СагIин дозалла

БисмиллахIиррохьманиррохьим 

Дешхьалхе 

     Хастам бу Аллах1на, комаршо, шукра, хаза хастам а Шена болчу, саг1а луш болчарна рицкъа далар дукха долуш а, царна уггар дика бекхам бан ч1аг1о йина а Волчу. Ас хастам бо Цунна парг1атонехь, халонехь а. Делера салам-маршалла хуьлийла эвлаяийн тхьамда, Делах кхоьруш болчеран имам а, хьокхуш болу мох санна шен комаьрша куьг саг1а даларехь даима кховдийна волчу Мухьаммадна, цуьнан доьзална, халонехь, аьттонехь а саг1а луш хилла болчу цуьнан асхьабашна а. 

     Баккъалла а, саг1а даларо хаза лар юьту, т1аьхье беркате а хуьлуьйту, и саг1а даьккхинарг цхьаъ велахь я цхьа тоба елахь а, и саг1а даьккхинчунна дагна парг1ато я синтем ца хиллехь а, я и схьаэцначу къечу стагана цунах хазахетар ца хиллехь а. 

     Суна лаьа, саг1ин дозаллех лаьцна 1еламнаха аьлла дешнаш хьахо, хьалха заманахь, х1инца а саг1анаш даьхначарех  лаьцна мехала дийцарш дийца а. Везчу Деле вай доьху церан саг1анаш къобалдар, вай ечу 1амалехь, олучу дашехь а Цо вайн нигаташ ц1ена хилийтар а. 

     Хьуна хоийла, цхьаболчу нахана саг1ин белхаш бовза ма-беззара бевзаш ца хилар. Царна моьтту, саг1а даккхар деккъа даьхница доьзна ду, амма иза иштта дац. Цундела  х1окху жайни чохь саг1ин дозалла, цуьнан дакъош а дуьйцуш дуккха хьадисаш далийна. Х1окху жайнахь долу аяташ, хьадисаш, 1еламнехан дешнаш а ахь дешча, хьуна девзар ду саг1ин дакъош, цуьнан бехкамаш, и къобалхиларх духатухуш долу бахьанаш а. 

     Сайн къамел дерзош, Веза-Сийлахьчу Деле доьху ас дика 1амал ярна т1ехь, ц1ена нигат хиларехь а аьтто бар, Цо сайна гечдар, со маьрша витар а. Х1ай Аллах1, тхо лардехьа гуш, ца гуш а долчу питанех, тхан мохк, кхиболчу бусалба нехан мехкаш а  даима тешаме, маьрша а хилийтахьа. Х1ай Аллах1, Айхьа тхуна т1ех1иттийначеран ницкъ кхачийтахь Хьой реза волчу новкъа д1абаха. Делера салам-маршалла хуьлийла вайна дукхавезаш волчу Мухьаммад-пайхамарна, цуьнан доьзална, асхьабашна, массо бусалба нахана а. 

 

Шун бусалба ваша – Iелин Сулайманан кIант Халид 

СагIа даларан хьокъехь даьхкина цхьадолу аяташ 

     Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Мила ву Деле духалург хаза декхар луш верг (Делан дуьхьа, шен даьхни саг1ина луш верг). – Цо цунна масийтта декъехь алсамдоккхур ду иза. И Дела рицкъанехь гатто еш верг, шорто еш верг а Ву, Цуьнга дерзор долуш а ду шу». «Аль-Бакъарат», 245.

     Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Шайн даьхни Делан новкъахь саг1ина луш болчеран масал – буьртиган масалх тера ду, ша ворх1 кан схьабалийтина а, х1ора кена чохь б1е буьртиг а болчу. Аллах1-Дала совдоккхур ду Шена луучунна, И Дела (комаршонца) шорто еш Верг а, хууш Верг а Ву. Шайн даьхни Делан новкъахь саг1ина  луш берш, цул т1аьхьа шайн саг1анаш т1ехдеттаршций, халахетарш дарций  хьеха а ца деш, – царна ял хир ю шайн Далла гергахь, кхерам а хир бац царна, г1айг1ане а хир бац уьш. Хаза дош алар‚ гечдар а г1оле ду, шел тIаьхьа халахетар деш долчу сагIанал‚ Аллах1 хьалдолуш а (шен халкъера х1умма ца оьшуш)‚ к1еда- мерза а (1азап дарца сихо ца еш) Ву». «Аль-Бакъарат», 261-263. 

    Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Аш саг1анаш (нахана) гуш дахахь – дика ду иза (аш беш берг дика болх бу). Аш уьш къайлах даьхна, къечу нахана д1алахь а – и ду шуна уггар деза дерг, цо д1адохур ду шун вуонаш, Аллах1 аш дийриг хууш ма ву». «Аль-Бакъарат», 271. 

    Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Шайн даьхни буса а, дийнахь а, къайлах а, гуш а саг1ина луш берш –  царна мела хир бу шайн Далла гергахь, кхерам а хир бац царна (къематдийнахь), г1айг1ане а хир бац уьш (дуьненахь шайх д1атиллачух)». «Аль-Бакъарат», 274. 

     Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Аша сихо е шайна Делера гечдаре а, стигланаш, латта санна шуьйрачу ялсаманига а – Делах кхоьручарна кечйина йолчу. И нах бу уьш, шаьш парг1атонехь, халонехь а (хьалдолуш, къен болуш а) саг1а луш, шайн оьг1азло хьулъеш (и чекхъяккха шайн ницкъ кхоччушехь), нахана къинт1ера бовлуш а болу, Аллах1 дика деш берш дукхабезаш (царна хаза бекхам бийр болуш) Ву». «Алу 1имран», 133-134.    

     Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Ахь ала: «Баккъалла а, сан Дала шортта рицкъа ло Шен лех Шена луучунна‚ Цо цунна (рицкъанехь) гатто а йо. Аш (дикчу новкъахь) саг1ина елла х1ума Цо (Дала) меттах1оттайо, Иза рицкъа лучарех уггар диканиг ву». «Ас-Сабаъ», 39. 

     Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Мила ву Деле духалург хаза декхар луш верг (Делан дуьхьа, шен даьхни саг1ина луш верг). – Цо цунна масийтта декъехь алсамдоккхур ду иза, цунна сийлахь йолу ял а (ялсамани) хир ю». «Аль-Хьадид», 11. 

     Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Баккъалла а, сагIа луш болу божарий а‚ зударий а‚ Деле духалург хаза декхар луш берш а - (Дала) царна масийтта декъехь алсамдоккхур ду иза, царна сийлахь йолу ял а (ялсамани) хир ю».  «Аль-Хьадид», 18. 

    Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Шу Делах  кхералаш, шайн ницкъ ма-кхоччу‚ аш ладогIалаш (шайна бечу хьехаме)‚ шу муьтIахь хилалаш (Дала бохучунна‚ аш сагIа лолаш (Делан новкъахь) – и дика ду шуна шайна. Шен синан бIаьрмецигаллех д1ац1анвелларг - уьш бу-кх декъалхилларш. Аш духалург Деле хаза декхар лахь - Цо шуна иза масийтта декъехь алсамдоккхур ду‚ шуна гечдийр а ду. Аллах1 баркалла олуш ву (дика динчунна)‚ к1еда-мерза а ву (къинош долчу Шен лешна сихха та1зар ца деш)». «Ат-Таг1абун», 16-17. 

    Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Аш Деле духалург хаза декхар ло (Делан дуьхьа, саг1а ло). Аш шайна хьалхадаьккхина диканиг – шуна иза карор ду, Далла гергахь дика долуш‚ дукха йоккха ял йолуш а. Деле гечдар деха аш, баккъалла а, Дела гечдеш верг, къинхетаме верг а ву». «Аль-Муззаммил», 20. 

 

СагIа даларан хьокъехь даьхкина цхьадолу хьадисаш 

     Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) волчу цхьа стаг веара, цо цуьнга хаьттира: «Х1ай Делан Элча, ял алсам йолу саг1а муьлха ду?» – аьлла. Цо жоп делира: «Ахь саг1а далар ду, хьо могуш а, сутара а, къеллах кхоьруш, хьал хиларе сатуьйсуш а волуш; т1аьхьа а ма тетта ахь, са (валарна гергахь) къамкъарге кхаччалц, ахь ала а олуш: «Хьенехана иза  ду, минехана иза ду, т1аккха иза хила а хуьлу хьенехана». Бухарис, Муслима а дийцина хьадис.

   Аш1арин тайпанан волчу Абу Малика (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Ц1ано ийманан ахдакъа ду, альхьамду лиллах1и (Аллах1на хастам бу) аларо Мийзан терза хьаладузу, ткъа субхьаналлох1и, вальхьамду лиллах1и (Аллах1 шеца там мел боцчух ц1ена ву,  Аллах1на хастам бу) бохучо хьаладузу стигланашна а, лаьттана а юкъахь дерг; ламаз – нур ду, саг1а – ийманан билгало ю, собар – г1айг1а, бала а д1абоккхуш серло ю, Къуръан (цо бохучунна т1евирзинехь) хьоьгахьа, я (цо бохучух д1авирзинехь) хьуна дуьхьал тоьшалла ду. Х1ора стаг а 1уьйрре араволу, ткъа царех ву шен са  духкург, и хьалхадоккхург (Далла муьт1ахь хуьлий) я и х1аллакдийриг (Далла 1еса а хуьлий)». Муслима дийцина хьадис. 

   Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, 

аьлла: «Цхьа хурма бен яцахь а, ша гулдинчу ц1енчу (хьанал долчу) даьхних саг1а делларг милла велахь, – ткъа Аллах1 хьаналдерг бен къобалдеш ма вац – баккъалла а, Аллах1а и (саг1а) къобалдарца схьаоьцу.  Т1аккха и саг1а деллачунна Цо и кхиадо, ламанал доккха ша хиллалц, шух цхьамма говран бекъа я эмкалан к1орни кхиорах терра». Бухарис, Муслима а дийцина хьадис. 

     Абу Умамата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира,  аьлла: «Х1ай Адаман к1ант, хьайна оьшучу барамал совдаьлларг ахь саг1ина лахь – иза дика ду хьуна, ахь и ца луш хьайгахь сацадахь – иза вуон ду хьуна, хьайна оьшучу барамехь сацадарх бехк буьллур бац хьуна. Айхьа кхобуш болчарна т1ера д1аволало хьо. Лакхара куьг (саг1а луш долу куьг) лахарчу куьйгал (саг1а  схьаоьцучу куьйгал) дика ду». Муслима дийцина хьадис. 

     Ансарех волчу Абу Мас1уда (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина: «Цхьа стаг веара, жулар (дуьрста) тесна йолу эмкал ялош; цо элира: «Х1ара Делан новкъахь саг1а ду». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Хьуна и бахьнехь къематдийнахь ворх1 б1е эмкал хир ю, уьш ерриге жулар тесна а йолуш».  Муслима дийцина хьадис. 

   Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира,  аьлла: «Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «ХIай Адаман кIант, сагIа ло ахь – Аса хьуна а лур ду». Бухарис, Муслима а дийцина хьадис. 

   Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира,  аьлла: «Лено олу: «Сан даьхни, сан даьхни», ткъа цунна шен даьхних кхо х1ума ду: цо ша диъна д1адаьккхинарг, я цо т1едоьхна тишдинарг, я цо саг1ина д1адаларца эхартана д1адиллинарг. И доцург,  д1адолуш, цо (ша веллачул т1аьхьа) нахана дуьтуш а ду». Муслима дийцина хьадис. 

   Хьатиман к1анта 1адиййис (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Шух цхьа а ма вац, т1аьхьа (эхартахь) шега Аллах1 вистхир волуш бен, цаьршинна юккъехь талмаж (барта къамел гочдийриг) а воцуш. Аьтту аг1ор д1ахьожур ву иза, ша динарг бен гур дац цунна; аьрру аг1ор д1ахьожур ву иза, ша динарг бен гур дац цунна; шена хьалха хьожур ву иза, шен юьхь-дуьхьал  жоьжахати бен гур яц цунна. Жоьжахатин ц1ерах кхералаш, аххурма саг1ина лой а». Бухарис, Муслима а дийцина хьадис. 

     Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Ворх1 ву, Аллах1а динарг бен (1индаг1) доцчу дийнахь Цуьнан 1индаг1а к1елахь хир волуш: нийсо еш волу имам; шен Далла 1ибадат деш кхиъна волу жима стаг; маьждигех дог хоттаделла волу стаг; Аллах1ан дуьхьа гергарло лелош а, Делан дуьхьа вовшахкхеташ, вовшахкъаьсташ а, вовшашна дукхавезна а волу ши стаг; хаза а, ехаш а йолчу зудчо, зина де аьлла, кхайкхича, ша Аллах1ах кхоьруш ву аьлла волу стаг; аьтту куьйго луш дерг аьрру куьйгана хаа а ца хууш (нахана гайта ца гойтуш), къайлах саг1а делла волу стаг; ша висинчохь Аллах1-Дела хьехош шен б1аьргех хи даьлла волу къонах а». Бухарис, Муслима а дийцина хьадис. 

     Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Шена чохь леш Iуьйренга бовлуш цхьа а де ма дац, ши малик охьадуссуш а бен, тIаккха цаьршиннах цхьамма олуш: «ХIай АллахI, сагIа луш волчунна (даьхни) меттахIоттаде Ахь», тIаккха вукхо олуш: «ХIай АллахI, сецош волчунна (даьхни) иэшаде Ахь». Бухарис, Муслима а дийцина хьадис. 

