хиларна а, Иза даима лаьтташ хиларна а ша тIенисвеш долу. Хьажал АллахIа хIокху дуьнен чохь кхоьллинчуьнга, хьуна карор ду хIаваэхь долу олхазарш а, лаьттахь долу нIаьний а, акхарой а, хи чохь долу чIерий а – хIара дерриг а дийнаташ Дала шайна рицкъа латтош карор ду хьуна. 

  3. Делан кхелах а, Цо лерина долчух тешаран коьрта долчух а, бусалба стеган рицкъанан хьокъехь болу кхетам нийса хиларх а ду – Шен лена лерина долу массо дика а, рицкъа а дIакхачорехь Дела гIалатвала тарлуш ца хилар, Цо цхьанна лерина дерг кхечуьнга кхочург цахилар а. Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «Цхьа а дийнат дац лаьттахь, Далла тIехь шен рицкъа долуш бен‚ Цунна хаьа церан соцу меттиг а‚ церан доьрзу меттиг а, – массо а билггалчу жайни (Лавхьул-Махьфуза) чохь ду». «ХIуд», 6. 

     Баккъалла а, Ша халкъ кхуллучу хенахь, Дала цунна рицкъа латто Шена тIелаьцна. Везчу Дала адамаш дIатесна ца дитина, уьш меца а, хьогах а ца дитина, бакъду, – Цо царна оьшуш болу барам билгалбина, хIора дегIана рицкъа а яздина. Хьо хууш хилалахь, АллахIа хьуна яздина рицкъа чекхдаллалц хьо лийриг цахилар. 

     Бухарис далийначу хьадисехь Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) шега элира, аьлла: «Хьуна дуьхьалкхетар дерг яздина болу къолам бакъабелла». 

     Баззара нийсачу зIенаца далийна Хьузайфата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина хьадис, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Баккъалла а, шена яздина рицкъа чекхдаллалц цхьа а дегI лийр ма дац. АллахIах кхералаш, шен барамехь лахалаш рицкъа». 

    Баккъалла а, хьан рицкъа, хIай Делан лай, хьо хьайн ненан кийрахь а волуш яздина ду хьуна нийсонца, юучу хIуманах ахь Iовшур долу цуьрг цхьаьна, ахь доккхур долу ахча а цхьаьна. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Баккъалла а, шух хIора а кхоллало, шовзткъа дийнахь шен ненан кийрахь хин тIадам болуш; цул тIаьхьа кхин оццул хан йоккху цо (цигахь), цIийн улх (сгусток) шех хилла; цул тIаьхьа кхин оццул хан йоккху цо, шех дилханан цуьрг хилла; цул тIаьхьа Дала малик дохуьйту цунна тIе, оцо цунна чу са хоьцу. Оцу малике омра кхочу, цунна диъ хIума дIаязде, олий: цуьнан рицкъа; цуьнан оьмар; цуьнан Iамал; ирсе хир ву иза я декъаза хир ву». (Бухарис, Муслима а дийцина хьадис). 

      Ша воцург, кхин дела воцчу АллахIах дуй буу ас, дерриг дуьне цхьаьнакхетча, – шен берриге бахамца а, эскаршца а, пачхьалкхашца а, паччахьашца а, – Дала хьуна лерина долу рицкъа шаьш духатохархьама, церан ницкъ кхочур ма бац и дан. Дала хьуна лерина боцу хин къурд хьоьга байта царна лиъча, церан ницкъ кхочур ма бац и дан. 

  4. Ца девзича йиш йоцчух ду, Дала адамашна юккъехь рицкъа доькъучу хенахь, церан тайпанашка я тукхамашка ца хьоьжуш, церан хьекъалшка я хазчу гIиллакхашка ца хьоьжуш, церан сийлалле я даржашка ца хьоьжуш, уьш Далла муьтIахь хиларе я Iеса хиларе ца хьоьжуш, и декъна хилар. Баккъалла а, Веза-Сийлахьчу Дала Шен лешна юккъехь рицкъа доькъу, Шена девзаш долчу хьикматца. Хийла хьекъал долчунна Ша ца луш дерг хьераваьллачунна ло Дала, хийла сий долчунна Ша ца луш дерг лахарчунна ло Цо. 

     ХIай Делан лай! 

 Хьуна ма моттийла, хьайна рицкъа далар бахьана хьо цхьана шахьарахь вехаш хиларна я хьо цхьана къаьсттинчу тайпанах хиларна, я хьо кхиболчарал алсам кхетам болуш хиларна ду, аьлла. Иштта ма дац иза. Баккъалла а, и рицкъанаш, Шена хууш долчу хьикматашца, стигланаш а, латта а Шен долахь Долчо (Дала) доькъуш ма ду.  

 5. Баккъалла а, АллахIа адамаш кхоьллина, цаьрга Шена Iибадат дайтархьама. Цо царна рицкъа а кхоьллина, цуьнца Шена Iибадат дарна тIехь цаьрга гIо лахийтархьама. Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «Адамаш а, жинаш а кхоьллина ма дац Ас‚ цаьрга Сайна Iибадат дайтаран дуьхьа бен. Суна оьшуш дац цаьргара рицкъа‚ Суна ца оьшу цара суна даар далар а. Баккъалла а, АллахI ву рицкъа луш Верг а‚ чIогIачу ницкъан да Верг а». «Аз-Зарияти», 56-58. 

    Иштта хьал хилча, Везчу Дала хьуна делларг забаренна а, хьо цуьнца ловзийтархьама а, хьо шен дуьхьа кхоьллина долу эхарт хьоьга дицдайтархьама а делла дац. Баккъалла а, Дала Ша хьуна делларг, хьарамчу новкъахь хьоьга леладайта ца луш, хьоьга Шена Iибадат  дарна тIехь гIо лахийтархьама делла. 

