Шеларчу СухIайб-Моллин вирд

 

Жима вирд

   Массо а ламазал тIаьхьа 1 фатихьат а, 11 къулхIа а, 5 салават а дешна мела лур бу: аса дешначу фатихьатан а, къулхIанийн а, салаватийн а мела

  1. Делан Элчанна Мухьаммадна (соллаллохIу IалайхIи ва саллама) бели,
  2. цуьнан мела Абубакар-Сыддикъана а (родийаллохIу IанхIу) бели,
  3. цуьнан мела шайх Хаваж БахIауддина а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели,
  4. цуьнан мела шайх Абуна а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели,
  5. цуьнан мела шайх Хожа-Ахьмадна а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели,
  6. цуьнан мела шайх Элаха-моллина а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели,
  7. цуьнан мела шайх Абтина а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели,
  8. цуьнан мела шайх ХIайбина а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели,
  9. цуьнан мела шайх устаз Iаббазана а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели,

   Йа Рабби, йа АллахI, сан гIалатдаьллачунна гечдай, эшнарг меттахIоттадай, кхочушхилларг къобалдай, йолехь-мелехь совдаккхий, цуьнан мела цаьрга дIакхачабе Ахь (аьлла, фатихьат а дешна чекхдоккхур ду).

Доккха вирд

   Массо а Iуьйранна малх схьакхетале вирд доккхур ду, кхузза шахIадат а далийна шена-шена мела а луш, 1 фатихьат а, 5 къулхIа а, 3 салават а доьшуш: айса дешначу фатихьатан а, къулхIанийн а, салаватийн а мела: 

  1. Сан устаз шайх Iаббазана а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели,
  2. шайх ХIайбина а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели,
  3. шайх Абтина а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели, 
  4. шайх Элах-моллина а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели, 
  5. шайх Хожа-Ахьмадна а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели, 
  6. Уммалт шайхана а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели, 
  7. шайх Абуна а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели, 
  8. шайх Мухьаммад аль-ЯрагIина а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели, 
  9. шайх Халид аль-БагIдадина а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели,  
  10. шайх Хас-Мухьаммад Ширванина а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели, 
  11. шайх Iалауддийн аль-IаттIарана а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели, 
  12. шайх ЯIкъуб ал-Чархийна а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели, 
  13. шайх Хаваж БахIауддина а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели, 
  14. Абубакар-Сыддикъана а (родийаллохIу IанхIу) бели, 
  15. Делан Элчанна Мухьаммадна (соллаллохIу IалайхIи ва саллама) бели.

   Зударша цул совнаха хIокху кхаа зудчунна а лур бу мела – Хадижатна, Iаишатна, ФатIиматна а.

   КъулхIанаш дешна ваьлча, суьлхьанаш хьовзор ду: 500-зза АстагIфируллохI эр ду, 300-зза Ла илахIа иллаллохI эр ду (зударшна АллахI аьлча а мегар ду), 100-зза салават дуьллур ду. 

   Уьш аьлла ваьлча: аса аьллачу астагIфируллохIан а, динчу зикруллахIан а, диллинчу салаватийн а мела Делан Элчанна а (соллаллохIу IалайхIи ва саллама) бели,  сайн устазана шайх Iаббазана а (Дала къайле тойойла цуьнан) бели, Делан  Элчанна,  сайн устазана а  юккъе богIучу массо шайхашна-авлияашна а бели. 

   Йа Рабби, йа АллахI, цуьнан мела цаьрга дIакхачабе Ахь (аьлла, фатихьат а дешна чекхдоккхур ду).

 

Шелара СухIайб-моллин Аббазан кIента кIант Гайсумов Iабдул-Къедир (8 928 018 48 27)