Т1арикъат довзийтар


БисмиллахIиррохьманиррохьим
Дешхьалхе


Хастам бу Iаламийн да волчу АллахIна. АллахIера салам-маршалла хуьлийла, Iаламех къинхетам беш Дала ваийтина волчу вайн Элчанна Мухьаммадна, цуьнан доьзалшна, асхьабашна, царна тIаьхьа мел баьзначарна а.
Тасаввуфан (т1арикъатан) некъа т1ехь болчарна, церан мог1арехь болчу бусалба динан 1еламнахана а юккъехь болу къовсам ч1аг1белча, бусалба стага шен балха т1ехь харжам бо. Царах цхьаболчара тасаввуфах бусалба динан мехала дакъа до, ткъа кхечара тасаввуф – динехь доцу керла юкъадаьккхина х1ума, динах д1авалар а ду, олу. Царах бакъверг мила ву, царах хьанна т1аьхьаваза веза?
Бакъду, х1окху балхана т1аьхьавозуш, и кхоччуш 1амош, цунах шен дахаран некъ бинчу бусалба стагана хаьа, тасаввуф – бусалба динехь кхетош-кхиоран мехалчу дакъойх цхьа дакъа дуьйцуш 1илма хилар. Иза – динехь болу деган кхетам бу, – шари1атан 1еламнаха ма-аллара; я синош кхиор ду, – динехь кхетош-кхиоран 1еламнаха ма-аллара; я дог ц1андар ду, – сийлахьчу Къуръано ма-аллара; я ихьсан (Дела хьайна гуш волуш санна, Цунна 1ибадат дар) ду, – сийдолчу Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) ма-аллара.
Тасаввуфан 1еламнаха шайн 1илманан ц1е, сийлахьчу Къуръано ма-аллара – ат-тазкиййат (дог ц1андар), я, сийдолчу суннато ма-аллара – ихьсан аьлла тиллина
4
хиллехьара, шегахь цхьа а пайда боцу къийсамаш, девнаш а хир ма дацара тасаввуфан хьокъехь.
Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) асхьабийн заманахь х1окху кепара ц1ерш тахкарна хьашто ца хилла, х1унда аьлча асхьабаша (Дела реза хуьлийла царна) шайн дин кхоччуш Пайхамарера (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) схьаоьцуш хилла, Сийлахьчу Къуръано, сийдолчу суннато а ма-бохху. - Ткъа таби1ийнийн, царна т1аьхьабог1учеран а заманахь 1еламнах бусалба динан цхьадолчу дакъошна т1ехь къахьега а, фикъх1, тафсир, хьадис, луг1ат, уьш доцурш а 1амо буьйлабелча, цхьаболу нах дог ц1андеш, са кхиош, бусалба динан г1иллакхаш, некъаш а дуьйцуш долу 1илма 1амо буьйлабелла. Х1ора декъан шен къаьсттина ц1е хилча, х1окху 1илманан хьалхе йолчу 1еламнаха цунна, тасаввуф аьлла, къаьсттина ц1е тиллина.
Тасаввуфан ох1ланан, церан 1еламнехан а мог1аршкахь, цхьаболу, шайна пайда лоьхуш, нах 1ехош, я шайн дег1ан лаамашна т1аьхьабевлла лелаш берш хилар бахьанехь, цаьргара дуккха вуонаш гучудийлар бахьанехь а, цхьаболчу бусалба наха, 1еламнаха а берриге тасаввуфан ох1ла царах тарбо. Иза доккха г1алат ду; муьлхха тоба елахь а, царна юккъера цхьаболчу наха, оцу тобанан нийса йолу 1алашо ца евзаш лелош дерг бахьанехь, оцу тобанан шен баккъалла долу хьукма а дитина, кхечу кепара хьукма дар нийса дац. Баккъалла а, хьукма дар оцу тобанан 1алашоне, дог-ойлане, цо юьхьарлаьцначу некъе, цуьнгахь долчу г1иллакхе а хьаьжжина хила деза.
Тасаввуфан цо шега кхойкхучу нийсачу новкъа, цуьнан жовх1арийн к1оргене а кхаьчначунна билгалдолу, бусалба стагана, шен дин кхочушдархьама, тасаввуфах
5
тасавалар, шен некъ оцунна т1ебог1ар а – ца хилча йиш йоцуш болх хилар. Оцу т1едоьг1ча, тасаввуфо бусалба динан аг1онех мехала аг1о д1алоцу, ша адамийн дегнех, синойх йоьзна йолу. Цо чулоцу динехь болу деган кхетам, дег1, са, дог а ц1андар, г1иллакхийн, оьздангаллин аг1о а. Иза бусалба динан мехала, к1орге йолуш а аг1о ю, цкъа а цунах къасто йиш йоцуш, цуьнца бен стеган ийман, ислам а кхочуш ца хуьлуш, цуьнца бен бусалба динан рукнех цхьа рукна йолчу ихьсане ца кхочуш.
Цундела, шена чохь тасаввуфах хоттаделла цхьадолу коьрта дакъош билгалдеш, тасаввуф 1илманна чуволар дуьйцу жайна яздан лиира суна, 1илма лоьхуш волчунна кхетам балархьама.
Амма тасаввуфан бакъдолу 1илма, цуьнца 1амал яр, цуьнан новкъа вахар, цуьнан некъаш бовзар, цуьнан 1алашоне, иза кхочушхиларе кхачар а дуьйцуш аса кхин жайна яздина, оцу хьокъехь нахе совнаха къамелаш ца дайта, Къуръано ма-яккхара цуьнан ц1е тиллина ас, иза: «Ма декъалахилла шен са ц1андинарг» я «Дог ц1андарехь Исламан низам», – бохург ю.
Ас догдоху, Аллах1а и къобалдаре, Дала ваийтина Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) реза хиларе, тасаввуфан новкъахь болчарна хазахетаре а.
Т1аьххьарлера вайн кхайкхам – 1аламаш кхобуш, кхиош а волчу Аллах1на хастамбар ду.
6
Тасаввуфан 1илма бохург х1ун ду?
1. Ибн 1ажийбата (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Иза – паччахьийн Паччахь волчунна (Далла) гергавуьгу некъ бовзуьйтуш, вуочух дог ц1андеш, сийдолчу г1иллакхашца и хаздеш долу 1илма ду. Цуьнан хьалхе – довзар ду, цуьнан юкъ – 1амалъяр ду, цуьнан чаккхе – Дала цунна дика дар ду».
2. Исламан шайх, къеда а волчу Закарийя аль-Ансарис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Тасаввуф бохург – синош ц1андаран, г1иллакхаш хаздаран, гуччохь дерг, къайлаха дерг а тодаран хьелаш довзуьйтуш долу 1илма ду, адам даима долчу декъалхиларе кхачийта 1алашо йолуш».
3. Шайх волчу Ахьмад Заррукъа аль-Фасийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Тасаввуф – дегнаш тодан, уьш деккъа Далла т1едерзо а лааран 1илма ду».
4. Воккха 1еламстаг волчу Хьажи Халийфата (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Иза – 1илма ду, адамашна юккъера ийман кхоччуш хилларш декъалхиларан даржашка кхачийнарг довзуьйтуш долу».
Цул т1аьхьа цо элира:
Тасаввуфан 1илма девзар доцуш 1илма ду,
Хьекъал долуш, бакъо евзаш волчу стагана а бен.
И 1илма ца девза цуьнга хьаьжна воцчунна,
Маьлхан з1аьнарш муха гур ю ша б1аьрзе волчунна.
5. Ибн Заквана (Дала къинхетам бойла цунах), тасаввуфан 1илма довзуьйтуш, байташца аьлла:
Шеца дегнаш ц1андеш долу 1илма ду иза,
7
Массо меттехь сингаттамаша хьийзош долу.
Х1окху байташна шархь деш, воккхачу 1еламстага аль-Манджурис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Тасаввуф – дегнаш ц1андеш, царна чуьра сакхташ, х1уьттаре, хьаг1, цабезам, харцлер, ша хесто лаар, куралла, моттарг1анаш лелор, оьг1азло, дуьнене сатийсар, б1аьрмецигалла, хьоладайшна хьеставалар, къечу нахах цавашар, и санна долу сийсаза куьцаш а д1адохуш 1илма ду, х1унда аьлча тасаввуфан 1илма сакхтанна, цуьнан дарбанна а, цуьнан куьцанна а т1екхуьуш 1илма долу дела. Тасаввуфан 1илмано дег1анна хуьлуш йолу халонаш д1аяхаре, сийсазчу г1иллакхех, боьхачу куьцех а и ц1андаре кхачаво – Дела дагахь латтор доцчух и дог ц1андаллалц, Дела хьехорца иза хаздаллалц а».
6. Абу Зарран к1анта Абу аль-Хьасана (Дала къинхетам бойла цунах) шен «Минх1ажуд-дийн» ц1е йолчу жайнахь имам Шиблис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла байташ хьахийна:
Тасаввуфан 1илма чаккхе йоцуш 1илма ду,
Далла гергара, лаккхара, деза 1илма ду иза,
И девзаш болчарна цуьнгахь дуккха пайданаш бу,
Шайгахь доккха 1илма, къаьсттина белхаш берш а бу уьш.
7. Ибн Халдуна (Дала къинхетам бойла цунах) шен «Мукъаддимат» ц1е йолчу жайнахь аьлла: «Х1ара тасаввуфан 1илма, динехь дог1уш долчу шари1атан 1илманех ду, цуьнан бух – х1окху нехан некъ вайн умматах хьалха д1абаханчу баккхийчу асхьабийн, таби1инийн, царал т1аьхьабог1учеран нийсачу некъах д1ацахадар ду. Цуьнан коьрта болх – 1ибадат дарна т1ехь латтар, шен дог-ойла Веза-Сийлахьчу Далла
8
т1еерзаяр, дуьненан марзонех, хазаллех а д1аверзар, наха дукха лоьхуш долу даьхни, дарж а дитар, нахах д1а а къаьстина 1ибадат дан чуволар а ду. И вай дийцинарг дерриге асхьабашкахь, хьалхалерачу 1еламнахехь а хилла. Х1иджрин терахьца шолг1ачу б1ешарахь, цул т1аьхьа а дуьненан дахаран хьал тоделла, нах цунна т1ебирзинчу хенахь, Далла 1ибадат дарна т1ебирзинчу нахана суфий аьлла ц1е тиллина».
8. Воккха 1еламстаг, шайх а волчу Мухьаммад-Амийн аль-Курдис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хьо хууш хилалахь, тасаввуф (цунах, къайлаха долу 1илма, олу) бохург – бараме диллича уггаре сийлахьчу 1илманех ду, шен меттиг еза хиларехь, цунах дозалла дарехь а уггаре дезаниг ду, малх, бутт санна лекха а ду. Баккъалла а, Дала Шен элчанаш, пайхамарш а (Делера салам-маршалла хуьлийла царна) д1абевллачул т1аьхьа, тасаввуфан ох1ла кхиболчу лешна т1ехь базбина, церан дегнех къайленаш схьайовлу меттиг а йина, уьш умматна юккъехь нуьре барца къаста а бина. Уьш, халкъана орцах бовлуш, бакъонца церан хьелашна т1ех1уьттуш а бу». Цул т1аьхьа цо боху: «Тасаввуфан дозалла – иза уггаре сийдолчу 1илманех, Веза-Сийлахь волу Дела вовзарх, Иза везарх а ша хоттаделла хилар ду. Иза – сацам хилла уггаре деза 1илма ду, ша кхечу 1илманца дуьстича цуьнца дог1уш а, цуьнан бехкам хуьлуш а долу. Х1унда аьлча, 1илма хилар я 1амал яр кхоччуш ма ца хуьлу, цуьнца Далла т1еверза лаар дацахь, ткъа Далла т1еверзарехь тасаввуф оьшуш ду, дег1ана са эшарх терра».
Х1окху дешнашка ладоьг1ча вайна хаьа, тасаввуф цхьаннех доьзна доцуш, уггаре сийдолчу 1илманех цхьа
9
1илма хилар. Иза, деган кхетамах доьзна, дог тодарца ц1андеш а, са ц1андарца и кхиош а, адам ихьсанан дарже кхачош а 1илма ду. Кхузахь ца далийча йиш яц устаз волчу 1абдуль-Барин ан-Надавин дош, тасаввуфах, дахарх а лаьцна долчу шен жайнахь цо аьлла долу: «Тасаввуф, цхьаннех доьзна доцуш, мехала 1илма хилар нагахь цхьаъ бакъдеш вацахь, и санна динца доьзна долу кхидолу 1илманан дакъош: тафсир, тажвид, тавхьид, уьш санна дерш а бакъ х1унда до цо?»
Баккъалла а, тасаввуф, т1арикъат, хьакъикъат, ма1рифат а адмашца дог1уш доцу 1илма ду аьлла хетарш – уьш бу-кх уггаре ч1ог1а тиларчу бахнарш, галбевлларш а.
Тасаввуфан маь1на довзийтар
Шайх волчу 1еламстага Ас-Сах1рувардис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Тасаввуф довзийтаран хьокъехь шайхаша аьлла дешнаш эзарнал сов ду».
Шайх волчу Ахьмад Заррукъа (Дала къинхетам бойла цунах) тасаввуфан баххаш буьйцучу шен жайнахь аьлла: «Баккъалла а, тасаввуфан доза билгалдеш, цуьнан куц х1оттош, цуьнан маь1на довзуьйтуш а ши эзар гергга дош деана, церан массеран коьрта бух даггара Далла т1еверзар долуш. Баккъалла а, уьш дерриге тасаввуфан тайп-тайпана некъаш ду».
Иштта хьал хилча, тасаввуфан дуккха маь1наш ду, царах т1аьхьадог1урш хьахор ду вай:
1. Имам Г1азалис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Тасаввуф – иза шен дагца Веза-Сийлахьчу Аллах1на т1еверзар, Иза воцург тидаме цаэцар а ду. Цунах лууш дерг – Аллах1на дог ц1андар, Иза воцчо зен я пайда а бийр бац аьлла тешна хилар ду, Аллах1
10
воцчунна т1етовжар а доцуш. Кхидолу х1ума тидаме цаэцарх лууш дерг – и сийсаза я к1езиг хетар дац, амма цо зен я пайда бийр бац аьлла тешна хилар ду».
2. Имам Шиблис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Тасаввуф – ахь хьайн хаадаларан меженийн (сагар, хазар, хьожа яккхар, чамбаккхар, хьакхаваларца х1ума хаадалар) доладар, хьайн сада1ар 1алашдар а ду».
3. Абу аль-Хьасана Шазалийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Тасаввуф – Далла 1ибадат дарна т1ехь дег1 1амадар, Делан хьукманашна муьт1ахь хиларе иза дерзадар а ду».
4. Шайх Мухьйиддийн бин 1арабийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Тасаввуф – иза гуччохь, къайлаха а шари1атан г1иллакхаш лардеш хилар ду». Цо иштта аьлла: «Тасаввуф – иза г1иллакх ду, ткъа г1иллакх лелорехь хьол совваьлларг – иза тасаввуфехь хьол совваьлла».
5. Имам Хобийр Аль-Баг1дадис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Тасаввуф – дуьне дезарх дог ц1андар, 1адатехь адамна дезачух д1акъастар, адамаллин куьцаш хастаме дар, дег1ан лаамашна генавалар, шен синлаамашна дуьхьал къийсам латтор, т1етовжа бух болчу 1илманашца уьйр йолуш хилар, даима дуьсур долчунна г1оли дерг лелош хилар, дерриге умматна хьехам беш хилар, Далла муьт1ахь хир ду аьлла йина ч1аг1о кхочушъяр, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) деанчу шари1атна т1аьхьавазар а ду».
11
Тасаввуф дош схьадалар
Делан Элчанна т1е (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) бусалба дин кхайкхаде аьлла вахьйу доьссина, т1аккха Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) нах бусалба дине кхайкха волавелла. Сийлахь долу Къуръан Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) т1е к1ез-к1езиг дуссуш, ткъе кхаа шарахь т1етт1а доьссина. Делера аяташ мосазза дуьссу, сийдолу асхьабаш (Дела реза хуьлийла царна) Делан Элчанера (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) уьш схьаоьцуш, 1амош, лардеш, царна чохь долчуьнца 1амал еш, цул т1аьхьа уьш нахе д1акхайкхош а бара.
Цул т1аьхьа Пайхамарера (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) бусалба динан 1илманаш вайна схьакхачийна х1ара шари1ат шаьш цуьнгара схьаэцна болчу сийдолчу асхьабийн (Дела реза хуьлийла царна) некъашкахула. Ишта, асхьабашкара иза схьаэцна царна т1аьхьабог1учара, царах таби1ийнаш аьлла, уьш Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) асхьабашна т1аьхьабаьзнарш бу. Баккъалла а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) нийса долчу 1илманан верасалла асхьабашкара таби1ийнашка кхаьчна. Цул т1аьхьа иза таби1ийнашкара царна т1аьхьабаьзначара схьаэцна, ткъа цара цунах шари1атан жайнаш яздина, т1аккха оцу жайнех, шен-шен ц1е а йолуш, 1илманаш билгалдевлла. Царах цхьаболчара – къаьсттина сийдолу Къуръан, цуьнца доьзна долу 1илманаш (тафсир, и саннарш), кхечара – Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хьадис, цунца доьзна долу 1илманаш, цхьаболчара – 1арбийн маттаца
12
доьзна долу 1илманаш (сарф, нахьву, меттан говзалла, и саннарш), кхечара – фикъх1ан 1илма, цуьнца доьзна долу шари1атан хьукманаш а 1амо юьхьарлаьцна. Баккъалла а, цаьргара схьадаьхкина долу х1ара 1илманаш жайнашкахь д1аяздина, царна х1оранца йог1уш йолу ц1ерш а техкина, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) заманахь шаьш хилла йоцу. Къуръанан нийса маь1на довзуьйтуш жайна яздечу 1еламстагах муфассир аьлла, сийдолу хьадисаш дуьйцучух, мухьаддис, аьлла, 1арбийн меттан говзалла евзачух, луг1авий, аьлла, фикъх1ан 1илма девзачух, факъих1, аьлла. Амма кхетош-кхиоран, г1иллакх довзаран, Далла гергавуьгу некъ бовзаран а 1илманан новкъа ваьллачух, суфий, аьлла. Х1ара ерриге вай яьхна ц1ерш Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) заманахь хилла ма яц, вайн эла волчу Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) деанчу шари1атан 1илманаш довзуьйтуш, царна техкина ц1ерш бен ма яц уьш. Ткъа оцу 1илманех цхьа 1илма 1амийна, оцу 1илманца йог1уш йолу ц1е шех йоккхуш волчух бусалба ву аьлла ц1е яккхар д1адолуш дац. Сийлахьчу Къуръана чохь я сийдолчу суннатехь хьахийна доцу куц я яьккхина йоцу ц1е тиллар хьарам дац, бакъду, шари1атехь мегаш ду иза. Баккъалла а, Веза-Сийлахьчу Дала Къуръана чохь бусалба нах хьахийна тайп-тайпанчу ц1ершца: ас-сабикъийна (дика 1амал ярехь хьалхе яьккхинарш), ас-солихьийна (дика 1амал еш берш), аль-мухбитийна (Далла муьт1ахь берш), уьш йоцчу кхечу ц1ершца а, цара ечу 1амале хьаьжжина церан куц х1оттош. Ишта, цхьаболчу асхьабашна ц1ерш техкина, церан тайпанийн я уьш схьабевллачу меттигийн ц1ершка хьаьжжина: г1ифарийн тайпанах
13
волчу Абу Заррах – Абу Зарр аль-Г1ифарий, Хьабашийн махкара волчу Билалах – Билал аль-Хьабаший, Фарисойх волчу Салманах – Салман аль-Фарисий, Румера волчу Сух1айбах – Сух1айб ар-Румий аларх терра. Оцу дерригено а кхачам боллуш хоуьйту, суфий я тасаввуф бохуш йолчу ц1ерша бусалба динах къастош цахилар я шена т1аьхьаваьзнарг цо шеконна т1енисвеш цахилар а. Баккъалла а, Исламан нийса некъ схьалаца, динехь нисвала а, 1аламаш кхоьллинчу Далла гергавуьгучу новкъа вала а лууш волчунна т1енисво цо, сийдолчу Къуръана чохь, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) суннатехь а деана ма-хиллара.
Амма х1ара ц1е схьаяларан бух бовза лууш волчунна, баккъалла а, цуьнан хьокъехь дуккха дешнаш даьхкина хилар карор ду, царах ду:
1. И ц1е ас-су́ф (т1арг1а) бохучу дашах схьаяьлла ю, т1ерг1ан бедарш т1еюьйхинчух суфий олуш хилла. Х1ара цхьа некъ бу, делахь, суфий хилархьама, т1ерг1ан бедарш лелор бехкам ца хилла, царах цхьаболчара уьш лелош хиллехь а.
Ибн Таймийяс (Дала къинхетам бойла цунах) цу хьокъехь резавоцуш дош аьлла. Цо хьахийна Абу Шайх аль-Асбах1анис (Дала къинхетам бойла цунах) Сийрийнан к1антах Мухьаммадах (Дала къинхетам бойла цунах) схьадалийнарг, ткъа цуьнга хабар кхаьчнера, цхьа нах т1ерг1ан бедарш лелор деза хеташ бу, аьлла. Т1аккха Сийрийнан к1анта Мухьаммада (Дала къинхетам бойла цунах) элира: «Баккъалла а, наха т1ерг1ан бедарш хоржу, Маръяман к1антах 1ийсах (Делера салам хуьлийла цунна) шаьш тардала г1ерта бохуш, ткъа вайна сийлахь дерг вайн Пайхамаран
14
(Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) суннат ду, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) бамбанах я кхечу к1адих йолу бедарш лелош ма хилла».
