Ахьмад-Такъиййи Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) вирд

Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа доккхуш долу вирд (малх хьалабалале)

  1. 100-зза АстагIфирулло́хI эр ду; 
  2. 100-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дуьллур ду.
  3. 1-зза Фа́тихьа доьшур ду;
  4. 3-зза КъулхIа доьшур ду;

   Йа АллахI,  йа рабби, Ас аьлла долу АстагIфируллохI, Пайхамарна диллина салават, ас дешна Бисмал фатихьат, кхузза дешна къулхIа а къобал де Ахь, къобал динчул тIаьхьа, цуьнан мела кхачабе Ахь соьгара совгIат дай, Хьан Элча волчу Мухьаммад-пайхмаре (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), цуьнан доьзалшка, цуьнна асхьабашка а. Цул тIахьа хIара вирд тхуна хьехна волчу тхан устаз Ахьмад-такъиййи Хьажега «аш-шаIмане» кхачабе Ахь, массо авлияашка а кхачабе Ахь. Йа АллахI, йа рабби, церан беркатах доккха дакъа ло Ахь тхуна. Кхана догIун долчу къематдийнахь цаьрца цхьана хилийта Ахь тхо, тхан дай-наной а. Амин. АллохIумма солли Iала Мухьаммадив-ва Iала али Мухьаммад. Йа раббана, жоп ло Ахь, би-хьурмати суратиль-фатихьа.

   Цул тIахьа бисмиллахI доьшур ду.

   И доIа дина ваьллачул тIаьха, 1000-за – Алла́хI ала  деза, къилбехьа вирзина, стигал мотт хьалатоьхна, дагца эр ду. 

 

Ламазан тьахьара вирд

  1. 1-зза Фа́тихьа доьшур ду;
  2. 3-зза КъулхIа доьшур ду;
  3. 10-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дуьллур ду.

   Йа АллахI, йа рабби, ас дешна Бисмал-фатихьат, къулхIа, Пайхамарна диллина 10 салават а къобал де Ахь, къобал динчул тIаьхьа цуьнан мела кхачабе Ахь соьгара совгIат дай, Хьан Элча волчу Мухьаммад-пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), цуьнан доьзалшка, цуьнан асхьабашка а. Цул тIахьа хIара вирд тхуна хьехна волчу тхан устаз Ахьмад-такъиййи Хьажега «аш-шаIмане» кхачабе Ахь, массо авлияашка а кхачабе Ахь. Йа АллахI, йа рабби, церан беркатах доккха дакъа ло Ахь тхуна. Кхана догIун долчу къематдийнахь цаьрца цхьана хилийта Ахь тхо, тхан дай-наной а. Амин. АллохIумма солли Iала Мухьаммадив-ва Iала али Мухьаммад. Йа раббана, жоп ло Ахь, би-хьурмати суратиль-фатихьа.

   Цул тIаьхьа бисмиллахI доьшур ду.