     Сийдолчу Къуръана чохь ма дукха меттигаш ю, Дала Шен лешна делла рицкъа а, Делан новкъахь сагIа ло аьлла лешка дина омра а цхьаьнахоьттина. Веза- Сийлахьчу АллахIа аьлла: «ХIай ийман диллинарш! Дела хьехорх (дийнахь-бусий дечу пхеа ламазах) шу духа ма тухийла шун бахамо а‚ шун доьзалша а. И деш берш - уьш бу эшам хилларш. Оха шайна деллачу рицкъанах (Делан новкъахь) сагIа ло аш, – шайх цхьанна тIе валар кхачале‚ тIаккха цо олуш: «Везан Дела‚ Ахь со тIаьхьатеттина хилла велир-кх цхьакIезиг заманна, ас сагIа лур дара‚ со хир вара дика Iамал ечарах». АллахIа цхьа а дегI тIаьхьатоттур дац цуьнан Iожалла еъча, АллахI ву аш дийриг дика хууш Верг». «Аль-Мунафикъуна», 9-11. 

    Веза-Сийлахьчу АллахIа юха а аьлла: «Ахь ала ийман диллинчу Сан лешка: ламаз хIоттадойла цара‚ Оха шайна деллачу рицкъанах (Делан новкъахь) сагIа а лойла цара, къайлах а‚ гуш а, – шена чохь йохк-эцар а‚ доттагIалла а доцу де (къематде) дале хьалха». «ИбрахIим», 31. 

     Амма Дала шайна делла даьхни хьарамчу новкъахь духкуш берш, Дала деллачу ниIматех коьртачарах лоруш долу шайн могашалла а, дегI а, гIора а шайна хьарам бинчу дегIан лаамашна тIаьхьа а бевлла талхош берш – царах лаьцна къематдийнахь шайга хаьттича, жоп муха дала бохку те? 

    АллахIа шена делла рицкъа хьарамчу некъашкахь а, Дела реза воцчу  гуламашкахь а духкуш верг жоп муха дала воллу те? 

   АллахIа шена деллачу рицкъанах хьарам болу гIирсаш а, кхийолу хIуманаш а оьцуш, уьш шен хIусаме йохьуш, дуьненан массо маьIIера телхина а, оьзда мел доцу а хIума лелош верг жоп муха дала воллу те? 

    АллахIа шена делла рицкъа Цуьнан динна дуьхьал къовсам латторца духкуш верг жоп муха дала воллу те? 

   АллахIа шена делла рицкъа Цуьнан эвлаяашна дуьхьал къовсам латтош духкуш верг жоп муха дала воллу те? 

    АллахIа шена делла рицкъа Цуьнан мостагIийн аьтто беш духкуш верг жоп муха дала воллу те? 

    Цундела, царах хIораммо а оцу дийнахь хоттур долчунна жоп кечдойла. Ма дукха меттигаш ю, Везчу Дала бусалба нехан куц хIоттийна, шайна деллачу рицкъанах уьш сагIа луш бу, аьлла. 

    Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла:  «Шайн даьхни Делан новкъахь сагIина луш болчеран масал – хIора кена чохь бIе буьртиг а болуш, ша ворхI кан схьабалийтинчу буьртиган масалх тера ду. АллахIа совдоккхур ду Шена луучунна, И Дела (комаршонца) шорто еш Верг а, хууш Верг а Ву». «Аль-Бакъарат», 261. 

     Веза-Сийлахьчу АллахIа юха а аьлла: «АллахIа масална валийна цхьаьннан долахь волу лай а (цхьана а хIуманна тIехь шен ницкъ ца кхочуш волу)‚ Оха шена Тхайгара дика рицкъа делларг а – иза цунах къайлах а‚ гучохь а сагIа луш волуш. Цхьатерра буй уьш? Хастам АллахIна бу. Делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу». «Ан-Нахьл», 75. 

    Веза-Сийлахьчу АллахIа кхечу аятехь аьлла:  «Дела реза хиларе сатуьйсуш, ийманехь шайн догIмаш чIагIдархьама шайн даьхни сагIина луш болчеран масал – шена тIе чIогIа догIа а деана, тIаккха шозза алсам стоьмаш беллачу басахь йолчу бешах тера ду». «Аль-Бакъарат», 265. 

     Веза-Сийлахьчу АллахIа кхечу аятехь аьлла: «Аш сагIанаш нахана гуш дахахь – дика ду иза. Аш уьш къайлах даьхна, къечу нахана дIалахь а – и ду шуна гIоле дерг, цо дIадохур ду шун вуонаш». «Аль-Бакъарат», 271.        

     Веза-Сийлахьчу АллахIа кхечу аятехь аьлла: «Шайн даьхни буса а, дийнахь а, къайлах а, гуш а сагIина луш берш –  царна мела хир бу шайн Далла гергахь, кхерам а хир бац царна, гIайгIане а хир бац уьш». «Аль-Бакъарат», 274. 

    Веза-Сийлахьчу АллахIа кхечу аятехь аьлла: «Шу дикане (ялсамани чу) кхочур ма дац, шайна дезачу даьхних аш сагIина хIума яллалц». «Алу Iимран», 92. 

   Уьш доцурш кхин дуккха а аяташ ду цунах лаьцна. 

ХIокху аяташа билгалдийриг хIун ду? 

Баккъалла а, хIокху аяташа а, уьш санна долчара а билгалдо, АллахIа шен лена рицкъа даларан коьрта Iалашо – иза цуьнга,  оцу рицкъанах бахьана а дина, Iибадат дайтархьама ду. Цундела, фикъхI девзаш болчу Iеламнаха шайн жайнашкахь  хьахош го вайна, лешна тIехь даьхница доьзна Iибадаташ ду, аьлла. Цуьнан масал – закат далар ду, олий, даладо цара. 

      ШолгIа дакъа – дегIаца доьзна долу Iибадаташ ду. Цуьнан масал – ламаз дар ду. 

     КхоалгIа дакъа – шегахь даьхница а, дегIаца а доьзна долу Iибадаташ гулделларш ду. Цуьнан масал – ХьаьжцIа вахар ду. ХьаьжцIа воьдуш ахь хьайна Дала деллачу рицкъица харж йо, цуьнца Далла Iибадат а до. 