Абу Наср ас-Сираж ат-Т1усий ц1е йолчу 1еламстагана (Дала къинхетам бойла цунах) царах суфий алар царна т1ехь долчу духаре хьаьжжина ду аьлла хета, х1унда аьлча т1ерг1ан бедарш лелор пайхамарийн (Делера салам-маршалла хуьлийла царна) г1иллакх, эвлаяийн (Дала къайле ц1инйойла церан), ц1енчу нехан а билгало йолу дела. Цуьнан хьокъехь дуккха шайн бух болу дийцарш даьхкина; хьуна ца го, Веза-Сийлахьчу Дала 1ийса-пайхамарна (Делера салам хуьлийла цунна) уггаре уллорчу накъостийн цара лелочу духаре хьаьжжина ц1е яьккхина хилар. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Хьаварийюнаша (Iийсана тIаьхьахIиттина апостолш) аьлла хан хьахае…» Уьш к1айн бедарш лелош нах бара, цундела Веза-Сийлахьчу Дала гуш долчу суьрте хьаьжжина ц1е яьккхина церан, цаьргахь долу 1илма, цара еш йолу 1амал, церан хьал а ца хьахош. Ишта хета суна т1ерг1ан бедарш лелочеран суфий аьлла ц1е яккхар, амма дика хууш верг Дела Ву. Воккха 1еламстаг волчу Хьасан аль-Басрийс (Дела реза хуьлийла цунна) аьлла: «Баккъалла а, Бадрун г1азотехь хиллачарах 70 асхьаб вевзина суна, церан массеран духар т1ерг1ан дара».
2. И ц1е суффат (четар) ох1лане йиллина ю, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) заманахь 1илма 1аморна, 1ибадат дарна а т1ехь къахьоьгуш хиларца шаьш г1арабевлла хилла болчу. Баккъалла а, церан дахар доккха масал хилла, Исламан заманашкахь тасаввуф ох1лано цунах шайн 1алашо а
15
еш. Ибн Таймийяс (Дала къинхетам бойла цунах) шен фатваш долчу жайнахь аьлла: «Баккъалла а, тасаввуф боху ц1е суффат (четар) ох1лане йиллар нийса дац, иза нийса хилча, цунах тасаввуф ца олуш, суффийюн эр дара».
3. И ц1е ас-соффу (мог1а) бохучу дашах схьаяьлла ю, уьш шайн дегнашца Далла т1еберзарехь, дерриге 1ибадаташ дарехь а хьалхарчу мог1арехь хиларна. Ибн Таймийянна гергахь, х1ара а нийса дац. Иза иштта делахьара, соффийюн (мог1арехь верг) эр ма дара. Амма имам Къушайрис (Дала къинхетам бойла цунах), иза нийса маь1на ду, аьлла, делахь а тасаввуф боху дош меттан 1илмано соффун (мог1а) бохучу даше ца дуьллу.
4. И ц1е ас-софа́у (деган ц1еналла) бохучу дашах схьаяьлла ю, 1еламстага Абу аль-Фатхь Бустийс (Дала къинхетам бойла цунах) цунах лаьцна байташ аьлла:
Суфий бохучу дешан хьокъехь нехан къовсам хилира,
Цхьаболчарна моьттира, и су́ф бохучу дашах схьадаьлла,
Ц1ена волчу къонахчунна бен х1ара ц1е ас лур яцара,
Дог ц1андинарг ву иза, т1аккха шех, суфий, аьлла.
Имам Г1азалис (Дала къинхетам бойла цунах), х1ара маь1на ч1аг1деш, «1аварифуль-ма1ариф» ц1е йолчу шен жайнахь боху: «Суфий – иза дег1ан лаамех шен дог ц1андарна, шен хенаш эрна ца яйарна а т1ехь даима къахьоьгуш верг ву. Х1окху вай дийцинчу дерригенна т1ехь цунна г1о до, даима шен Деле ша хьашт хилар цунна хааро. Ша Деле хьашт хилар даима дагахь латторо тиларх ларво иза. Цуьнан, са шен лаамаш гучубахарца карзах мосазза долу, шен к1оргера болчу кхетамца цунна т1екхуьу иза, т1аккха шен синъойланца Далла т1е а
16
воьрзу иза. Цуьнан ойла Далла т1еяхийтина хилар даима дог-ойла ц1ена латторца ду, ткъа цуьнан ойла екъаялар, тилла хилар а – иза шен дег1ан лаамашна т1аьхьавазар бахьанехь ду. Шен Дела дагахь латторца шен дог 1алашдеш хуьлу иза, ткъа шен дог 1алашдарца шен дег1ан лаамашна т1ехь толам боккху цо. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Х1ай Деле ийман диллина нах, Делан хьаккъаш лардеш, нийсонца тоьшалла деш хилалаш». Х1окху аятехь хьахийна долу Делан хьаккъаш лардар – шен дег1ан лаамашна дуьхьал къийсам латторца хуьлуш ду, иза тасаввуфан коьрта 1алашо ю».
Х1ара маь1на ч1аг1до шайх Мухьаммад-Амийн аль-Курдис (Дала къинхетам бойла цунах), цо боху: «Тасаввуфан 1илма ас-софау (деган ц1еналла) бохучу дашах схьаэцна ду, цундела шен дог тиларх ц1анделла, ша хьекъалх вуьззина, деши, латта а шена цхьатерра хеташ волчух суфий олу».
Имам Къушайрис (Дала къинхетам бойла цунах) шен «Рисалат» ц1е йолчу жайнахь аьлла: «Суфий бохург ас-софау дашах схьадаьккхина хилар 1арбийн матто лоьхучунна гена ду».
5. И ц1е ас-софват (Дала кхоьллинчу халкъах хаьржина берш) бохучу дашах схьаяьлла ю. Ибн Таймийяс (Дала къинхетам бойла цунах), и нийса дац, иза иштта делахьара, софавийюн (хаьржинарг) эр ма дара, аьлла.
6. И ц1е ас-су́фат (месаш) бохучу дашах схьаяьлла ю, х1унда аьлча суфий, Веза-Сийлахьчу Далла муьт1ахь хиларна, охьайоьжна мас санна волу дела.
7. И ц1е су́фат бохучу дашах схьаяьлла ю. Жех1ил хенахь шех су́фат олуш цхьа нах хилла, дуьне д1атесна, Веза-Сийлахьчу Далла 1ибадат дарна т1ебирзина,
17
Ка1батна уллохь бехаш. Т1аккха царах тера волчунна суфий аьлла ц1е тиллина.
8. Цхьаболу малхбален 1илманчаш суфий боху дош желтойн (греки) маттахь долчу су́фа бохучу дашах схьадаьлла ду аьлла хеташ бу, цуьнан маь1на – хьекъалалла бохург ду. Иза, шен цхьа а бух боцуш, шайгара юкъатуьйсуш доьхна хабар ду.
И дерриге вай дийцинчул т1аьхьа, тасаввуф къаьсттина куьцаш долчу нахана тиллина ц1е ю аьлла хета суна, вай т1аьхьо хьахор ду уьш. Суфий боху ц1е х1окху тобанна, уьш кхечарах къасторхьама, тиллина ц1е лору, шен кхин маь1на доцуш. Имам Къушайрис (Дала къинхетам бойла цунах) ч1аг1динарг ду иза, цо боху: «Х1ара ц1е, дукхахьолахь, х1окху тобанах йоккхуш ю: стагах – суфий, тобанах – суфиййях1 олу, оцу балхе кхача г1ертачу цхьана стагах – мутасоввиф, тобанах – мутасоввифах1 олу. 1арбийн маттахь х1ара ц1е цхьана дашах схьаяьккхина я цхьана дашах тарйина ю аьлла тоьшалла деш х1умма дац». Цул т1аьхьа Къушайрис (Дала къинхетам бойла цунах) боху: «Баккъалла а, х1ара тоба т1ех г1араяьлла ма ю, и билгалъяккха цхьана дашах таръян я кхечу дашах схьаяьккхина ю аьлла ч1аг1дан а ца оьшуш».
Ибн Халдуна (Дала къинхетам бойла цунах), цуьнан маь1на билгалдеш, аьлла: «Х1иджрин терахьца шолг1ачу б1ешарахь, цул т1аьхьа а дуьненан хьал тоделла, нах дуьненна т1ебирзинчу хенахь, 1ибадат дарна т1ебирзина нах суфий бохучу ц1арца билгалбевлира».
Х1ара дерзош суна билгалдаккха лаьа, суфий боху ц1е схьаяларан бух хаа г1ертар коьрта цахилар; башхалла яц, ас-су́ф (т1арг1а) я суффат (четаран) ох1ла,
18
я ас-соффул-аввал (хьалхара мог1а), я ас-софау (деган ц1еналла), я ас-софвату (хаьржинарш) бохучу дешнех муьлххачух и схьаяьккхина елахь а. Коьрта дерг – цуьнан кхолладалар, цуьнан коьрта 1алашо, цуьнан некъаш, цуьнан г1иллакхаш, цуьнан куьцаш, цуьнан дахаран кеп, цуьнан 1амалш а вайна йовзар ду.
Тасаввуфан 1илма кхолладалар
Тасаввуфан 1илманах лаьцна дуьйцуш, «Кашфуз-зунун» ц1е йолу жайна яздинчо имам Къушайрийн (Дала къинхетам бойла цунах) х1ара къамел схьадалийна: «Шуна хаийла, Дала шух къинхетам барш, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) д1аваьллачул т1аьхьа бусалба наха шайн заманахь хиллачу безчу нахах 1еламнах ца аьлла, царах Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) асхьабаш алар доцург. Цул лакхара ц1е йоцу дела, царах асхьабаш аьлла. Шолг1а б1ешо т1едеанчу хенахь, асхьабашна накъосталла диначарех таби1ийнаш (асхьабашна т1аьхьабаьзнарш) аьлла, иза сийлахь ц1е ю аьлла хетта царна. Цул т1аьхьа, царна т1аьхьабог1учарах, атба1ут-таби1ийна (таби1ийнашна т1аьхьабаьзнарш) аьлла. Цул т1аьхьа хьелаш, барамаш а хийцабелла, динан белхаш ч1ог1а ларбарца билгалбевллачу нахах аз-зухх1аду (дуьне д1атеснарш), аль-1уббаду (1ибадат дукха деш берш) аьлла. Цул т1аьхьа динехь боцу керла белхаш гучубевлла, тобанашна юккъехь къийсамаш буьйлабелла. Х1ора тобано, дуьне д1атеснарш, 1ибадат дукха деш берш а шайна юккъехь бу бохуш, девнаш
19
деш хилла. Суннат лелорца шаьш билгалбевлла, шайн дог1маш Дела дагахь латторца лардеш, шайн дегнаш г1опал хиларх 1алашдеш болчара шайн тобанна, тасаввуфан ох1ла аьлла, ц1е тиллина. Х1ара ц1е оцу баккхийчу 1еламнахана юккъехь х1иджрин терахьца ши б1е шо д1адаьлча г1араяьлла».
Бакъду, т1аьхьа вайна хуург ма-хиллара, х1ара ц1е ши б1е шо далале хьалха а йоккхуш хилла, делахь цул т1аьхьа бен г1ара ца яьлла иза. Доктор волчу Хьасан Ибрах1има аьлла: «Оцу (тасаввуфан) заманахь бусалба нехан ойланаш д1алаьцна белхаш бийцича, баккъалла а, суьпаллийца, Делах кхерарца а г1арабевллачу бусалба нахана тавхьийдан 1илманехь карош ца хилла Веза-Сийлахь Волу Дела везарх дуьзна долчу дегнашна кхачам беш дерг. Т1аккха царна дагадеана дуьне д1атасарца, холбате биссарца, Веза-Сийлахь волу Дела везарехь шайн са дохкарца а Цунна герга хила; царах мутасаввифийнаш алар цунах схьадаьлла».
Аль-Мадаиний бохучу 1еламстага хьахийна, цхьаболчу 1еламнаха элира, аьлла: «Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) заманахь цхьа 1арби вара, шен дег1ана кхоа ца деш, даьхни духкуш, ткъа Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) д1акхелхинчул т1аьхьа т1ерг1ан бедарш т1е а юьйхина, ша лелочу вуочу х1уманах вуха а ваьлла, дин 1амо, 1ибадат дан а волавелира иза. Цуьнга цхьамма элира: «Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дийна волуш ахьа х1ара динехьара, иза хьох воккхавийр вара». Цо элира: «Сан шиъ тешам бара, цаьршиннах цхьаъ д1абаьлла, важа бисина, Веза-Сийлахьчу Дала аьлла:
20
«Аллах1 царна 1азап лур долуш ма вац, хьо (х1ай Мухьаммад) царна юккъехь мел ву», – х1ара хьалхара тешам бу, Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) д1акхалхарца д1абаьлла болу. Веза-Сийлахьчу Дала юха а аьлла: «Аллах1 царна 1азап лур долуш ма вац, уьш гечдар доьхуш мел бу», ткъа х1ара шолг1а тешам бу, стаг Деле гечдар доьхуш мел ву цунна лаьтташ болу».
Таби1ийнех хилла волчу воккхачу 1еламстага Хьасан аль-Басрийс (Дела реза хуьлийла цунна) аьлла: «Баккъалла а, Бадрун г1азотехь хиллачарах 70 асхьаб вевзина суна, церан массеран духар т1ерг1ан дара».
Иштта цунах дийцина, цо элира, аьлла: «Суна суфий дуьхьалкхийтира т1аваф дечу хенахь, ас цунна яла дагахь цхьа х1ума кховдийра, амма цо иза схьа ца ийцира, цо элира: «Соьгахь диъ шай ду, уьш суна тоьаш ду».
Иштта, олучо аьлла: «Дуьххьара шех суфий аьлларг – иза Абу Х1ашим аль-Куфий ву, Куфехь дуьнен чу ваьлла волу. Цо шен дукхахйолу хан Шемахь яьккхина, х1иджрин терахьца 150-чу шарахь кхалхар хилла цуьнан».
Иштта, Суфьян ас-Соврий (Дала къинхетам бойла цунах) бохучу 1еламстагах дийцина, цо элира, аьлла: «Суфий волу Абу Х1ашим ца хиллехьара, суна рияъ (гайтархьама х1ума леладар) ма-дарра девзар дацара».
Иштта, олучо аьлла: «Дуьххьара тасаввуф д1ахьеха жима хьуьжар йоьг1нарш – х1иджрин терахьца 177-чу шарахь кхелхина волчу Зайдан к1ентан 1абдул-Вахьидан накъостий бу. Иза Хьасан аль-Басрийн (Дала къинхетам бойла цунах)
21
асхьабех ву».
Баккъалла а, хьахийна, имам Малика (Дала къинхетам бойла цунах) элира, аьлла: «Ша фикъх1 1амийна, амма тасаввуф ца 1амийнарг, баккъалла а, иза дог 1еса дерг ву. Ша тасаввуф 1амийна, амма фикъх1 ца 1амийнарг, баккъалла а, иза галваьлларг ву. Амма и ший 1илма 1амийнарг, баккъалла а, иза нийсачу новкъа ваьлларг ву».
Билггала хууш долчух ду, имам Малик (Дала къинхетам бойла цунах) х1иджрин терахьца 179-чу шарахь нуьречу Мадинатахь кхелхина хилар. Тасаввуфан 1илма оцу заманахь дуьйна девзаш хиларна т1енисво х1окхо.
Бакъду, цхьаболчара цу хьокъехь аьлла: «Дуьххьара тасаввуф 1илманан т1ег1ан т1е а даьккхина, иза билгалдинарг – Зун-Нун аль-Мисрий (Дала къинхетам бойла цунах) ву, ша имам Маликан (Дала къинхетам бойла цунах) мута1елам хилла а, х1иджрин терахьца 245-чу шарахь кхелхина а волу. Иштта, цуьнан маь1на билгалдеш, иза дакъошка декънарг, иза даржийнарг – Джунайд аль-Баг1дадий (Дала къинхетам бойла цунах) ву, х1иджрин терахьца 297-чу шарахь кхелхина волу».
Цул т1аьхьа тасаввуф 1илманца г1арабевлла дуккха 1еламнах кхиъна, царах х1ораммо а тасаввуфан некъаш билгалдина, цуьнан 1алашоне шаьш кхачош долу. Т1аккха тасаввуфан 1илма бусалба умматан массо аг1онашкахь, мехкашкахь а, массо заманашкахь, хенашкахь а даьржина, тахана вай шена чохь дехачу замане схьакхаччалц.
22
Тасаввуфан шари1атца йолу з1е
Тасаввуфан ма-дарра долу маь1на ца девзаш, дуккха болчу бусалба нахана тасаввуфан ох1ла бусалба динах арабевлла я дин дитина, я дин довзарх генабевлла, я и дин дохо юкъабаьхна бу моьтту. Бакъду, нийсонна т1ехь волчунна, тасаввуфан бакъдолу 1илма, 1алашонаш, некъаш а 1амош, церан хьуьжаршкахь вехаш, церан новкъа воьдуш, цаьрца ша кхуьуш а волчу хенахь, бакъболу бусалбанаш, ийман кхочушхилларш, сийлахьчу Къуръанах, сийдолчу Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) суннатах тасабелларш а уьш хилар карадо. Царна ишта карадо, п1елган буьхьигал уьш шари1атах херабевлла цахилар, цара 1амош долу 1илманаш Сийлахьчу Къуръано хьахийна долчу дог ц1андаран низамца, сийдолчу Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хьахийна долчу ихьсанан дарже кхачарца а дог1уш хилар.
Бусалба стагана ша Сийлахьчу Къуръан чу хьаьжча, бусалба дин даржорехь Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) шена хьалхах1оттийна хилла йолу коьрта 1алашонаш билгалъеш долу дуккха аяташ карадо. Уьш йиъ 1алашо ю:
1. Бусалба нахана сийдолчу Къуръанан аяташ деша, цаьрца 1амал ян, царах шайн дахаран низам х1отто а 1амадар;
2. Вуочух синош ц1андар – иза синош кхиоран 1илма ду;
3. Сийдолчу Къуръанан хьукманаш, 1алашонаш, омранаш а царна довзийтар;
4. Царна хьикмат (хьекъале дерг) довзийтар, – иза бусалба стеган дуьненан дахарехь кхечу нахаца хила еза
23
юкъаметтиг йовзийтар ду.
Оцу вай дийцинчу аятех цхьаъ х1ара ду. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Иза (Аллах1) ву, йоза ца хуучу нахана юккъе царах волу Элча (Мухьаммад) вахийтинарг, цо царна Цуьнан аяташ доьшуш‚ уьш (ширках) цIанбеш‚ царна жайна (Къуръан)‚ хьикмат (Къуръана чохь долу хьукманаш я суннат) а хьоьхуш‚ – уьш хьалха билггалчу тилар чохь хиллехь а». «Аль-Джуму1ат», 2.
Баккъалла а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) х1ара коьрта 1алашонаш кхочушъярца массарел ч1ог1а д1ах1оьттира тасаввуфан ох1ла. Бакъду, цара синош ц1андарна т1ебахийтина тидам кхин а ч1ог1а бара, х1унда аьлча царна кхийолу 1алашонаш кхочушъярехь, бусалба нах исламан, ийманан а ц1оналле бухаберзорехь уггаре кхиаме, нийса а некъ иза хилар карийна дела. Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) заманахь цо кхиийна, вуочух д1ац1анбина а хилла болчу цуьнан сийдолчу асхьабашна юккъехь ма-хиллара болу некъ бу иза. Уьш бара нахалахь уггаре диканаш.
Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) асхьабийн зама д1аяьллачул т1аьхьа цхьаболчу бусалба нехан дегнаш хийцаделира, дуьне дезаре, дег1ан лаамашка, дуьненан марзонашка тийжар бахьанехь, т1емаш беш меттигаш схьаяьхначул т1аьхьа кхечу къаьмнех иэдалар бахьана долуш а.
Х1ара ду-кх, Ибн Халдуна (Дала къинхетам бойла цунах) шен «Мукъаддимат» ц1е йолчу жайнахь тасаввуфан 1илма дуьйцуш шена т1е тидам бахийтинарг, цо аьлла: «Х1иджрин терахьца шолг1ачу б1ешарахь, цул т1аьхьа а, дуьненан дахаран хьал тоделла, нах цунна
24
т1ебирзинчу хенахь, Далла 1ибадат дарна т1ебирзинчу наха шайна суфий, тасаввуфан ох1ла а аьлла ц1е тиллина».
Баккъалла а, сийдолчу суннато массарна девзаш долчу, 1умара (Дела реза хуьлийла цунна) дийцинчу хьадисехь билгалдина, ч1ог1а 1аьржа месаш а йолуш, т1еюьйхина к1айн бедарш а йолуш волчу стеган куьцахь деанчу Джабраил-маликана (Делера салам хуьлийла цунна), шен асхьабашца хиъна 1аш волчу Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) а юккъехь лелла долу къамел. Х1окху хьадисехь Джабраила (Делера салам хуьлийла цунна) бусалба динан баххаш болчу исламах, ийманах, ихьсанах а лаьцна хеттарш до, вайн эла волчу Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) цунна жоьпаш ло. Баккъалла а, 1еламнахах х1ора тоба оцу баххех къаьсттина цхьана буха т1ехь къахьега юьйлира. 1акъидат, фикъх1 а девзаш болчу 1еламнаха исламан баххаш 1аморна т1е тидам бахийтина, 1акъидат, тавхьид а девзаш болчу 1еламнаха ийманан баххаш 1аморна т1е тидам бахийтина. Ткъа ихьсан – иза Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) довзийтина ма-хиллара: «Ахьа Аллах1на 1ибадат дар ду, хьайна и Аллах1 гуш волуш санна; хьуна Иза гуш цахиларх, Цунна хьо гуш ву». Нах дине кхойкхуш, динехь кхетош-кхиоран 1илма девзаш, шайх тасаввуфан ох1ла олучу 1еламнаха цунна т1е тидам а бахийтина, Сийлахьчу Къуръанца, сийдолчу суннатца а х1оттийначу низамца иза бакъдеш д1ах1отторна т1ехь къахьегна, шайна Аллах1, Цуьнан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) а везаш хиларна, даима Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) суннатна т1аьхьабозуш хилархьама а,
25
Дела хьехоре, нийсоне, деган ц1еналле, динехь нисбаларе, и санна долчу дикачу х1умане а нах кхайкхархьама а. Имам, хьафиз а волчу Мухьаммад Сыддикъ аль-Г1умарий (Дала къинхетам бойла цунах) бохучу 1еламстаге хаьттина хилла, дуьххьара тасаввуфан бух биллинарг мила ву, иза стигларчу омранца ду я дац аьлла а. Цо жоп делла: «Дуьххьара т1арикъатан бух биллинарг мила ву аьлча, вайна хаа деза, т1арикъат Мухьаммаде (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) доссийначу динах цхьа дакъа а долуш, стигларчу омранца шен бух биллина ду, х1унда аьлча цхьа шеко а йоцуш иза ихьсанан дарж ду, бусалба динан кхаа рукнанах цхьа рукна йолчу, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) шен хьадисехь билгалйина а йолу, ша олуш: «Иза Джабраил-малик (Делера салам хуьлийла цунна) дара, шун дин шуна хьеха деана».
