Хошкалдера Юсуп-Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) вирд

 

Хьалхара вирд

  1. 15-зза АстагIфирулло́хI эр ду;
  2. 1-зза Фа́тихьа (Бисмилла́хI) - доьшур ду;
  3. 3-зза КъулхIа доьшур ду;

 

Мела кхайкхабар

Айса аьллачу 15-зза АстагIфирулло́хI бохучун, дешначу 1-ан Фа́тихьатан, дешначу 3-къулхIан мела-ял Делан Элчанна Мухьаммад-пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) бели аса, цуьнан охIланна а, асхьабашна а, ялхи тIарикъата чуьра шайхашна а, авлияашна а бели аса. Везан Дела и мел тхоьгара къобал бе Ахь. ХIай Веза-Воккха Дела, хьайн къинхетам бехьа Ахьа царех а, соьх а. (Алло́хIумма соьлли Iала́ Мухьаммадив-ва Iала́ а́ли Мухьаммадив-ва саллим). Фа́тихьат.

 

ШолгIа вирд

  1. 15-зза АстагIфирулло́хI эр ду;
  2. 100-зза Ла́ ила́хIа иллалло́хI эр ду;
  3. 15-зза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) салават дуьллур ду.

 

Мела кхайкхабар

Айса аьллачу 15-зза АстагIфирулло́хI бохучун, 100-зза Ла́ ила́хIа иллалло́хI, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) диллинчу 15-зза салаватан мела-ял Делан Элчанна Мухьаммад-пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна), цуьнан охIланна а, асхьабашна а, сайн Устазана Юсуп-Хьаьжина (Дала къайле ц1инйойла цуьнан) а, цуьнан дена а, нанна а, йижаршна а, вежаршна а, сайн дена а, нанна а, йижаршна а, вежаршна а бели ас. ХIай Веза-Воккха Дела, Хьайн къинхетам бехьа Ахьа царех а,соьх а.

   Салават диллина дерзор ду.