     Цундела, АллахIа Шен лена рицкъа даларан коьрта Iалашо – иза цуьнга оцу рицкъица Iибадат дайтаран дуьхьа ду: харж ярций, закат даларций, сагIа даккхарций, яахIума яларций, совгIат дарций а. Бусалба стага Дала шена деллачу рицкъанах сагIина луш долу хIорш дерриг а, хIорш доцурш а – Далла Iибадат дар ду. 

    Тамашийна болх бу-кх, Веза-Сийлахьчу Дала шена луш долчу рицкъица лено Цунна Iибадат цадар. Цецвала хIума ду-кх, Дала шена луш долчу рицкъанах лено Делан дуьхьа сагIа цадалар. 

   6. ХIокху декъехь коьрта дерг – АллахIера бен рицкъа лаха дезаш цахилар, комаьрша Волчу Цуьнга бен и деха дезаш цахилар а вайна довзар ду. Тирмизис нийсачу зIенаца далийна ибн Iаббасах (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина хьадис, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Айхьа доьхучу хенахь, Деле дехалахь; айхьа гIо лохучу хенахь, Делера лахалахь».  

     Цундела, Веза-Сийлахьчу Дала сийсазбина, Ша воцчуьнгара рицкъа лохуш берш. Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «АллахI витина, Iибадат до цара‚ шайн долахь шайна яла стигланашкара а‚ лаьттара а рицкъанах хIумма а йоцучарна‚ ницкъ цакхочучарна». «Ан-Нахьл», 73. 

     Веза-Сийлахьчу Дала бусалба нахе омра дина, Шегара рицкъа лаха, аьлла. Цо аьлла: «Баккъалла а, Дела а витина, цIушна Iибадат деш‚ харцо кхуллуш а ду шу. Баккъалла а, и Дела а витина аш Iибадат дечеран долахь ма дац шун рицкъа. Аш Далла гергахь лаха рицкъа‚ Цунна Iибадат а де‚ Цунна баркалла а ала. Цуьнга духадерзор ду шу». «Аль-Iанкабут», 17. 

    Иштта хьал хилча, бахьанаш а лелош, Делера рицкъа лехнарг, Цунна тIе болх а биллина, Цуьнга ша дехнарг – Дала цунна цо доьхург лур ду, цо сатуьйсуш дерг цунна муьтIахь а дийр ду, дагахь доцчу агIор цунна рицкъа а лур ду. ТIаккха ша цунна дуьхьалдаьлла долу дуьне толур ду цунна. 

    Амма Дела воцчунна тIевирзинарг, нехан карахь долчу даьхних шен дог хоттаделларг (цара шена и лур ду моьттуш), Деле дехар дитинарг – иза Дала сийсазвийр ву, цо сатуьйсуш дерг цунна хьарам а дийр ду Цо, дуьненан даьхних цунна лерина дерг бен кхочур а дац цуьнга. Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «Мила ву иза, шуна рицкъа лур дерг, Цо Шен рицкъа сацийча? Бакъду‚ куралла ярехь, (бакъонна) генабовларехь а совбевлира уьш». «Аль-Мулк», 21. 

    Имам Ахьмада дикчу зIенаца далийна IабдуллахIа (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина хьадис, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Шена хьашт долу хIума нахера лехнарг милла велахь, цуьнан хьашт кхочуш ца хила герга ду. Амма шена оьшуш дерг Делера лехнарг милла велахь а, Дала цунна и лур ду, сихха рицкъа даларца я валар тIаьхьататтарца». 

     Абу Дауда, Тирмизис а дикчу зIенаца далийна ибн МасIуда (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина хьадис, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Шега кхаьчна мискалла нахе дехарца дIаяккха гIерташ волчун мискалла юхатухур яц Дала. Шега и (мискалла) дIаяккхар дехначунна, АллахI герга ву, цунна рицкъа дала сихха я кIезиг тIаьхьо». 

     И болх хууш бац те, нехан карахь долчу даьхних шайн дегнаш хоттаделла болчу, хьаста а белла, сийсаз а хилла Деле доьхуш шайн куьйгаш хьалаайба бицбелла болчу оцу нахана? Царна ца хаьа те, билггал луш верг а, билггал духатухуш верг а Сийлахь АллахI хилар? Цара ца дешна те Веза-Сийлахьчу АллахIан дош: «Ахь ала: «ХIай Дела‚ паччахьалла Хьайн долахь Дерг‚ Хьайна луъучунна ло-кх Ахь паччахьалла‚ Хьайна луъучуьнгара схьадоккху Ахь паччахьалла‚ Хьайна луъург вазво Ахь‚ Хьайна луъург сийсазво‚ Хьан карахь ду-кх дика‚ баккъалла а, Хьо ву массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш Верг». «Алу Iимран», 26. 

  7. Баккъалла а, Веза-Сийлахьчу Дала Шен лена шортта рицкъа даларо, Цунна и лай дукхавезаш хилар а, Иза цунна реза хилар а ца гойту. Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «ИбрахIима аьлла хан хьахае: «ХIай сан Дела‚ Ахь хилийтахь хIара (Макка) маьрша мохк‚ Ахь рицкъа лохьа цуьнан охIланна стоьмашца‚ царах Делах а‚ тIаьххьарчу Дийнах а тешачарна». Цо элира: «Ткъа керсталла динарг – Ас зовкх хьоьгуьйтур ду цуьнга цхьажимма‚ цул тIаьхьа Ас и верзор ву цIеран Iазапе, ма вон воьрзу меттиг ю-кх иза!» «Аль-Бакъарат», 126. 