И рукнаш – ислам, ийман, ихьсан а ду. Ислам бохург – Далла муьт1ахь хилар, 1ибадат дар а ду. Ийман бохург – серло, дегатешам а бу. Ихьсан бохург – Дела даг чохь латторан, дагца Дела гуш волуш санна хиларан а дарж ду: «Ахьа Аллах1на 1ибадат дар ду, хьайна и Аллах1 гуш волуш санна; хьуна Иза гуш цахиларх, Цунна хьо гуш ву».
Цул т1аьхьа Мухьаммад Сыддикъ аль-Г1умарий бохучу 1еламстага (Дала къинхетам бойла цунах) шен жайнахь аьлла: «Баккъалла а, хьадисехь деана ма-хиллара, кхаа рукнанна т1ехь лаьтташ ду дин, т1аккха оцу кхаа рукнанах цхьа рукна йолу ихьсан шегахь доцчун дин, шеко йоцуш, эшна ду, оцу динан рукна цо йитарна. Т1арикъато лоьхуш долчун коьрта 1алашо, цо билгалдеш дерг а, иза – ислам, ийман а
26
тодинчул т1аьхьа, ихьсанан дарж ду».
Баккъалла а, Сийдолчу Къуръанан аяташ доьшуш, Пайхамарера (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) схьадеанчу дешнашка, цо лелийначу белхашка, цуьнан хьелашка а, уьш билгалдеш яздинчу жайнашка а хьоьжуш вай шари1ат 1амийча, иза шина декъе декъалуш карадо вайна:
1. Белхаш, куьцаш, меженашна хаалуш болу белхаш. Цо чулоцу: ламазехь д1ах1оттар, охьахаар, руку1, сужда, Къуръан дешар, тасбихь дар, до1анаш дар, Дела хьехор, хьукманаш, 1ибадатан белхаш, уьш доцурш а. Уьш дерриге кхочушдеш схьабаьхкина хьадисаш 1амийна, уьш дийцина а болу 1еламнах, шари1атан, фикъх1ан а 1еламнах а (Дала умматан ц1арах диканца бекхам бойла царна), цара умматна дин лардина, цуьнца 1амал яр цунна атта а дина.
2. Къайлаха долу куьцаш, 1амал ярехь лакхахь вай бийцина белхаш, куьцаш а кхочушдарехь, цаьрца цхьаьна ца хилча йиш йоцуш, ламазехь д1ах1оттарехь, охьахаарехь, руку1ехь, сужданехь, до1адарехь, Дела хьахаварехь, диканиг де аьлла омра дарехь, вуониг ма де аларехь, – шен х1усамехь, г1азотехь а волчу хенахь Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) шаьш лардина долу. Цо чулоцу: ийман, деган ц1еналла, йоле сатийсар, собар, Далла т1е болх биллар, дуьне д1атасар, дог токхе хилар, оьшучу х1уманехь шен дег1ал кхиверг хьалхаваккхар, комаьршалла, г1иллакх, Делах кхерар, эхьхетар, Далла муьт1ахь хилар, Далла хьаставалар, Деле дехар, дуьненал эхарт харжар, Далла дуьхьалкхетаре сатесна хилар, кхидолу къайлаха куьцаш, Делах тешаран г1иллакхаш, бусалба динан низамаш, Къуръана чохь
27
хьахийна долу пайхамараллин г1иллакхаш а. Уьш дерриге шари1атна оьшуш ду, дег1ана са эшарх терра. Х1окху вай дийцинчунна юкъадог1у билгалдарш, дакъош, г1иллакхаш, хьукманаш а, цунах къаьсттина ц1е йолуш 1илма, фикъх1 а кхуллуш. Хьалхарчу декъехь вай дийцинарг билгалдеш, цуьнан ма-дарра долчу маь1нах кхетош, уьш кхочушдаран некъа нисвеш долчу 1илманах гуччохь долу фикъх1 аьлла. Шолг1ачу декъехь дийцина долу куьцаш билгалдеш, цаьрга кхачош долу некъаш довзуьйтучу 1илманах къайлаха долу фикъх1 аьлла. Фикъх1, хьадис, 1акъийдат, сийрат девзаш болчу 1еламнаха гуччохь долчу 1илманна т1ехь къахьега шайна т1елаьцна хилча, баккъалла а, тасаввуфан ох1лано къайлаха долчу фикъх1а т1ехь къахьега т1елаьцна, оцу фикъх1ана тасаввуф аьлла ц1е а тиллина цара. Цара цунна дог ц1андаран 1илма я ихьсан, я къайлаха долу фикъх1, я синош кхиоран 1илма аьлла ц1е тиллина хиллехьара, иза г1оле, бакъдолчунна герга а хир ма дара, х1ара ц1е бахьана долуш тахана вайна гуш болу къийсамаш, адамаш декъадалар а хир ма дацара.
Х1окху вай дийцинчун хьокъехь Абу Наср ас-Сираж ат-Т1усий ц1е йолчу 1еламстага (Дала къинхетам бойла цунах) боху: «Гуччохь дерг бен ца девзаш йолчу тобано инкарло йо, цара олу: «Къуръан чохь, суннатехь а деана, шари1атан гуччохь долу 1илма бен ца девза тхуна, къайлаха долу 1илма, тасаввуфан 1илма бохучу шун дешнийн цхьа а маь1на дац». Вай цаьрга олу: «Баккъалла а, шари1атан 1илма цхьаъ ду, иза цхьа ц1е ю, шен ши маь1на долуш: риваят (Пайхамара, Делера салам-маршалла хуьлийла цунна, дийцинарг, цо лелийнарг, цо магийнарг а довзуьйтуш долу 1илма),
28
дираят а (хьадисийн з1е, уьш дийцинчеран бехкамаш а бовзуьйтуш долу 1илма); и шиъ ахь цхьанатоьхча, цунах шари1атан 1илма хуьлу, гуччохь, къайлаха а йолу 1амалш яре ша кхойкхуш долу. 1илманах лаьцна хаьттича, и гуччохь ду я къайлаха ду аьлла дош ала мегар дац, х1унда аьлча и 1илма даг чохь долчу хенахь – иза цу чохь къайлаха ду, матта т1ехь леларца и гучудаллалц. Ткъа матта т1ехь иза лелча – иза гуччохь ду». Т1аккха вай олу: «Баккъалла а, гуччохь, къайлаха а долу 1илма – иза шари1атан 1илма ду, гуччохь, къайлаха а йолу 1амалш билгалъеш, уьш яре ша кхойкхуш долу. Гуччохь йолу 1амалш, дег1ан меженашца еш йолчу 1амалех терра – уьш 1ибадаташ, хьукманаш а ду. Ламаз эцар, ламаз дар, закат далар, марха кхабар, Хьаьжц1а вахар, Делан некъахь къахьегар, уьш доцурш а – х1орш дерриге 1ибадаташ ду. Ткъа хьукманашна юкъадог1у зуламхошна кхел кхайкхоран, зуда йитаран, леш хьалхабитаран, йохк-эцаран, ирс декъаран, ч1ир екхаран а низамаш, уьш доцурш а. Х1орш дерриге гуш йолчу дег1ан меженашна т1ехь лелаш долу хьукманаш ду. Амма къайлаха йолу 1амалш, дегнашца еш йолчу 1амалех терра – уьш даржаш, хьелаш а ду, цара чулоцу: къобалдар, ийман, догтешна хилар, бакълер, деган ц1еналла, Дела вовзар, Далла т1е болх биллар, Дела везар, Делан кхиэлана реза хилар, Дела хьехор, Делан ни1маташна шукра дар, тоба дар, Делах кхерар, Дала тоьхна дозанаш 1алашдар, ойлаяр, тергам беш хилар, Делан 1азапах кхерар, Цуьнан къинхетаме догдахар а, собаре хилар, долчух кхачам бар, нахаца уьйр йолуш хилар, герга хилар, шовкъе хилар, г1айг1ане хилар,
29
дохковалар, эхьхетар, веза хетар, сийдолуш хетар, лераме хилар а. Х1ара – гуччохь, къайлаха а йолчу 1амалех х1ора 1амал йовзуьйтуш 1илма, фикъх1, билгалдар, кхетам балар, цуьнан ма-дарра долу сурт х1оттор а ду. Х1ара – къайлаха, гуччохь йолу 1амалш нийса хиларна т1енисвеш Сийдолчу Къуръанан дуккха аяташ, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хьадисаш а ду, хуучарна хууш, ца хуучарна ца хууш. Къайлаха долчу 1илманах вай аьлча, цунах вайна лууш дерг – къайлах йолчу меженашца (дегнашца) еш йолчу 1амалийн 1илма ду. Цунах терра, гуччохь долчу 1илманах вай аьлча, цунах вайна лууш дерг – гуччохь йолчу меженашца еш йолчу 1амалийн 1илма ду. Баккъалла а, Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Цо (Дала) шуна шортта Шен ниIматаш делла‚ гуш дерш а‚ къайлаха дерш а». «Лукъман», 20.
Гуш долу ни1мат – иза Веза-Сийлахьчу Дала гуччохь йолчу меженашна, цаьрга Ша реза волу 1амал яйта делла долу ни1мат ду. Ткъа къайлаха долу ни1мат – иза Веза-Сийлахьчу Дала дегнашна лакхахь вай дийцина хьелаш далар ду. Гуш долчунна – къайлаха дерг, къайлаха долчунна – гуш дерг а оьшу. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Цара и дерзийна хиллехьара Элчане а‚ шайна т1их1иттина болчаьрга а – цунна тIекхиа лууш (таллам беш) болчарна хуур дара (бакъдерг) цаьргара». «Ан-Нисаъ», 83.
Талламбаран 1илма – иза къайлаха долу 1илма ду, тасаввуфан ох1ланан 1илма а ду иза, х1унда аьлча цара Сийлахьчу Къуръанах, сийдолчу хьадисах а бина талламаш болу дела. Царах цхьадерш хьахор ду вай, Дала мукъалахь. 1илма гуччохь, къайлаха а ду. Къуръан
30
(цуьнан маь1наш) а ду гуччохь, къайлаха а. Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хьадис а ду гуччохь, къайлаха а. Ислам а ду гуччохь, къайлаха а. Оцу хьокъехь вайн накъосташа далош Къуръан чуьра, суннатера хьекъале делилаш ду, уьш к1еззиг долчу дешнашца билгалдан тарлуш дац, цуьнан хьокъехь шортта къамел деана, цу хьокъехь вай хьахийначух кхачо йо вай.
Оцу вай дийцинчух вайна хаар важиб ду, шари1атан гуччохь, къайлаха а фикъх1 хилар. Кхоччуш волу бусалба стаг, шен 1алашоне кхочуш волу хьехамча – иза и ший а фикъх1 1ама а дина, цаьршинца 1амал еш верг ву. Гуччохь долу фикъх1 1амийна, амма къайлаха дерг дитинчо шен дин кхоччуш ца 1амийна. Иштта къайлаха долу фикъх1 1амийна, амма гуччохь дерг дитинчо а шен дин кхоччуш ца 1амийна. Оцу шина фикъх1ах цхьаъ вукхул деза хетта, цунах тасавелларг – цуьнан дин кхоччуш лоруш дац. Цундела, гуччохь долу фикъх1 ца 1амош, тасаввуф кхочушдина, цуьнца 1амал еш волчун 1амал лорур яц, я цунах кхечунна масал хир дац, я цуьнан дин кхоччуш хир дац.
Ша тасаввуфан ох1ланах ву бохуш, амма шари1атах (Къуръанах, суннатах а) хоттавелла воцург – иза бусалба динах шена да́къа долуш я цуьнца уьйр йолуш а вац. Х1ара вай дийцинарг бакъхиларна т1енисвеш тасаввуфан ох1ланан баккхийчу 1еламнехан дешнаш ду. Имам волчу Сах1ла ат-Тустарийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Вайна ялх бух бу: Делан жайнах (Къуръанах) тасадалар; Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) суннатна т1аьхьадазар; хьанал рицкъа даар; вуон дерг духатохар; къиношна
31
генадовлар; вешан декхарш кхочушдар».
Абу Язида аль-Баст1амис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Х1аваэхула леллал шена карамат делла волу стаг шайна гича, цунах 1еха ма лолаш, шайна иза диканиг де олуш, вуониг ма де олуш, Делан дозанаш лардеш, шари1ат кхочушдеш а галлалц».
Джунайд аль-Баг1дадис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Дерриге некъаш бусалба нахана дихкина ду, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) бина некъ боцург». Цо иштта аьлла: «Къуръан, хьадис а 1амийна воцчунна х1окху вайн (тасаввуфан) балхехь т1аьхьавозур вац, х1унда аьлча х1ара вайн болх Къуръанах, суннатах боьзна болу дела».
Шайх волчу Абу аль-Къасим ан-Наср Абадис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Тасаввуфан бух – Къуръанца, суннатца хоттавелла хилар, синлаамаш, динехь керла х1уманаш а дитар, нехан бехказлонаш гуш хилар, вирд дина т1елаьцна 1амалш даима еш хилар, атта дерг лехар дитар, к1орге ца г1ертар а ду».
Ибн 1ат1оиллах1 ас-Сакандарийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Шен са суннатан г1иллакхашна т1ехь сацийначун дог Дала Ша вовзаран 1илманца нуьре дийр ду. Далла дукхавезаш волчу Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) омранаш, белхаш, г1иллакхаш а лардеш, цунна т1аьхьавазарал деза дарж ма дац».
Амма бусалба динан делил аьлла шен ц1е йоккхуш волчу Абу Хьамид аль-Г1азалис (Дала къинхетам бойла цунах) суфийн хьокъехь аьлла: «Баккъалла а, Делан новкъа бевлларш к1езиг бу, амма нах дине кхойкхуш берш дуккха бу, ткъа оха хьуна церан шиъ билгало
32
йовзуьйтур ю:
1. Цуьнан берриге белхаш шари1атан терзанца узуш, цуьнан дешнаш, цуьнан 1алашо – цхьана х1уманна иза т1еверзар я вухакхетар а шари1атца дозуш хилар. Х1унда аьлча Делан новкъа валар тарлуш ма дац, шари1атан дерриге а хастаме г1иллакхаш шегахь хиллалц.
2. Оцуьнга кхочур вац, суннат 1амалш ларъеш верг а бен, ткъа парз 1амалш ярна т1ехь ледарло еш верг муха кхочур ву цуьнга?»
Имам Ахьмад ибн Таймийяс (Дала къинхетам бойла цунах) шен фатваш дуьйцучу жайнин уьтталг1ачу декъехь суфийн ох1ла Къуръанах, суннатах а тасабелла хиларх дийцина, цо аьлла: «Амма Делан нийсачу новкъа бевлларш, хьалха д1абаханчу шайхийн тобанах болу 1иядан к1ант Фудайл, Адх1аман к1ант Ибрах1им, Абу Сулайман ад-Дараний, Ма1руфул-Кархий, ас-Сарийю ас-Сакъат1ий, Мухьаммадан к1ант Джунайд, уьш боцурш а, т1аьхьо баьхкинчарах шайх 1абдул-Къодир Гилани, шайх Хьаммад, шайх Абу аль-Баян, уьш боцурш а, – цара Делан некъахь ву бохуш верг шар1о т1едиллинчу диканца омра дарх, цо дихкина долчу вуониг ма де аларх а д1авалар къобал ца дора, иза х1аваэхь лелаш я хина т1ехула волавелла воьдуш велахь а. Бакъду, ша валлалц шега дина омранаш кхочушдан, шена дихкинарг 1аддадита а декхар ву иза. Х1ара ю-кх, Къуръано, суннато, хьалха д1абаханчу 1еламнехан барт хиларо а гойтуш йолу бакъо, цара шайн къамелехь дуккха хьехийнарг а».
Кхечу меттехь уьш буьйцу, оцу заманахь уггар бакълуьйш болу нах уьш бара, бохуш.
33
Х1окху дерриге дийцинчух вайна хаьа, тасаввуфо Къуръанах, суннатах а тасаваларе кхойкхуш хилар. Цаьршинна дуьхьало еш дерг тасаввуфах дац, баккъалла а, иза ша тасаввуфан ох1ланах ву бохуш дов дечо долийна я юкъатесна, я т1екхоьллина х1ума ду, я цуьнан синлаам бу, тасаввуф цунах ц1ена а ма ду.
Асхьабийн, таби1инийн а заманал т1аьхьа бен тасаввуф гучу ца даларан бахьана х1ун ду?
Х1окху коьртачу хаттарна жоп ло доктор волчу Ахьмада 1алуша, цо боху: «Баккъалла а, дуккха наха вовшашка хоьтту, асхьабийн, таби1инийн а заманал т1аьхьа бен х1ара кхайкхам (тасаввуф) гучу ца баларан бахьанех лаьцна, цуьнан жоп х1ара ду: «Хьалхарчу б1ешарахь тасаввуфан 1илмане хьашто ца хилла, х1унда аьлча оцу заманахь хилла болу нах Делах кхоьруш, Цуьнан новкъахь къахьоьгуш, шайн амалшца 1ибадат дарна т1ебирзина а хилла. Делан Элчанца (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) церан хоттабалар герга хилар бахьанехь, массо балхехь цунна т1аьхьабазарехь сихо еш, хьалхе яккха г1ерташ а хилла уьш. Оцу хенахь царна тасаввуфан 1илма хьеха оьшуш ца хилла, х1унда аьлча церан 1амал тасаввуфан 1илманца йог1уш хилла дела. Баккъалла а, оцу берриге балхехь церан – кица ц1еначу 1арбичун кицанах тера ду, – шен дайшкара ирс эцар бахьанехь 1арбийн мотт бевзаш, ша дуьнен чу ваьлчахьана дуьйна к1орггера маь1на долу байташ йохуш волчу, – меттан бакъонех, йоза яздаран 1илманах, байташ х1отторах а х1умма девзаш воцуш. Цунах терра,
34
грамматика, меттан говзаллин 1илма а 1амадар т1е ца дужу цунна. Бакъду, къамел нийса цадар, ледара маь1на дар а даьржинчу хенахь я 1арбийн маттах кхета, и 1амо а лууш волчу кхечу къомах волчунна, я т1аьхьайог1учу заманашкахь, шайна там болчу хенашкахь кхиъна, вовшахтоьхна а долу дисина 1илманаш санна юкъараллина оьшуш х1ара 1илма д1ах1оьттича, грамматика, меттан бакъонаш, байташ яхаран говзалла ца хиъча йиш йоцуш, 1амадар т1едужу».
Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) асхьабийн (Дела реза хуьлийла царна), таби1инийн а тасаввуфан ох1ла аьлла ц1е ца яьккхинехь, а шаьш дечу х1уманца суфийн ох1ланех хилла уьш, церан иштта ц1е йоккхуш ца хиллехь а. Стаг шен синлаамашна доцуш, Делан дуьхьа вахарал, дуьне д1атесна, 1ибадат дукха деш, массо хенахь шен сица, дагца а Далла т1евирзина, асхьабаш, таби1ийнаш а кхаьчначу лекхачу дарже кхача г1ерташ хиларал ч1ог1а х1ун ду тасаввуфах лууш дерг?! Баккъалла а, цара шаьш маттаца ийман диллина аларх, Исламан парзаш кхочушдарх а кхачо еш ца хилла, бакъду, маттаца къобалдарца цхьана церан дегнашна ийманан марзо, парг1ато а хаалуш хилла. Иштта парзаш кхочушдарца цхьаьна, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) суннат дина 1амалш еш хилла цара, уьш хьарам долчунна генабевлла ца 1аш, шар1ехь цадезалучух ларлуш а хилла, и бахьанехь церан синкхетам нуьре хилла, церан дегнашкара хьекъале шовданаш а дийлина, церан кийранаш Дала Шен къайленашца буьзна. Иштта дара таби1инийн, царна т1аьхьабог1учеран а хьал. Х1ара кхо зама (асхьабийн,
35
таби1инийн, царна т1аьхьабог1учеран) бусалба динехь уггаре къегина, дика а хан ю. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) оцу хьокъехь аьлла: «Уггаре дика б1ешо – х1ара со шена чохь вехаш дерг ду, т1аккха цул т1аьхьа дерг ду, т1аккха цул т1аьхьа дерг ду…» Бухари. Цул т1аьхьа шортта хан яьлча, дуккха къаьмнаш, тайпанаш а бусалба дине даьхкича, 1илманаш алсамдевлла, царах дакъош а дина говзачу нахана юккъехь уьш декъча, х1ора тоба шена кхечул алсама евзаш йолу говзалла, 1илма а д1аяздан юьйлира. Бусалба динан юьххьехь грамматика д1аязйинчул т1аьхьа, фикъх1ан, тавхьидан а, динан баххаш бовзийтаран а, хьадисан а, тафсиран а, мотт бийцаран а, хьадисан талламбаран а, бусалба динан бакъонаш йовзийтаран а, ирс декъаран а, кхидолу а 1илманаш кхолладелла.
