Кунта-Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) вирд

 

Хьалхара вирд

 

   Дагца ниййат дийр ду: «Ас ниййат ди, сан устазо Кунта-Хьаьжас (Дала къайле цIинйойла цуьнан) сайна тIедиллина вирд даккха, Делан дуьхьа», – аьлла. 

1) 15-зза АстагIфирулло́хI эр ду;

2) 100-зза Ла́ ила́хIа иллалло́хI эр ду.     

3) 5-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дуьллур ду.

Мела кхайкхабар

   Везан Дела, аса динчу 100 зуькаран, диллинчу 5 салаватан мела лохьа суна, Ахьа суна беллачух Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) бели аса, сайн устазана Хьаьжина (Дала къайле цIинйойла цуьнан) бели, Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) тIера охьабогIучу меттара шайхашна, эвлаяашна, устазашна бели аса.

   Везан Дела, Хьайгара совгIат дай, и мела царна дIакхачабехьа.   

Алло́хIумма солли Iала́ Мухьаммадив-ва Iала́ а́ли Мухьаммадив-ва саллим. ТIаккха ламазан Бисмилла доьшур ду (Фатихьа). 

 

ШолгIа вирд

   100-зза Ла́ ила́хIа иллалло́хI эр ду.

Мела кхайкхабар

   Везан Дела, аса динчу 100 зуькаран мела лохьа суна, Ахьа сайна беллачух Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) бели аса, сайн устазана Хьаьжина (Дала къайле цIинйойла цуьнан) бели аса, сайн дена а, нанна а бели аса.

   Везан Дела, Хьайгара совгIат дай, и мела царна дIакхачабехьа.   

Алло́хIумма солли Iала́ Мухьаммадив-ва Iала́ а́ли Мухьаммадив-ва саллим. ТIаккха ламазан Бисмилла доьшур ду (Фатихьа).