Деди – Баудин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) вирд

 

   Деди, БахIа некъ лелош волчо доккхуш хIара вирд ду:

ХIора ламазан тIаьхьа (тасбихь а дина, доIа динчул тIаьхьа):

  

  1. 1-зза ламазан Бисмилла́хI доьшур ду;
  2. 11-за Къул хIувалло́хIу ахьад;
  3. 5-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дуьллур ду.

 

Мела кхайкхабар

 

   Везан Дела! Ас дешначу ламазан Бисмаллех, 11-зза къулхIа дешарах, 

5-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дилларах суна болчуьнга терра болу мела, Хьайн Элчане Мухьаммад-пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) кхачабе Ахь, шайх БахIага (Дедига), шайх Элах-Моллега а кхачабе Ахь.

                  

   ТIаккха дийнахь-бусий цкъа доккху вирд:

 

  1. 500-зза АстагIфирулло́хI эр ду;
  2. 300-зза Ла́ ила́хIа иллалло́хI эр ду;
  3. 100-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дуьллур ду. 

 

   ТIаккха доIа дийр ду:

«Альхьамду лиллахIи роббиль-Iаламин. Вассолату вассаламу Iала росулиллахI. Везан Дела! Ас 500-зза АстагIфируллохI аларх, 300-зза Ла илахIа иллаллохI, 100-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дилларх суна болчуьнга терра болу мела Хьайн Элчане Мухьаммад-пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) кхачабе Ахь, цуьнан доьзалшка, асхьабашка а кхачабе Ахь, сан устазе БахIага а кхачабе Ахь, шайх Дедига а кхачабе Ахь, шайх Эллах Моллега а кхачабе Ахь».