Цул т1аьхьа цхьа хан яьлча, адамийн син1аткъам к1ез-к1езиг г1елбала болабелла. Дуьне д1атесна, хьарам, хьанал а къастош болчу дикачу наха шега кхойкхуш долу даггара Далла 1ибадат дар, Цунна муьт1ахь хилар а нах дицдан буьйлабелча, тасаввуфан 1илма кхидолу 1илманаш санна деза, сийдолуш а хилар гойтуш д1аяздан долийра. Тасаввуфан 1илма д1аяздаран бахьана, кхийолчу тобанаша шайгахь к1орге йолу 1илманаш д1аяздарехь цаьрца къовсар бахьанехь ца хилла, цхьаболчу нахана ма-моттара, къаьсттина, малхбален цхьаболу 1илманчаш нийса цакхетарх терра. Бакъду, иза д1аяздира эшам цахилийтархьама, массо аг1онашкахь дика х1ума дарна, Делах кхерарна т1ехь а вовшашна г1одаре кхачорехь ша ца хилча йиш йоцуш долу дин хьаштхилар кхочушдархьама а.
Абу Наср ас-Сираж ат-Т1усий бохучу 1еламстага (Дала къинхетам бойла цунах), тхуна суфий боху дош хьалха
36
хезна дац, иза керла ц1е ю, бохучарна жоп луш, аьлла: «Цхьамма, хаттар деш, аьлча: «Тхуна суфий боху ц1е Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) асхьабийн (Дела реза хуьлийла царна) заманахь, царал т1аьхьабог1учеран заманахь а йоккхуш хезна яц, тхуна дукха 1ибадат дийраш, дуьне д1атеснарш, Делан новкъахь къахьоьгуш берш, миска нах а олуш бен хезна дац. Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) асхьабех цхьаннех а суфий аьлла дац», оцунна жоп луш, Делан пурбанца, вай олу: «Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) асхьабех хилар йоккха сийлалла, къаьсттина лакхара дарж а ду, оцу асхьабашна бен хила йиш йоцуш. Цундела царах Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) асхьабаш аларца цхьаьна, цул еза а хетта кхин ц1е яккха мегар дац, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) сийлалла, цуьнан хьурмат а доккха хиларна. Хьуна ца го, дуьне д1атесна, даима 1ибадат деш, Далла т1е болх биллина, миска болуш, Делан кхиэлана реза хилла, собаре болуш, Далла муьт1ахь а болчеран имамаш уьш хилар. Уьш шайгахь долчу дарже Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) накъосталла даран беркатца бен кхаьчна ма бац. Царах, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) асхьабаш аьлла, ц1е яьккхина хилча, – ша даржехь уггаре лакхара хилла йолу, царах кхин ц1е яккхар цхьана а кепара хила тарлуш ма дац».
Амма, суфий бохург Баг1дадан ох1лано юкъаяьккхина керла ц1е ю бохучо дуьйцург бакъхила йиш йолуш дац, х1унда аьлча Хьасан аль-Басрий (Дала къинхетам бойла цунах) вехачу заманахь и ц1е евзаш хилла. Ткъа Хьасан
37
аль-Басрий (Дала къинхетам бойла цунах) Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дуккха асхьабаш бевзина стаг ву. Цунах дийцина, цо элира, аьлла: «Суна суфий дуьхьалкхийтира т1аваф дечу хенахь, ас цунна яла дагахь цхьа х1ума кховдийра, амма цо иза схьа ца ийцира, цо элира: «Соьгахь диъ шай ду, уьш суна тоьаш ду».
Суфьян ас-Соврий бохучу 1еламстагах (Дала къинхетам бойла цунах) дийцина, цо элира, аьлла: «Суфий волу Абу Х1ашим ца хиллехьара, суна рияъ (гайтархьама х1ума леладар) ма-дарра девзар дацара».
Иштта Ибн Халдуна (Дала къинхетам бойла цунах), оцу хаттарна жоп луш, аьлла: «Х1ара тасаввуфан 1илма – динехь дог1уш долчу шари1атан 1илманех ду, цуьнан бух – х1окху нехан некъ вайн умматах хьалха д1абаханчу баккхийчу асхьабийн, таби1инийн, царна т1аьхьабог1учеран нийсачу некъах д1ацахадар ду. Цуьнан коьрта болх – 1ибадат дарна т1ехь латтар, шен дог-ойла Веза-Сийлахьчу Далла т1еерзаяр, дуьненан марзонех, хазаллех а д1аверзар, наха дукха лоьхуш долу даьхни, дарж а дитар, нахах д1а а къаьстина 1ибадат дан чуволар а ду. И вай дийцинарг дерриге асхьабашкахь, хьалхалерачу 1еламнахехь а хилла. Х1иджрин терахьца шолг1ачу б1ешарахь, цул т1аьхьа а дуьненан дахаран хьал тоделла, нах цунна т1ебирзинчу хенахь, Далла 1ибадат дарна т1ебирзинчу нахана суфий аьлла ц1е тиллина».
Имам Шат1ибийс (Дала къинхетам бойла цунах) Абу аль-Къасим Къушайрегара (Дала къинхетам бойла цунах) дуьйцуш, х1ара т1аьхьадог1ург боху: «Баккъалла а, царна тасаввуфан ох1ла аьлла ц1е тиллина,
38
динехь керла х1уманаш юкъадохучарах къаьстина хилархьама. Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) д1аваьллачул т1аьхьа бусалба наха шайн заманахь хиллачу безчу нахах 1еламнах ца аьлла, царах Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) асхьабаш алар доцург, цул лакхара ц1е йоцу дела. Цул т1аьхьа, царал т1аьхьабог1учарах таби1ийнаш (асхьабашна т1аьхьабаьзнарш) аьлла, иза сийлахь ц1е ю аьлла хетта царна. Цул т1аьхьа, царал т1аьхьабог1учарах атба1ут-таби1ина (таби1ийнашна т1аьхьабаьзнарш) аьлла. Цул т1аьхьа хьелаш, барамаш а хийцабелла, динан белхаш ч1ог1а ларбарца билгалбевллачу нахах аз-зухх1аду (дуьне д1атеснарш), аль-1уббаду (1ибадат дукха деш берш) аьлла. Цул т1аьхьа динехь боцу керла белхаш гучубевлла, х1ора тобано дуьне д1атеснарш, 1ибадат дукха деш берш а шайна юккъехь бу бохуш девнаш деш хилла. Суннат лелорца шаьш билгалбевлла, шайн дог1маш Дела дагахь латторца лардеш, шайн дегнаш г1опал хиларх 1алашдеш болчеран тобанна тасаввуфан ох1ла аьлла ц1е тиллина».
Х1окху вай дийцинчух вайна билгалдолу, тасаввуф – динехь керла юкъабаьккхина болх цахилар. Бакъду, иза Сийлахьчу Къуръанах, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) суннатах, цуьнан сийдолчу асхьабийн, царна диканца т1аьхьабаьзначеран а дахарх схьаэцна ду. Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), цуьнан асхьабийн а заманахь тасаввуф боху ц1е евзина яц, х1унда аьлча Ислам гучудалар церан дахаран йохаллехь хилла, цара шайн леларца и гойтуш, и 1аморца цуьнца 1амал а еш. Исламан дозанаш
39
алсамдевлча, тайп-тайпанчу мехкашкахь дин даьржича, цхьана аг1ор – кхечу къаьмнашца иэдалар, вукху аг1ор – 1еламнах шайгахь к1орге йолчу 1илманаш т1ехь къахьега буьйлабалар а бахьанехь, цхьаболу 1еламнах къайлаха долу фикъх1, цуьнца 1амал яр, бусалба динан г1иллакхаш, Исламан некъаш а дуьйцуш долу 1илма 1амо а, Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), цуьнан асхьабаш а (Дела реза хуьлийла царна) болчу заманахь хилла долу бусалба динан мехалла, дозалла, г1иллакхаш а духадерзорна т1ехь къахьега а буьйлабелла. И бахьанехь царна къаьсттина ц1е тиллина, иза – суфий боху ц1е ю.
Хьалха хиллачу дикачу нахана тасаввуфах лаьцна хетарг
Баккъалла а, тасаввуфан хьокъехь бусалба стеган нислуш болу цакхетам, вуон ойла а д1айоккхуш долчух коьртаниг – иза баккхий 1еламнах болчу хьалхабаханчу дикачу нахана цунах лаьцна хеташ дерг, цуьнан хьокъехь цара аьлла дешнаш а ду. Тасаввуфан хьокъехь царна хеташ дерг, церан дешнаш, дог-ойла а – хадам беш хьукма ду, уьш 1илма хаарехь, белхаш бовзарехь а шари1атна, Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) ваьхначу заманна а герга хиларна. Шайгахь 1илма я кхетам, я х1ума билгалдар а доцуш, кхечара дуьйцург схьа а лаьцна, цабезам я хьаг1, я шайна пайда лоьхуш, я шайгахь 1илма ду бохуш къуьйсуш болчарна хетарг, церан дешнаш а тидаме оьцуш дац. Оха хьан тидаме дуьллу хьалхабаханчу дикачу нахана тасаввуфан хьокъехь хеташ долчух цхьадерг, церан дешнаша и гучу
40
а доккхуш:
1. Имам Малика (Дала къинхетам бойла цунах) боху: «Ша фикъх1 1амийна, амма тасаввуф ца1амийнарг, – баккъалла а, иза дог 1еса дерг ву. Ша тасаввуф 1амийна, амма фикъх1 ца1амийнарг, – баккъалла а, иза галваьлларг ву. Амма и ший 1илма 1амийнарг, баккъалла а, иза нийсачу новкъа ваьлларг ву».
Х1окхо вайна гойту, имам Малик (Дала къинхетам бойла цунах) гуччохь, къайлаха а долу ший а фикъх1 1амадаре кхойкхуш хилар.
2. Хьанафин мазх1абехь волу, «ад-Дуррул-Мухтар» ц1е йолу жайна яздинчу аль-Хьаскафий бохучу 1еламстага далийна, Абу 1алий ад-Даккъакъа (Дала къинхетам бойла цунах) элира, аьлла: «Ас х1ара т1арикъат схьаэцнарг Абу аль-Къасим ан-Наср Абадий (Дала къинхетам бойла цунах) ву». Абу аль-Къасима аьлла: «Ас иза схьаэцнарг – имам Шиблий, цо схьаэцнарг – ас-Сарийю ас-Сакъат1ий, цо схьаэцнарг – Ма1руфул Кархий, цо схьаэцнарг – Дауд ат-Т1аий, цо 1илма, т1арикъат а схьаэцнарг Абу Хьанифат Ну1ман (Дела реза хуьлийла цунна) ву». Цара массара иза хастийна, иза веза имам ву аьлла мук1арло а дина.
Х1окхо вайна гойту, имам Абу Хьанифат (Дела реза хуьлийла цунна) 1илманан, мазх1абан, т1арикъатан а да хилар, цо гуччохь, къайлаха а долу ший а фикъх1 1амийна хилар а.
3. Имам Шафи1ис (Дала къинхетам бойла цунах) боху: «Суфий ох1ланах накъостий бара сан, ас цара аьллачу кхаа х1уманах пайдаэцна. Цара аьлла: «Хан – тур ду; ахь иза ца хадаяхь, цо хьо хадор ву»;
«Ахь хьайн дег1 бакъдолчуьнца д1алаьцна ца
41
хилийтахь, цо хьо доьхнадолчуьнца д1алоцур ву»;
«Х1ума доцуш хилар – (Дала) ларваран билгало ю».
Цо иштта боху: «Шун дуьненах суна дезаделла кхо х1ума ду: нахана хало яр дитар; адамашца г1иллакхе хилар; тасаввуф ох1ланан некъана т1аьхьавазар».
Х1окхо вайна гойту, имам Шафи1и (Дала къинхетам бойла цунах) тасаввуфан ох1ланца гергарло долуш, царах пайдаэцна, церан т1арикъатна т1аьхьавазар дукхадезаш а хилла хилар.
4. Имам Ахьмадан (Дала къинхетам бойла цунах) тасаввуфан хьокъехь шина кепара ойла хилла:
1. Царах цатешар. Оцунна т1енисвеш ду цо шен к1анте 1абдуллах1е дина весет: «Х1ай сан к1ант, хьадисан 1илма 1амаделахь, суфий аьлла шайн ц1е йоккхучу нахаца охьахийшарх ларлолахь, баккъалла а, царах цхьаберш динан хьукманаш ца девзаш хила тарло».
2. Царах тешар, цаьргара пайда эцархьама цаьрца охьахийшаре кхойкхуш, царах дагавуьйлуш, цаьрга ладуг1уш а хилар. Суфий волу Абу Хьамзат аль-Баг1дадийца цхьаьна хан йоккхуш, церан хьал шена девзича, шен к1анте олура цо: «Х1ай сан к1ант, х1окху нахаца цхьана охьахийшалахь, баккъалла а, уьш 1илма алсам хиларехь, Делан дозанаш лардарехь, Делах кхерарехь, дуьне д1атесна хиларехь, динца йолу ойла лакхара хиларехь а вайл совбевлла». Хьанбалан к1анта Ахьмада (Дала къинхетам бойла цунах), шегахь 1илманан к1орге йолушшехь, шен цхьа хаттар кхолладелча, Абу Хьамзат аль-Баг1дадийга олура: «Ахь х1ун олу х1окху хаттаран хьокъехь, х1ай суфий?» Т1аккха цо шега аьллачунна т1етевжара иза.
42
Хьанбалин мазх1абехь волчу Мухьаммад ас-Саффарийний бохучу 1еламстага (Дала къинхетам бойла цунах) 1абдуллах1ан к1ант Ибрах1им аль-1аланий бохучу 1еламстагах (Дала къинхетам бойла цунах) дийцина, имам Ахьмада (Дала къинхетам бойла цунах) тасаввуфан ох1ланах лаьцна элира, аьлла: «Суна царал беза (дика) нах ца бевза». Цуьнга элира: «Баккъалла а, уьш ладоьг1уш, шовкъе буьйлуш а хуьлу». Цо элира: «1адбита уьш цхьана сохьтехь шайн Делаца самукъадала».
5. Имам Абу Хьамид аль-Г1азалис (Дала къинхетам бойла цунах) шари1атан 1илманаш дуьйцу «Аль-Арба1ийна» бохучу жайнахь, хьалхалера философи (1алам, адамийн юкъаралла, церан кхетам хьалхата1арх лаьцначу законийн 1илма) юьйцучу «Макъасидуль-фаласифати» бохучу жайни т1ехь, иштта «Ат-Тах1афут» бохучу жайни т1ехь ша болх бина ваьллачул т1аьхьа, тасаввуф 1илманан, суфийн ох1ланан а куьцаш дуьйцуш, шен «Аль-Мункъизу минад-долал» ц1е йолчу жайнахь боху: «Цул т1аьхьа, баккъалла а, х1окху 1илманашна т1ехь со болх бина ваьлча, ч1ог1ачу ойланца тасаввуфан ох1ланан некъ 1амо т1евирзира со; суна хиира церан некъ 1илманца, 1амалъярца а кхочушхуьлий. Церан 1илманан жам1 – дег1ан лаамех д1ахадар, сийсазчу г1иллакхех, боьхачу куьцех а д1ац1анвалар а ду, и бахьанехь цуьнан даг чуьра Веза-Сийлахь волу Дела воцург массо х1ума д1адолуш, Дела хьехорца и дог хазлуш а. Оцу хенахь 1илма 1амор 1амал ярал атта дара суна, церан 1илмане кхачархьама Абу Т1олиб аль-Маккий бохучу 1еламстеган (Дала къинхетам бойла цунах) «Къутуль-къулуб», Аль-Хьарис аль-Мухьасибий
43
бохучу 1еламстеган жайнаш, Джунайд аль-Баг1дадийн, имам Шиблийн, Абу Язийд аль-Баст1амийн, кхиболчу шайхийн (Дала къинхетам бойла царах) мехала дийцарш а деша волавелира со. Т1аккха церан 1илманан к1оргенаш евзира суна, церан некъах лаьцна 1илма 1аморца, ладог1арца а соьга кхечира къонахчуьнга кхача тарлуш дерг. Суна гучуделира, деккъа 1илма 1аморца цуьнга кхочург цахилар, бакъду, чам баккхарца, хьал довзарца, куьцаш хийцарца а кхочу цуьнга. Т1аккха суна билггала хиира, уьш эрна къамелаш деш боцуш, хьелаш девзаш нах хилар. Ас хьехош болчу барамах пайдаэцархьама – иза суна билггал хаар ду, тасаввуфан ох1ла Делан новкъа бевлларш хилар. Баккъалла а, церан дахар – уггар хаза дахар, церан некъ – уггар нийса некъ, церан г1иллакхаш – уггар ц1ена г1иллакхаш ду. Хьекъал долчеран хьекъалш, кхетам болчеран кхетамаш, шар1ан къайленаш хууш болчу 1еламнехан 1илманаш а гулдича, тасаввуфан новкъахь болчеран дахарх, г1иллакхех а цхьа х1ума хийца, цуьнан меттана цул г1оле дерг гайта а, оцу т1ебаха некъ карор бацара царна. Баккъалла а, церан гуччохь, къайлаха а долу лелар, совцар а пайхамараллин некъан нуьрах схьаэцна ду, х1окху латта т1ехь пайхамараллин нуьрал къегина нур ма дац; т1аккха суна билггал хиира, иза декъалхилла тоба хилар. Шен хьалхара бехкам – Веза-Сийлахь волу Дела воцчух шен дог д1ац1андар, шен б1ог1ам, дог1а а – Дела хьехорца дог дузар долчу, – ламаз дан д1ах1уттуш волчо ламаз дехкаран метта х1уттуш долу, шен т1аьххьара бехкам – Делан дуьхьа шен са ца кхоош къахьегар долчу т1арикъатан хьокъехь кхин х1ун эр дара олуш болчара?!»
6. Имам аль-Къушайрис (Дала къинхетам бойла
44
цунах) шен «Рисалат» ц1е йолчу жайнахь, тасаввуфан ох1ланах лаьцна дуьйцуш, аьлла: «Х1ара тоба Аллах1а Шена гергаярца хаьржина, Шен элчанаш, пайхамарш а (Делера салам-маршалла хуьлийла царна) д1абевллачул т1аьхьа кхиболчу берриге лешна юккъехь уьш базбина, церан дегнаш къайленех дуьзна, Ша вовзаран нур даларца умматна юккъера уьш къаста а бина. Уьш халкъана орцахбовлуш, бакъонца церан дерриге хьелашна т1ех1иттина а бу. Дала уьш адамийн сакхталлех ц1анбина, Ша вовзаран къайленаш царна гайтарца уьш даржехь лакхабаьхна, 1ибадат даран г1иллакхаш кхочушдарна т1ехь церан аьтто бина, царна халкъа т1ехь лелаш долу хьукманаш а гайтина. Т1аккха уьш Дала шайна т1едехкина декхарш кхочушдан х1иттина, х1ума дерзо, хийца а Дала шайна делла ни1мат бакъдина цара, цул т1аьхьа Деле бирзина уьш, шаьш Цуьнга хьашт хилар хууш, Цунна хьалха охьатаь1на а болуш. Шаьш йина 1амалш хьехош я шайга кхаьчна къегина хьелаш дуьйцуш къамелаш ца до цара, Дела Шена луъург деш, Шен лейх Шена луъург хоржуш, халкъо Шена кхел ца еш я оцу халкъан хьакъ Цунна т1е ца дужуш, Цо луш болу мела – комаьршаллин юьхьиг, Цуьнан 1азап – нийсонца йина кхел, Цуьнан омра – хадам беш йолу кхел хилар шайна хууш хиларна».
7. Шайх Тажуддийн ас-Субкийс (Дала къинхетам бойла цунах) «Му1ийдун-ни1ами ва мубийдун-никъами» ц1е йолчу шен жайнахь суфийн (Дала хан яхйойла церан, уьш, вай а ялсаманехь цхьаьнатохийла Цо) хьокъехь аьлла: «Баккъалла а, церан ма-дарра долу хьал цадовзар бахьанехь, царах лаьцна тайп-тайпана къамелаш даьржина. Бакъду, уьш дуьненах д1абирзина, шайн
45
дукхах йолу хан 1ибадат деш йоккхуш бу». Цул т1аьхьа, тасаввуфан маь1на билгалдеш, цо аьлла: «Царах лаьцна аьлча, уьш Делан ох1ла, Цо къастийнарш а бу, уьш хьехорца Делан къинхетаме догдохуш, церан до1ина жоп луш Дала дог1а а доуьйтуш; Дела реза хуьлийла царна, уьш безар бахьанехь вайна а».
8. Имам Фахруддийн ар-Разий (Дала къинхетам бойла цунах) – воккха 1еламстаг, г1араваьлла муфассир (Къуръанан маь1на динарг) а хилла, цо шен «И1тикъадату фиракъил-муслимийна вал-мушрикийн» ц1е йолчу жайнахь, суфийн хьелаш дуьйцучу борх1алг1ачу декъехь, аьлла: «Хьо хууш хилалахь, умматан тобанаш юьйцучу хенахь дукхах болчара суфийн тоба ца хьахайо, ткъа иза цахьахор г1алат ду, х1унда аьлча суфий бохучу дешан маь1на: «Дела вовзаре вуьгу некъ – иза дог ц1андар, дег1ан лаамех д1ац1анвалар а ду. Х1ара дика некъ бу-кх...» Цо иштта аьлла: «Тасаввуфан ох1ла – даима ойлаеш, шайн синош дег1ан лаамех д1ац1андеш, шайн берриге белхашкахь, 1амалшкахь а Дела дагахь латторна т1ехь къахьоьгуш, Веза-Сийлахь волчу Делаца кхоччуш г1иллакх лелорна т1ехь ч1аг1белла нах бу. Адамийн тобанех уггар дика тоба х1ара ю-кх».
