Мани-Шайхан (Дала къайле цIинйойла цуьнан) вирд

 

   Манина вирд доккху хIора ламазан тIаьхьа. Аьтту куьйган пIелгаш тIехь дагардо, цIаза-пIелга тIера дуьйна, хIора пIелга тIехь кхузза олуш: буьххьехь, шинхьа пIелг сеттачохь.

   Куьйг айъина (цIонгела лакхахь) хила деза, «АIу́зу билла́хIи минашшайтIо́ниррожи́м, Бисмилла́хIиррохьма́ниррохьи́м», - аьлла долор ду:

  1. 15-зза АстагIфирулло́хI эр ду;
  2. 15-зза Ла́ ила́хIа иллалло́хI Мухьаммадур-росу́лулло́хI эр ду;
  3. 5-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дуьллур ду (Алло́хIумма солли Iала́ саййидина́ Мухьаммадив-ва Iала́ а́ли саййидина́ Мухьаммадив-ва саллим).

 

Мела кхайкхабар

   Айса динчу 15-зза зикран мела, диллинчу 5-зза салаватан мела Дала вазвинчу Элчанна Мухьаммадна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) бели ас. ШозлагIа сайн устазана Манина а (Дала къайле цIинйойла цуьнан) бели ас. 

   Алло́хIумма солли Iала́ саййидина́ Мухьаммадив-ва Iала́ а́ли саййидина́ Мухьаммадив-ва саллим. Фатихьат аьлла Бисмилла доьшур ду, куьйгаш доIина хьалалаьцна.

   ТIаккха 10-зза эр ду: «Везан Дела, Воккха Дела, Хьо везар, Хьо вовзар а лолахь».

   Юха а салават диллина, куьйгаш юьхьа тIе хьокхуш, дерзор ду.