     Хьайна шортта рицкъа деллехь, бIенашна меттана эзарнашлахь а, эзарнашна меттана миллионашлахь а хьайна са яла йоьллехь а, хьуна ма моттийла, Далла хьо дукхавезар бахьанехь ду иза. Баккъалла а, цкъацкъа Дела дикчу нахана деллачул алсам Iесачу нахана луш ма ву, бусалба нахана деллачул масийтта декъехь сов керста нахана луш ма ву. Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «Шайна билггала долу Тхан аяташ дешча‚ керсталла динчара элира ийман диллинчаьрга: «(Вайх) шиннах муьлха тоба ю дика бахамца‚ вовшашца цхьаьнакхетарца хаза?» Мел хIаллакйина Оха царал хьалха тIаьхьенаш‚ хьолаца а‚ гарца а оцарал мелхо хаза йолуш! Ахь ала: «Къинхетаме Волчо (Дала) хан яхйойла тиларчохь болчеран‚ шайна чIагIо йинарг царна галлалц – я (дуьненан) Iазап, я къематде – тIаккха хуур ду царна‚ меттигца вон верг, эскарца уггар ледара верг мила ву. АллахIа нисбала гIертарш нийсонехь совбоху. Бухаюьсу дика Iамалш гIоле ю хьан Далла гергахь – мела хиларехь а‚ воьрзу меттиг дика хиларехь а». «Маръям», 73-76. 

    Соьца цхьаьна лерина ладогIа, имам Ахьмада нийсачу зIенаца далийначу, Iамиран кIанта Iукъбата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцинчу хьадисе, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла, долчу: «АллахIа цхьана лена дуьненан рицкъа луш хьуна гича, – и лай Iеса хиларна тIехь лаьтташ а волуш, – иза ларлойла, баккъалла а, иза цунна кIело яр ду». Цул тIаьхьа цо дийшира Везчу АллахIан дош: «Цара шайга шеца хьехам бинарг (кхерам тесна хилларг) дицдича, Оха дIайиллира царна массо (дикчу) хIуманан неIарш (шайн къиношлахь уьш дуккха латтийтархьама)‚ уьш шайна деллачух баккхийбеш болуш (тIаккха) цIеххьана схьалийцира Оха уьш – тIаккха цара догдиллира массо диканах». «Аль-АнIам», 44. 

     Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «Адамо, Дала ша зийча‚ Цо шен сий дича‚ ниIматаш а делча‚ олу: «Сан Дала сий дина сан». Амма Цо ша зийча‚ шена рицкъа кIезиг делча‚ цо олу: «Сан Дала со сийсазвина». «Аль-Фаджр», 15-16. 

ХIай АллахI-Дела, Ахьа тхо дехьа хьехаме ладугIучарах, тIаккха нийса долчунна тIаьхьа а дозуш.

Рицкъанехь соввоккхуш долу бахьанаш 

     Дукхахболчу нехан Iалашо рицкъа лахар бен ца хуьлу; и муха хир ду? Царах цхьаберш шайна и рицкъа хилчхьана, нийса доцчу а, хьарамчу а новкъа бовлу. Оцу нахана ца хаьа те, хьарам долчо беркат дIадоккхуш хилар? 

     Я шарIо билгалдина, рицкъа тIедохьуш а, стиглара беркатийн неIарш дIайоьллуш а долу бахьанаш ца девза те царна? 

    Цундела, хIай лераме ваша, оха хьан тидаме дуьллу, шайца рицкъа тIедохьуш долу, шарIо билгалдина цхьадолу бахьанаш, – Веза-Сийлахь волу Дела реза воцчу новкъа хьо цавалийтархьама. 

1. Сийлахь-Везчу АллахIах кхерар 

     Хьо хууш хилалахь, хIай лераме ваша, АллахIах кхераро диканан неIарш дIайоьллу, къинхетам тIебоссабо, рицкъа далар алсам а доккху, халкъ кхоьллинчу Дала ма-аллара: «Яртийн охIла ийман диллина а‚ Делах кхоьруш а хиллехьара – царна стиглара а‚ лаьттара а беркаташ схьадиллина хир ма дара Оха‚ делахь а, цара харцдира-кх (дин). ТIаккха Оха схьалийцира уьш, цара лелош дерг бахьанехь». «Аль-АIраф», 96. 

    Массо а дика хIума Веза-Сийлахьчу Делах кхерарехь ду. Дала Шех кхийринчунна массо гIайгIанах паргIатвалар ло, массо гаттонех иза хьалха а воккху, дагахь доцчу агIор цунна рицкъа а ло. Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «Дала гаттонех, баланех хьалхавоккхур ву кхоччуш Делах кхоьруш верг, ца моьттучу агIор Цо рицкъа а лур ду цунна». «АттIолакъ», 2,3. 

    Делах кхоьруш волчу лена Цуьнан латта гатлур дац, Цунах кхоьруш волчунна дахарехь а, рицкъанехь а хало хир яц. 

   Ца кхеташ хьо велахь а, Делах кхоьруш хила хьо, Рицкъа кхочур ду хьоьга хьуна ца моьттучу агIор. 

2. ДоIадар а, Сийлахь-Везчу АллахIе верзар а 

 

     ХIай лераме ваша! 

   ДоIадарехь кIелхьарвалар а, ларвалар а ду. Веза- Сийлахьчу АллахIа боху: «Шун Дала аьлла: «Аш Соьга деха, Ас жоп лур ду шуна». «ГIофир», 60. 

     Iилма довзарехь кIоргене кхаьчначу Iеламнаха, доIадар суннат ду, аьлла. Башийран кIанта НуIмана (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «ДоIадар – иза Iибадат ду». (Абу Дауда дийцина хьадис). 