     1абдуллах1а (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Шух мила ву шен верасан даьхни шен даьхнил дукхадезаш?» Цара элира: «Х1ай Делан Элча, тхох цхьа а ма вац, шен даьхни (верасан даьхнил) дукхадезаш а бен». Цо элира: «Баккъалла а, цуьнан даьхни – цо саг1ина делларг ду, цуьнан верасан даьхни – цо саг1ина ца луш дитинарг ду». Бухарис дийцина хьадис. 

     Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Саг1а даларо даьхни эшийна дац, гечдеш волу лай Аллах1а сийлаллехь бен сов ца воккху. Делан дуьхьа цхьа а таь1на хир ма вац, Дала иза даржехь лакхавоккхуш бен». Муслима дийцина хьадис. 

     Джабалан к1анта Му1аза (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира,  аьлла: «…Саг1ано къа д1адойу, хино ц1е д1аяйарх терра». Тирмизис, Ибн Мажах1а а дийцина хьадис. 

     Маликан к1анта Анаса (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Баккъалла а, саг1ано Делан оьг1азло д1айоккху, (х1аллаквеш долу) вуон а духатуху». Тирмизис дийцина хьадис. 

   1аишата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, шаьш уьстаг1на урс хьаькхнера, т1аккха Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Цунах бухахь йиснарг х1ун ю?» 1аишата (Дела реза хуьлийла цунна) элира: «Цунах йисина ма яц, т1а доцург». Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «Цуьнан т1а доцург, ерриге а бухахь йисина вайна». Тирмизис дийцина хьадис. 

    1амиран к1анта 1укъбата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна)  олуш хезира шена, аьлла: «Х1ора стаг къематдийнахь ша деллачу саг1ин 1индаг1ехь хир ву, нахана юккъехь кхел  йина яллалц». Ахьмада дийцина хьадис. 

    1убадатан к1анта Са1да (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина: «Ас элира: «Х1ай Делан Элча, ял алсам йолу саг1а муьлха ду?» Цо жоп делира: «Мала хи далар ду». Ибн Мажах1а дийцина хьадис. 

    Са1ийда (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Са1да (Дела реза хуьлийла цунна), Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) волчу а веана, хаьттира, аьлла: «Муьлха саг1а деза хета хьуна?» Цо жоп делира: «Хи». Абу Дауда дийцина хьадис. 

     Абу Мас1уда аль-Бадрис (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира,  аьлла: «Бусалба стага, шена ял хиларх теша а тешаш, Делан дуьхьа, шен доьзална напха делча, цунна иза саг1а ду». Бухарис, Муслима а дийцина хьадис. 

     Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира,  аьлла: «Саг1анах диканиг – шена иэшам а боцуш луш дерг ду. Айхьа кхобуш болчарна т1ера д1аволало хьо». Бухарис дийцина хьадис. 

     Хьизаман к1анта Хьакийма (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Лакхара куьг лахарчу куьйгал дика ду. Айхьа кхобуш болчарна т1ера д1аволало хьо. Уггар а дика саг1а – шен хьолана т1ера делларг ду. Х1ума ехарх ларвелларг – Дала ларвийр ву; шегахь долчух кхачам бинчунна – Дала кхачам бийр бу». Бухарис дийцина хьадис. 

     Абу Ваккъасан к1анта Са1да (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Делера ял хиларе дог а дохуш ахь саг1ина напха лур ма дац, ахь хьайн х1усамнанна луш йолу яах1ума цхьаьна, и бахьнехь хьуна ял хуьлуш бен». Бухарис, Муслима а дийцина хьадис. 

     1аишата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Зудчо шен х1усамехь йолу яах1ума саг1ина елча, (шен х1усамдена, доьзална а) иэшам ца беш, цунна ша саг1а далар бахьнехь ял хуьлу; цуьнан х1усамдена, болх бина, и яах1ума чуярна ял хуьлу, и яах1ума ларъеш волчунна а оццул ял хуьлу, царех цхьаммо вукхун йолах х1умма ца эшош». Бухарис, Муслима а дийцина хьадис.  

     Асмаа (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина: «Ас элира: «Х1ай Делан Элча, Зубайрас чу деанарг бен кхин даьхни дац сан, ас саг1а дала мегар дуй?» Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира: «СагIа ло ахь, хьайгахь сеца ма де ахь, тIаккха АллахIа хьуна луш дерг сацор дац». Бухарис дийцина хьадис. 

     Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера  салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Делан новкъахь ахь делла долчу динарах, лай хьалхавитарехь ахь делла долчу динарах а, мискачу стагана саг1ина ахь делла долчу динарах а, хьайн доьзална ахь делла долчу динарах а ял хиларехь деза дерг – ахь хьайн доьзална делларг ду». Муслима дийцина хьадис. 

     1амиран к1анта Сулаймана (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Мискачу стагана делла саг1а –  цхьа саг1а ду, гергарчунна делла саг1а – иза ши саг1а ду: саг1а а, гергарло хоттар а». Ахьмада, Тирмизис, Насаис, Ибн Мажах1а а дийцина хьадис. 

     Анаса (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Цхьана а бусалба стага синтар я ялта д1адуьйр ма дац, т1аккха оцу т1ера олхазарша я адамаша, я хьайбанаша дууш, цунах цунна саг1а хуьлуш а бен». Бухарис дийцина хьадис. 

     Джабира (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Цхьа а бусалба стаг синтар д1адуьйш ма вац, цунах йиънарг цунна т1ера саг1а хуьлуш бен, цунах лачкъийнарг а цунна т1ера саг1а хуьлуш бен, акхароша цунах йиънарг а цунна т1ера саг1а хуьлуш бен, олхазарша цунах йиънарг а цунна т1ера саг1а хуьлуш бен. Иза цхьаммо х1аллакдийр ма дац, цунах цунна т1ера саг1а хуьлуш а бен». Муслима дийцина хьадис. 

     Абу Бурдатан к1анта Са1ийда дийцина, шена шен дас, дедас (Дела реза хуьлийла царна) дуьйцуш хезна, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Х1ора бусалба стага саг1а дала дезаш ду». Цуьнга цхьамма дийхира: «Ца хилча дерг дийцахьа?» Цо (жоп луш) элира: «Шен шина куьйгаца болх бийр бу цо, шена пайда а беш, саг1а а луш». Цуьнга дийхира: «Ницкъ ца кхаьчча дерг дийцахьа?» Цо (жоп луш) элира: «Ч1ог1а г1о оьшуш волчунна г1о дийр ду цо». Цуьнга юха а дийхира: «Ницкъ ца кхаьчча дерг дийцахьа?» Цо (жоп луш) элира: «Диканиг де аьлла, омра дийр ду цо». Цуьнга кхин а дийхира: «Иза ца дича дерг дийцахьа?» Цо (жоп луш) элира: «Вуочух вухакхетар ву иза, баккъалла а, иза саг1а ду». Бухарис, Муслима а дийцина хьадис. 

     1абдуллах1ан к1анта Джабира (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Массо а дика х1ума дар саг1а ду». Бухарис, Муслима а дийцина хьадис. 

      1абдуллах1ан к1анта Джабира (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Массо а дика х1ума дар саг1а ду; баккъалла а, дика х1ума дарх ду хьо хьайн вешина къежначу юьхьаца дуьхьалкхетар, ахь хьайн пхьег1и чуьра хьайн вешин пхьег1и чу хи доттар а». Ахьмада, Тирмизис а дийцина хьадис. 

    Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Шена т1е малх кхеташ долчу х1ора дийнахь нехан массо а хуттургана т1ера даккха дезаш саг1а ду; шина стагана юккъехь нийсо йой ахь – саг1а ду хьуна и, стаг шен хьайбанна т1ехууш, и цу т1е хьалаваккхарца г1о дой ахь, я цунна цу т1е цуьнан мохь хьалакховдабой ахь – саг1а ду хьуна, ткъа хаза дош – саг1а ду хьуна, ахьа ламазе воьдуш боккху х1ора ког – саг1а ду хьуна, иштта ахьа новкъара х1ума д1аяккхар – саг1а ду хьуна». Бухарис,  Муслима а дийцина хьадис. 

