Махьма-Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) вирд

 

   Iуьйра ламазан тIаьхьа, ламаз карахь долуш. Амма Iуьйра хенахь ца кхиахь, маьркIажа хенахь даккха мегаш ду.

   Дагца нийат дийр ду: «Ас ниййат ди, сан устазо Моллас (Дала къайле цIинйойла цуьнан) сайна тIедиллина вирд даккха, Делан дуьхьа», – аьлла.

  1. 3-зза ШахIа́дат далор ду;
  2. 100-зза АстагIфирулло́хI эр ду;
  3. 500-зза Ла́ ила́хIа иллалло́хI эр ду;
  4. 100-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дуьллур ду.

 

Мела кхайкхабар

   Айса даьккхинчу 100 - АстагIфирулло́хI , 500 - Ла́ ила́хIа иллалло́хI

100 - салаватан мела-ял Делан Элчанна Мухьаммад-пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) бели ас, Элчанан сийдолчу доьзалшна а, асхьабашна а, цаьрца хотталуш охьабаьхкинчу цIенчу авлияашна а, устазашна а бели ас. Къаьсттина сайн устазана Моллина а, Исхьакъна а бели ас.

   Салават диллина, фатихьат дешна дерзор ду.