ИбрахIим-Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) вирд

 

   ИбрахIим-Хьаьжин вирд хора ламазан тIаьхьа доккхуш ду.

   Дагца ниййат дийр ду: «Ас ниййат ди, сан устазо ИбрахIим-Хьаьжас (Дала къайле цIинйойла цуьнан) сайна тIедиллина вирд даккха, Делан дуьхьа», – аьлла.

  1. 1-зза Фа́тихьа доьшур ду;
  2. 100-зза АстагIфирулло́хI эр ду;
  3. 100-зза Ла́ ила́хIа иллалло́хI эр ду;
  4. 100-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дуьллур ду; 
  5. 100-зза КъулхIа доьшур ду.

 

Мела кхайкхабар

   Айса дешначу 1 - фатихьатан, 100 - АстогIфируллахIан, 100 - Ла́ ила́хIа иллалло́хI, 100 - салаватан, 100 - къулхIан мела Дала сайна баларе терра Дала дин кхайкхо ваийтина волчу Мухьаммад-пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) син совгIатана бели ас, цуьнан доьзалшна а, асхьабашна а син совгIатан бели ас. Сан Устазана ИбрахIим-Хьаьжина (Дала къайле цIинйойла цуьнан) бели ас. Малхбале, малхбузе юккъехь бусалба динна инкарло ца еш дIа мел кхелхина массо бусалба нахана бели ас. Везан Дела, Воккха Дела сан галдаьлларг Хьайгара нисдай и мел бахьан долуш балехь верг балех хьалхаваккха Ахь, балехь воцург даржехь, мулкехь совваккха Ахьа. Везан Дела, Воккха Дела тхан беллачарна гечде Ахь, Везан Дела, Воккха Дела царна тегIур долу тхуна а гечде Ахь.

   Салават диллина доIа дийр ду: «АллохIумма атина фид-дунья хьасанатан…», салават диллина Фатихьа олий БисмиллахI доьшур ду.