9. Имам ибн 1абидийнас (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: 1илманан талламхойн мух1ар, воккха 1еламстаг, г1араваьлла фикъх1ан 1илманча а волчу шайхо Мухьаммад-Амийна, шех Ибн 1абидийна (Дала къинхетам бойла цунах) аларца г1араваьлла волу, шен «Маджму1ату расаили ибн 1абидийн» ц1е йолчу жайнин ворх1алг1ачу декъехь, – «Шифаул-1алийли ва баллул-г1алийл (цамгарна дарба дар, хьогалла д1аяккхар)» ц1е йолчу, – шена т1ера Къуръанаш деша, ла
46
илах1а иллаллох1 бохуш зуькар а де аьлла весет даран хьукманах лаьцна дуьйцуш, тезеташкахь, Къуръанаш деша гулбеллачу меттигашкахь а шайгахь 1илма ду моттуьйтуш, шайна суфий боху ц1е тиллинчу нахера дуьйлуш долу динехь доцуш керла юкъадаьхна х1уманаш дийцина. Цул т1аьхьа бакъболчу суфех лаьцна дийцина цо, ша лакхахь дина къамел берриге суфех лаьцна ду ца моттийтархьама, цо аьлла: «Бакъдерг аьлча, массо вуочу балхах ц1ена болчу вайн суфийн тхьамданашна ала х1ума дац вайн. Баккъалла а, шина тобанан имам, вайн эла а волчу Джунайде (Дала къинхетам бойла цунах) хаьттинера: «Баккъалла а, цхьа нах шовкъе буьйлуш, техкаш а ма хуьлу?» Цо жоп делира: «1адбита уьш, Веза-Сийлахьчу Делаца самукъадала, баккъалла а, уьш некъ баро к1адбина, къахьегаро шайн дегнаш эт1ийна, г1ора эшна г1елбелла нах бу. Шайгарчу хьолана дарба дарна билла бехк бац царна, цара 1аьвшинарг ахь 1аьвшина делахьара, царна бехк буьллур бацара ахь цара мохь хьекхарна, шайн бедарш эт1орна а».
Имам волчу Джунайда (Дала къинхетам бойла цунах) хьахийначух терра, воккхачу 1еламстага Ибн Камал-Пашас, шега хаьттича, жоп делла:
Къа дац хьуна шовкъ ярехь, и баккъалла делахь,
Я д1асатехкарехь къа дац, и даггара делахь,
Т1аккха хьо хьалаг1оттий цхьана кога т1ехь лела,
Ткъа Деле кхойкхуш верг коьрта т1ехь лела мегар ду.
И вай хьехийнчу хьелашкахь Дела хьехо, ладог1а а бакъо Дела вевзаш, шайн ерриг хан дика 1амалш
47
еш, Далла т1ебоьдучу новкъахь болуш, вуочу хьелех шайн дог1маш лардан хьуьнар долчарна ю. Цара Дела воцчуьнга ла ца дуг1у, Цуьнга бен шовкъе ца хуьлу, шаьш Дела хьахийча боьлху уьш; шаьш Цунна шукра дича, цуьнан лар юьсу царна т1ехь; шайна Иза везар хааделча маьхьарий олу цара; шаьш Иза хьехош Цуьнца бисича садо1у цара, Цунна гергайолчу меттехь шаьш дежачу хенахь кхерста уьш, царна т1ехь шовкъ толарна, Цуьнан лааман хьостанех цара хи маларна а. Царах ву, шех х1айбаталлин баланаш хьаьрчинарг, т1аккха ша охьавужуш, лала а лелаш; царах ву, шена т1е къинхетаман нур кхеттарг, т1аккха меттахволуш, хазлуш; царах ву, Далла гергара безам шена т1ебоьссинарг, т1аккха ша вехаш, кхетамах а волуш. Х1ара ду-кх жоп даларехь суна дагадеанарг, нийсаниг хууш верг Аллах1 ву.
Иштта цаьрга ладег1арца Дела вовзар, дерриге х1ума кхобуш верг Иза вуй хаар а хуьлу, Цуьнан сийлаллийн куц х1отторца, к1орггерчу хьехаме ладог1арца, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) Иза хастор девзича а бен хуьлуш доцу.
Иштта царна т1аьхьаваьзна, церан маларан чам баьккхина, массо х1ума хууш волу Паччахь (Аллах1) везаран шовкъ, марзо а шена карийначунна дуьхьал къамел дойла яц вайн. Зуькар дечу хенахь меттахвийлар мегаш хиларан делилех лаьцна къамел т1аьхьадог1ур ду, къаьсттинчу декъехь, Дала мукъалахь.
10. Доктор Абу аль-Вафа ат-Тафтазаний
Лераме волчу доктора Абу аль-Вафа ат-Тафтазанис шен «Исламан тасаввуф д1адолор» ц1е йолчу жайнахь боху: «Тасаввуф – иза дуьненан хиламех вадар дац, и ца дезаш болчара ма-аллара; баккъалла а, иза адамаш керлачу
48
синан мехаллашка кхача г1ортар ду, дуьненан дахарехь царна дуьхьалкхеташ йолчу халонашна, баланашна а т1ехь толам баккха церан аьтто беш, церан синошна парг1ато а луш йолчу. Исламан тасаввуфехь нийса баххаш ду, бусалба юкъаралла керлачу кхиамашка юьгуш долу. Оцу баххех ду, тасаввуфо адамана шен г1алаташ нисдархьама, шен дег1 сийдолчу г1иллакхех дузархьама, шен дахарехь нийса амал лацархьама даима шен дег1ана хьесап дарна т1ехь г1одеш хилар. Т1аккха и адам шен дег1ан лаамашна т1аьхьадаьзна, ша кхоьллина волу Дела, Цо ша кхолларан бахьана а дицдина, доза доцчу дакъазлонца х1аллак ца хуьлу. Тасаввуфо х1окху дахарх чаккхе йоцу г1ирс бо, цуьнца адам шен дег1ан, синан а лаамех кхоччуш парг1атдоккхуш болу».
Хьалха д1абаханчу 1еламнаха
тасаввуфах лаьцна аьлларг
Шаьш хьега ма-деззара къахьоьгуш, шайн 1алашонаш, нигаташ а даггара долуш, шайн динехь нийса 1илма даржорехь сутара болуш, динехь доцуш керла юкъадаьхначу х1уманашна, туьйранашна, тиларна, нийсачу новкъара бовларна а гена болуш, Къуръанах, суннатах а тасабелла болуш бакъболчу 1еламнехан 1илманан к1орге кхаьчначунна, церан дахарна, 1амалшна, ойланашна а т1аьхьаваьзначунна уьш цхьана 1алашонна т1ехь карабо, церан некъаш тайп-тайпана делахь а. Цунна цаьргахь башхаллаш ца го, бакъду, цара вовшийн хьокъехь аьллачу дешнашкахь нийсо, бакъонна т1ехь сацар а го. Амма цаьргара 1илма схьаэцнарш, къаьсттина, хан-зама д1аяларца, 1илма 1аморца а царна генабевлларш, цара беанчу некъан цхьадолчуьнгахь
49
царна дуьхьало йинарш – цаьргахь кхачамбацарш, барт иэг1ар, нийсачу новкъана генабовлар, бекъабалар, башх-башха кхетамаш хилар а карадо, тасаввуфан коьртачу 1алашонах д1ахаьдда я цунна б1останехьа долу, и бахьанехь лаьтта т1ехь бохамаш алсамбовлу.
Х1ара къамел дерзош ала лаьа, баккъалла а, хьалха д1абаханчу 1еламнахах цхьанггара а вайна хезна дац тасаввуф ох1ланан хьокъехь реза боцу дешнаш, церан новкъара д1аваьлла я царах къаьстина волчун хьокъехь бен, ткъа и саннарш тасаввуфан ох1лано бакъ ца бо. Цунах терра, вайна ца хезна тасаввуфан ох1лано хьалха д1абаханчу 1еламнехан хьокъехь реза боцуш къамелаш дар, уьш шайн т1арикъатна мел гена хиллехь а.
Хьалха д1абахан болу 1еламнах Къуръано, суннато бохург дуьйцуш хиларх терра, тасаввуфан ох1ла хилла Къуръанна, суннатна а т1етевжаш, т1аккха царна юккъехь башхалла я къийсамаш муха хир бара?!
Х1ара къамел ч1аг1до сийдолчу Маккара шайхо 1абдул-Хьафийза шен «Хьалха д1абаханчу имамаша тасаввуфах лаьцна аьлларг» ц1е йолчу жайнахь яздинчо: «Баккъалла а, хьалха д1абаханчу имамашна, царна хьехначарна а гергахь тасаввуфан ох1ла бусалба нехан тоба ю, хьадисан, фикъх1ан, тавхьийдан, динан историн а 1илма девзачу 1еламнехан, Делан некъахь къахьоьгуш болчеран а тобанаш санна. Царна юккъехь – нисвелларг, галваьлларг, диканиг, вуониг, баккъалла лелаш верг, тера лелаш верг а ву. Бакъду, царах цхьаннан ц1е йоккхучу хенахь, цунах лууш верг диканиг, нисвелларг, бакъверг а ву. Масала, хьадисаш дийцинарш вай хьахийча, массарна гергахь царах лууш берш – хьадисаш дийцина болу дика 1еламнах бу, бусалба умматна Делан Элчанан (Делера
50
салам-маршалла хуьлийла цунна) хьадисаш лардина, уьш гулдеш къахьегна, уьш вайга схьакхачийна, Дела реза волчу новкъахь уьш даржийна болу: Бухари, Муслим, Тирмизи, ибн Хьаджар аль-1аскъаланий, ас-Суют1ий, аль-Кандах1лавий а санна болу имамаш, уьш боцурш а.
Хьадисаш дийцинарш хьахийча, шаьш Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хьадисаш дийцинчу сийдолчу 1еламнахах ду бохуш аьшпаш буттуш, цунна т1ехь шайгара харцо кхуллуш берш дага ца бог1у цхьанненна. Иштта болчеран харцо, цара беш болу бохамаш а массо заманахь билгалбина нийсо еш, х1ума девзаш а болчу имамаша, массарна хууш ма-хиллара.
Иштта хьал ду бусалба нехан тобанах болчу фикъх1, тавхьийд, Делан некъахь къахьогуш, динан истори евзаш болчу 1еламнахехь дерг, цунах терра дуста деза тасаввуфан хьал а.
Суфий аьлла ц1е йоккхучу хенахь, цхьа а шеко йоцуш, цунах лууш берш: 1иядан к1ант Фудайл, Ма1руфуль-Кархий, Абу Сулайман ад-Дараний, Бишр аль-Хьафий, 1абдул-Къодир Гилани, Джунайд аль-Баг1дадий, уьш саннарш а бу (Дала къинхетам бойла царах), цара схьабеанчу нийсачу новкъахь болуш, Сийлахьчу Къуръанна, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) суннатна а т1аьхьабозуш, Делан леш Далла т1ебоьдучу новкъа нисбеш, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), цуьнан доьзал, асхьабаш а безаш болу. Х1ара ду-кх, умматан 1еламнах, Делан новкъахь шаьш къахьоьгуш а хилла болчу х1окху нехан бакъ дош, нийса низам, хьекъале ойла, кхоччуш йолу нийсо а. Таби1инаш д1абевллачул т1аьхьа адамашна алсам пайда бина цхьа
51
а 1еламстаг я Делан новкъахь къахьоьгуш верг, я Делах кхоьруш верг карор вац хьуна, и вай дийцина сийдолу куьцаш шегахь долуш а бен».
Воккха 1еламстаг волу Ибнуль-Къаййим (Дала къинхетам бойла цунах) баккхийчу суфех хилла, имам, хьафиз а волчу ибн Раджаб аль-Хьанбалийс (Дала къинхетам бойла цунах) цуьнан дахарх лаьцна дуьйцуш, шен жайнахь ма-аллара: «Далла т1ебоьду некъ, тасаввуф ох1ланан къамел, церан весеташ, к1орге а евзаш 1еламстаг вара иза, оцу х1ора 1илманна т1ехь дукха къахьегна вара иза».
Ибнуль-Къаййима (Дала къинхетам бойла цунах) яздинчу «Мадарижус-Саликийн» ц1е йолчу жайнин шолг1ачу декъехь, 307-чу аг1он т1ехь, тасаввуф довзийтаран хьокъехь цо аьлла дош деана: «Дин дерриге – г1иллакх ду, г1иллакхехь хьол совваьлларг – динехь хьол совваьлла, тасаввуф иштта ду хьуна». Каттаний бохучу 1еламстага аьлла: «Тасаввуф – иза г1иллакх ду, ткъа г1иллакхехь хьол совваьлларг – баккъалла, тасаввуфехь хьол совваьлла».
Оцу жайнийн кхоалг1ачу декъехь, 128-чу аг1он т1ехь деана: «Имам Шафи1ис (Дела реза хуьлийла цунна) аьлла: «Суфийн ох1ланах накъостий бара сан, ас цара аьллачу шина х1уманах пайда эцна. Цара аьлла: «Хан – тур ду; ахь иза ца хадаяхь, цо хьо хадор ву». «Ахь хьайн дег1 бакъдолчуьнца д1алаьцна ца хилийтахь, цо хьо доьхна долчуьнца д1алоцур ву».
Ас олу: «Ма говза аьлла ши дош ду и шиъ, ма боккха пайда, чулацам бу цаьршингахь, шаьшшиъ аьлларг лаккхара ойла йолуш, ира кхетам болуш хиларна ма ч1ог1а т1енисвеш ду и шиъ. Цара аьллачу дешнийн
52
мах хадош х1ара тоба Шафи1ис (Дела реза хуьлийла цунна) хастор кхачаме ду вайна».
Имам, хьафиз а волчу аз-Зах1абийс (Дала къинхетам бойла цунах) хьадисаш дийцинчу 1еламнахах лаьцна ша дуьйцуш дуккха суфийш хьахабо: «Вай хьахор ду «Тазкиратул-Хьуффаз» бохучу жайнин кхоалг1ачу декъехь, 852-чу аг1он т1ехь, Ибнуль-А1рабех лаьцна деанарг, иза дуккха жайнаш яздина Басрера суфий, имам, хьафиз, дуьне д1атесна, (Хьаьжц1ийнан) хьарман шайх а волу Абу Са1ийд Ахьмад бин Мухьаммад бин Зияд бин Бишр бин Дирх1ам ву, иза тешаме, доьналла долуш, Дела вевзаш, лаккхара дарж долуш, ч1ог1а сийдолуш, г1араваьлла 1еламстаг вара». Иштта цо 961-чу аг1он т1ехь Г1ундар хьахаво, ткъа кхоалг1а Г1ундар – иза суфий, хьадисаш гулдеш верг а хилла. Джунайд, цуьнан мог1арехь болу 1еламнах а гина цунна, Мисарахь ваьхна иза, хьадисаш а яздина цо. Цул т1аьхьа 1070-чу аг1он т1ехь аль-Малийний хьахаво цо, иза суфий, хьафиз, дуьне д1атесна 1еламстаг а хилла. Цуьнан ц1е Абу Са1д Ахьмад бин Мухьаммад бин Ахьмад бин 1абдуллах1 бин Хьафс аль-Ансарий аль-Х1аравий аль-Малийний ю. Иза иштта Т1авус аль-Фукъараъ бохучу ц1арца вевзаш ву. Цо даккхийчу жайнех дуккха х1ума гулдина, 1ама а дина, иза тешаме, ша дийриг лерина деш, дуккха хьадисаш дийцинчу баккхийчу суфех вара.
Оцу жайнин 1092-чу аг1он т1ехь Абу Ну1айм хьахаво цо, иза суфий, воккха хьафиз, шен заманан хьадисан 1илманан хьалхе йолуш 1еламстаг а волу Ахьмад бин 1абдуллах1 бин Ахьмад бин Исхьакъ бин Муса бин Мах1ран аль-Мах1раний аль-Асбах1аний ву. Оцу жайнин 4-чу декъан чаккхенгахь, – иза «Тазкиратул-Хьуффаз»
53
бохучу жайнин т1аьххьара дакъа ду, – цо далийна: «Со т1елийлира шайх, имам, хьадисаш дийцина, бусалба нахана пайда бина а волчу Абу аль-Хьасан 1алий бин Мас1уд бин Нафис аль-Мусилий ц1е йолчу 1еламстагана, ас цуьнгара дуккха пайда ийцира, иза – дин хаза долуш, къинойх ларлуш волуш а дика суфий вара».
1илма лоьхуш болчарна пайда бина, хьадисаш дийцина, шен болх лерина беш, 1арбийн меттан говзанча, суфий а волчу имам аль-Армавий, цул т1аьхьа аль-Къарафий, Абубакран к1антера Софиййуддийн Махьмудера дуккха пайда ийцира ас.
Иштта, имам, хьадисаш дийцина, ша саннарг кхин воцу, дин девзаш, Исламан дозалла, динан дог, суфийн шайх аьлла шех ц1е йоккхуш волчу Ибрах1им бин Мухьаммад бин аль-Муаййад бин Хьамавайх1и аль-Хурасаний аль-Джувайнегара дуккха пайда ийцира ас.
Баккъалла а, суна зиэделла, имам, хьафиз а волчу аз-Зах1абийн (Дала къинхетам бойла цунах) санна кхиболчу 1еламнехан а дуккха суфийн шайхаш хилар, бакъду, цо ша цаьргара пайда ийцира аьлла цхьа а хьахийна вац, иза дин хаза долуш, къинойх ларлуш а дика суфий вара аьлла цуьнан куц х1оттош а бен».
Иштта Хьанбалийн мазх1абехь волчу хьафиз ибн Раджаба, Хьанбалин мазх1абехь болу 1еламнах буьйцучу шен жайнахь, царах дукхах берш тасаввуфан ох1ланах бара олий хьахабо. Баккъалла а, оцу жайнин шолг1ачу декъехь, 329-чу аг1он т1ехь, Абу Исхьакъ Ибрах1им бин 1алий бин Ахьмад бин Фадл аль-Васит1ий ас-Солихьий хьахаво цо, иза фикъх1ан 1илма девзаш, дуьне д1атесна, дукха 1ибадат деш, Исламан шайх, Шеман беркат, цу заманан тхьамда, Делах кхоьруш а 1еламстаг вара аьлла.
54
Иштта оцу жайнин 353-чу аг1он т1ехь Мухьаммад бин 1абдуллах1 бин 1умар бин Аби аль-Къасим аль-Баг1дадий аль-Мукърий хьахаво цо, иза хьадисаш дуьйцуш суфий вара аьлла. Цунах терра ду Абу Я1лас Ахьмад бин Хьанбалан мута1еламаш хьахабар, царах цхьаберш тасаввуфан ох1ланах бу аьлла хастийна цо.
Имам, хьафиз, къеда а волчу Абу Я1лан к1анта Абу аль-Хьусайна Хьанбалин мазх1абан 1еламнах буьйцучу жайнин хьалхарчу декъехь, 36-чу аг1он т1ехь, суфий волу Абу 1абдуллах1 Ахьмад бин аль-Хьасан бин 1абдул-Джаббар бин Рашид хьахаво, 1алий бин Джа1д, Абу Наср ат-Таммар, Яхья бин Ма1ийн, уьш санна болчу 1еламнахана а хьалха охьахийшина, Ахьмад бин Хьанбалегара дуккха х1уманаш дийцина а волу.
Хьадис, фикъх1 девзачу 1еламнехан жайнашкара вай схьадалийначу масалшца вайна билгалдолу, суфий бохучу дашах лууш дерг – иза, шех суфий аьлла ц1еяьккхинарг, Делах кхерарехь лаккхарчу дарже кхаьчнарг хилар. Имам Зах1абийс (Дала къинхетам бойла цунах), Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хьадисаш нийса дийцарехь шайн хьукманаш уммато къобалдеш, и санна болчу баккхийчу имамаша а бусалба динан низамехь хьадис, фикъх1 а дуьйцучу з1енна юкъабало хьакъ боцурш юкъабалийна хилар тарлуш ма дац, цхьаболчу наха шайна цахуург дуьйцуш ма-хиллара, шаьш олуш: «Вай церан суфий аьлла ц1е х1унда йоккху, Веза-Сийлахьчу Дала бохуш хилча: «Цо (Дала) шун ц1е яьккхина бусалбанаш аьлла хьалха а, х1окху (Къуръана) чохь а». Вай бийцина баккхий имамаш х1окху аятан маь1нах ца кхеташ, цуьнца 1амал ца еш, оцу аятан ойла ца еш хилла те?! Баккъалла а, царна хууш,
55
билггала девзаш а хилла, суфий боху дош сийлахьчу аятана дуьхьал дог1уш цахилар, имам Шат1ибийс (Дала къинхетам бойла цунах) шен «Аль-И1тисам» ц1е йолчу жайнахь суфий аьлла ц1е тилларан бахьана, и гучудала доладалар а, иза бусалба динан берриге баххаш (1ибадат дар, Делан новкъахь г1азот дар, бакъ дош д1акхайкхадар) шайна т1еэцна болчу нехан куц хилар а лакхахь билгалдина ма-хиллара.
Шаьш салафий (фундаменталисташ) бу бохучу наха шайн коьрта бух лоруш волчу Ибн Таймийяс (Дала къинхетам бойла цунах) шен «Фатава» ц1е йолчу жайнахь суфийх лаьцна дина къамел, уьш Къуръанах, суннатах а тасабелла нах бу аьлла, хьалха дешна вай. Цо оцу жайнахь къаьсттина дакъа дина, цу чохь царах, церан салафийх, царал т1аьхьа хиллачарах, царал хьалха хиллачарах, церан шайхийн дукхаллех, церан цхьадолчу дешнех, 1амалех а лаьцна дуьйцуш; цо церан куц х1оттийна, уьш шайн заманахь уггар бакълуьйш нах бара, аьлла. Цуьнан мута1елам волчу Ибнуль-Къаййима (Дала къинхетам бойла цунах) жайна яздина, тасаввуфан ох1лано коьрта бух лоруш долу, цуьнан ц1е «Мадарижус-Саликийн» ю. Оцу чохь цо уьш (тасаввуфан ох1ла) шена чухула дехьабовла безачу башха-башха долчу даржех, хьелех, меттигех а лаьцна дийцина.