     Хьайна рицкъанехь гатто хиллехь, хьайна сингаттам сов а баьллехь, хьайна декхар даз а деллехь – доIа духатухур доцу бахьанаш леладе ахь, Веза-Сийлахьчу Деле деха а деха ахь, Иза дика лууш Верг а, комаьрша Верг а Ву. Баккъалла а, Шен неIаре веанарг човхийна вац Цо, Шега доьхуш волу лай, цо доьхург ца луш, ваьсса витина а вац Цо. Абу Дауда далийна, Абу СаIийд аль-Худрис (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина хьадис; цо элира: «Цхьана дийнахь Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) маьждиг чу вахара, ансарех волу, Абу Умамат шен цIе йолу стаг карийра цунна цу чохь. Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) цуьнга хаьттира: «ХIай Абу Умамат, ламазан хан йоцчу хенахь хьо маьждиг чохь хиъна Iаш ма го суна?» Цо жоп делира: «ХIай Делан Элча, соьгахь болчу баланаша а, суна тIехь долчу декхарша а сацийна со». Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Аса цхьа дешнаш Iамадай хьуна, ахь уьш аьлча, Везчу Дала хьан сингаттам дIабоккхур болуш, хьуна тIера декхар дIалур долуш?» Цо жоп делира: «Iамадехьа, хIай Делан Элча». Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Хьой Iуьйренга ваьлча а, суьйренга ваьлча а, ахьа ала: «АллохIумма инни аIузу бика минал-хIамми вал-хьазани, ва аIузу бика минал-Iажзи вал-касали, ва аIузу бика минал- джубни вал-бухли, ва аIузу бика мин гIалабатид- дайни ва къахIрир-рижали. (Я Аллахl, Хьоьга доьху ас, сингаттамаххий, гlайгlанаххий со lалашвар, Хьоьга доьху ас, кlелвисарххий, малонаххий со lалашвар, Хьоьга доьху ас, кlилло валарххий, бlаьрмецигаллеххий со lалашвар, Хьоьга доьху ас, декхаро кlелвитарххий, дукхах долчу хьолехь адамаш сийсаздечу хlуманаххий со lалашвар)». Абу Умамата аьлла: «Аса элира и дешнаш, тIаккха Веза-Сийлахьчу Дала соьгара сингаттам а дIабаьккхира, суна тIера декхар а дIаделира». 

    Бакъду, АллахI массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш вуй а хууш, ахь даггара и дешнаш аьлча, ишттачу хьолехь доIина жоп ло. 

     Салмана (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Баккъалла а, АллахI-Дела Комаьрша ву; стага шен ши куьг (доIадеш) Цуьнга хьалаайбича, Цо и шиъ жоп ца луш даьсса ца дуьту». (Абу Дауда дийцина хьадис). 

     ХIай лераме ваша! 

  ДоIа – хедар боцуш чIогIа муш бу, Iаламаш кхоьллинчу Делаца уьйр латтош а ду. 

    Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Веза-Сийлахьчу Далла доIанал а сийлахь хеташ хIума дац».  (Тирмизис дийцина хьадис). 

   Сингаттамехь а, баланехь а, халонгахь а волчунах къинхетам бан а, цуьнан даьхнигахь цунна беркат дан а АллахIна лиъча, доIадар даг чу тосу Цо цунна. Стигланийн а, лаьттан а хазнаш шен карахь йолчу, Хьалдолуш а, Хастаме а Волчу Дала Шега деха хьекъал а, кхетам а ло цунна. Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «Шуьгахь дерг кхачош ду‚ АллахIна гергахь дерг бухадуьсуш ду». «Ан-Нахьл», 96. 

3. Гечдар дехар, тоба дар а 

  Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «Шайна Делера гечдар деха аш, тIаккха Цуьнга тоба а де». «ХIуд», 3.

    Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «Баккъалла а, Оха вахийтира Нухь шен къомана тIе: «Кхерам таса хьайн къомана, цунна тIе лазош долу Iазап дале»‚ – аьлла. Цо элира: «ХIай сан къам! Баккъалла а, со шуна билггала волу кхерамча ву-кх. АллахIна Iибадат де‚ Цунах кхера‚ суна муьтIахь а хила! (ТIаккха) Цо шуна гечдийр ду шун къинош‚ цхьана тоьхначу ханна (Iожалла тIекхаччалц) шу тIаьхьатоттур а ду. Баккъалла а, Дала тоьхна хан тIееъча, тIаьхьатоттур яц‚ шу хууш делахь». Цо (Нухьа) элира: «Сан Дела, баккъалла а, ас дине кхайкхира сайн къам буса а, дийнахь а. Амма сан кхайкхамо уьш сов ца бехи, (динах) бовдарехь бен. Баккъалла а, Ахь царна гечдаре ас цаьрга мосазза кхайкхи, цара шайн пIелгаш шайн лергаш чу духкура, шайн бедаршца шайн кортош хьулдора, уьш чIагIбелира (Iесаллехь), куралла ярехь тIех а бевлира. Цул тIаьхьа ас цаьрга кхайкхам бира, мохьтоьхха. Цул тIаьхьа, баккъалла а, ас цаьрга кхайкхам бира, ган а гуш, ас цаьрга кхайкхам бира къайлах а (массо кепара). Ас элира: «Гечдар деха шайн Деле‚ баккъалла а, Иза ву-кх дукха Гечдешверг. Цо стиглара шортта догIа доуьйтур ду шуна. Цо гIо дийр ду шуна даьхница‚ кIенташца‚ Цо хуьлуьйтур ю шуна бошмаш‚ хуьлуьйтур ду шуна хиш-татолаш». «Нухь», 1-12. 

    Имам КъуртIубис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «ХIара аят – делил ду, рицкъа а, догIа а Деле гечдар дехарца цхьаьна деха дезаш ду, аьлла». 

     Ибн Касийра (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Аш тоба дича, шайна гечдар а дехча, Далла муьтIахь а шу хилча – шуна рицкъа алсам хир ду». 

    Абу Дауда далийна Iаббасан кIанта IабдуллахIа (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина хьадис, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «АстагIфируллохI (Ас Деле гечдар доьху) боху дош дукха баьхнарг, АллахIа массо гаттонех паргIатвоккхур ву, массо а баланех хьалхавоккхур ву, Цо цунна дагахь доцчу агIор рицкъа а лур ду». 

