Умалт-Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) вирд

 

   Дийнахь цкъа вовшахтоьхна даьккхича магош ду, амма хIора ламазал тIаьхьа даккхар деза лерина ду.

 

  1. 1-зза ШахIа́дат далор ду;
  2. 20-зза АстагIфирулло́хI эр ду;
  3. 100-зза Ла́ ила́хIа иллалло́хI эр ду;
  4. 20-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дуьллур ду.

 

Мела кхайкхабар

   БисмиллахIиррохьманиррохьим. Везан Дела, Воккха Дела, ас даьккхинчу вирдан мела-ял кхочуш бай, эшнарг меттахIоттабай ло Ахь суна. Ахь суна баларе терра мела-ял ло Ахь хьалха тхан Эла, Хьан Элча а волчу Мухьаммад-пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), цуьнан карахула сан устазана Умалт-Хьаьжина (Дала къайле ц1инйойла цуьнан) ло Ахь, цуьнан карахула цунна бала, кхачо а мел луучунна ло Ахь.

   Фатихьа аьлла, БисмиллахI доьшур ду.