Вай иштта хьалха дешна, шаьш салафий бу бохучу наха шайн имам лоруш, цуьнан «Аль-И1тисам» ц1е йолу жайна шайн хеташ долчу цхьадолчун коьрта бух лоруш волчу имам Шат1ибийс (Дала къинхетам бойла цунах) х1окху шен жайнахь Исламан тасаввуфах лаьцна мехала дакъош вовшахтоьхна хилар, иза керла юкъадаьккхина х1ума доцуш, динан коьрта дакъа ду аьлла ч1аг1дина
56
хилар а. Цо тасаввуфан меттиг билгалйина хьекъало, дегнаша а т1еоьцучу кепара, ша олуш: «Баккъалла а, кхетам боцчу дуккха нахана суфийн хьокъехь, цара олуш дерг, еш йолу 1амал а бахьанехь, уьш шар1о билгалдина доцчунна т1аьхьабазарехь, х1ума т1елацарехь а шар1о т1едиллина доцург могуьйтуш бу моьтту. Оцу кхетам боцчу нахана хетачух, цара дуьйцучух а ц1ена бу уьш, х1унда аьлча цара шайн некъ д1аболош уггар хьалха юьхьарлаьцнарг Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) суннатна т1аьхьабазар, цунна дуьхьал долчунна генабовлар а ду».
Иштта, фикъх1 1илманан баккхийчу 1еламнахах волуш, дукхах болчу 1еламнехан цхьабарт хиларца Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) суннат лардина волуш, динехь керла юкъадаьхначу, т1екхоьллинчу а х1уманашна дуьхьал къийсам латторца г1араваьллачу имам ас-Субкийс (Дала къинхетам бойла цунах) суфийх лаьцна дуьйцу шен «аль-1ахьдуль васийкъу» бохучу жайнахь, уьш йоккхачу декъалалле, шаьш боцурш ца кхаьчначу лаккхарчу даржашка а кхаьчнарш бу, бохуш.
Т1аьххьара, х1окху духатохалур доцчу делилашка, фикъх1, усул, тафсир, хьадис а санна долчу тайп-тайпанчу 1илманашкахь 1илма лоьхуш берш шайн дешнашна т1е ца тевжича йиш йоцуш, шайн тоьшалла къобалдеш болчу баккхийчу 1еламнехан дешнашка а ладоьг1ча, тасаввуф, цуьнан ох1ла а Къуръанах, суннатах а тасабелла болчу суннатан, жам1атан а ох1ланах хиларх хьекъал долуш верг шеквуьйлуш хир вуй те?! Иза шеквуьйлуш хир ма вац, цунна а, нийса долчу 1илманан таллам барна а юккъе дег1ан лаам, б1арзвелла тешаш хилар (фанатизм) а
57
доьлла хилча а бен.
Делах кхоьрийла нийсонна т1екхиа г1ерташ мел волу 1еламстаг, 1илма лоьхуш верг а, х1окху тасаввуф ох1ланан коьрта 1алашо йовзархьама цунна там болуш ма ду тайп-тайпанчу жайнашкара вай схьадалийначу 1еламнехан дешнашка ладуг1уш хилар, таллам барца шена бакъдерг девзинчул т1аьхьа бен царна т1ехь хьукма дан сихо ца яр а. Бусалба стаг даима хьекъале дерг лохуш ву, шена карийначу меттехь и схьаэца декхарийла ву иза. Царна т1е я ша бахьанехь дуккха къийсамаш болчу церан йоккхучу ц1арна т1е а кхиссарш ян оьшуш дац, 1илманан кхетам лучохь дешнийн хьокъехь болу къовсам тидаме оьцуш бац, – тиллина ц1е я цхьаьнца хоттаелла ц1е хуьлийла иза. Шайх волчу Ибн Таймийяс (Дала къинхетам бойла цунах) ма-аллара, вайна оьшуш дерг – иза х1уманан бух, маь1на, оцу къоман дегатешамаш, ойланаш а йовзар ду.
Тасаввуфна т1екхоьллина харц ц1е
Х1окху заманан цхьаболу дешна нах тасаввуфна кхиссарш еш бу, царах цхьаболчара – уьш динехь керла белхаш гучабаьхнарш я динах д1абирзинарш бу бохуш церан куц х1оттош, шайн дешнашкахь, йозанашкахь а царна дуьхьал луьра т1ом латтабо. Цуьнан бахьана хила тарло, шаьш тасаввуфан ох1ланах бу бохуш, амма тасаввуф оцарах ц1ена а долуш болу нах шайна дуьненан са лоьхуш я доцург дуьйцуш, я харцлуьйш, я нахаца йолу юкъаметтиг лар ца еш, я галдевлла х1уманаш лелош, я шари1атан дозанаш хедош, хьекъал долуш, Дела а, Цуьнан Элча а (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна)
58
везаш волу бусалба стаг реза хир воцу кхидолу х1уманаш а лелош царна гуш хилар. Царах цхьаболчаьргара х1ара белхаш го, и бахьанехь царна массарна дуьхьал къийсам латтабо.
Нийсонна т1ехь болчарна хаьа, муьлххачу тобанна юккъехь мунепакъаш я шайна са лоьхуш берш, я нийсачу некъах тилларш, я вуон нах хуьлий. Амма иза делил дац, ерриге тоба харцъеш хьукма дан, х1унда аьлча хьукма дар церан 1алашоне, ма-дарра долчу маь1не а хьаьжжина хуьлу, шаьш царах бу бохуш тиллачаьрга хьаьжжина ца хуьлу.
Вай дийцинчунна т1едоьг1ча вайна билгалдолу, цхьана балха т1ехь бусалба динна дуьхьало еш мел долу х1ума тасаввуфе, цуьнан ох1лане а диллар нийса цахилар. Баккъалла а, иза шаьш тасаввуфах ду бохуш, амма цунна т1е харцо, доцург а кхуллуш болчеран тилар ду я царна 1иттарш ярхьама, церан куц, некъ эрчабаккхархьама а церан жайнашна шайгара юкъатийсина х1уманаш ду, тафсиран жайнашна юкъатийсина жуьгтийн дийцарш санна, – бакъдерг довзийтарна, оцу харц дийцаршна гена хиларна а т1ехь сутара хиллачу тафсиран 1еламнаха дийцинчунца дог1уш доцу. Цунах терра ду хьадисийн жайнашна юкъатийсина харц хьадисаш, хьадисан 1илма девзачу баккхийчу 1еламнаха шаьш билгалдина долу. Цундела, тасаввуф ох1ланна, цунна дуьхьал болчарна а юккъехь яьлла херо, шаьш тасаввуфах ду бохуш, амма цунна т1ехь доцург кхуллуш болчеран харц къамелаш тасаввуф ох1ланан ц1енчу ойланашца цара иэдар бахьанехь яьлла аьлла хета суна. Цара дерриге х1ума шен-шен метте диллина хиллехьара, кхачам боллуш таллам барца уьш хьаьвсина хиллехьара, тасаввуфан ох1ланан хьокъехь х1ара ирча къамелаш ца деш, уьш
59
къаьсттина шайн Далла т1ебирзина, Далла муьт1ахь а хилла, шайн 1алашоне кхаьчнарш бу аьлла суфийн хьокъехь дика ойла кхоллалур яра церан.
Оха хьан тидаме дуьллу тасаввуфан ох1ланна т1ехь кхоьллинчу харцонех цхьадерг. 1еламстага шайх 1абдул-Вахх1аб Ша1ранис (Дала къинхетам бойла цунах) шен «Лат1аифул-минани вал-ахлакъ» ц1е йолчу жайнахь боху: «Веза-Сийлахьчу Дала суна динчу диканах – соьца хьаг1, мостаг1алла лелош болчара сан жайни юкъа шари1атехь дог1уш доцу дешнаш тийсинчу хенахь суна собар далар ду. Иза – ас «Аль-бахьрул мавруд филь-мавасийкъи валь-1ух1уд» ц1е йолу жайна яздина, Мисарахь болчу деа мазх1абера 1еламнаха иза дика жайна хиларна тоьшалла дина, наха иза зорбане даккха сихо йина, и санна шовзткъа жайна яздинчу хенахь хилларг ду. Иза хьаг1 йолчу нахана ца тайра, сан цхьаболу дагахь х1ума доцу накъосташна мекарло йина, цаьргара д1алур ду аьлла жайна даьккхина, оцу жайни т1ера масех тептар схьаяздира цара, оцу чохь шайн тилла дегатешамаш, бусалба нехан хилла барт бохош долу масалш, Джухьах (1арбийн фольклоран турпалхо), мунепакъ волчу ибн ар-Равандийх а лаьцна дийцарш, туьйранаш а яздира цара. Дуккха меттигашкахь жайнин мог1анаш хийцира цара, и жайна х1оттийнарш шаьш долуш санна; цул т1аьхьа и тептарш схьа а эцна, базар х1уттучу дийнахь жайнаш духкучу базара дахьийтира цара. И базар – 1илма лоьхучу нехан гуллуш меттиг яра. Оцу тептаршка хьоьжучарна цу т1ехь сан ц1е гира. Делах кхоьруш воцчо и жайна ийцира, цул т1аьхьа Азх1аран 1еламнахана т1е даьхьира цо иза. Оцу балхо доккха питана дира, шарахь гергга маьждигашка,
60
базаршка, куьйгалхойн х1усамашка а лелаш хилира нах. Суна хаа ца хууш оцу массо балха т1ехь соьгахьа г1о даьккхира шайх Насруддин ал-Лаккъанис, Исламан шайх волчу аль-Хьанбалийс, шайх Ших1абуддийн бин аль-Хьалабийс а (Дала къинхетам бойла царах). Цара со волчу ваийтира Азх1арера шайна везаш волу стаг, цо соьга иза ма-дарра дийцира, т1аккха ас сайгара жайна дахьийтира, – шена т1ехь иза магош 1еламнаха яздина дешнаш долу. Уьш оцу жайне хьаьвсира, оцу хьаг1 йолчу наха шайгара кхоьллинчух х1умма а ца карийра царна цу чохь».
Иза цуьнан «Лат1аифул-минани валь-ахлакъ» ц1е йолчу жайни шолг1ачу декъан 190-чу аг1он т1ехь ду. Иштта иза хьахийна историн воккхачу 1еламстага 1абдул-Хьаййи бин аль-1имада аль-Хьанбалийс шен «Шазаратуз-зах1аб» ц1е йолчу жайнийн 8-чу декъехь, 374-чу аг1он т1ехь; цо аьлла: «Цхьана тобано хьаг1 лецира цуьнца, цара оцу юкъа шари1атна дуьхьал дог1у дешнаш, шайн тилла дегатешамаш, бусалба нехан хилла барт бохош долу масалш а тийсира. Дала уьш иэшийра, иза царал толийра. Суннатна т1аьхьавозуш, Делах ч1ог1а кхоьруш стаг а вара иза».
Х1окху вай дийцинчо вайна къеггина билгалдоккху, жайнашкахь, тасаввуф ох1ланера ду бохуш, амма шари1атна дуьхьал дог1уш вайна гуш мел дерг, имам Ша1ранийн (Дала къинхетам бойла цунах) «Т1абакъатул-кубра» жайнахь деана ма-хиллара – иза оцу мунепакъ наха шайггара кхоьллинарг ду. Баккъалла а, шайх 1абдул-Къодир 1ийсан «Хьакъаикъу 1анит-тасаввуф» ц1е йолчу жайнийн 508-чу аг1он т1ехь деана: «Цунах терра Мухьйиддин бин 1арабий (Дала
61
къинхетам бойла цунах) бохучу шайхана т1ехь а харцо кхоьллина цара».
Имам Ша1ранис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ибн 1арабий (Дела реза хуьлийла цунна) Къуръанна, суннатна а т1аьхьавозуш вара, цо олура: «Б1аьрганег1ар тухучу сохьтехь шари1атан терза шен куьйга д1атеснарг – х1аллакьхилла». Цо иштта аьлла: «Цуьнан дешнаш ду бохуш, шари1атца дог1уш доцу, 1еламнехан бартана дуьхьал долу дешнаш – иза цунна т1ехь кхоьллина харцо ю», – Абу-Т1ах1ир аль-Маг1рибийс иза соьга дийцина ма-хиллара. Цул т1аьхьа цо суна Маккахь зорбане даьккхина «Аль-Футухьату» ц1е йолу жайна гайтира, шайхо Къуваният бохучу шахьарахь яздинчуьнца дог1уш долу; ас и жайна дацдечу хенахь со т1екхиъна, ас цунах дацдина долчух х1умма а ца гира суна оцу т1ехь».
Хьанафийн мазх1абехь долчу фикъх1ан уггаре йоккха энциклопеди вовшахтоьхна волчу воккхачу 1еламстага Ибн 1абидийнас (Дала къинхетам бойла цунах) хьахийна, шайх Мухьйиддин бин 1арабийн (Дала къинхетам бойла цунах) жайнашкахь шари1атна дуьхьало еш деана долчух шена хетарг – иза цунна т1екхоьллина харцо ю, аьлла. Цундела «Ад-дуррул-мухтар» жайнийн 3-чу декъан 303-чу аг1он т1ехь хьуна карадо жайна яздинчо аьлларг: «Бакъду, суна билгалдаьлларг, – шайхана (Дала къайле ц1инйойла цуьнан) т1ехь и харцо кхоьллинарш цхьаболу жуьгтий хилар ду». Баккъалла а, эла йолчу Раби1атул-1адавийна т1ехь харцо кхоьллина хиларна Ибн Таймийяс а (Дала къинхетам бойла цунах) мук1арло ма до, ша олуш: «Раби1ата Хьаьжц1ийнах лаьцна, иза латта т1ехь шена 1ибадат деш х1уьппалг ю аьлла, дийцинарг – иза Делах тешаш, кхоьруш а йолчу Раби1атна т1ехь
62
кхоьллина харцо ю». Иза – Ибн Таймийн «Ар-расаилу валь-масаил» ц1е йолчу жайнин хьалхарчу декъан 80-чу аг1он т1ехь ду.
Тасаввуфан дозалла (мехалла)
Тасаввуфан дозаллах лаьцна дийца вай лууш делахь, вайна хаа деза, и дозалла деккъа тасаввуфах схьадаьлла 1аш дац, баккъалла а, иза схьадолуш ду тасаввуф шеца хоттаделла долчу дакъойх. Вай хьалха билгалдина, тасаввуф бусалба динехь керла юкъадаьлла я цунах къаьстина, я цунна т1етоьхна х1ума дац аьлла. Баккъалла а, иза бусалба динан къаьстина дакъа, цуьнан мехала аг1о а ю, иза – дегнаш ц1андаран аг1о ю, ткъа дегнаш ц1андар – иза Дала оцу бахьаница Шен Элча (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) ваийтинчу 1алашонех мехала дакъа ду. Веза-Сийлахьчу Дала, иза билгалдоккхуш аьлла: «Иза (Аллах1) ву, йоза ца хуучу нахана юккъе царах волу Элча (Мухьаммад) вахийтинарг, цо царна Цуьнан аяташ доьшуш‚ уьш (ширках) цIанбеш‚ царна жайна (Къуръан)‚ хьукманаш а хьоьхуш‚ – уьш хьалха билггалчу тилар чохь хиллехь а». «Аль-Джуму1ат», 2.
Баккъалла а, Веза-Сийлахьчу Дала дуккха аяташкахь омра дина дог, са а ц1андаран аг1о ларбе аьлла; Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Ма декъалхилла и (шен са) ц1андинарг». «Аш-Шамс», 9. Иштта Дала аьлла: «Ма декъалхилла шен са ц1андинарг». «Аль-А1ла», 14.
Вукха аг1ор хьаьжча, тасаввуфо бусалба стаг ихьсанан дарже кхачорх терра, иза динан коьртачу баххех цхьа бух бу, Джабраил-малико (Делера салам хуьлийла цунна)
63
Делан Элчанца (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) къамел дар дуьйцучу хьадисехь деана ма-хиллара, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Ихьсан – ахьа Аллах1на 1ибадат дар ду, хьайна и Аллах1 гуш волуш санна; хьуна Иза гуш цахиларх, Цунна хьо гуш ву».
Иштта хьал хилча, вайна хии, Дала адаме цуьнан дег1ана къаьсттина белхаш т1ебахкарца омра дина хилар, уьш шина декъе бекъалуш хилар а: хьалхара дакъа – цо гуччохь еш йолчу 1амалех хоттаделла ду; шолг1а дакъа – цо къайлаха еш йолчу 1амалех хоттаделла ду. Кхечу кепара аьлча: дег1ан гуш йолчу меженех хоттаделла хьукманаш, дег1ан къайлах йолчу меженех (дог, са) хоттаделла хьукманаш а.
Дег1ана т1еехкина йолу 1амалш шина декъе екъалуш ю: х1ума т1едилларца дина омранаш; х1ума дехкарца дина омранаш. Х1ума т1едилларца дина омранаш – ламаз дар, марха кхабар саннарш ду. Ткъа х1ума дехкарца дина омранаш – зина дар, х1ума лачкъор хьарам дар саннарш ду.
Иштта дегнашна т1еехкина йолу 1амалш шина декъе екъалуш ю: х1ума т1едилларца дина омранаш; х1ума дехкарца дина омранаш. Х1ума т1едилларца дина омранаш – Делах, Цуьнан маликех тешар, догц1ена хилар, Далла т1е болх буьллуш хилар, Далла хьаставалар, бакълуьйш хилар, собаре хилар а саннарш ду. Ткъа х1ума дехкарца дина омранаш – керсталла дар, мунепакъалла лелор, хьаг1 лелор хьарам дар саннарш ду.
Х1ара шолг1а дакъа вай динехь шена т1етевжаш дерг ду, иза – дегнаша еш йолу 1амалш ю, х1унда аьлча 1алам кхоьллинчу Далла 1ибадат дарехь догц1ена хилар цунна
64
т1едоьг1на ду, Иза воцчунна и хууш доцуш. Баккъалла а, Веза-Сийлахьчу Дала гуш йолу 1амалш къобалхилар къайлаха дерг ц1ена хиларца хоьттина, х1унда аьлча къайлаха дерг доьхна хиларо гуччохь йолу 1амалш йохайо. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Шен Далла хьалхах1отта догдохуш волчо дика Iамал йойла‚ шен Далла Iибадат дарехь Цуьнца цхьа а накъост ма лоцийла». «Аль-Ках1ф», 110.
И ду Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) билгалдинарг, ша олуш: «Баккъалла а, дег1а чохь дилхан цхьа дакъа ду, ша тоделча дерриге а дег1 толуш, ша телхича дерриге а дег1 телхаш; баккъалла а, иза дог ду». Бухари, Муслим.
Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) и аларан бахьана – къематдийнахь ц1еначу дагна бен т1етевжийла цахилар ду, Веза-Сийлахьчу Дала ма-аллара: «...Даьхнино‚ доьзало а пайда бийр боцчу (къемат) дийнахь‚ Ша ц1еначу дагца Далла дуьхьал веанчунна бен». «Аш-Шу1араъ», 88-89.
Вайн эла волчу Мухьаммад-пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Баккъалла а, Аллах1 шун дог1машка, шун куьцашка а хьоьжуш вац, бакъду, Иза хьоьжуш ву шун дегнашка а, шун 1амалшка а». Муслим.
Вайна билгалдолу, тасаввуф – динан мехала дакъа д1алоцуш долу къаьсттина 1илма хилар; иза – къайлаха долу фикъх1 ду, шех къайлаха долу 1илма олуш долу. Иза адамийн дог1мийн къайлаха долчуьнца (дог, са) доьзна хьукманаш дуьйцу дакъа ду, иза иштта, Сийлахьчу Къуръано – дог ц1андар, сийдолчу Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) – ихьсан аьлла, шен
65
ц1е яьккхинарг а ду. Тасаввуфо шена т1е тидам бахийтина долу х1ара дакъа шари1атехь мехала, коьрта а дакъа ду, шари1ат цунна т1едоьг1на а ду.
Цундела, х1окху 1илманан дуккха 1еламнаха, тасаввуф массарна т1едужуш парз лоруш ду, х1унда аьлча дог ц1андар, цунна дарба лелор, шен са дег1ан лаамех духатохар, иза кхиор, цуьнца дог ц1андарна т1ехь къахьегар, ихьсанан дарже кхачархьама 1амал яр а – массарна т1едужучу коьртачу парзех ду. Цунна т1енисвеш Къуръанан дуккха аяташ, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хьадисаш, 1еламнехан дешнаш а ду. Цара юьйцу даго еш йолу 1амалш деган ц1еналла, Делах тешар, хаза г1иллакх, бакълер, собаре хилар, Далла т1е болх биллар, Дела хьайна гуш волуш санна Цунна 1ибадат дар, моттарг1анаш, цабезам, хьаг1, мунепакъалла а лелорна генавалар санна.
Баккъалла а, 1еламнехан цхьабарт бу, деган цамгарш, сакхташ а даккхийчу къинойх лоруш хиларна т1ехь. Царна къаьсттина тоба дан деза, х1унда аьлча къайлаха йолу цамгарш кхачаме ю лен 1амалш йохо, уьш мел дукха елахь а.
Воккхачу 1еламстага ибн аль-1абидийнас шен г1арадаьллачу жайнахь аьлла: «Баккъалла а, деган ц1еналла, шех тамаш бар, хьаг1, моттарг1анаш лелор а довзар – массарна т1едужуш парз ду, кхидолу дег1ан сакхташ – куралла, сутаралла, цабезам, и саннарш а довзар парз хиларх терра. Адам царах д1акъаьсташ дац, цундела шена оьшучу барамехь царах лаьцна 1амо декхарийла ду иза. Шегара сакхталла д1аяккхар х1оранна т1едужуш парз ду. И тарлуш дац, цуьнан дозанаш, бахьанаш, билгалонаш, дарбанаш а довзарца
66
бен. Баккъалла а, вуониг девзаш воцург оцу чу вужу».