     Цхьа стаг веара Хьасан (Дала къинхетам бойла цунах) волчу, цо цуьнга хIоьттина йолу йокъа ялхийра, тIаккха Хьасана (Дала къинхетам бойла цунах) цуьнга элира: «АллахIе гечдар деха (АстагIфируллохI, ала)». 

     Цул тIаьхьа кхин стаг веара, цо цуьнга къелла ялхийра, тIаккха Хьасана (Дала къинхетам бойла цунах)  цуьнга а элира: «АллахIе гечдар деха (АстагIфируллохI, ала)».  

     Цул тIаьхьа кхин стаг веара, цо цуьнга элира: «Суна кIант воьхуш Деле доIа дехьа». ТIаккха Хьасана (Дала къинхетам бойла цунах) цуьнга а элира: «АллахIе гечдар деха (АстагIфируллохI, ала)». Хьасанан (Дала къинхетам бойла цунах) накъосташа элира тIаккха: «Цара хьоьга тайп-тайпана дехарш дира, ткъа ахь царна массарна цхьана кепара жоп делира». Хьасана (Дала къинхетам бойла цунах) элира: «Ас сайггара аьлла хIумма ма дац, баккъалла а, АллахIа боху-кх: «Ас элира: «Гечдар деха шайн Деле‚ баккъалла а, Иза ву-кх дукха Гечдешверг. Цо стиглара шортта догIа доуьйтур ду шуна. Цо гIо дийр ду шуна даьхница‚ кIенташца‚ Цо хуьлуьйтур ю шуна бошмаш‚ хуьлуьйтур ду шуна хиш-татолаш». «Нухь», 10-12. 

     Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «АллахIе тоба де аш массара, хIай ийман диллина нах, декъала хир ду шу». «Ан-Нур», 31. 

     Абу Зарра (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна)  элира, аьлла: «Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «ХIай Сан леш, Ас зуламдар хьарам дина Сайна, шуна юккъехь а и хьарам дина Ас; аш вовшашна зулам ма де. ХIай сан леш, шух хIора тилла ву, Ас ша нисвина воцург, Соьга деха шаьш нисдар, Ас нисдийр ду шу. ХIай сан леш, шух хIора меца ву, Ас шена яахIума елла воцург; Соьга еха шайна яахIума, Ас лур ю шуна…» (Муслима дийцина хьадис). 

4. Сийлахь-Везчу АллахIна тIе болх биллар 

   Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «Бусалба наха АллахIна тIе болх буьллийла». «ИбрахIим», 11. 

    Веза-Сийлахьчу АллахIа юха а аьлла: «АллахIна тIе болх биллинарг – Иза цунна кхачаме ву». «АттIолакъ», 3. 

     Имам Ахьмада а, Тирмизис а нийсачу зIенаца далийна Iумара (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина хьадис, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Аш билла ма-беззара болх АллахIна тIе биллахьара, Цо шуна рицкъа лур ма дара, Iуьйрана меца дIадоьдуш, суьйрана дуьзна цIа догIуш долчу олхазаршна рицкъа даларх терра».

Дерриг Iалам кхоьллинчу Далла тIе болх билла декхаре ву хьо. Иза дагца ечу Iамалех цхьа Iамал ю, рицкъа лахарехьахь къахьегарца цхьаьна. 

5. Сийлахь-Везчу АллахIна Iибадат дан дог паргIатдаккхар 

     Тирмизис, ибн МажахIа а, ибн Хьиббана а нийсачу зIенаца далийна Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина хьадис, Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Баккъалла а, АллахIа боху: «ХIай Адаман кIант, Суна Iибадат дан паргIатвала хьо – Ас хьан накха хьолаца бузур бу, хьоьгара къелла а дIайоккхур ю. Нагахь ахь и ца дахь, Ас хьан ши куьг балхе дIалоцуьйтур ду, хьоьгара къелла а дIайоккхур яц». 

     Баккъалла а, хьо хьайн дог-ойла Веза-Сийлахьчу Далла тIеерзийна мел ву, рицкъа лахарехь хьайн хьашт кхочушдан нигат долуш хьо мел ву, Веза-Сийлахьчу Далла гIуллакх дарна тIехь и даьхни духкуш хьо мел ву – Везчу Дала къайлах долу Шен рицкъа тIедуттур ду хьуна. Хууш хила деза, и дерриг а вай Кхоьллинчу Делан лаамца а, Иза реза хиларца а хир долуш хилар. 

6. ТIаьхьа-хьалха хьаж а, Iумрат а дар 

   Тирмизис, Насаис а нийсачу зIенаца далийна МасIудан кIанта (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина хьадис, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «ТIаьхьа-хьалха хьаж а, Iумрат а дойла аш, баккъалла а, оцу шимма къелла а, къинош а дIадоху, левсино эчиган мода дIаяккхарх терра». Цуьнан маьIна ду: шаьш хьаж дича, тIаьххье Iумрат дойла аш; шаьш Iумрат дича, тIаьххье хьаж дойла аш, бохург. 

    Iилманан дайша аьлла: «ТIаьхьа-хьалха хьаж а, Iумрат а даро къелла дIаяккхар – сагIано даьхни совдаккхарх терра хIума ду». 

7. Гергарло хоттар 

      Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Дала ша рицкъанехь совваккха а, ша дуьнен чохь йоккху хан тIаьхьататта а лууш волчо гергарло хуттийла». (Бухарис дийцина хьадис). 

     Кхечу риваятехь (дийцарехь) деана, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «АллахIа ша рицкъанехь совваккха а, шен оьмар яхъян а лууш волчо гергарло хуттийла». (Ахьмада дийцина хьадис). 

   Ас олу: «Мичахь бу тахана гергарлонаш хуьттуш болу бусалба нах? Баккъалла а, доьзалехь йолу уьйр кхерамечу хьоле кхаьчна, екъаелла ма ю. Тахана юкъахь барт болуш, вовшашна гIо деш болу доьзал каро хала хир ду хьуна. ХIокхул тIаьхьа а вовшашка хоьтту наха: «Рицкъа хIун дича совдер дара те?» –бохуш. Шеца там боцчух цIена Ву-кх Веза-Сийлахь Верг, Ша кхоьллинарш рицкъанехь совбохуш Волу, и рицкъа лахарна тIехь уьш сутара бацахь а». 

