Эвтарарчу Iовдина (Дала къайле цIинйойла цуьнан) вирд даккхар

 

Хьалхара вирд

 

  1. 5-зза АстагIфирулло́хI эр ду;
  2. 100-зза Ла́ ила́хIа иллалло́хI эр ду;
  3. 5-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дуьллур ду.

 

Мела кхайкхабар

   «Аса динчу цхьа бIе зуькаран мела Хьан Элчанна Мухьаммад-пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), сайн устазана, цаьршинна юккъехь болчу эвлаяашна бели ас. Веза-Воккха Дела, соьгара цIена совгIат дай, цуьнан мела цаьрга кхачабехьа. Хьайгара къинхетам, Пайхамарера (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) шапаIат, устазера шапаIат, беркат, шовкъ, марзо соьга а, соьгара хьашт долчуьнга а кхачаехьа!» ТIаккха, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават диллина, Фатихьат доьшур ду.

 

ШолгIа вирд

   ХIора дийнахь, Iуьйра ламазал тIаьхьа, малх кхетале хьалха, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) бIе салават дуьллур ду. Кхин вирд даьккхича малх кхетар белахь, хIара хьалха доккхур ду. ХIокхуьнан мела кхайкхор бац. 

 

КхоалгIа вирд

   ХIора дийнахь, Iуьйра ламазал тIаьхьа, малх кхетале хьалха, 100-зза КъулхIа доьшур ду. ТIаккха, цкъаццIа доьшуш, шиъ Къул аIузу доьшур ду. Уьш мосазза доьшу а царал хьалха БисмиллахI эр ду. ТIаьхьа АллохIу Акбар эр ду. 

 

Мела кхайкхабар

   «Аса 100-зза дешначу КъулхIанан мела, цкъаццIа дешначу шина Къул аIузин мела Хьан Элчанна Мухьаммад-пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), сайн устазана, цаьршинна юккъехь болчу эвлаяашна бели ас. Абубакарна, Iелина, Iумарна, Iусманна (Дела реза хуьлийла царна) бели ас. Веза-Воккха Дела, соьгара цIена совгIат дай, цуьнан мела цаьрга кхачабехьа. Хьайгара къинхетам, Пайхамарера (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) шапаIат, устазера шапаIат, беркат, шовкъ, марзо соьга а, соьгара хьашт долчуьнга а кхачаехьа». ТIаккха, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават диллина, Фатихьат доьшур ду.