Исламан делил шех олучу имам Г1азалис (Дала къинхетам бойла цунах), ша тасаввуфан некъ теллина, цуьнан жам1аш девзина, цуьнан стоьмех чам баьккхина а ваьллачул т1аьхьа, аьлла: «Тасаввуфан 1илма 1амор х1оранна т1едужуш парз ду, х1унда аьлча сакхт доцуш цхьа а вац, пайхамарш (Делера салам-маршалла хуьлийла царна) бен».
Абу аль-Хьасан Шазалийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Х1окху вайн (тасаввуфан) 1илманан коьрта 1алашо цаевзинарг – шена хаа ца хууш, даккхий къинош летош а волуш велла».
Оцу дешан хьокъехь 1еламстага ибн 1аллан ас-Содийкъий (Дала къинхетам бойла цунах) боху: «Баккъалла а, Абу аль-Хьасан Шазалий ша аьллачу дашехь бакълийна, муьлха стаг ву марха кхобуш, х1ай сан ваша, ша кхобучу марханах тамаш ца беш? Муьлха стаг ву ламаз деш, ша дечу ламазах тамаш ца беш? Царах терра ду кхидолу 1ибадаташ а».
Х1ара некъ дуьзна доцчу синошна т1елаца хала хилча, адамаш декхарийла ду хьуьнарца, собарца, къахьегарца а цунах дехьадовла, – шен са Аллах1на генадаларх, Цуьнан оьг1азлонех а хьалхадаккхархьама.
1иядан к1анта Фудайла (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Нийса некъ схьалацалахь, оцу новкъахь берш к1езиг хиларна са ма гатделахь. Боьхначу новкъа валарх ларлолахь, х1аллакьхилларш дуккха бу аьлла 1еха ма лолахь. Хьой цхьалха хиларна хьан са мосазза гатдели, хьалха бийцинчаьрга хьажалахь, царна т1екхачарна т1ехь, уьш боцчарах д1аверзарехь а сутара хилалахь, – Дала хьуна луш долчу 1азапах
67
х1умма духатухур дац цара. Хьайн новкъа воьдучу хоьга цара мохь тохахь, цаьрга д1а ма хьажалахь. Баккъалла а, хьо цаьрга д1ахьажахь, цара лоцур ву хьо, вуон болх а бийр бу хьуна».
Ибн Зикрийс (Дала къинхетам бойла цунах) ша тасаввуфах лаьцна дуьйцуш аьлла:
Цуьнца ду – лай деган ц1еналле кхачар,
Ткъа 1ибадатан дог – 1илма харжарца ду,
Пхийттара ваьллачунна важиб ду и хаар,
Ткъа цуьнга кхачар – дика 1амал ярца ду.
Цунах лууш дерг – тасаввуфан 1илма довзар – х1ора пхийттара ваьллачу бусалба стагана т1едужуш парз хилар ду. Цуьнан бахьана – дукхахьолахь, адам вуочу балхах, моттарг1анаш, хьаг1 лелорх а д1атуьлуш дац. Т1аккха цунна важиб ду оцу балхах ша хьалхавоккхур долу 1илма 1амор.
Вай мел дийцинчух вайна карадо, тассавуф 1илмано бусалба динан аг1онех мехала аг1о д1алоцуш хилар. Иза – къайлаха долчу 1илманан, дог, са ц1андаран а аг1о ю. Иза – ца хилча йиш йоцу аг1о ю, бусалба дин, ийман а цуьнца бен кхочуш ца хуьлуш.
Жам1 дича, вайна билгалдолу, х1ара тасаввуфан 1илма ц1ена 1илма хилар, цуьнца 1амал яр массо бусалба стеган декхар хилар а.
Тасаввуф – шега хьашто йолуш 1илма хилар
Бусалба динан историн юьххье вай хьаьвсича, вайна карадо, тасаввуф – шега ч1ог1а хьашто йолуш 1илма хилар.
68
Цо, историн йохалла, динан дог, цуьнан бух а ларбина, къаьсттина, т1емаш барца кхиболу мехкаш схьабаьхначул т1аьхьа цуьнан хьехам баржийна. Йохк-эцар лелорца я муьлххачу кхечу аг1ор – тасаввуфан 1еламнаха х1ара дин дуьненан массо маь11е (малхбале, малхбузе, къилба, къилбаседа) д1акхачорна т1ехь болх бина. Оцу т1ехь коьрта белхахой хилла уьш, оцу новкъахь ч1ог1а яккхий халонаш лайна цара. И болх царна атта ма ца бира, шайн ч1ог1а ийман т1едоьг1на долчу тасаввуфо, церан нийсачу дегатешамо а, уьш Делан нийсачу новкъа нисбаларо а, церан ч1ог1ачу лаамо, собаро а бен. Т1аккха царна атта лайра шайна т1е1итталуш йолу халонаш; шаьш бинчу белхан кхиаме жам1 шайна гича, уьш баккхийбера шаьш къахьегарна.
Шайна дуьхьало ян цхьаннен ницкъ ца кхаьчначу монголийн-г1езалойн эскарна дуьхьало ян, уьш бухатоха, уьш лаьхкина д1абахийта а ницкъ кхаьчна тасаввуфан 1еламнехан. Иза – тасаввуфан беркате кхайкхамаш церан паччахьийн, куьйгалхойн, эскаран баьччанийн а дегнаш чу бийшар бахьанехь хилла. Оцу кхайкхамаша цаьргара куцх1отталурдоцу вуон, цара г1ийлачу къаьмнашкахь латтош йолу къизалла а диканца хийцира.
Тасаввуфан къонахоша еш хилла цхьайолу 1амалш вайна йовза лаахь, Дамаскерчу 1арбийн 1еламнехан кхеташонан декъашхо, Индера 1еламнах шена т1етевжаш а волчу шайх Абу аль-Хьасан ан-Надавийга ладог1а деза вай. Цо шен «Индехь болу бусалба нах» жайни т1ехь оцу пачхьалкхерчу тасаввуфах, цо нахана юккъехь юьтучу лорах лаьцна дийцина. Цо аьлла: «Баккъалла а, х1ара тасаввуфан ох1ла Дела цхьаъ варна, дог ц1андарна, суннатна т1аьхьабазарна, къинойх, зуламах, дог
69
дакъадаларх а тоба дарна т1ехь нахе ч1аг1о йойтуш, сийдолу г1иллакхаш т1елацарехь, сийсаза дерг (куралла, хьаг1, оьг1азло, зулам, дарж дезар а) дитарехь, синош ц1андарна, кхиорна а т1ехь церан безам бохуьйтуш бара. Аллах1 хьехавар, Делан лешна хьехам бар, шайгахь долчух тоам бар, кхиверг г1оле хетар а 1амадора цара нахана. Къаьсттина, шайхана а, цуьнан муридашна а юккъехь йолу к1орггера уьйр гойтуш йолу х1ара ч1аг1о яйтина ца 1аш, уьш даима нахана хьехамаш беш, церан дегнашкахь Дела везаран марзо, Иза резаваран лаам а ч1аг1беш, синош ц1андарехь, хьал дикачу аг1ор хийцарехь а церан ч1ог1а безам бохуьйтуш а бара».
Цул т1аьхьа – церан г1иллакхаша, деган ц1еналло, 1илмано, кхетош-кхиоро, кхеташонан гуламо а юкъараллехь, адамийн дахарехь а йитинчу лорах лаьцна дийцира цо, оцу историн хиламна т1е серло тухуш долу цхьадолу масалш далош. Г1азот хилла волчу шайх Ахьмадах (Дала къинхетам бойла цунах) лаьцна дуьйцуш, цо элира: «Баккъалла а, цхьанненна ца боьрзучу кепара нах т1ебирзира цунна. Цхьана а шахьарна т1ех ца велира иза, цуьнан карахула дуккха наха тоба деш, цунна ч1аг1о еш а бен. Калькутта олучу шахьарахь шина баттахь 1ийра иза. Цуьнга ч1аг1о еш берш багарбича, – цхьана дийнахь эзар стагал к1езиг ца хуьлура, буьйса юккъе яххалц д1ахьора ч1аг1о яр.
Адамаш дукха гулделла хиларна, х1оранга ч1аг1о яйта аьтто ца хуьлура, цундела ворх1 я барх1 чалба д1акховдайора цо. Наха уьш схьа а лоций, Деле гечдар а доьхуш, ч1аг1о йора. Х1ора дийнахь 17-зза я 18-зза и болх бар 1адат дара цуьнан».
70
Исламан шайхах 1алауддийнах (Дала къинхетам бойла цунах) лаьцна дуьйцуш, цо элира: «Цуьнан заманан т1аьххьара шераш – шена чохь массо тайпана вуон белхаш, хьарам долу къаьркъа, 1есалла, зулам, шовкъе ловзарш, зинаш, и санна мел дерш а лахдаларца къаьстина дара. Уьш наггахь бен хьахош дацара. Даккхий къинош летор – керсталла дар санна кхераме хетара нахана. Гуш риба (процент) яккхарца белхаш бан, закат ца луш даьхни къайладаккха а эхьхета буьйлабелира нах. Базарахь пуьташ боттар, х1ума юстарна, терза озарна а т1ехь ямартло яр, нах 1ехабар а лахделира».
Цул т1аьхьа цо элира: «Баккъалла а, х1ара суфийш, шайхаш а кхиабар, цаьрца цхьана охьахийшар а – нахана пайда баре адамийн безам бохуьйтуш, церан г1уллакхе хьажарна, царна г1о дарна а т1ехь сутара веш а дара».
Шайх Абу аль-Хьасан ан-Надавийс (Дала къинхетам бойла цунах) шен «Раббаниййатун ла рах1баниййатун» ц1е йолчу жайнин 17-18-чуй аг1онаш т1ехь хьахийна: «Шеко яц, ихьсанан дарже, къайлах долу фикъх1 довзаре а кхаьчна болу х1ара ц1ена синош долу нах (суфийш) ца хиллехьара, бусалба нехан юкъараллин дегатешам боьхна хир бара, нийса боцчу, зуламечу материалистийн кхайкхамаша умматан дисина ийман, динца йолу уьйр а д1айоккхур яра. Т1аккха – бусалба нехан Делаца йолу дегнийн уьйр, шен дег1аца, юкъараллица а г1иллакх лардеш вахар а г1еллур дара, деган ц1еналла, шен дег1ан хьесап дар а д1адер дара, къайлаха йолу цамгарш яьржар яра, дегнаш, синош а телхар дара, царна дарба дан лор а карор вацара.
71
Нах, б1аьрзе хилла, д1адер долчу дуьненан бахамаш лоьхуш хир бара, 1илманан дай сийлалла, даьхни, дарж а къуьйсуш хир бара, царна т1ехь дуьне, дозалла а дезаро толам боккхур бара. Шена т1е пайхамаралла доьг1на долчу дакъойх, – дегнаш ц1андар, нах ихьсане, къайлаха долу фикъх1 довзаре а кхойкхуш долу мехала дакъа д1адер дара».
Устаз волчу ан-Надавийс (Дала къинхетам бойла цунах) цул т1аьхьа билгалдина, х1окху хьехамаша беш болчу 1аткъамо, нах дине бахкаро, уьш шар1ана муьт1ахь хиларо а Калькуттехь къаьркъа, и духкуш йолу базар а д1аяьккхина хилар. Иза Индин йоккха шахьар, Ингалс-пачхьалкхан марказ (центр) а ю. И базар сацар бахьанехь церан хьешийн ц1енош (гостиницы) къиэделира; къаьркъа доккхуш берш пачхьалкхан куьйгалхошна хьалха бехказбевлира, – базар д1акъовлар, духкучуьра къаьркъа сацар а бахьанехь налог яла шайн ницкъ ца кхочу аьлла.
Цул т1аьхьа цо элира: «Баккъалла а, шаьш бахьанехь х1окху яккхийчу шахьаршкахь дуккха нах нисбаларца, цара 1есаллех, шар1о дихкинчух, дег1ан лаамашна т1аьхьабазарх а тоба дарца х1оьттина долу х1ара хьал х1окху дикачу нехан г1иллакхо, хьехамаш бечу суфийн 1еламнаха а, шайхаша а бинчу белхан жам1 ду».
Оцу белхан талламбаран чаккхенгахь, ша устаз волчу ан-Надавийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Баккъалла а, х1окху суфийн шайхаша къахьегар бахьанехь, Индин б1енаш шахьаршкахь даккхий 1индаг1аш долу дуккха дитташ ду, новкъа лелачу къепалша, к1адбеллачу некъахоша а шайн 1индаг1ехь садо1уш, оцу сада1аро г1ора даларца цара кхид1а шайн некъ а беш».
72
Шайх Абу аль-Хьасан ан-Надавийс (Дала къинхетам бойла цунах) «Рижалуль-фикри вад-да1вати филь-Ислам» ц1е йолчу жайна яздина Суфийх, дин даржадарехь цара йитинчу лорах а лаьцна дуьйцуш, шен къамелан юьххьехь г1араваьлла суфий, воккха муршид а волу шайх 1абдул-Къодир Гилани (Дала къайле ц1инйойла цуьнан) хьахош, аьлла: «Цуьнан мажлисе 70 эзар гергга стаг вог1ура, цуьнан карахула 5 эзар сов жуьгтичо, эрмалойн динехь волчо а бусалба дин т1еийцира. Иштта цуьнан карахула 100 эзар сов обарго тоба дира, цуьнан г1ап тоба дечарна, ч1аг1о оьцучарна а даима йиллина яра, оцу г1опехула Дела воцчуьнга багарбалур боцуш дуккха нах чекхбевлира, церан хьелаш, дин а тоделира. Уьш кхиош, церан доладеш, царна хьалхаваьлла куьйгалла деш а вара шайх. Шаьш цуьнга ч1аг1о йина, тоба а дина, ийман карладаьккхинчул т1аьхьа, цуьнан муридаш шайна т1ехь долу жоьпалла девзаш хилира. Царах дуккха болчарна, – шена гергахь ира кхетам, динехь нисвалар, муридаш кхио ницкъ болуш ву аьлла билгалваьллачунна, шайхо муридаш кхио пурба делира. Цул т1аьхьа уьш дуьненан массо аг1ор д1асабахара, халкъ Делан дине кхойкхуш, синош кхиош, Делаца накъост лацарна, динехь керла юкъабевллачу белхашна, жех1лаллина, мунепакъаллина а дуьхьал т1ом латтош. Исламан мехкашкахь динан кхайкхамаш баьржира, ийманан х1усамаш, ихьсанан хьуьжарш, вежараллин кхеташонаш а денъелира».
Шайх Абу аль-Хьасан ан-Надавийс (Дала къинхетам бойла цунах) шен «Раваи1у икъбал» ц1е йолчу жайнахь
73
аьлла: «Баккъалла а, ас даима олу: «Уьш, церан къахьегар а ца хиллехьара, Индин цивилизацино, цуьнан философис а Ислам д1ахуьйдина хир дара».
Оцу хьокъехь, иштта, устаз, шайх, Исламан вевзаш волу яздархо, сийдолчу Азх1арехь хьехархо а волчу Ахьмад аш-Ширбахьийс шен «Нурут-тахькъийкъи» ц1е йолчу жайнин юьххьехь аьлла: «Шена чохь хьесап далур доцу дуккха даьхни, дег1ана иэшам бийр боцу дарба, деган доврдоцу нур а долуш, йоккха, тамашийна а хазна ю. Ахь суна дийцахьа, и хазна муьлхачу меттехь ю, цунна т1ебоьду некъ, цунна т1екхача ахь хьега деза къа, бан беза болх а хьайна цхьамма бийцича, ахь х1ун дийр дара? Хьайн ницкъ ма-кхоччу хьожур вацара хьо, шена чохь дуьненан сийлалла, эхартан дозалла а долчу оцу хазнина т1екхача?! Тасаввуфан болх иштта бу хьуна, х1ай сан доттаг1. Баккъалла а, иза гушдоцу дарба, хьулйина хазна, 1илманан къайле а ю. Иза хьан дег1ана, кхетамна, г1иллакхашна а оьшуш долу дарба ду, бакъду, хьо цунна т1екхачалур вац я ахьа цунах пайда оьцур бац, хьайн ойланашца хьо цунна дуьхьал ваххалц, хьайн б1аьргашца, хьекъалца хьо цунна т1еверззалц, цуьнга кхача, цу т1ехь саца а хьо кечвеш долу хьайн карахь, дег1ехь а мел дерг а, хьайн мел йолу хан а ахь цунна хьовзаяллалц. Оцунах х1умма а кхочушдиний ахь, баккъалла а, хьуна оцу ни1мате боьду некъ бовза ма бевзина?!
Суна лаьа, хьо хьайн балха т1ехь хьекъал долуш, хьан дино, хьекъало а довзаре кхойкхуш долу сийдолу х1уманаш девзаш а хуьлийла. Цундела, тасаввуф ца 1амийча йиш яц хьан, – хьайна хета ойла цунах кхоллаяла, и довза, цунах кхета а, т1аккха и ма-дарра
74
хьайна девзинчул т1аьхьа иза къобалдан я дита. Билгалдарехь ас кхин а соввоккху хьо, ас хьоьга олу: «Баккъалла а, тасаввуфехь, цуьнан исторехь, цуьнан 1еламнехан дахарехь а, тасаввуфах ду бохуш, харцо кхуллучара юкъатийсина х1уманаш нисло. И бахьанехь бакъдерг харцоно хьулдо, цундела бакъдерг хьулдина йолчу харцонан дуьхьало д1а а яьккхина, бакъонан серлоне вала аьлла омра до хьоьга хьан дино. Ткъа иза тоьаш дац тасаввуф 1аморна т1ехь хьо сутара ван?!
Х1ай бусалба вежарий! Баккъалла а, тасаввуфо шун дахарехь, исторехь а доккха дакъа д1алоцу, аш иза зен дайира дуккха заманахь, тоьаш ма ду шуна шайгахь хилла долу хьал, шу т1едерза тасаввуфна, цуьнгахь ма бу кхача, дарба а. Баккъалла а, Аллах1 ву Шен леш нийсачу новкъа нисбешверг».
Х1ара вешан таллам берзош, тасаввуф – ша 1амо, шеца дог1маш кхио а ч1ог1а оьшуш 1илма хилар карадо вайна, къаьсттина, дег1ан лаамаш, нах бусалба динах, цуьнан рукнанех а, ийманах, цуьнан баххех а, г1иллакхех, Далла т1евуьгучу некъах, цуьнан 1илманах а генабохуш долу х1уманаш шена чохь даьржинчу х1окху заманахь.
Кхидолчу х1уманал вайна г1оле ма ду, 1илма девзаш, нах кхетош-кхиош а болчу 1еламнахе дерзар, цаьрца цхьаьна охьахийшар, цаьрца кхиар, цаьргара г1иллакх, 1илма 1амор а, церан новкъа довлар а, – дуьненахь, эхартахь а декъалхилархьама.
Цул т1аьхьа, вай цаьргара 1амийнарг д1адахьа, иза нахе д1акхайкхо а деза вай, ерриге шахьаршкахь и даржийта, Делан лешна дика болх хилийта, вайна безарш тоьлла хилийта а, Дела вайна реза а волуш ваьш Цунна дуьхьалкхетталц. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла:
75
«Дела реза хилла царна (уьш Шена муьт1ахь хиларна)‚ уьш а реза хилла Цунна (Цо шайна бинчу бекхамна)». «Аль-Маидат», 119.
Тасаввуфан некъ
Тасаввуфан некъ – иза Исламан некъ бу. Къуръанна, суннатна а, хьалхабаханчу дикачу нахана т1аьхьавазаран некъ а бу иза, – адамийн синош кхиош, уьш сакхтех ц1андеш, адамаш дог ц1андаре, ихьсане, Аллах1 а, Цуьнан Элча а (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) везаре, Делах кхераре, Цунна хьастадаларе, кхечунна т1е ца буьллуш, Цунна т1е болх билларе, кхиверг шел г1оле хетаре, вовшашна г1о даре, деган ц1еналле, бакълере, собаре хиларе, динехь нисдаларе а кхачош болу.
Цо адамийн синошна дарба до, куралла, б1аьрмецигалла, ша-шех тамаш бар, хьаг1, моттарг1анаш, цабезам, аьшпаш боттар, оьг1азло, мостаг1алла, дуьнене сатийсар, сутаралла, дозалла, нахах цавашар, ямартло, мекарло, 1ехавар, зулам дар, къизалла, уьш санна йолу цамгарш д1а а йоху.
И дарба дарехь тасаввуф х1окху белхашна т1етевжаш ду: тоба дарна, гечдар дехарна, ша мел дечу х1уманехь Далла ша гуш вуй хаарна, Делах, Цуьнан 1азапах а кхерарна, Дела дукха хьехорна, Цунна тасбихь дарна, парзаш лардарна, буса деш долу тах1аджуд ламаз санна йолу суннат 1амалш дукха ярна, кхийолу дег1ана г1иллакх 1аморан, са кхиоран а 1амалш ярна. Тасаввуфан низамехь долу х1ара дерриге 1амалан дакъош, х1орш доцурш а – уьш дерриге – бусалба динан мехала дакъа ду, ша сица доьзнарг, къайлаха долу фикъх1, ийман ч1аг1дар, динан рукнех цхьа рукна йолу ихьсан а чулоцуш долу.
76
Шайх Мухьаммад-Амин аль-Курдийс (Дала къинхетам бойла цунах), тасаввуфан низам хьоьхуш, аьлла: «Тасаввуф – иза дег1ан сийлахь, сийсаза а долу хьелаш довзуьйту 1илма ду, – иза сийсазчух ц1андаран, сийдолчуьнца дузаран, цунна Далла герга вуьгу некъ а хьоьхуш долу».
