Сулим-Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) вирд

 

   Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа (деза дерг), дийнахь даккха мегаш ду, маьркIажа хан хилале, карахь ламаз долуш, къилбехьа вирзина.

   АIу́зу билла́хIи минашшайтIо́ниррожи́м, Бисмилла́хIиррохьма́ниррохьи́м,- аьлла:

  1. 3-зза ШахIа́дат далор ду;
  2. 100-зза АстагIфирулло́хI эр ду;
  3. 500-зза Ла́ ила́хIа иллалло́хI эр ду;
  4. 500-зза Алла́хI эр ду;
  5. 100-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дуьллур ду;
  6. 25-зза КъулхIа доьшур ду.

 

Мела кхайкхабар

   Айса даьккхинчу вирдан мела-ял сан устазе Сулим-Хьаьжега дIабели ас, АллахI, сан вирд къобал дай сан устазе дIакхачаде Ахьа.