ГIеза-Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) вирд

 

   Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа – пхуьйра ламаз хан чекхйаллалц, суткехь цкъа доккхуш ду. Ламаз карахь долуш къилбехьа охьахиъна.

   Дагца ниййат дийр ду: «Ас ниййат ди, сан устазо ГIеза-Хьаьжас (Дала къайле цIинйойла цуьнан) сайна тIедиллина вирд даккха, Делан дуьхьа», – аьлла.

  1. 3-зза ШахIа́дат далор ду;
  2. 100-зза АстагIфирулло́хI эр ду;
  3. 500-зза Ла́ ила́хIа иллалло́хI эр ду;
  4. 100-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дуьллур ду.

 

Мела кхайкхабар

   АллохIумма Везан Дела, ас аьлла долу 100 - АстагIфируллохI, 500 - Ла́ ила́хIа иллалло́хI, 100 - салават мел суна ло Ахь, соьгара совгIат дай, Хьайгара къобал дай Ахь тхуна Элча вина ваийтинчу Мухьаммад-пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хьадрате кхачабе Ахь, цуьнан охланна а, асхьабашна а кхачабе Ахь. Сан Устазана беркате кхачабе Ахь, сан Устазана бала лууче массанхьа кхачабе Ахь.

   ТIаккха шена хуург доIа дина дерзор ду.