Ташу-Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) вирд 

 

   Дагца нийат дийр ду: «Ас ниййат ди, сан устазо Воккхачу Хьаьжас (Дала къайле цIинйойла цуьнан) сайна тIедиллина вирд даккха, Делан дуьхьа», – аьлла.

   

  1. 3-зза ШахIадат далор ду (АшхIаду ал-ла́ ила́хIа иллалло́хIу ва ашхIаду анна Мухьаммадар-росу́лулло́хI);
  2. 15-зза АстагIфирулло́хI эр ду;
  3. 100-зза Ла́ ила́хIа иллалло́хI эр ду;
  4. 11-зза КъулхIа доьшур ду;
  5. 10-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дуьллур ду.

 

Мела кхайкхабар

   «Везан Дела, ас далийначу шахIадатан, аьллачу АстагIфируллохIан, динчу зуькаран, дешначу КъулхIанийн, диллинчу салаватийн мела лохьа суна. Айхьа суна беллехь, Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) кхачабехьа Ахь, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) карахула сан устазе Воккхачу Хьаьжега (Дала къайле цIинйойла цуьнан) кхачабехьа Ахь, Воккхачу Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) устазе кхачабехьа Ахь. Бала безачу бала а, кхачо безачу кхачо а, Воккха Хьаьжа, хьо да вина, хьоьга бели ас». ТIаккха, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават диллина, Фатихьат доьшур ду.

   Нагахь санна вирд Iуьйранна цхьаьний даккхахь, 3-зза шахIадат далийна, 15-зза АстагIфирулло́хI, 500-зза Ла́ ила́хIа иллалло́хI аьлла, 11-зза КъулхIа дешна, 10-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават диллина, мела цхьаьний дIалур бу.