    Гергарлонаш хиттар коьрта болх хилар чIагIдеш, Везчу АллахIа керста нахана а, къинош деш болчарна а шортта рицкъа делла, цара гергарло лелор бахьанехь. Ахь соьга боху: «Бакъ дуй те иза?» Аса хьоьга боху: «Бакъ ду». ТIабранис нийсачу зIенаца далийна Абу Бакрата дийцина хьадис, Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Баккъалла а, уггар сиха мела язбеш йолу Iамал – гергарло хоттаран Iамал ю. Баккъалла а, цIийнан охIла къинош летош белахь а, церан даьхни а кхуьу, доьзал а деба, уьш гергарлонаш хуьттуш хилча». 

8. АллахIан новкъахь харж яр 

   Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «Аш (АллахIан новкъахь) сагIина елла хIума Цо меттахIоттайо, Иза рицкъа лучарах уггар диканиг Ву». «Ас-Сабаъ», 39. 

   Веза-Сийлахьчу АллахIа кхечу аятехь аьлла: «Шух, ийман диллинарш, (АллахIан новкъахь) сагIанаш делларш –  йоккха ял хир ю царна». «Аль-Хьадид», 7. 

   Баззара а, ТIабранис а нийсачу зIенаца далийна Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина хьадис, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «ХIай Билал, сагIа ло ахь, Iаршан Дас (АллахIа) хьайна рицкъа эшадарх ма кхера хьо». 

     Муслима шен «Сахьихь» олучу жайнахь хьадис далийна, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Сийлахьчу АллахIа боху: «ХIай Адаман кIант, сагIа ло ахь – Ас хьуна а лур ду». 

     Бухарис хьадис далийна, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Шуна деш долу гIо а, шуна луш долу рицкъа а шун заьIап нах бахьана долуш бен дуй?» 

     Ша сагIанаш дукха делла аьлла къелла тIеярна ма кхоьрийла лай, баккъалла а, АллахIан хазнаш юьззина ю, цхьана а хIумано шаьш эшор йоцуш. Дуьххьара рицкъа Деллачо (Дала) шозлагIа а, кхоазлагIа а лур ду, кхин совдоккхур а ду. 

     Бухарис, Муслима а далийна Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина хьадис, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Шена чохь леш Iуьйренга бовлуш цхьа а де ма дац, ши малик охьадуссуш а бен, тIаккха цаьршиннах цхьамма олуш: «ХIай АллахI, сагIа луш волчунна (даьхни) меттахIоттаде Ахь», тIаккха вукхо олуш: «ХIай АллахI, сецош волчунна (даьхни) иэшаде Ахь». 

    ХIара хьадис, хIокхунна тIаьхьа догIуш дерг а билгалдеш ду, Веза-Сийлахьчу Дала шена деллачу даьхних сагIа луш воцчун даьхни эшам хуьлуш а, хIаллакьхилла дIадолуш а хилар. 

     Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «ХIай Асмаъ, сагIа ло ахь, тIаккха АллахIа хьуна а лур ду (рицкъа), хьайгахь сеца ма де ахь, тIаккха АллахIа хьуна луш дерг сацор дац». (Бухарис дийцина хьадис). 

     Шеца там боцчух цIена ву АллахI! Зудчуьнга деш ду-кх Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хIара тайпа къамел?! Къен-мискачарна а, сагIане хьашт долчарна а сагIанаш луш болу хьоладай мичахь бу те? Делан дуьхьа сагIа деллачунна АллахIа ял совйоккхур ю, цхьана диканна дуьхьал и санна итт дика луш, ворхI бIе декъе кхаччалц, АллахI воцчунна цуьнан дукхаллин хьесап дан хуур доцуш. АллахIа меттахIоттош ма ду хьан даьхни, сагIа даларо даьхни эшийна ма дац. 

     Дукха хан яц нах халонгахь а, гаттонехь а баьхна, делахь а Дала Шен комаьршонца цаьргара гIайгIа- бала дIаайбина. Баккъалла а, Веза-Сийлахьчу Дала уьш паргIатбахар – царна юккъехь къинхетам хилар бахьанехь ду. 

     Уьш вовшех къинхетам беш а, гергарлонаш хуьттуш а, кIеда-мерза болуш а хилла, тIаккха Везчу АллахIа кIезиг дерг алсамдаьккхина, церан даьхнигахь а, доьзалехь а царна беркат совдаьккхина. Хьовсийша Мухьаммад-пайхамаран (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) асхьабашка, уьш вовшашца къинхетаме муха хилла, тIаккха Веза-Сийлахьчу Дала царах шортта къинхетам муха бина а. 

     ХIара ву-кх Iавваман кIант Зубайр (Дела реза хуьлийла цунна), ша вала герга вахча, шен кIанте IабдуллахIе аьлла волу: «Суна тIера декхар дIалолахь, суна тIера декхар дIалолахь, нагахь хьо гIорасиз хилахь, ахь алалахь: «Я АллахI, хIай Зубайран Дела, цунна тIера декхар дIалохьа». Баккъалла а, Зубайран Дела хууш ма ву, И реза волчу новкъахь бен, сагIане хьашт долчу Цуьнан лешна луш бен а ас сайн даьхни доьхкина цахилар». 

     Зубайр дIакхелхира. Зубайран кIанта IабдуллахIа цуьнан декхар дагардича, иза эзарзза эзар (миллион) хилира.IабдуллахI гатвелла хьаьвзира, цуьнан дас дитина дерриг даьхни – декхар такхарна кхачам ца беш долу цхьакIезиг латта а, диъ бIе эзар ахча а бен дацара. ТIаккха цунна дагадеара шен дас валале хьалха аьлла дешнаш: «Декхар дIатакха хьо гIорасиз хилахь, ахь алалахь: «Я АллахI, хIай Зубайран Дела, цунна тIера декхар дIалохьа». Баккъалла а, Зубайран Дела хууш ма ву, И реза волчу новкъахь бен, сагIане хьашт долчу Цуьнан лешна луш бен а ас сайн даьхни доьхкина цахилар». 

