Абст-Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) вирд

 

   Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа, ламаз карахь долуш.

   Дагца ниййат дийр ду: «Ас ниййат ди, сан устазо Абст-Хьаьжас (Дала къайле цIинйойла цуьнан) сайна тIедиллина вирд даккха, Делан дуьхьа», – аьлла.

  1. 3-зза ШахIа́дат далор ду;
  2. 100-зза АстагIфирулло́хI эр ду;
  3. 500-зза Ла́ ила́хIа иллалло́хI эр ду;
  4. 11-зза КъулхIа доьшур ду;
  5. 100-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дуьллур ду.

 

Мела кхайкхабар

   Везан Дела, ас аьлла 100 - АстагIфируллохI, 500 - Ла́ ила́хIа иллалло́хI, 

100 - салаватан мела иштнехьа къобал бай, эшнарг меттахIоттабай ло Ахь суна, Везан Дела, Воккха Дела, Хьан Элчанна, тхан элана Мухьаммад-пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) син совгIатан кхачабе Ахь, Цуьнан охIланна а, асхьабашна а син совгIатан кхачабе Ахь. Цул тIаьхьа къаьсттина  тхан устазана Азина а, цуьнан устазана а син совгIатан кхачабе Ахь, кхин дIа  бала а, кхачо а безачу метте массанхьа дIакхачабе Ахь. Везан Дела, Воккха Дела уьш а, тхо а, декъалдан бахьана де Ахь цунах. Хьайн кIинхетамах ма даха Ахь тхо.

   Салават диллина, фатихьат дешна, дерзор ду.

   ХIора ламазан тIаьхьа декъа а декъна даьккхича деза ду аьлла иза, амма Iуьйра хенахь а даккха мегаш ду.

ХIора ламазал тIаьхьа декъна долу вирдан барам

   Дагца ниййат дийр ду: «Ас ниййат ди, сан устазо Абст-Хьаьжас (Дала къайле цIинйойла цуьнан) сайна тIедиллина вирд даккха, Делан дуьхьа», – аьлла.

 

  1. 1-зза ШахIа́дат далор ду;
  2. 20-зза АстагIфирулло́хI эр ду;
  3. 100-зза Ла́ ила́хIа иллалло́хI эр ду;
  4. 20-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дуьллур ду.

 

Мела кхайкхабар

   Везан Дела, ас аьллачу 20 - АстагIфируллохI, 100 - Ла илахIа иллаллохI, 

20 - салаватан мела иштнехьа къобал бай, эшнарг меттахIоттабай ло Ахь суна, Везан Дела, Воккха Дела, Хьайн Элчанна, тхан элана Мухьаммад-пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) син совгIатан кхачабе Ахь, Цуьнан охIланна а, асхьабашна а син совгIатан кхачабе Ахь. Цул тIаьхьа къаьсттина  тхан устазана Азина а, цуьнан устазана а син совгIатан кхачабе Ахь, кхин дIа  бала а, кхачо а безачу метте массанхьа дIакхачабе Ахь. Везан Дела, Воккха Дела уьш а, тхо а, декъалдан бахьана де Ахь цунах. Хьайн кIинхетамах ма даха Ахь тхо. 

   Салават диллина, фатихьат дешна, дерзор ду.