     Абу Зарра (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчане (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) цуьнан асхьабаша (Дела реза хуьлийла царна) элира, аьлла: «Х1ай Делан Элча, хьоладай д1абаха, шорта ял яьккхина; оха санна ламаз до цара, оха санна марха а кхобу цара, шайн даьхних совдаьлларг саг1ина а ло цара». ДеланЭлчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира: «Дала шуна ца делла ткъа аш саг1ина луш долу х1ума? Баккъалла а, х1ора тасбихьца (Субхьаналлох1и аларца) саг1а даларан ял ю шуна, х1ора такбирца а (Аллох1у акбар аларца) саг1а даларан ял ю шуна, Далла х1ора хастам барца а (Альхьамду лиллах1и аларца) саг1а даларан ял ю шуна, х1ора тах1лилца а (Ла илах1а иллаллох1у аларца) саг1а даларан ял ю шуна, диканиг де аларца саг1а даларан ял ю шуна, вуониг ма де аларца саг1а даларан ял ю шуна, хьаналчу аг1ор шен х1усамненаца дег1ан лаам кхочушбарехь а саг1а даларан ял ю шуна». Цара хаьттира: «Х1ай Делан Элча, тхох цхьаммо шен х1усамненаца дег1ан лаам кхочушбича, мела хир бу цунна?» Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира: «Аша суна дийцийша, цо шен дег1ан лаам хьарамчу аг1ор кхочушбича (зина дича), къа хир дарий цунна?! Цунах терра, цо шен дег1ан лаам хьаналчу аг1ор кхочушбича, мела хуьлу цунна». Муслима дийцина хьадис. 

     Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Цхьана стагана ша яьссачу аренгахь волуш мархашна юккъера аз хезира: «Хьенехан беша дог1а даийта», - аьлла. Т1аккха и марха д1аяхара, цо дог1а т1е1анийра т1улгех ийначу 1аьржачу лаьттана, и дерриге дог1а дедира цхьана хорша. И стаг дог1а охьахьаьддачу аг1ор д1авахара, цунна цхьа стаг гира, шегахь болчу г1ирсаца шен бешахь и дог1анан хи д1асадоькъуш. Оцу стага цуьнга хаьттира: «Х1ай Делан лай, хьан ц1е х1ун ю?» Оцу стага шен ц1е яьккхира, иза яра вукхунна мархашна юккъера хезна ц1е. Оцу стага некъахочуьнга хаьттира: «Х1ай Делан лай, соьга сан ц1е х1унда хаьттира ахь?» Цо жоп делира: «Суна х1ара дог1а 1анийначу мархашна юккъера аз хезира, хьан ц1е а йоккхуш, ша олуш: «Хьенехан беша дог1а даийта». Цундела суна хаа лаьа, хьо х1ун болх беш ву оцу бешахь?» Цо элира: «Хьо цунах дерг хаа лууш велахь, со бешара ялта кхиаре хьоьжу, (и схьалахьийча) цунах кхо дакъа а дой, цхьа дакъа саг1ина ло ас, шолг1а дакъа сайна а, сайн доьзална а даа дуьту ас, кхоалг1а дакъа духа лаьттах д1адоь ас». Муслима дийцина хьадис. 

    1аишата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Баккъалла а, Адаман доьзалх долу массо адам кхо б1е кхузткъа хуттург йолуш кхоьллина ду. Аллох1у акбар аьлларг, Альхьамду лиллах1и аьлларг, Ла илах1а иллаллох1у аьлларг, Субхьаналлох1и аьлларг, Астаг1фируллох1 аьлларг, нах лелачу новкъара т1улг я к1охцал, я даь1ахк д1аяьккхинарг, диканиг де аьлларг, вуониг ма де аьлларг а оцу кхо б1е кхузткъа хуттурган барамехь, баккъалла а, оцу дийнахь суьйренга волу, шен дег1 жоьжахатина генадаьккхина а волуш». Муслима дийцина хьадис. 

     Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Ма дика саг1а ду-кх, 1уьйранна, суьйранна а пхьег1а юьззина шура луш йолу эмкал шегара шура яккхийта саг1ина ялар, иштта болу уьстаг1 а шегара шура яккхийта саг1ина балар». Бухарис дийцина хьадис.

     Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Цхьа стаг хилла нахе духалург х1ума луш. Шен к1анте олуш хилла цо: «Аьтто боцург хьайна каравахь, цунна гечде ахь, т1аккха Аллах1а вайна а гечдан тарло». Аллах1на дуьхьалкхийтира (велира) иза – Цо цунна гечдира». Шена т1ехь барт хилла ду. 

    Абу Къатадатан к1анта 1абдуллах1а (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Абу Къатадата (Дела реза хуьлийла цунна) шен декхархо лехира, ткъа иза цунах д1алечкъира, аьлла. Цул т1аьхьа цунна иза карийра, амма цо ша хала воллуш ву, элира. Цо элира: «Аллах1ах дуй буий ахь?» Цо жоп делира: «Аллах1ах дуй буу ас». Т1аккха Абу Къатадата (Дела реза хуьлийла цунна) элира, баккъалла а, Делан Элчано (Делера салам- маршалла хуьлийла цунна) олуш хезна суна, аьлла: «Аллах1а къематдийнан халонех ша хьалхавитича самукъадер долчо, аьтто боцчунна шен декхар т1аьхьатоттийла я иза (декхар) цунна гечдойла». Муслима дийцина хьадис. 

    Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлийла цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Таро йоцчунна (шена т1ехь декхарш долчунна) аьтто бинчунна – Аллах1а дуьнен чохь, эхартахь а аьтто бийр бу». Ибн Мажах1а дийцина хьадис. 

 

СагIа даларан хьокъехь даьхкина Iеламнехан цхьадолу дешнаш 

     Имам Ибнул-Къаййима (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Баккъалла а, саг1а даларо тамашийна лар юьту бес-бесара баланаш бухатохарехь, и саг1а делларг 1еса стаг я зуламхо, я керста стаг велахь а. Баккъалла а, Дала цара деллачу саг1анах бахьана а дой, царех цхьаболу баланаш бухатуху. Х1ара болх массо нахана бевзаш бу, латта т1ехь мел болу нах цуьнца мук1арло деш а бу, х1унда аьлча и болх шайна шаьш зийна бевзаш болу дела». 

     Цо (Дала къинхетам бойла цунах) иштта аьлла, дог ц1андаран бахьанаш дуьйцуш: «Саг1а даларна юкъадог1у: нахана дика дар, ницкъ кхочучу барамехь шен даьхница, куьйган говзаллица а царна пайда бар а. Баккъалла а, комаьрша волу дика стаг догц1ена а, ирсе а, дог парг1ат долуш а хуьлу. Амма шегахь дика доцу б1аьрмециг волу стаг – догь1аьржа, декъаза а, кхечарел алсам г1айг1ане, сингаттаме а хуьлу». 

     Цо (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) кхиболчу нахал алсам шен долахь ерг саг1ина луш вара. Ша, Делан дуьхьа, саг1ина елларг дукха хеташ я к1езиг хеташ вацара иза. Цуьнгахь йолу х1ума ца йоьхура цхьаммо, цо цунна и луш а бен, к1езиг я дукха елахь а. Къелла т1еярна ца кхоьруш волчо луш долу саг1а дара цо луш дерг. Адамана совг1ат дар, саг1а далар а уггар цунна дукхадезаш х1ума дара. Ша саг1ина х1ума лучу хенахь, и схьаоьцуш волчул ч1ог1а  воккхавеш, самукъадаьлла а хуьлура иза. Дика х1ума дарехь кхиболчу нахал комаьрша вара иза, цуьнан аьтту куьг, хьокхуш болу мох санна, беркате дара. Цхьана х1умане хьашто ерг шена т1евеъча, цо иза цунна оьшург д1аяларца шен дег1ал хьалхавоккхура; цкъацкъа яах1ума, цкъацкъа бедарш саг1ина лора цо. Ша совг1атна луш йолу х1ума, доккхуш долу саг1а а тайп-тайпана леладора цо, наггахь, саг1ина, олий, наггахь, совг1атна, олий, наггахь, мах лой цхьа х1ума оьций, т1аккха ша эцна х1ума, цуьнан мах а юхкуш волчунна д1алора цо, – Джабирера эцна эмкал юха цунна д1аяларх терра. Наггахь, юхалург х1ума а йоккхий, цул алсам, г1оле, йоккха а ерг д1алора цо, шен болчул алсам мах лой х1ума а оьцура цо. Совг1ат схьаоьцуш, шена деллачунна дуьхьал цул алсам, г1оле дерг а луш вара иза, шегара г1иллакх гойтуш, тарлучу аг1ор саг1а даларан, дика даран а дакъош билгалдеш. Цо луш долу саг1а, деш долу дика а шен хьоле, ша олучу даше хьаьжжина хуьлура. Шегахь ерг саг1ина лора цо, саг1а ло аьлла омра деш, оцу т1ехь нах сутара беш, саг1а даларе уьш кхойкхуш вара иза. Шена б1аьрмециг, сутара стаг гича, саг1а даларе, комаьрша хиларе кхойкхура цо иза. Цуьнца цхьаьна хан яьккхинарг, цунна накъосталла динарг, цуьнан нийсо шена гинарг а шен дег1 комаьршаллех, догдика хиларх а ца дузуш висина вац. Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) нийсо ю-кх, диканиг даре, саг1а даларе, шар1аца дог1уш дерг леладаре кхойкхуш. Цундела Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) кхиболчу нахал комаьрша, догц1ена, дог дика а долуш вара. Баккъалла а, саг1а даларо, диканиг даро а адам комаьрша дарехь тамашийна лар юьту». 

