Абубакар-Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) вирд

   Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа вирд доккхур ду, ламаз карахь долуш. Бисмилла́хIиррохьма́ниррохьи́м, аьлла, къилбехьа вирзина охьахуур ву, ши бIаьрг дIа а хьаббина вирд даккха ниййат дийр ду. Цул тIаьхьа: 

  1. 25-зза АстагIфирулло́хI эр ду;
  2. Ша лийр волуш хиларан ойла йийр ю (лийчор, марчо хьарчор, докъан ламаз дар, дIаволлар); 
  3. 3-зза Ла́ хьавла ва ла́ къуввата илла́ билла́хI эр ду;
  4. 3-зза Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дуьллур ду;
  5. 1-зза Фа́тихьа доьшур ду;
  6. 3-зза КъулхIа доьшур ду;

   

ТIаккха мела дIалур бу

   Бисмилла́хIиррохьма́ниррохьи́м. Везан Дела, аса даьккхина вирд къобал дай, цуьнан мела ло Ахь суна. Цунах терра болу мела Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), цул тIаьхьа шайх-Накъшабанди тIарикъата чу богIучу массо шайхашна а, авлияашна а, сан устазана Абубакар-Хьаьжина а (Дала къайле цIинйойла церан) ло Ахьа.      

  1. Ила́хIи́, Анта макъсу́ди́ ва ридо́ка матIлу́би́,- аьлла, 500-зза дагца Алла́хI эр ду.

   Иза аьлла ваьллачул тIаьхьа: Ила́хIи́, Анта макъсу́ди́ ва ридо́ка матIлу́би́,- аьлла, вирд дерзор ду.