Тасаввуфан 1илма девзар доцуш 1илма ду,
Хьекъал долуш, бакъо евзаш волчу стагана а бен,
И 1илма ца девза цуьнга хьаьжна воцчунна,
Маьлхан з1аьнарш муха гур ю ша б1аьрзе волчунна.
Цуьнан 1алашо – дегнийн, дог1мийн 1амалш ц1аньяр, тояр а ду.
Цуьнан стом (пайда) – дегнаш кхиор, ерриге къайле хууш волу Дела вовзар, эхартан 1азапах хьалхавалар, Дела шена реза хиларца декъалхилар, даима долчу ирсе кхачар, сийлахь белхаш, тамашийна хьелаш, кхечунна ца гуш дерг гайтарца а дог нуьре дар.
Цуьнан дозалла, 1илманашна юьккъехь уггаре дезаниг – Дела вовзар, везар а дуьйцу 1илма ду иза, ткъа тасаввуфан 1илма оцу 1илманех уггаре сийлахь дерг ду.
Кхидолчу 1илманашка хьаьжча, тасаввуф оцу 1илманийн бух, бехкам а бу, х1унда аьлча цхьа а 1илма, 1амал а кхочуш ца хуьлу, Далла т1еверзаран нигат шегахь дацахь. Ткъа кхечу 1илманашна тасаввуф хьаштхилар, –дег1ана са дезарх терра ду. Баккъалла а, цуьнан низамна т1аьхьабозуш бара сийдолу асхьабаш, таби1ийнаш, таби1ийнашна т1аьхьабаьзнарш, хьалха д1абахана дика нах, шайн 1илманца 1амал еш болу 1еламнах а. Хан-зама д1аяхарца цунна инкарло ма ца йина, жех1ил волчо я хьаг1 лаьцначо, я цабезам, я мунепакъ волчо, я шен дег1ан
77
лаамашна, я дуьненан бахамашна т1аьхьаваьллачо а бен.
Вайна г1оле ма дара оцу некъана т1аьхьадазар, иза 1амор, лардар, иза вешан дахарехь лелор, цуьнга нах кхайкхар а. Ма ч1ог1а оьшуш ду-кх вайна иза, къаьсттина, х1окху заманахь.
Х1окху некъана т1аьхьаваза тасаввуфан некъ юьхьарлаьцна, цуьнан маь1на девзина, цуьнгахь бакълийна, нах нисбеш, кхиош, Далла т1е нисбеш, 1илма хьоьхуш а волчу шайхана т1аьхьа ца ваьзча йиш яц, х1ара некъ схьалаца лууш верг цуьнан ма-дарра долчу маь1нех кхето, цуьнан 1алашоне кхачо а ницкъ болуш. Иза – вовза ма-везза Дела вовзар, Иза резаван 1амал яр, Цунна муьт1ахь хиларна т1ехь къахьегар, Цуьнан низамехь д1авахар а ду, Иза реза а волуш ша Цунна дуьхьалкхетталц (ша валлалц), оцу балхаца дуьненан, эхартан а ирсе кхочуш. Иштта, х1окху низамехь д1аваха тасаввуфан ох1ланца гергарло лелор, цаьрца дерг даггара хилар а оьшу, цаьргара 1илма 1амо, пайдаэца а.
Тасаввуфан баккхий 1еламнах
Тасаввуфан, багарбалур боцуш, дуккха баккхий 1еламнах бу, уьш 1илманан, 1еламнехан а байракхаш, дозаллин, дикадаран, Делах кхераран, тешаран, Дела дукха хьехоран, вовзаран, дикачу нехан тхьамданаш, Делан гергара нах а бу, массо заманахь, массо меттигашкахь а шаьш хилла болу. Царах цхьаберш хьахор бу вай.
1. Хьасан аль-Басрий (Дала къинхетам бойла цунах)
Иза Абу Са1ийд Хьасан бин Абу аль-Хьасан Яссар
78
аль-Басрий ву, таби1ийнийн тхьамда, царах воккханиг, даржехь лекханиг. 1умар асхьабан (Дела реза хуьлийла цунна) паччахьаллин ши шо дисинчу хенахь дуьнен чу ваьлла иза, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) асхьабех 120 стаг гина цунна. Иза кхелхина х1иджрин 110-чу шеран раджаб баттахь, шен 89 шо долуш.
Историн 1еламнаха аьлла: «Хьасан аль-Басрий (Дала къинхетам бойла цунах) баккхийчу таби1ийнех вара, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) дуккха асхьабаш бевзина цунна. Цуьнан къамел пайхамарийн къамелах тера хилла, даима г1айг1ане волуш стаг хилла иза. Цуьнан да – аль-Ансарий волчу Сабитан к1ентан Зайдан (Дела реза хуьлийла цунна) г1уллакххо хилла, цуьнан нана Хойрат – Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) х1усамненан Умму Саламатан (Дела реза хуьлийла цунна) г1уллакххо хилла. Шен нана ц1ахь йоцуш х1ара вилхича, Умму Саламата (Дела реза хуьлийла цунна) и ц1а яллалц вакхош хилла иза, цундела вакхоран аг1онгахьара Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) ц1ийнан ох1ланах лоруш ву иза.
Тасаввуфан ох1лано шайн силсилан (з1е схьаяран) коьртехь лоруш ву иза, цара олу: «Баккъалла а, Хьасана х1ара т1арикъат Абу Т1алибан к1антера 1елегара (Дела реза хуьлийла цунна) схьаэцна (т1арикъатан бакъо схьаоьцуш цуьнца цхьаьна луш йолу оба а т1еюьйхира), ткъа 1елас – Делан Элчанера (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) схьаэцна иза».
1убайдан к1анта Юнуса аьлла: «Хьасанал ч1ог1а г1айг1ане стаг гина вац суна цкъа а. Ша цхьанна
79
дуьхьалкхетачу хенахь, шен нана д1айоьллина вог1уш санна; ша охьахиъча, вен кечвина йийсархо санна; ша къамел дечу хенахь, жоьжахати шена цхьанна бен кхоьллина йоцуш санна хуьлура иза».
Хьасана аль-Басрийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьллачух:
– Хьо ма вела, баккъалла а, хьуна ца хаьа, вайн цхьайолчу 1амалшка а хьаьжна, Дала аьлла хила тарло: «Шуьгара цхьа а 1амал къобалйийр яц Ас».
– Адаман доьзалхочун са дуьнен чуьра д1адер ма дац, кхаа х1уманна иза г1айг1ане долуш а бен: ша гулдинчух ца дузарна; хьанал дерг ца лахарна; шена т1едан дезачунна (эхартана) дика кхача ца кечбарна а;
– Ма вуон ши накъост ву-кх дуьне, ахча а, цаьршимма хьуна пайда бийр бац, шаьшшиъ хьох д1акъастталц;
– Хьайн вежаршна хьоме волчуьра д1авер вац хьо, цаьргара цхьана х1умане хьо хьашт хиллалц. Хьо цаьргарчу х1умане хьашт хилча, царна хьан къамел дазло, хьо атта а хета;
– Нахана хьехам бе ахь хьайн леларца, – хьайн дешнашца доцуш;
– Дуьненан бахаман хьокъехь стаг къийсалуш гича, цуьнца эхартан хьокъехь къовсало хьо.
2. Адх1аман к1ант Ибрах1им (Дала къинхетам бойла цунах)
Иза Абу Исхьакъ Ибрах1им бин Адх1ам бин Мансур ву, паччахьийн т1аьхьенах хилла волу. Цхьана дийнахь талла вахча, цхьогалан я пхьагалан лорах вахара иза, т1аккха цуьнга кхайкхар деара: «Х1ай Ибрах1им, х1окху балханна кхоьллина ву хьо я х1ара болх бе аьлла омра дина хьоьга?» Цул т1аьхьа юха а кхайкхар деара цуьнга:
80
«Х1окху балхана кхоьллина вац хьо я х1ара болх бе аьлла омра дина дац хьоьга». Шен говра т1ера охьа а воьссина, шен ден жа1уьнна т1евахара иза, цуьнгара схьа а эцна цуьнан т1ерг1ан оба шена т1еюьйхира цо, шен говр, шегахь мел долу х1ума а цунна д1аделира цо. Цул т1аьхьа аренга д1авахара иза, цул т1аьхьа сийдолчу Макка вахара иза. Цигахь Суфъян ас-Соврийна, Фудайл бин 1иядна т1аьхьавезира иза. Цул т1аьхьа, хьанал дерг лоьхуш, Шема вахара иза, цигахь, х1иджрин 161-чу шарахь ша д1акхалххалц, Делан новкъахь къахьоьгуш вехира иза.
Хьузайфата аль-Мар1ашийс аьлла: «Шакъийкъ аль-Балхий Макка веара, Адх1аман к1ант Ибрах1им Маккахь а волуш; наха, и шиъ цхьаьнатоха веза, элира. Цара и шиъ Хьараман маьждигехь цхьаьнатуьйхира, Адх1аман к1анта Ибрах1има Шакъийкъе элира: «Х1ай Шакъийкъ, шайн баххаш мича х1уманна т1ебоьг1на бу аша?» Шакъийкъа элира: «Оха тхайн баххаш т1ебоьг1нарг: тхайна елча юу оха, тхайна ца елча собаре хуьлу тхо». Адх1аман к1анта Ибрах1има элира: «Балхера ж1аьлеш ду-кх иштта, шайна елча юуш, ца елча собаре хуьлуш». Шакъийкъа элира: «Аша шайн баххаш мича х1уманна т1ебоьг1на бу, х1ай Абу Исхьакъ?» Цо элира: «Оха тхайн баххаш т1ебоьг1нарг: тхайна елча кхечуьнца йоькъу оха (саг1ина ло оха); тхайна ца елча, Далла хастам, шукра а до оха». Шакъийкъ, хьала а г1еттина, цунна хьалха охьахиира, цо элира: «Х1ай Абу Исхьакъ, хьо ву-кх тхан устаз».
1абдус-Саламан к1анта аль-Къасима аьлла: «Шема махкахь цуьнан каш гира суна».
Адх1аман к1ант Ибрах1им (Дала къинхетам бойла
81
цунах) кемсаш ларъеш вара. Т1ехволучу т1емалочо цуьнга элира: «Х1окхарех кемсаш лохьа тхуна». Цо элира: «Х1ара кемсаш йолчо ло аьлла омра дина дац соьга». И т1емало цунна шед етта вуьйлира. Шен корта охьа а та1ийна, Ибрах1има элира: «Тоха ахь, хийлазза Далла 1еса хиллачу коьртана». Т1аккха и т1емало цунна етта ницкъ ца кхаьчна, д1авахара.
Адх1аман к1анта Ибрах1има (Дала къинхетам бойла цунах) аьллачух:
– Ша лоьхуш дерг девзинчунна ша д1алуш дерг к1езиг хета; шен б1аьргийн дола ца динчун дохковалар дукха хуьлу; шен догдахар дукха долчун 1амал вуон хуьлу; шен меттан дола ца динчо шен дег1 дийна;
– Нах битий, Дела накъост лаца хьайна;
– Сада1а лууш волчо шен дагчуьра дуьне д1адоккхийла, ша сада1архьама;
– Доьхна долчуьнга дукха хьежаро дагчуьра бакъдерг довзар д1адоккху;
– Г1аравалар дезаш волу лай кхоччуш Аллах1ах тешна вац.
3. Мухьаммадан к1ант Джунайд (Дала къинхетам бойла цунах)
Иза Абу аль-Къасим Джунайд бин Мухьаммад бин Джунайд аль-Хаззар ву, цунах аль-Къаварийрий олуш хилла, цуьнан да ангали духкуш волу дела. Иза Нах1авандера схьаваьлла, Баг1дадехь кхиъна а ву. Цуьнан ненаваша ас-Сарийю ас-Сакъат1ийн, аль-Хьарис аль-Мухьасибийн, Мухьаммад бин 1алий аль-Къассабан а мута1еламех вара.
Иза вара т1арикъатан балхехь йоккхачу тобано ч1ог1а
82
къобалвеш, церан тхьамда, имам а. Абу Совран мазх1абан фикъх1ан 1еламстаг вара иза, шен 20 шо долчу хенахь дуьйна динехь жоп луш а волуш. Гуччохь, къайлаха а долу 1илма довзарна, цунах 1еламнехан т1аус олуш хилла. Цундела тасаввуфан 1еламнахах нехан дегнаша, хьекъалша а массарел ч1ог1а къобалвеш стаг хилла иза.
Шари1атан гуччохь долчунна т1аьхьаваза везаш хилар ч1аг1дора цо, ша олуш: «Х1ара вайн мазх1аб Къуръанах, суннатах а доьзна ду». Цуьнан говза, к1орггера чулацам болу дешнаш а дуккха ду, Абу Ну1айма (Дала къинхетам бойла цунах) шен «Хьильятуль-авлияи» бохучу жайнахь дийцина царах лаьцна.
Джунайд аль-Баг1дадий (Дала къинхетам бойла цунах) х1иджрин 297-чу (910-г1а шо) шарахь д1акхелхина, Баг1дадера аш-Шунийзиййа бохучу кешнашкахь шен ненавешина уллохь д1авоьллина иза.
Цуьнан хьекъалечу дешнех цхьадерш хьахор ду вай:
– Тасаввуф (т1арикъат) – аьллера-бохура бохучух схьаэцна дац вай, бакъду, мацалла ларца, дуьне дитарца, дег1ан лаамех д1ахадарца, дуьненан хазаллех д1аверзарца а схьаэцна ду х1ара;
– Дерриге некъаш бусалба нахана дихкина ду, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) бина некъ боцург;
– Баккъалла волу бусалба стаг эзарза эзар (миллион) шарахь 1ибадат дарца Далла т1е вирзича, цул т1аьхьа б1аьрган нег1ар тухучу хенахь Цунах д1авирзича, цунах д1атилларг цуьнга кхаьчначул доккха хир ма дара;
– Сийдолу Къуръан, хьадис а 1амийна воцчунна х1окху вайн (т1арикъатан) балха т1ехь т1аьхьавозур вац, х1унда аьлча х1ара вайн болх Къуръанах, суннатах боьзна болу
83
дела.
– Джунайде (Дала къинхетам бойла цунах) хаьттинера: «Х1ара 1илма муха кхаьчна хьоьга?» Цо жоп делира: «Веза-Сийлахьчу Далла т1евирзина 30 шарахь д1о лами бухахь со 1ар бахьанехь». Цо ишар йира шен кертара ламина т1е. Цуьнан карахь суьлхьанаш гича, цуьнга хаьттира: «Хьо сийдолуш волушшехь, хьайн карахь суьлхьанаш леладо ахь?» Цо жоп делира: «Х1ара – со шеца Далла т1екхаьчна болу некъ бу, со цунах къаьстар воцуш».
– Делан эвлаяэх цхьана велига хьаьжна, иза къобал а вина, цуьнан сийдинчун – Дала сийдийр ду, массарна гойтуш.
– Цхьана стага Джунайде (Дала къинхетам бойла цунах) хаьттира: «Дела дукхавезаш волчунна д1аяханчу хенах дагахьбаллам буьсург х1ун ду?» Джунайда (Дала къинхетам бойла цунах) элира: «К1езиг бен пайда ца оьцуш дуккха яьккхина хан я дикачу нахаца уьйр лацар доцуш цхьалха яьккхина хан», т1аккха цо байташ йийшира:
Баккъалла а, молу хи дара сан, шу гарца ц1анлуш,
Хан д1аяхаро даржийра иза, ша ц1анделла даьлча.
4. Мухьаммад аль-Г1азали (Дала къинхетам бойла цунах)
Иза Абу Хьамид Мухьаммад бин Мухьаммад аль-Г1азалий ат-Т1усий ву, цунах иштта Абу Хьамид олу. Х1иджрин 450-чу (1058-чу) шарахь ат-Т1ус олучу меттехь дуьнен чу ваьлла иза. Баккъалла а, бераллехь цуьнан хиллачу гоно, иза кхетош-кхиоро а кхид1а
84
иза кхиарна т1ехь 1аткъам бира. Иза дин долчу къечу доьзалера вара. Цуьнан дас ша вала герга ву аьлла шена хетча, суфех волчу шен доттаг1чуьнга весет дира, шен шина к1ентан – Абу Хьамидан, цуьнан жимах волчу вешин Ахьмадан а доладе, аьлла.
И стаг х1ара шиъ кхиорехь, цаьршинна 1илма 1аморехь а шена т1едиллинарг кхочушдан волавелира. Цул т1аьхьа цо цаьршинна хьехар дира, Найсабуре г1о, аьлла, – цигахь 1елин ц1арах йолчу хьуьжарехь деша; хене вала, 1илма 1амо а цаьршиннан аьтто хилийтархьама. Цигахь шина хьараман имам волчу Абу аль-Ма1алий аль-Джувайний вевзира цунна. Жималлехь дуьйна Г1азали (Дала къинхетам бойла цунах) ч1ог1а хьекъал долуш хилар билгалдаьллера. Шафи1ин мазх1абан фикъх1 ч1ог1а девзаш, Аш1арийн хьуьжарехь болчу 1еламнехан декъашхо, цул совнаха – философи, логика, динан баххаш а бовзарехь к1орге кхаьчна воккха 1еламстаг а хилира цунах.
Ша 1амийначу 1илманах синан парг1ато ца хилира цунна, – тасаввуфан ох1ланах волуш, дуьне д1атесна волчу Абу 1алий аль-Фадл бин 1алий аль-Фарумдий ат-Т1усий бохучу имамаца ша цхьаьнакхетталц. Цо иза къобал вира, цуьнгара тасаввуфан 1илма а 1амийра. Суфийн жайнаш 1амо вуьйлира иза, церан коьрта 1алашонаш евзира цунна. Т1аккха царна юкъавахана, цаьргахь долчу хьоле а ваьлла, церан т1арикъатах хилира иза.
Баккъалла а, имам Г1азалис (Дала къинхетам бойла цунах) ша тасаввуфан новкъа ваьлчахьана бусалба динан ойлаярехь дуккха пайда бира, царах цхьаберш хьахор бу вай:
85
– 1ибадат дарехь хила еза дагца йоьзна йолу аг1о (Далла хьаставалар, Цунах кхерар) карлаяьккхира цо, цхьаболчу 1еламнаха и 1ибадат деккъа дег1ан меженаша лелош долчунна т1едоьг1на дитинчул т1аьхьа.
– Нахана тасаввуф дезадалийтира цо, цуьнца дог1уш доцу юкъатийсина х1уманаш д1адохуш, Дала еллачу къайленца хьекъалца кхочур воцчу метте кхочург хилар ч1аг1деш а.
– Тасаввуфан ох1ла Дела везаран марзонца парг1атбевлла 1аш бара, оцу балхо уьш 1ибадат дарехь ледарло яре товжийра, ткъа имам Г1азалис (Дала къинхетам бойла цунах) тасаввуфан ох1ланна Делах кхерар духадерзийра, Хьасан аль-Басрийн (Дела реза хуьлийла цунна) т1арикъатехь ма-хиллара.
– 1ибадат т1едилларан пайданаш гучубехира цо, т1аккха фикъх1 дешарехь йолу марзо 1еламнаха иза дуьйцучул алсам хилира.
– Малхбузехьарчу философина т1етийжаш, шар1аца дог1уш доцу, динехь т1ехбуьйлучара юкъатийсинчу х1уманашна инкарло йира цо, цул совнаха – цунна юкъатийсина хьарам х1уманаш, бозбуунчалла, пайдабоцу х1уманаш а д1адехира цо.
– Синош, дегнаш а ц1андарна, гуччохь долчух 1еха ца валарна а т1е тидам бахийтира цо, х1унда аьлча оцу балхо моттарг1анаш лелорах вухатуху дела.
ТIаьххьарлера вайн кхайкхам – Iаламаш кхобуш, кхиош а Волчу вайн Далла хастамбар ду!
86
Чулацам
Дешхьалхе.........................................................................................................3
Тасаввуфан 1илма бохург х1ун ду?...........................................................6
Тасаввуфан маь1на довзийтар.....................................................................9
Тасаввуф дош схьадалар...............................................................................11
Тасаввуфан 1илма кхолладалар..................................................................18
Тасаввуфан шари1атца йолу з1е.................................................................22
Асхьабийн, таби1инийн а заманал т1аьхьа бен
тасаввуф гучуцадаларан бахьана х1ун ду?.............................................33
Хьалхахиллачу дикачу нахана тасаввуфах
лаьцна хеташ дерг...........................................................................................39
Хьалха д1абаханчу 1еламнахана тасаввуфах
лаьцна аьлларг.......................................................................................................48
Тасаввуфна т1екхоьллина харц ц1е...........................................................57
Тасаввуфан дозалла (мехалла)....................................................................62
Тасаввуф шега хьашто йолуш 1илма хилар...........................................67
Тасаввуфан некъ..............................................................................................75
Тасаввуфан баккхий 1еламнах...................................................................77
Хьасан аль-Басрий (Дала къинхетам бойла цунах).............................77
Адх1аман к1ант Ибрах1им (Дала къинхетам бойла цунах)..............79
Мухьаммадан к1ант Джунайд (Дала къинхетам бойла цунах).......81
Мухьаммад аль-Г1азали (Дала къинхетам бойла цунах)..................83
87
Билгалдахаршна
88
Организационное и методическое руководство выпуском исламской литературы в ГАУ «Телерадиокомпания «Путь» им. А. Кадырова осуществляет его директор А. С. Шахидов.
Редактор – А. А. Гайтукаев
Верстка – С-М. М. Тасуев
Дизайн – З. А. Байтуев
Техн. редактор – А. А. Гайтукаев
Составитель – доктор Мухьаммад Хойр Фатима
С арабского – Магамедов Сулиман Рахманович
Рецензент – Магомед (Магомед-Эми) Эдихаджиев
Подписано в печать 21. 01. 2013 г.
Тираж 2000 экз.
Министерство Чеченской Республики
по национальной политике, печати и информации
ГАУ «Телерадиокомпания «Путь»
им. А. Кадырова.
Чеченская Республика,
г. Гудермес, пр. А. Кадырова, д. 3