     Хьизаман к1анта Хьакийма (Дела реза хуьлийла цунна) элира: «Сайн не1арехь цхьа х1ума оьшуш веана стаг воцуш 1уьйренга ваьлла вац со, иза, оцу т1ехь Делера ас сайна ял йоьхуш болчу баланех цхьа бала хилар суна хууш а бен». 

     Хьасан аль-Басрис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ахьнафана цхьана стеган карахь дирх1ам гира, т1аккха цо хаьттира: «Хьенан ду х1ара?» Оцу стага, шен ду аьлла, жоп делира. Ахьнафа элира: «Иза хьан дац, ахь иза ял хиларе сатуьйсуш саг1ина д1адаллалц. Хьо хууш хилалахь, ахь даьхни саг1ина ца луш хьайгахь сацадахь, хьо цуьнан ву. Амма ахь иза саг1ина делча, даьхни хьан ду». 

     Шайх Мухьаммад-Салима (Дала къинхетам бойла цунах) саг1анах, саг1а даларх а лаьцна аьлла: «Саг1а далар – деккъа даьхни я даьхница мах х1оттош дерг саг1ина даларна т1ехь хедаш дац, бакъду, цо чулоцу ерриг дика 1амал: хаза дош; елакъежна юьхь; стагана шен хьайбанна т1ехууш г1о дар, цуьнан партал цуьнга д1акховдор; халонехь волчунна декхар т1аьхьататтар я цхьадерг гечдар. Наггахь Аллах1на деш долчу 1ибадатах а стага шен бусалба вешина саг1а далар хуьлу. Цуьнан масал: цхьа стаг маьждиге веана, нах малхбуза ламаз дина бевлча, т1аккха Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Мила ву х1окхунна саг1а лун дерг, цуьнца ламаз а дина?» Цуьнан маь1на: «Цуьнца цхьаьна ламаз юха хьан дийр ду?» Абубакара (Дела реза хуьлийла цунна) саг1а делира цунна (ламаз дира цуьнца)».

 

СагIа даларан коьртачу хьукманех ду: 

 

1. Саг1ина луш ерг ц1ена, хьанал аг1ор яьккхина хилар. Х1окху хьукмано адаман дахарехь уггар хьалха юьту лар – иза адам хьанал дерг лаха, даа а марздар ду. Билггала хууш долчух ду, цхьана а х1умано адам, Дела резавар лохуш, Далла герга ца дуьгу, нагахь и х1ума Далла гергахь ц1ена дерг дацахь. Нагахь цо  Дела резавар лоьхуш саг1ина луш ерг ц1ена яцахь, цо шена Делан оьг1азло т1ейоуьйту, х1унда аьлча Аллах1 оьшуш Вац Шен ц1арца цо хьарам даьхница харж яр. 

2. Луш долу саг1а шен хьоле хьаьжжина хилар. Адамана там болуш дац, шена ч1ог1а оьшуш долу х1ума саг1ина далар, т1аккха цо дохко а ваьлла ша-шена бехкаш бохкур болуш. Хьалдолуш хилар шина кепара ду: 

     а) Даьхница хьалдолуш хилар – иза ша саг1а луш верг ву, шена, шен доьзална, дахарехь шена оьшуш долчунна а иэшам ца беш. Х1ара хьал массо а нахехь дерг ду, наггахь хьайбанашкахь а хуьлу иза, х1унда аьлча хьайбано ша дуьзча шен докъар даарх кхидолу хьайбанаш духа ца туху. Амма ша меца долуш, цо шен докъар даарх кхидерш духатуху, шеца ч1ог1а уьйр йолуш хьайбанаш уьш делахь а. 

     б) Шегахь долчух тоам барца хьалдолуш хилар – иза цуьнан са меца ца хилар ду, ша мел ч1ог1а меца велахь а. Х1ара хьал Дала хаьржинчу нахехь хуьлуш ду, Къуръана чохь Дала ансараш хасторах терра, Ша олуш: «Цара (ансараша) даьхни даларехь шайл толабора уьш (мух1ажираш), шаьш цуьнга мел ч1ог1а хьашто йолуш делахь а. Шен дег1ан б1аьргмецигалла юхатоьхнарг милла велахь а, – уьш бу-кх декъалхилларш». «Аль-Хьашр», 9. 

 

Веза-Сийлахьчу Дала вай даггара деллачу сагIанах бахьана дина, Ша динарг бен кхин IиндагI доцчу дийнахь Шен IиндагIехь гулдойла вай.