     Шеца там боцчух цIена ву АллахI, ма чIогIа хилла церан Делах тешар, тахана вайгахь доцчу барамехь. 

     IабдуллахIа элира: «ТIаккха ас дийхира оцу дешнашца. КIезиг денош бен ца девлира, оцу лаьтта тIехь йохк-эцар лелон меттиг хилира, шена тIехь нах гуллуш. Ас и меттиг йоьхкира, АллахI воцчун шен барам хуур боцчу мехах, суна кхаьчна долу даьхни сан карахь деба а дийбира. Дуьззина шарахь эвла юккъехула лийлира со, айса мохь бетташ: «Зубайрина тIехь шен декхар долуш верг тхуна тIе вогIийла, оха цуьнан декхар дIалур ду». Цхьа шо дIадаьлча, дисина даьхни цуьнан еа зудчунна юккъехь дийкъира ас, хIора зудчунна кхаьчна дакъа эзарзза эзар а долуш». 

  9. АллахIан дуьхьа кхелхина вахар 

     Хьо хууш хилалахь, хIай сан ваша, Дала сан а, хьан а аьтто бойла, кхелхина вахар а, шортта долчу АллахIан лаьттахула дIасавахар а – дуккха рицкъа каракхачаран бахьанех цхьа бахьана ду. Баккъалла а, кхузахь хьуна ца луш сацийнарг, цигахь хьуна дала герга ма ду. Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла: «АллахIан дуьхьа кхелхина ваханчунна лаьттахь карор ма ю дуккха тIетевжийлаш а‚ шорто а». «Ан-Нисаъ», 100. 

    Ма дукха нах бу, шайна дукхабезаш болу а, шайга харжам байтича шаьш хоржур болу а мохк битина кхелхина бахана. Бакъду, Веза-Сийлахьчу Дала царна рицкъа делла церан латта а, церан мохк а боцчохь. Массо а заманахь берриг болх АллахIан карахь ма бу. 

  10.  Iилма лаха араваьллачунна сагIа далар 

     Бусалба нахана пайда бархьама Iилма Iамош волчу шен вешина я лулахочунна, я  къен-миска волчу доттагIчунна сагIа дала а, цуьнан хьал тодан а ницкъ кхаьчначунна, Веза-Сийлахьчу Дала керла рицкъа карадоуьйтур ду. 

     Тирмизис нийсачу зIенаца далийна Маликан кIанта Анаса (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина хьадис; цо элира: «Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) заманахь ши ваша вара, царах цхьаъ Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) волчу вогIуш вара (Iилма Iамо), важа болх беш вара. Болх беш волчо шен ваша Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) валхийра, тIаккха Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «И хьан ваша бахьанехь луш хила мега хьуна рицкъа».

11. «Аль-ВакъиIату» боху сурат дешар 

    БайхIакъис гIийлачу зIенаца далийна Абу ФатIимата дийцинарг, Iаффанан кIант Iусман (Дела реза хуьлийла цунна) ибн МасIуде (Дела реза хуьлийла цунна) хьажа вахара, иза цомгуш волчу хенахь, цо хаьттира, аьлла: «ХIун ду ахь балхам бийриг?» Ибн МасIуда (Дела реза хуьлийла цунна) жоп делира: «Сайн къинош ду». Цо хаьттира: «ХIун ду ахь сатуьйсуш дерг?» Цо жоп делира: «Сайн Делера къинхетам бу». Цо хаьттира: «Оха хьуна лор кхайкхий?» Цо жоп делира: «Лоьро цомгуш вина со». Цо хаьттира: «Ас, хьуна сагIа ло, алий, омра дай?» Цо жоп делира: «Тахханалц суна ца делира ахь иза, ткъа хIинца суна оьшуш дац иза». Цо элира: «Хьайн зудчунна а, доьзална а дитахь иза». Цо элира: «Ас царна цхьа хIума Iамийна, цара иза аьлча царна къелла хаалур йоцуш. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) олуш хезна суна: «Аль-ВакъиIату» боху сурат хIора буьйсана доьшуш волчунна къелла хаалур яц». 

     Имам Ахьмада далийна Самуратан кIанта Джабира (Дела реза хуьлийла цунна) дийцинарг, цо элира, аьлла: «Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) ламазаш дора, аш тахана ламаз дарх терра, бакъду, цо дайдора иза. Цуьнан ламаз шун ламазал атта (дайн) дара. Iуьйра ламазехь «Аль-ВакъиIату» я и санна долу сурат доьшура цо». 

     Масрукъа (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хьалха дIабаханчеран а, тIаьхьа тIебогIучеран а, дуьненан а, эхартан а Iилма довза лууш волчо «Аль-ВакъиIату» боху сурат доьшийла». 

12. «ЛаилахIа иллаллохIул-маликул-хьаккъул- мубийн» алар 

     МустагIфирис доIанаш дуьйцучу меттехь гIийлачу зIенаца дийцина, Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Дийнахь бIозза ша аьлларг: «ЛаилахIа иллаллохIул-маликул- хьаккъул-мубийн (АллахI воцург, кхин дела вац, Ша стигланийн а, лаьттан а паччахь Верг, Шена Iибадат дан хьакъ Верг, Ша билггал Верг)», цунна къелла тIейогIург цахиларх тешам а, кошахь цхьалха вуьсург цахиларх тешам а хир бу, и бахьанехь цуьнга бахам кхочур бу, ялсаманин неI а хоржуьйтур ю». 

 

ТIаьххьарлера вайн кхайкхам – Iаламаш кхобуш, кхиош а Волчу вайн Далла хастамбар ду.